The New Testament of our Lord and Saviour Jesus Christ

Маттайс 1

1 ХІара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсан схьаваларх лаьцна долу дІаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахІиман тІаьхьенах хилла. 2 ИбрахІим Исхьакхан да хилла, Исхьакх – Якъубан да, Якъуб – ЯхІудан а, цуьнан вежарийн а да, 3 ЯхІуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да. 4 Рам Іамминадабан да хилла, Іамминадаб – Нахьшонан да, Нахьшон – Салманан да, 5 Салман – БоІазан да. БоІазан нана Рахьаб хилла. БоІаз Іабадин да хилла. Іабадин нана Рути хилла. Іабади Юшайн да хилла, 6 Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхІугахь марехь хилла. 7 Сулим-паччахь РахьбуІаман да хилла, РахьбуІам – АбияхІун да, АбияхІу – Асин да, 8 Аса – ЯхІушаптин да, ЯхІушапти – Йораман да, Йорам – ІузияхІун да, 9 ІузияхІу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхІун да, 10 Хьузакх-ЯхІу – Маннашан да, Маннаш – Аминан да, Амин – Юши-ЯхІун да, 11 Юши-ЯхІу – Яхун-ЯхІун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дІадигна хилла. 12 Бавел-махкара цІа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхІу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла, 13 Зурбабел – Авадин да хилла, Авади – Элъякъиман да, Элъякъим – Узаран да, 14 Узар – ЦІадукъин да, ЦІадукъа – Ахьмин да, Ахьма – Аладин да, 15 Алади – ЭлиІазаран да, ЭлиІазар – МатІанин да, МатІани – Якъубан да, 16 Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да. Марема Іийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цІе йоккхуш волу. 17 ИбрахІимна тІера Даудана тІе кхаччалц ейтта тІаьхье хилла, Даудана тІера Бавеле йийсаре бахийтталц – ейтта тІаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тІаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тІаьхьа Іийса дуьнен чу валлалц. 18 Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Іийсан нана Марем Юсупана ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар. 19 Цуьнан хин волу майра Юсуп чІогІа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла. 20 Цо цу гІуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кІант Юсуп, Марем хьайна дІайига ма кхера, хІунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду. 21 Цо кІант вийр ву. Цуьнан цІе Іийса тиллалахь, хІунда аьлча Цо Шен къам къинойх кІелхьардоккхур ду». 22 И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тІера дешнаш иштта дара: 23 «ЛадогІалаш! ЙоІстаг берах хир ю, цо кІант а вийр ву. Цуьнан цІе Іимануал хир ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду». 24 Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра. 25 Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кІентан цІе Іийса тиллира.

Маттайс 2

1 Іийса ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалахь вина. Иза яра ХІарод-паччахь олаллехь волу зама. Іийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гІала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш. 2 Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хІинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хІуттуш, корта тоха даьхкина тхо». 3 Иза шена хезча, ХІарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гІала сингаттаме хилла дІахІоьттира. 4 ХІарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» – аьлла. 5 Цара цуьнга жоп делира: «ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара, хІунда аьлча шен йозанна тІехь пайхамаро аьлла ду: 6 „Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“» 7 ТІаккха ХІарода къайлаха шена тІе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа. 8 Байтлахам-гІала уьш дІахьажош, цо царна тІедиллира: «ДІа а гІой, цу берах лаьцна доллу хІума а хаа хьовса. Шайна иза карийначул тІаьхьа соьга хаам бе, цига ваха а вахана, соьга а Цунна Іибадат дайта». 9 Паччахьо шайна тІедиллиначуьнга ла а доьгІна, уьш новкъа бевлира. Царна къеггина схьакхетта гина болу седа, хьалха а баьлла, меллаша стигалахула дІабоьдуш бара. ТІаьххьара а иза сецира нийсса и бер долчу меттигна тІехула. 10 Шайна и сурт гича, хьекъалчаш чІогІа хазахетта хьаьвзира. 11 Шаьш цІа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хІиттина, кортош охьа а таІийна, Цунна Іибадат дира. ТІаккха Цунна совгІаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогІу еза хІума а, деза хьакхар а. 12 ТІаьхьо царна гІенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХІарод-паччахь волчу юха ма гІо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дІабахара. 13 Хьекъалчаш дІабахча, Юсупана гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагІатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дІагІо. Аса шайга хаам баллалц цигахь Іе, хІунда аьлча ХІарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гІерташ а ву». 14 Юсуп, сама а ваьлла, бер а, Марем а схьа а эцна, буьйсанна Мисар-махка ведда дІавахара. 15 ХІарод-паччахь шен Іожаллех кхалххалц, уьш цигахь Іийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте». 16 Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХІарод-паччахь чІогІа оьгІазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гІалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула. 17 Цу тІехь кхочушхилла Ярми-ЯхІу-пайхамарехула хилла болу хаам: 18 «Аьзнаш хеза Рами чохь, инзаре маьхьарий, тийжарш хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хІунда аьлча цуьнан бераш дийна дац». 19 ХІарод-паччахь веллачул тІаьхьа Юсупана Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира. 20 «ХьалагІатта, – элира цо. – Бер схьа а эций, цуьнан ненаца Исраилан халкъ долчу юхаверза. И бер ден гІиртинарш дийна бац хьуна». 21 Бер а, Марем а схьа а эцна, Исраил-махка дІаваха новкъа велира Юсуп. 22 Шаьш цига дІакхачале, цунна хиъна, ХІарод-паччахь кхелхинчул тІаьхьа цуьнан дарже дІахІоьттинарг паччахьан кІант Архул вуйла. Иза цига дІаваха ца хІоьттира. Амма цунна гІенах юха а малик дуьхьалтесира. Цо Юсупана цигара дІаваха тІедожийра. ТІаккха Юсуп Галилай-махка дІавахара. 23 Уьш Назарт-гІалахь бāха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назархо эр ду».

Маттайс 3

1 Цхьа зама тІекхаьчча, Яхьъя ЯхІуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира. 2 «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. 3 Яхьъях лаьцна ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!» 4 Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тІаргІанах йина бедарш а лелайора, гІодаюккъе шуьйра тІаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хІуманах цо билгалдаьккхинарг цІоз а, акха моз а дара. 5 Дукха адам догІура цунна тІе: Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а. 6 Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга. 7 Шена тІеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? 8 Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. 9 „Тхан да ИбрахІим ву“, – аьлча, шаьш кІелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. 10 Орамашна тІехула диг хьалаайина ду: шена тІе пайден болу стом латош доцу хІора дитт, хада а дой, цІера юккъе кхуссу. 11 Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. 12 Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо». 13 Галилай-махкара Йордан-хи тІе веара Іийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта. 14 Иза сацо гІоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тІе?» 15 Іийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира. 16 Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара. 17 Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!»

Маттайс 4

1 Цул тІаьхьа Делан Сино Іийса яьссачу аренга дІавигира, иблисе Иза зейта. 2 Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дІадаьлча, Иза чІогІа мацвелла хьаьвзира. 3 Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий». 4 Іийсас жоп делира: «Делан Йозанна тІехь ма ду: „Деккъа баьпках вузарх лаьтташ дац стеган дахар. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хІора дош ду“». 5 ТІаккха иблисо, Іийса езачу Ярушалайм-гІала а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. 6 «Хьо Делан КІант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Дала Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара Хьо шайн куьйгаш тІехь дІахьур ву, тІулгах ког ца тасаболуьйтуш“». 7 Іийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“». 8 ТІаккха иблисо валийра Іийса боккхачу лам тІе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а. 9 «И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дІалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хІоьттина, Іибадат дахь!» 10 Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» 11 Иблис Іийсана тІаьхьара дІадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гІуллакх а деш. 12 Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Іийса Галилай-махка юхавирзира. 13 Назарт-гІала а йитина, Иза Къапарнам-гІалахь ваха хиира. И гІала Галилай-Іомана йистехь Іохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тІехь хилла. 14 Иштта кхочушхилира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула аьлларг: 15 «Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а, Галилай-хІорда тІекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай! 16 Боданашкахь Іийна болчу нахана йоккха серло гира! Іожаллин ІиндагІехь Іийначу къомана къеггина дІахІоьттира серло!» 17 Цу хенахь дуьйна схьа Іийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохуш. 18 Цхьана дийнахь, Галилай-Іам йистехула дІавоьдуш, Іийсана ши ваша гира: ШамІий, тІаьхьо Кипа аьлла цІе тиллина волу, Іандаррий. Уьш чІерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чІерий лоьцу бой тосуш воллура. 19 «Суна тІаьхьахІитта, – элира цаьрга Іийсас, – ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». 20 Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. 21 Уьш дІабоьлхуш, Зевадин ши кІант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Іийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чІерий лоцу бойнаш тоеш. Іийсас уьш а кхайкхина тІебалийра. 22 Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. 23 Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 24 Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дІадаьржира. Іийса волчу бāлабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догІуш берш а, шен дегІан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора. 25 Дукха адам дара Цунна тІаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Іаш долу адамаш а.

Маттайс 5

1 Цхьана дийнахь Іийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Іийсана тІе гулбелира Цуьнан мурдаш. 2 ТІаккха Іийса царна хьехам бан волавелира: 3 «Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу. 4 Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду. 5 Декъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду. 6 Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала царна луург дийр ду. 7 Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам. 8 Декъалбина бу цІена дог дерш – царна Дела гур ву. 9 Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гІуллакх лелорш – царна, Делан бераш ду аьлла, цІе туьллур ю. 10 Декъалбина бу, бакъонна тІаьхьахІиттина аьлла, таІзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу. 11 Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. 12 Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу». 13 «Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дІабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дІакхоссан бен, цхьанна а хІуманна пайденна дац. 14 Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гІала къайлаяккха йиш яц. 15 Иштта латийна йолчу стогарна тІехула кхаба ца хІоттайо – иза лаккхахь охьахІоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта. 16 Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гІуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а». 17 «Ма мотталаш, Со товрат тІера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дІадаха веана. Со и хьехамаш дІабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву. 18 Аса чІагІо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дІадоккхур дац, цу тІехь аьлларг кхочушхиллалц. 19 Товрат-хьехам тІера кІеззиг долу хІума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тІедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дІа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву. 20 Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Іелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тІелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц». 21 «Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Стаг ма ве. ХІора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“. 22 Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгІазвахана волу хІора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Іовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таІзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хІума!“ – аьлла, вистхилларг жоьжахатин цІера хьалха а хІоттийна, жоьпе озор ву. 23 Цундела хьуо Далла сагІа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагІахь, 24 и совгІат сагІа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тІаьхьа дийр ду ахьа Далла гІуллакх. 25 Хьо кхелахочуьнга дІавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дІакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гІо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дІалур ву, ткъа цо гІаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву. 26 Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен». 27 «Шуна хезний: „Нахаца ма лела“, – аьлла хилар? 28 Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дІахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дІадаьккхина. 29 Нагахь санна хьан аьтту бІаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул. 30 Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тІегІерташ делахь, и куьг дІа а даккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул». 31 «Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дІасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“. 32 Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дІасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тІе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо». 33 «Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“. 34 Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чІагІо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. 35 Лаьттах а ма е чІагІо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гІала ю. 36 Шайн коьртах лаций а ма е чІагІо, хІунда аьлча коьртара цхьа чо я кІайбан а, я Іаржбан а шун ницкъ кхочур бац. 37 Шаьш, „хІаъ“ аьлла, чІагІо яхь, иза „хІаъ“ хилийта. „ХІан-хІа“ шайн ала дезахь, цу тІехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг – иблисан лаам бу шуна». 38 «Аьлла ду: „Хьайн бІаьрг баккхахь, – цунна дуьхьал бІаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“. 39 Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тІе тІара тоьхнехь, аьрру агІор йолу бесни а зуламхочунна тІеерзае. 40 Кхелехь хьуна тІера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дІало. 41 Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гІулч яккхийта гІортахь, ши эзар гІулч а йоккхуш, дІагІо. 42 Хьайга хІума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе». 43 «Аьлла ду: „Хьайн уллораниг веза, мостагІчуьнца гома а хила“. 44 Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагІий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – 45 шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогІа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. 46 Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хІун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна. 47 Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна. 48 Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила».

Маттайс 6

1 «Варелаш, шаьш Далла деш долу гІуллакх нахана гайта гІерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна. 2 Айхьа сагІа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гІерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цІенош чоххьий, ураман некъашкахулий шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогІуш йолу ял иштта а дІакхаьчна шуна. 3 Айхьа мискачунна сагІина хІума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг, 4 айхьа лун сагІа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогІу ял дІалур ю». 5 «Шаьш доІа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дІа ма тарло, гуламан цІенош чохь а, ураман некъашкахула а нахана шаьш гайтархьама доІанаш дан дІахІуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогІуш йолу ял дІакхаьчна. 6 Ткъа ахьа хьайн доІа дечу хенахь, къайла а валий, чІоггІа неІ тІе а таттий, де иза. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогІу ял дІалур ю. 7 Ткъа айхьа доІа дечу хенахь, кхечу къаьмнех болчу наха санна, ца оьшуш мел дерг ма дийца. Царна моьтту, шаьш къамел дукха мел до а, иза дикахо дІахезар ду Далла. 8 Царах дІа ма тарло, хІунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хІун оьшу. 9 Цундела шаьш доІа дечу хенахь хІокху дешнашна тІе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цІе сийлахь хуьлда! 10 Хьан Олалла тІекхочийла. стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла. 11 Тахана даъал напха лохьа тхуна! 12 Дехьа тхуна геч, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. 13 Хьарам лаамна кІел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара. 14 Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч. 15 Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтІера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтІера». 16 «Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хІунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дІагайта гІерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогІуш йолу ял дІакхаьчна шуна. 17 Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела, 18 нахана хьуо марха кхобуш вуйла а ца гойтуш. Хьан Дена иза хууш ду хьуна, Иза хьуна гуш вацахь а. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогІу ял дІалур ю». 19 «Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хІаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дІахьур ду. 20 Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хІаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дІа а хьур дац. 21 Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду. 22 Стеган бІаьрг цуьнан дегІан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бІаьрг цІена белахь, хьан дерриге а дегІ серлонах дуьзна хир ду. 23 Амма хьан бІаьргаш цІена бацахь, хьан дерриг дегІ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода! 24 Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». 25 «Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегІан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегІ духарал дезах ду. 26 Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хІумма дІа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? 27 Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша? 28 Бедар бахьана долуш са хІунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тІедолуш долчу петІамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. 29 Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 30 Иштта эрна арахь тІедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цІергахь догур доллушехь, шу кхин а чІогІа кечдийр ма ду, Делах кІезиг тешаш дерш. 31 Цундела кест-кестта: „Оха хІун юур ю теша?“, я: „ХІун мер ю теша?“, я: „ХІун тІеюхур ю теша?“ – бохуш, шайн са ма гатде. 32 Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 33 Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. 34 Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХІора де а шен гІайгІа яхьаш догІу».

Маттайс 7

1 «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. 2 Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах. 3 Хьайна уллохь волчун бІаьргара чамхалге хІунда хьоьжу хьо, хьайн бІаьргара хен а ца гуш? 4 Хьоьга муха алалур ду хьайн веше: „Схьахьажал, аса бІаьргара чамхалг дІайоккху хьуна“, хьайн бІаьргахь хен боллушехь? 5 Шалхонча, цкъа хьайн бІаьргара хен дІабаккха, тІаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бІаьргара чамхалг схьаяккха. 6 Далла гергахь еза йолу хІума жІаьлеш дІа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхІарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта». 7 «Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, 8 хІунда аьлча хІора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неІ тухучунна – схьайоьллуьйту. 9 Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кІанта бепиг дехча, цуьнга тІулг кховдон верг? 10 Я чІара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг? 11 Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна! 12 Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тІера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тІера схьадогІуш ду». 13 «Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хІаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дІабоьлху цу новкъахула. 14 Дахарна тІевоьдучохь долу ков готта ду, цу тІе боьдуш болу некъ хала бу. КІеззигчарна бен иза кара а ца бо. 15 УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. 16 Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тІера кемсаш, я вирбаІ тІера комарш? 17 Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тІехь вон стом кхуьу. 18 Дикачу дитта тІехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тІехь дика стом а ца хуьлу. 19 ХІора вон дитт, цу тІехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цІера юккъехь дагадо. 20 Иштта, харцпайхамарш церан гІуллакхаша бовзуьйту. 21 ХІора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тІелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтІахь хила веза. 22 Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цІарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цІарах дІа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цІарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ 23 Ткъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“» 24 «Цундела Соьга ла а дугІуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тІехь юттучу стагах тера ву. 25 ДогІа а тІедоьттина, хиш а дистина деана, чІогІа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цІенна хІумма а ца хилла, хІунда аьлча цу цІийнан бух буточу тархана тІехь боьттина бу. 26 ХІинца Аса бохучуьнга ладугІуш воцург шен цІийнан бух гІамаршна тІехь боьттинчух тера ву. 27 ДогІа а деача, хиш дистина а деача, мох а хьаькхча, цуьнан цІа тІе а кхетта, доьхна дІадаьлла, схьаэца хІума а доцуш». 28 Іийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чІогІа цецдевллера, 29 хІунда аьлча церан Іеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Цо.

Маттайс 8

1 Іийса ламанан басера охьавоьссича, Цунна тІаьхьа дукха адам хІоьттира. 2 Цунна тІе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Іийсана хьалха гора а хІоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа». 3 Куьг дІа а кховдийна, цунах дІа а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира. 4 «ХІокху хІуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, тІаккха Далла лерина сагІина хІума ло, Муса-пайхамаро вайна тІе ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». 5 Іийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тІевеара римхойн тІемалойн хьаькам. Цо гІо дийхира Іийсага: 6 «Эла! ЦІахь, энаша дІа а лаьцна, чІогІа могуш воцуш Іуьллуш ялхо ву-кх сан». 7 Ткъа Іийсас элира: «ДІа а веана, Аса товийр ву иза». 8 ТІемалойн хьаькамо элира Цуьнга: «Эла! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кІел ван. Ахьа омра дича, сан ялхо толур вара. 9 Иза суна дика хаьа, хІунда аьлча суна тІехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тІемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дІавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогІу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гІуллакх до». 10 Іийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тІаьхьахІоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна. 11 Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахІимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дІалоцур ю. 12 Дала Шен Олалле кхача лиинарш Іаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду». 13 Іийсас тІеман хьаькаме элира: «Вало, дІагІо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира. 14 Кипа волчу Іийса веача, Цунна гира, хІусамден стуннана, чІогІа дāгар а долуш, цомгуш Іуьллуш. 15 Иза, куьг дІа а кховдийна, цуьнан куьйгах дІаІоттавелира. Дагар дІа а даьлла, хьала а гІаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг. 16 Суьйранна Іийсана тІебалийра жинаша хьийзош болу нах. Іийсас Шен дашаца жинаш дІалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира. 17 Иштта кхочушхилира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлларг: «Цо вайн лазарш Шена тІелецира, вайн цамгарш дІаяьхьира». 18 Шена гонах адамийн тоба гича, Шен мурдашка Іоман дехьарчу берда тІе довла элира Іийсас. 19 Цхьа Іелам стаг, Кхунна тІе а веана, вистхилира: «Сан Устаз, со Хьуна тІаьхьа хІуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а». 20 Іийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Іан баннаш ду, ткъа Адамийн КІентан корта дІатовжо меттиг а яц». 21 Ткъа вукху мурдо Кхуьнга элира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цІа а вахана, сайн да дІаволла». 22 Амма Іийсас цуьнга элира: «ТІаьхьахІотта Суна, белларш беллачарна бита». 23 Иза хинкеманна чу хиича, мурдаш Цунна тІаьххье чухевшира. 24 ХІорд чІогІа ловзабелира, яккхийчу тулгІенаша хІордан кема дІасакхуьйсура. Амма Іийса вижначуьра меттах ца волура. 25 ТІаккха, тІе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КІелхьардахахьа вай! Іожалла улло кхаьчна-кх вайна!» 26 Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. 27 Наха цецбовларца бохура: «Мила ву техьа Иза, мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?» 28 Іийса гадархой болчу кхаьчча, нах дІабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чІогІа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара. 29 Цара мохь хьоькхура: «ХІун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КІант? Тхан хан тІекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» – бохуш. 30 Генахь боццуш бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 31 Жинаша Іийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», – бохуш. 32 Цо элира: «ДІагІо!» Нахана чуьра ара а девлла, жинаш хьакхарчийн кийранашка дІахьаьвдира. Цу сахьтехь хьакхарчийн бажа лекхачу берда тІера Іам чу кхоссабелира, цу юкъахь мел йолу хьакха хи буха а йоьдуш. 33 Ткъа хьакхарчийн Іуй цу меттера бевдира. ГІала дІа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дІадийцира. 34 Цу гІалахь мел долу адам Іийсага хьажа араделира. Иза шайна гиначул тІаьхьа цара Цуьнга дехар дира, цигара дІагІо аьлла.

Маттайс 9

1 Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, Іам тІехула дехьа а ваьлла, Шен гІала кхечира. 2 Цунна тІе валийра шен дегІан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагІатта де доцуш, меттахь Іуьллуш вара. Іийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тІаьхьа, заьІапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кІант, хьан къиношна гечдина». 3 Иза хезна болчу Іеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Іеса къамел до!» 4 Церан дагахь дерг Іийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хІунда ю шун даг чохь? 5 Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гІаттий, дІагІо“? 6 Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен тІехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Іийсас элира: «ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо». 7 Важа, хьала а гІаьттина, цІа вахара. 8 Адамийн тоба, шена и хІума гича, чІогІа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чІогІа бакъо яларна. 9 Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цуьнан бІаьрг кхийтира Маттай цІе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Іаш вара. Іийсас элира: «Суна тІаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гІаьттина, Цунна тІаьхьа дІавахара. 10 Іийса Шен мурдашца Маттайн хІусамехь яа хІума юуш Іаш хилла. Царна тІе а баьхкина, цаьрца яа хІума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цІе яхана болу наххий. 11 Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хІума юуш хІунда Іа?» 12 Иза Шена хезча, Іийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 13 Даха а гІой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа доккхучу сагІанал“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен». 14 Яхьъян мурдаша, Іийсана тІе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» 15 Ткъа Іийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гІайгІане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тІедогІур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дІавуьгун волу цхьа де. ТІаккха хир бу уьш гІайгІане, марха кхаба а болалур бу. 16 Цхьаммо а ца латайо цІеначу кІадих тишачу бедарна йома, хІунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дІахІоьттича, бедар тІера Іуьрг кхин а доккха хир ду. 17 Керла чагІар тишачу пІаьлдиг чу а ца дутту. ПІаьлдиг бетІар бу, чагІар чуьра охьагІур ду. ПІаьлдиг а хІаллакьхир бу. Амма керла чагІар керлачу пІаьлдиг чу дутту: пІаьлдиг а, чагІар а шен меттехь хир ду». 18 Цо и къамел дечу хенахь Іийсана тІевеара гуламан цІийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хІоьттина, цо элира: «Сан йоІ хІинцца дІаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тІе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». 19 Іийса, хьала а гІаьттина, Шен мурдашца цунна тІаьхьа дІавахара. 20 Цигахь, шийтта шарахь цІий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Іийсана тІехьахула тІе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дІахьакхаелира иза. 21 Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дІахьакхаелча, со толур яра». 22 Іийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоІ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. 23 Іийса гуламан цІийнан куьйгалхо волчу цІа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а. 24 Цо элира: «ДІагІо кхузара! ЙоІ яла ца елла, иза йижина Іуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара. 25 Уьш цІа чуьра аралаьхкича, Іийсас, йоІ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоІ Іуьллучуьра хьалагІаьттира. 26 Цу тамашийнчу хІуманах лаьцна хабар массо а метте дІасадаьржира. 27 Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цунна тІаьхьавогІуш вара бІаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан КІант!» 28 Іийса цІа чу ваьлча, бІаьрзенаш Цунна гергга тІебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бІаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!» 29 Іийсас церан бІаьргех куьг Іоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!» 30 ТІаккха церан бІаьрса схьадеара. Іийсас царна чІоггІа тІедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна». 31 Амма шаьш дІабаханчул тІаьхьа, цара Цунах лаьцна массо а маьІІе дІасадаржийра. 32 Шен мурдашца Иза дІаваха кечвеллачу хенахь Іийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара. 33 Іийсас жин дІалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хІума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац». 34 Ткъа парушхоша бохура: «Цо жинаш лохку жинийн элан гІоьнца». 35 Іийса массо а гІаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 36 Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чІогІа гІайгІане а, дуьненах дог диллина, Іу воцу бажа санна, лелаш бара. 37 Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тІелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кІезиг бу. 38 Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий».

Маттайс 10

1 Іийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дІалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а. 2 Цу шийтта мурдан цІераш яра: дуьххьарлераниг – ШамІа, Кипа аьлла цІе тиллина волу. Цуьнан ваша Іандар, Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, 3 Пилап, Барталамай, ТІама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, 4 ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг), ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьо Іийсана ямартло йина волу. 5 Іийсас, Шен шийтта мурд дІахьажош, царна тІедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гІаланашна чу ма гІолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тІе а ма гІолаш. 6 Исраилан махкара хІаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагІашна тІе гІо, 7 кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“. 8 Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цІанбе, харц жинаш дІалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дІало. 9 Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цІаста а схьа ма эца. 10 Шаьш новкъа довлуш, некъан тІоьрмаг а схьа ма эца, шайна тІехь йолу бедаршший, мачашший бен. Іаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца. 11 Шаьш муьлххачу гІала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тІелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Іе, шаьш дІадаха хан тІекхаччалц. 12 Шаьш хьошалгІа доьлхуш, шаьш тІеоьцуш волчу хІусамдега маршалла хатта. 13 Аша дІаделла долу маршалла тІеэца хьакъ долуш и хІусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хІусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хІусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла. 14 Шаьш тІе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугІуш йолчу хІусамера я гІалара дІагІо, шайн когаш тІера чан охьа а егош. 15 Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гІалара хьал Седамеххьий, Іамор-гІалаххьий чул инзаре хир ду. 16 Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш. 17 Нахах ларлолаш, цара кхеле дІалур ду шу, шайн гуламан цІенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна. 18 Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тІе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. 19 Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза. 20 Дагахь латтаделаш шайна иза, хІунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш. 21 Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дІалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТІаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гІевттина, уьш бойур а бу. 22 Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву. 23 Цхьана гІалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гІала дІагІо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гІаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КІант вуссур ву. 24 Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац. 25 Мурд воккхавеш хила веза, ша шен устазах дІатарлахь, ткъа ялхо а хила веза реза, ша шен элах дІатарлахь. Нагахь санна хІусаман дена БаІал-Зебула цІе тиллахь, цуьнан доьзалан муххале а и цІе йоккхур ю. 26 Цундела царах ма кхера, хІунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. 27 Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цІийнан тхов тІе а довлий, мохь туххуш дийца. 28 Ма кхера шайн дегІ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегІ а, са а жоьжахатехь хІаллакдан йиш Йолчунах. 29 Шина хьозанах цхьа шай бен доккхур дуй те? Амма царах цхьа а лаьтта охьадужур дац шун Ден пурбанца бен. 30 Шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! 31 Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу! 32 Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву. 33 Амма Со нахана хьалха дІатеснарг Аса а дІатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха». 34 «Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана. 35 Со веана „кІант дена дуьхьал ваккха, йоІ – нанна дуьхьал, нус – марнанна дуьхьал яккха. 36 Шен цІа чохь берш хир бу стагана мостагІий“. 37 Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоІ я кІант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш. 38 Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьа ца хІоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац. 39 Шен са Іалашдан гІоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дІаделлачунна иза карор ду. 40 Шу тІеоьцуш волчо Со а тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу. 41 Пайхамар пайхамаран дуьхьа тІеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тІеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю. 42 Царах лахара волчунна а гІо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».

Маттайс 11

1 Іийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дІа а вахана, Галилай-махкарчу гІаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира. 2 Іийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира 3 Цунна тІе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Іан деза?» 4 Іийсас цаьрга элира: «Даха а гІой, Яхьъяга шайна гинарг а, хезнарг а дийца: 5 бІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 6 Декъала ву Сох шек воцург». 7 Мурдаш дІабахначул тІаьхьа Іийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 8 ХІан-хІа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хІума тІеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХІан-хІа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гІаланаш чохь Іаш бу. 9 Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХІаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 10 Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 11 Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тІе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тІелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву. 12 Нах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тІе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гІулчаш йохуш, дІадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гІерташ белахь а. 13 ХІунда аьлча товрат-хьехамаша а, пайхамарша яздинчо а хиндерг схьааьлла долуш дара, Яхьъя лелаш хилла волу хан тІекхаччалц. 14 Цара бохуш дерг шу тІеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогІур ву бохуш волу ЭлияхІу. 15 Лергаш долчунна хІара дІахезийла. 16 Хьаьнца юстур ю Аса хІара тІаьхье? Уьш, базаран майданашкахь кхечу берашка мохь а бетташ, Іаш долчу берех тера ду: 17 „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гІийла эшарш лекхира, ткъа шу гІайгІане а ца хилира!“ 18 Яхьъя гучуваьлла. Цо хІума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш. 19 Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гІуллакхаша». 20 Іийса бехк боккхуш волавелира Ша Шен дукхах долу Іаламаташ гайтинчу гІаланийн бахархойх, уьш метта а баьхкина, Далла тІе ца берзарна. 21 «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара. 22 Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул. 23 Ткъа хьо, Къапарнам-гІала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цІерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Іаламаташ хиллехьара, иза хІара де тІекхаччалц лаьтташ хир яра. 24 Аса боху шуьга: Седамна кхана догІун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул». 25 ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. 26 ХІаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду. 27 Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КІант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КІантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен. 28 Дуьйла Суна тІе, кІадделларшший, балехь дершший. Аса дагна синтем лур бу шуна. 29 Сан дукъ шайна тІеэца, Сох Іама, хІунда аьлча даг чохь Со чІогІа эсала а, кІеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу. 30 Сан дукъ а дІакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза».

Маттайс 12

1 СадоІучу шоьтан дийнахь Іийса дІайийначу аренгахула схьавогІуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кІен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла. 2 И сурт гина болчу парушхоша Іийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу». 3 Іийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша? 4 Цо, Делан ЦІа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хІума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла. 5 Товрат-хьехамаш тІехь аша ца дешна, Делан цІийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоІу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а? 6 Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цІийнал дуккха а лакхара ву. 7 Делан Йозанна тІера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа доккхучу сагІанал“ – бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара. 8 Хаалаш, Адамийн КІант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тІехь а Эла ву шуна». 9 Цул тІаьхьа цигара дІа а ваьлла, церан гуламан цІа чу вахара Іийса. 10 Цигахь заьІап куьг долу стаг вара. Іийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тІерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?» 11 Іийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагІ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а? 12 Ткъа стаг мел веза ву уьстагІал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду». 13 Цомгушчуьнга Іийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дІакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дІахІоьттира. 14 Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира. 15 Иза хууш волу Іийса цигара дІавахара. Цунна тІаьхьа дукха адам хІоьттира. Цо цомгуш мел верг товира. 16 ХІора Ша то мел винчу стагана Іийсас тІедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла. 17 Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула аьлларг: 18 «ХІара ву Аса хаьржина волу Сан Ялхо, ХІара ву Со реза хилла волу Суна дукха везаш Верг! Кхунна лур ду Аса Сайн Са. Кхо дІакхайкхор ю халкъашна нийсо! 19 ХІара шуьца къийсалур а вац шуна, Кхо мохь а хьоькхур бац, урамновкъахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац шуна. 20 Кхо кагдалла доллуш долу гІад а кагдийр дац шуна, я дІаян гІерташ сийсаш йогуш йолу милт а дІайойур яц шуна, Ша, нийсо а йина, толам баьккхина валлалц. 21 Халкъаш цунах дог тешна а хир ду!» 22 ТІаккха Іийсана тІе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бІаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Іийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бІаьрса схьа а деана, дІахІоьттира. 23 Адамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: «Даудан КІант-м вац теша Иза?» 24 Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дІалелхадо церан эла волчу БаІал-Зебула-жинан гІоьнца». 25 Іийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хІора гІала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац. 26 Нагахь санна жин жино дІалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла? 27 Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаІал-Зебулин гІоьнца дІалохкуш хилча, шуна тІаьхьахІоьттинчара хьенан гІоьнца лохку уьш дІа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел. 28 Амма Аса Делан Синца уьш дІалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар. 29 Шел ницкъ болуш волчу стеган цІа чуьра хІума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дІавихкина бен? Цул тІаьхьа бен далур дуй къола? 30 Соьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасакхуьйсуш ву. 31 Цундела боху шуьга: хІора латийначу къина, динчу Іесачу къамелана стаг дохковаьллачул тІаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. 32 Адамийн КІантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хІума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бІешарахь а, я тІедогІун долчу бІешерашкахь а. 33 Шуна хаьа дика стом кхио дика дитт оьшийла, ткъа вочу дитто вон стом ло. ХІора дитт шен стоьме хьаьжжина хуьлу. 34 Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу. 35 Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту. 36 Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хІора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а. 37 ХІунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю». 38 Цхьаболчу Іеламчу нахий, парушхоший Іийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чІогІа лаьара Ахьа тамашийна гІуллакхийн билгало гойтийла!» 39 Амма Іийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тІаьхье! Тамашийна гІуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 40 Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чІеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КІант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. 41 Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву. 42 Цу тІаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахье ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву». 43 «Харцжин стагах дІакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тІетовжа меттиг а ца карош. 44 ТІаккха цо олу: „Со арадаьллачу цІа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Іийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цІанйина а карайо цунна. 45 ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Іаш долчу вон адамашца а». 46 Нахаца Іийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш. 47 Цхьаммо Іийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, Хьоьца къамел дан лууш, хьоьжуш лаьтташ бу-кх арахь». 48 Иза аьллачуьнга Іийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?» 49 Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХІорш бу Сан нана а, вежарий а! 50 Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»

Маттайс 13

1 Цу дийнахь Іийса, цІа чуьра ара а ваьлла, Іоман йисте охьахиира. 2 Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хІордан кеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира. 3 Іийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хІуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла. 4 Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна. 5 Важа буьртигаш, жагІа а болуш, латта кІеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зІийдигаш тесна, хІунда аьлча цигахь латта кІезиг дара. 6 Малх кхетча, цо и зІийдигаш ягийра, церан орамаш кІорга ца хиларна, уьш якъаелира. 7 Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира. 8 Ткъа важа долу хІу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бІе, кхузткъа, ткъе уьттазза дІадийначул сов а луш. 9 Лергаш долчунна хІара хезийла!» 10 Іийсан мурдаша, Цунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хІунда дуьйцу Ахьа нахе?» 11 Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. 12 ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду. 13 Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца го дела а, ладугІуш боллушехь, хІумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. 14 Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, шу хьоьжуш хир ду, амма шуна хІумма а гур дац. 15 Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бІаьргаш дІахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бІаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кІеда а хир дара, уьш шайна гІо дайта Суна тІе а богІур бара, Аса уьш то а бийр бара!“ 16 Ткъа шу декъалдина ду, хІунда аьлча шун бІаьргашна го, лергашна хеза. 17 Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна». 18 «Ткъа хІинца ладогІал хІу дІадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьІне. 19 Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тІедогІу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХІара ду некъан йисте охьаэгна долчу хІуьнан маьІна. 20 ТІулгийн жагІанна юккъе доьжна долчу хІуьнан маьІна, хІора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тІеоьцуш волу стаг ву. 21 Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кІеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тІехІоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу. 22 Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хІуьнан маьІна дича, дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду. 23 Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хІу – шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бІозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дІадийначул сов хІу ло». 24 Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Іийсас ладугІуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тІехь дика хІу дІадийнера. 25 Ткъа иза шен ялхошца вижина Іуьллучу хенахь кхуьнан мостагІа веана. Иза, кІена юккъе асаран буц а йийна, дІавахана. 26 КІа, тІе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла. 27 Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хІу дІа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кІена юккъе?“ 28 Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагІчо дина-кх иза“. Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гІой, схьаяккхий и буц?“ 29 „ХІан-хІа, – элира хьоладас. – Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кІен кенаш схьадохийла. 30 Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тІекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тІедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цІевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кІа дІадуьллу цІа чохь схьагулде аьлла“». 31 Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дІадийначу уггар жимачу хІух тера ду. 32 Иза кхечу хІун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тІе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш». 33 Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Іийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дІаийна». 34 И шадерг а Іийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хІумма а ца дуьйцура царна. 35 Цу тІехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду, дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш». 36 Нах а битина, Иза цІа чу вахара. Іийсан мурдаша, Цунна тІе а бахана, элира: «Аренгахь тІеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа». 37 Іийсас цаьрга элира: «Дика хІу дІадийнарг – Иза Адамийн КІант ву. 38 Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хІу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агІонгара нах бу. 39 И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. 40 Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. 41 Адамийн КІанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна, 42 уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду. 43 Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хІара дІахезийла». 44 «Стигалийн Олалла аренгахь дІайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дІаюллу. Дукха гІадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дІа а бухкий, и аре схьаоьцу. 45 Стигалийн Олалла мехала жовхІарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду. 46 Шена къаьсттина мехала долу жовхІар карийча, цо ша да мел волу хІума дІа а духкий, иза шен дола доккху. 47 Кхин а Стигалийн Олалла Іам чу чІерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чІерий лелха. 48 Бой юьзначул тІаьхьа, чІерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тІаьхьа цара, охьа а ховший, дика чІерий дІахоржу, ткъа вуьш дІакхуьссу. 49 Иштта хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дІа а къастийна, 50 йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду». 51 Іийсас Шен мурдашка хаьттира: «Шу кхетий Аса аьллачух?» Цара жоп делира: «Кхета». 52 ТІаккха Іийсас элира: «Цундела хІора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Іелам стаг цхьана хІусамдех тера ву, дІайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цІена а хІуманаш дІалуш волчу». 53 Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тІаьхьа, Іийса цигара дІавахара. 54 Ша кхиинчу гІала а веана, церан гуламан цІа чохь нах Іамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хІуманаш лело ницкъ? 55 Дечиган пхьеран кІант вац Иза? Цуьнан ненан цІе Марем яц? Ткъа вежарийн цІераш Якъуб, Юша, ШамІа, ЯхІуд бохуш яц? 56 Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?» 57 Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. Ткъа Іийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цІахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 58 Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кІезиг долу дела.

Маттайс 14

1 Цу хенахь Галилай-махкахь паччахь волчу ХІародана Іийсах лаьцна хезна хилла. 2 Шена ялхолла лелош болчаьрга цо элира: «И стаг нах хих чекхбоху Яхьъя ву. Иза веллачуьра денвелла, цундела бу цуьнгахь тамашийна билгалонаш гайта ницкъ». 3 И де тІекхачале дикка хьалха ХІарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш дина хилла. 4 Яхьъяс цунах бехк баьккхина хилла: «Хьан йиш яц цуьнца цхьаьна ваха», – аьлла. 5 ХІарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хІуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тІеэцна хилла дела. 6 ХІарод вина де тІекхаьчча, ХІародадан йоІ паччахьний, цуьнан хьешашний хьалха халхаюьйлуш хилла. Цуьнан халхар чІогІа тайна волчу ХІарода 7 чІагІо йина, ша цуьнан муьлхха а дехар кхочушдийр ду аьлла. 8 Шен нанас иракарахІоттийна йолчу йоІа элира: «Шуьна чохь нах хих чекхбохучу Яхьъян корта схьаба суна». 9 Ша гІайгІане воьжнехь а, шен хьешашна хьалха ша йина йолу чІагІо бахьана долуш, ХІарода, и дехар кхочушде аьлла, омра дина хилла. 10 Яхьъян корта баккха аьлла, цо набахте нах бахийтина. 11 Цара, шуьна чу а биллина, Яхьъян корта, схьа а беана, йоІе дІабелла, ткъа цо иза шен нанна дІабаьхьна. 12 Яхьъян мурдаша, схьа а даьккхина, цуьнан дакъа дІадоьллина, ткъа цул тІаьхьа, баха а бахана, Іийсага и дерриг дІадийцина цара. 13 Иза шена хезча, Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дІавахара, ша висархьама. Амма нахана и хІума дІахезча, шайн гІаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тІаьхьабахара. 14 Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира. 15 Суьйре тІееъча, Цуьнан мурдаш тІебаьхкира. Цара элира: «ХІара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дІабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хІума эцийта». 16 Ткъа Іийсас элира: «Уьш дІабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хІума». 17 Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чІарий бен яц». 18 Ткъа Іийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял». 19 Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. 20 Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тІаьхьа, мурдаша тІаьхьайисинчу яа хІуманах шийтта тускар дуьзира. 21 Цигахь яа хІума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара. 22 Цу сохьта Іийсас Шен мурдаш, хинкеманна тІе а ховшийна, Галилай-Іоман дехьарачу йисте Шел хьалха дІабахийтира, ткъа Ша нах дІахьовсо тІаьхьасецира. 23 Нах дІа а хьовсийна, Іийса Ша цхьаъ лома хьалавелира, доІа дархьама. Суьйре тІекхаьчча, Иза цигахь Ша вара. 24 Хин кема хийистера геннахь дара. Иза тулгІенаша дехьий-сехьий кхуьссура, кема чІогІа хьоькхуш болчу мохана дуьхьал доьдуш долу дела. 25 Іуьйранна кхаа сахьтаний, ялх сахьтаний юккъехь Іийса уьш болчу хи тІехула дІаволавелира. 26 Хи тІехула Иза вогІуш гича, Цуьнан мурдаша, кхера а белла, мохь хьаькхира: «Иза гІаларт ду!» – аьлла. 27 «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» 28 Цунна дуьхьал Кипас элира: «Сан Эла! Иза Хьо велахь, Хьайн лаамца со хи тІехула Хьайна тІе ваийтахьара Ахьа!» 29 «ТІевола!» – элира Цо. Кипа, хинкеманна чуьра охьа а воьссина, хи тІехула Іийсана тІевахара. 30 Шена чІогІа хьоькхуш болу мох гича, Кипа кхеравелира. Ша хи буха ваха воьлча, цо мохь хьаькхира: «Ва Эла! КІелхьарваккхахьа со!» 31 Іийсас, сихха куьг дІа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кІезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хІунда кхоллаялийтира ахьа?» 32 Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дІасецира. 33 Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таІийна, Іийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КІант ву!» 34 Хин кеманна тІехь Іомал дехьа а бевлла, уьш Гансарт-махка кхечира. 35 Цигарчу нахана Іийса вевзинчул тІаьхьа, массо а маьІІера Кхунна тІе цомгуш болу нах кхуьйлуш хилла. 36 Цара, Іийсан бедарх куьг Іоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Іоьттинарг, то а лой, дІахІуттура.

Маттайс 15

1 Ярушалайм-гІалара баьхкинчу парушхоший, Іеламчу нахий Іийсага элира: 2 «Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Іадаташ хІунда талхадо? Цара хІума яале хьалха куьйгаш цІандаран Іадат кхочуш хІунда ца до?!» 3 Царна дуьхьал Іийсас элира: «Ткъа аша хІунда талхадо Дала тІедиллина долу парзаш, шайн Іадаташ ца дохорхьама? 4 Дала аьлла ма ду: „Хьайн да а, нана а лара“, ткъа „Шен дений-нанний вон хІума олуш волу стаг вийна дІаваккха везаш ву“. 5 Амма аша боху шайн дега а, нене а ала мега: „Сан шуна гІо дан йиш яц, хІунда аьлча шуна лерина хилларг аса Далла совгІатна дІало“. 6 Цу дешнаша дай-наний ца лара бакъо ло. Аша Дала шайна тІедиллина долу парз шаьш кхоьллина долу ламаст бахьана долуш дІадаьккхина. 7 Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаІ-ЯхІус ша Делера бинчу хаамехь: 8 „ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду. 9 Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“». 10 Нах Шена тІе а кхайкхина, Іийсас элира: «Соьга ла а догІий, Аса бохучух кхетахьара шу: 11 стеган багахула чудоьдуш долчу хІумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен». 12 ТІаккха тІебаьхкинчу мурдаша Іийсага элира: «Хьуна хаьий парушхой Ахьа аьлла долу дешнаш бахьана долуш шаьш юьхьІаьржачу хІиттина хеташ буйла?» 13 Іийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дІадоьгІна доцу хІора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду. 14 Уьш машарца дІабахийта. БІаьрзе нах бу уьш. Царна тІаьхьахІоьттинарш а бу бІаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тІаьхьахІоьттинарг а, ший а бІаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву». 15 Цунна дуьхьал Кипас элира: «Кхетадехьа Ахьа тхо оцу дустарх». 16 Ткъа Іийсас элира: «ХІинца а оццул кхетам боцуш ду шу? 17 Шун бага кхаьчна долу хІума, зорх чу а кхочий, цул тІаьхьа кийрара арадолу. 18 Амма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. 19 Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар. 20 Иза ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Ткъа стага яа хІума яале шен куьйгаш ца диларх, иза Далла гергахь бехлур вац». 21 Цигара дІа а ваьлла, Іийса Цорин а, ЦІаданан а гонах йолчу меттигашка дІавахара. 22 Йоьлхуш, Цунна тІееара цигахь Іаш йолу канаІанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КІант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоІ». 23 Амма Іийсас цуьнга хІумма а ца элира. Мурдаша, тІаьхьа а баьхкина, Цуьнга дехар дира: «ДІаэккхае и зуда! Массо а хенахь вайна тІаьхьа а яьлла, мохь хьоькхуш ю-кх». 24 Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагІашна бен гІо дан ваийтина вац Со». 25 ТІаккха и зуда, Іийсана тІе а еана, гора а хІоьттина, йистхилира: «Веза Эла! ГІо дехьа суна!» 26 Іийсас цу зудчуьнга элира: «Нийса дац иза, берашкара схьа а йоккхуш, юург жІаьлешна дІакхоссар». 27 Зудчо элира: «Бакъ ду иза, Эла! Делахь а жІаьлеша а ма лехьадо хІусамден шуьн уллора охьадоьжна долу цуьргаш». 28 ТІаккха Іийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чІогІа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоІ тоелира. 29 Цигара дІа а ваьлла, Іийса Галилай-Іоман йистехула дІавахара. Лам тІе хьала а ваьлла, охьахиира Иза. 30 Цунна тІе адамийн тобанаш эха юьйлаелира, шайца астагІнаш, бІаьрзенаш, заьІапхой, мотт ца хууш болу къора нах, кхиболу цомгуш нах а болуш. Цара уьш лаьттахь охьабохкура, Іийсан когаш хьалха. Ткъа Цо уьш тобора. 31 Адамаш чІогІа цецдуьйлура шайна мотт ца хууш болу къора нах къамел деш гича, заьІапхой тобелча, астагІа берш, шерра ког а боккхуш, дІабоьлхуш гича, бІаьрзе берш са ган буьйлабелча. Уьш Исраилан Далла хастамаш беш бара. 32 Шен мурдаш тІе а кхайкхина, Іийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц. Уьш меца дІабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чІогІа гІел ца балийта». 33 Мурдаша Цуьнга элира: «ХІокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хІума?» 34 Іийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?» Цара жоп делира: «ВорхІ бепиггий, масех чІарий бу». 35 ТІаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. 36 ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. 37 Массара а шаьш дуззалц хІума йиира. ТІаьхьайисина йолу яа хІума мурдаша схьагулйича, ворхІ тускар хьаладуьзира. 38 Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а. 39 Нах дІасабевллачул тІаьхьа Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, Магдан-гІалина улло дІавахара.

Маттайс 16

1 Парушхой а, садукъой а баьхкира Іийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла. 2 Іийсас цаьрга элира: «Малх дІабузучу хенахь аша олу: „Кхана хаза хенан хІоттам хир бу, стигал цІийелла йолу дела“. 3 Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хІунда аьлча стигал цІарула-цІен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна. 4 Боьхачу а, телхинчу а тІаьхьено тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Іийса дІавахара. 5 Хих дехьабовлуш, Іийсан мурдашна бепиг схьаэца дицделлера. 6 ТІаккха Іийсас цаьрга элира: «Варелаш, ларлолаш садукъойн а, парушхойн а муьстачу бедах». 7 И дешнаш шайна юкъахь дийцаре динчул тІаьхьа цара элира: «Цо иза аьлла хир ду, вай новкъа довлуш бепиг схьа ца эцна дела». 8 Іийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кІезиг тешарш! ХІунда боху аша шайгахь бепиг дац? 9 ХІинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тІаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта. 10 Ткъа шуна дага ца догІу виъ эзар стаг вузийна долу ворхІ бепиг а, цул тІаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а? 11 ХІунда ца кхета техьа шу Аса баьпках лаьцна ца дуьйцийла? Аса шуьга ларло бохург парушхойн а, садукъойн а бод совсош тухуш болу муьста бод бу». 12 ТІаккха уьш кхийтира Іийсас шайга дийцинарг бод совсош болу муьста бод боцийла. Цо уьш ларбеш дерг парушхойн а, садукъойн а хьехамаш бара. 13 Іийса Пилап-паччахьан гІалин уллорачу метте веача, Цо шен мурдашка хаьттира: «Наха Адамийн КІант мила ву боху?» 14 Цара элира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара ЭлияхІу-пайхамар, ткъа кхозлагІчара Хьо Ярми-ЯхІу, я кхечу пайхамарех цхьаъ ву боху». 15 ТІаккха Цо цаьрга хаьттира: «Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» 16 ШамІа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КІант ву». 17 Цо аьллачунна дуьхьал Іийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамІа, Юнин кІант, хІунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна. 18 Аса боху хьоьга: хьо, тІулг санна волу, Кипа ву. Цу тІулга тІехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цІеран а иза йохо ницкъ хир бац. 19 Аса стигалийн Олаллера догІанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду». 20 Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дІа ма ала аьлла. 21 Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. 22 Кипа, Иза юьстах а ваьккхина, дуьхьало ян волавелира: «Дала тІе ма доуьйтийла иза, Веза Эла! И тайпа хІума Хьуна тІе ма кхочийла!» 23 Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». 24 Іийсас Шен мурдашка элира: «Суна тІаьхьахІотта лууш болчара шайн „со“ бохург дІататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьахІитта а беза. 25 ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дІаделлачунна бакъдолу дахар карор ду. 26 ХІун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХІун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча? 27 Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. 28 Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КІант гур ву, Шен Олаллица схьавогІуш волу!»

Маттайс 17

1 Ялх де даьлча, Іийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тІе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. 2 Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Іийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бІаьрган нур дойуш кІайн яра. 3 ЦІеххьана церан бІаьрг кхийтира Іийсаца къамел деш волчу ЭлияхІу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 4 Кипас Іийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Іа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хІоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагІниг ЭлияхІуний». 5 Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогІалаш Цуьнга!» 6 И аз шайна хезча, мурдаш, чІогІа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира. 7 Іийсас, царна тІе а веана, царах куьг а Іоьттина, элира: «Ма кхерало, хьалагІовтта!» 8 Кортош хьалаайича, Іийса воцург, гонах цхьа а стаг ца гира царна. 9 Уьш лам тІера охьабуьссучу хенахь Іийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КІант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!» 10 ТІаккха Іийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха ЭлияхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?» 11 Іийсас жоп делира: «ХІаъ, ЭлияхІус, ван а веана, массо а хІуманна тІехь низам хІоттор ду. 12 Амма Аса боху шуьга, ЭлияхІу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КІанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш». 13 ТІаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла. 14 Іийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тІевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хІоьттина, цо элира: 15 «Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кІантах! Иза лазар догІуш ву. Цо чІогІа Іазап хьоьгу. Лазар тІедеъча, иза цІерга а вужу, хи чу а волу. 16 Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира». 17 Іийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!» 18 Іийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кІант товелира. 19 Іийса Ша волчу хенахь Цуьнан мурдаша, тІе а баьхкина, хаьттира: «Тхоьга хІунда ца даккхаделира те и жин ара?» 20 Цо элира: «Шун Делах тешар кІезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДІахила“ аьлча, иза дІахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хІума хир дацара». 22 Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Іийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КІант нехан кара дІалур ву. 23 Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». Цуьнан мурдаш чІогІа гІайгІане ийгира. 24 Уьш Іийсаца Къапарнаме кхаьчча, Кипина тІебаьхкира Делан цІенна ял гулъеш берш. Цара хаьттира: «Шун устазо Делан цІенна гІуллакхна ял лой?» 25 Кипас жоп делира: «Ло!» Иза а аьлла, Кипа цІа чу вахара. Цо цхьа а дош алале, Іийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна муха хета, ШамІа: дуьнен чохь болчу паччахьаша ял шайн махкарчу бахархошкара йоккху, я кхечу махкара баьхкинчу бахархошкара йоккху?» 26 Кипас элира: «Кхечу махкара баьхкинчу нахера йоккху». ТІаккха Іийсас элира: «Делахь хІета церан бахархой, ял ца луш, кІелхьарбовлу-кх. 27 Амма кхузара Іедалехь болу нах оьгІаз ца бахийта, ваха а гІой, чІерий лоцу мІара хи чу а кхоссий, уггар хьалха айхьа схьалаьцна болчу чІеран бага хьажа. Цигахь хьуна къастийна ахча карор ду. Иза схьа а эций, хьайна а, Суна а тІера ял дІало».

Маттайс 18

1 Іийсана тІе а баьхкина, Цуьнан мурдаша хаьттира: «Стигалийн Олаллехь уггар лакхара верг мила ву?» 2 Цо, бер тІе а кхайкхина, мурдашна юккъе иза дІа а хІоттийна, 3 элира: «Аса баккъалла боху шуьга: шайн дегнаш цІан а дина, бераш санна дІа ца хІиттахь, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, шу цкъа а Делаца хир дац. 4 ХІара бер санна, муьтІахь а хилла, дІахІоьттинарг Стигалийн Олалла тІелаьцначарна юкъахь уггар лакхара ву. 5 Сан дуьхьа иштта цхьа бер тІеоьцучо Со а оьцу тІе». 6 «Амма Сох тешаш болчу царах лахара волчуьнга къа латадойтуш волчу хІора стагана, хьеран тІулг коча а тасийтина, ша хи чу а кхоссийтина, хІорда буха вахар гІоле ду. 7 Ма декъаза ду-кх дуьне, къа латоран бахьанаш шена чохь хиларна. Къа латоран бахьанаш хила дезара, амма декъаза бу къа лато бахьанаш дохуш болу нах. 8 Хьан куьйго я кого хьоьга къа латадайта бахьана даьккхинехь, и куьг я ког, схьа а даккхий, дІакхосса. ХІунда аьлча ког-куьг а доцуш Далла гергахь вахар гІоле ду хьуна, ши ког а, ши куьг а шайн меттехь а долуш, жоьжахатин цІергахь хьо вагавойтучул. 9 Хьан бІаьрг бахьана долуш хьох къа леттехь, иза, схьа а баккхий, дІакхосса. Цхьана бІаьргаца Далла уллохь вехаш хилар гІоле ду хьуна, ший а бІаьрг а болуш, жоьжахатин цІергахь хьо вагавойтучул». 10 «Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла. 12 Шуна муха хета? Шен бІе уьстагІ берг, царна юкъара цхьа уьстагІ дІакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагІ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дІакъаьстина уьстагІ лаха гІур вац? 13 Ас баккъалла а боху шуьга: шена дІакъаьстина цхьа уьстагІ схьакарийча, лам чохь бисинчу безткъе ткъайоьсна уьстагІал оцу цхьана уьстагІах цуьнан самукъадер ду. 14 Иштта шун стигалахь волчу Дена а ца лаьа цу лахара болчарах цхьа а дІакъастийта». 15 «Хьан динан вашас хьуна дуьхьал къа латадахь, ваха а гІой, шаьшшиъ волчохь шегара даьллачух иза кхетаве. Цо хьоьга ладогІахь, тІаккха ахьа цунах юха а хьайн динан ваша во. 16 Амма цо хьоьга ла ца догІахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хІунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чІагІдийр ду“. 17 Цо цаьрга а ла ца догІахь, динан гуламе дІадийца. Цо цаьрга а ла ца догІахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца. 18 Баккъалла а боху Ас шуьга: аша кху дуьнен чохь дихкина долу гІуллакх стигалахь Дала а дихкина хир ду. Аша кхузахь нахана пурба лахь, иза Дала делла пурба санна хир ду. 19 Кхин цхьа хІума а эр ду Аса шуьга: шух волчу шиммо, барт а бина, доІанехь Деле доьхуш хилахь, цара деххнарг Сан стигалахь волчу Дас кхочушдийр ду. 20 ХІунда аьлча шиъ-кхоъ стаг Сан цІарах вовшахкхетахь, цаьрца Со а хир ву». 21 Кипас, Іийса волчу а веана, хаьттира: «Сан Эла! Вашас суна дуьхьал къа латош хилча, со мосазза къинтІера вала веза цунна? ВорхІазза вала везий?» 22 Ткъа Іийсас цуьнга элира: «Аса боху: иза ворхІазза хир дац, ворхІазза кхузткъе итт эцча санна, хир ду. 23 Стигалийн Олалла хІокхунах тера хила мега. Цхьа паччахь шен ялхошкара декхар схьагулдеш хилла. 24 Декхар схьагулдан иза волавелча, кхунна тІевалийна цхьа ялхо. Иза итт эзар гали дашо ахча декхарийлахь хилла. 25 Амма и декхар схьадала цуьнан таро йоцийла хиъча, паччахьо омра дина, иза цуьнан зудчуьнца а, берашца а, цуьнан йолчу салпалца а шен декхар юхадерзорхьама дІавохка аьлла. 26 ТІаккха ялхочо, шен паччахьна хьалха гора а хІоьттина, дехар дина: „Ахьа цхьажимма собар дехьа, аса декхар дІалур ду хьуна!“ 27 Паччахьна ялхочух къахетта. Цо иза, декхарна къинтІера а ваьлла, дІавахийтина. 28 Ткъа цу ялхочо, шена бІе динари дети-ахча декхарийлахь волчу вукху ялхочунна тІе а вахана, иза лаг тІера а лаьцна, цуьнан са а дукъош, цо шена схьадалаза долу декхар схьадийхира: „Схьало айхьа суна схьадала дезарг!“ – аьлла. 29 ТІаккха цу ялхочо, хІокхунна хьалха гора а воьжна, дехар а деш, элира: „Собар дахьара ахьа, аса хьан дерриг а декхар дІалур дара“. 30 Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгІира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира. 31 И хІума гина болчу ялхоша шайна гинарг, эла волчу дІа а бахана, дІадийцира. 32 Эло, и ялхо тІе а кхайкхина, цуьнга элира: „Сий доцу лай! Ахьа дехар дича, аса сайн дерриг а декхар, къинтІера а ваьлла, хьуна дитира. 33 Ткъа ахьа а мегар дацара хьо санна волчу хьайн накъостах къинхетам бан, аса хьайх ма-барра?“ 34 ОьгІазваханчу эло омра дира, ницкъ а беш, иза набахти чохь латтаве, цо дерриг а декхар схьадаллалц, аьлла. 35 Иштта хир ву шуьца Сан Стигалара Да а, шу даггара шайн вешина къинтІера ца довлахь».

Маттайс 19

1 Шен къамел чекхдаьллачул тІаьхьа Іийса, Галилай-махкара дІа а вахана, ЯхІуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агІонгахь йолчу метте веара. 2 Цунна тІаьхьа хІоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира. 3 ТІаккха Іийсана тІе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дІасакъастар?» 4 Іийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна? 5 Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТІаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. 6 ХІинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!» 7 ТІаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тІе хІунда диллина, дІасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дІа а лой, цуьнца дІасакъаста аьлла?» 8 Іийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дІасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла. 9 Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хІума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву». 10 Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Іер гІолехь ду». 11 Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш. 12 Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьІна стаг санна хуьлу, вуьш – нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагІнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла». 13 Іийса волчу бераш далийра, царна тІе куьйгаш а дехкина, Цуьнга доІа дайтархьама. Амма Цуьнан мурдаш резабоцуш, бераш далош баьхкинчарах бехкаш дохуш, луьйш бара. 14 Іийсас элира: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Стигалийн Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу». 15 Царна тІе куьйгаш а дехкина, Цо уьш декъалбира. Цул тІаьхьа Иза цигара дІавахара. 16 Цхьана стага, Іийсана тІе а веана, хаьттира: «Устаз, муьлха дика болх бан беза аса Дела волчохь хедар доцучу дахаре со нисвалийта?» 17 Іийсас цуьнга элира: «Соьга хІунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тІедиллина парзаш кхочушде». 18 Жимачу стага хаьттира: «Муьлха парзаш?» Іийсас жоп делира: «Адам ма де, нахаца ма лела, къола ма де, харц тоьшалла ма де, 19 дай-наний а лара, хьайна уллораниг а, хьо-хьайна санна, веза». 20 Жимачу стага Цуьнга элира: «Иза шадерг а аса кхочушдина, кхин хІун оьшу суна?» 21 Іийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гІой, хьайн мел долу хІума дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. ТІаккха, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». 22 И дешнаш шена хезча, жима стаг, гІайгІане а воьжна, дІавахара, хІунда аьлча иза чІогІа хьал долуш вара. 23 Шен мурдашка Іийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. 24 Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». 25 Мурдаша, иза шайна хезча, чІогІа цец а бевлла, хаьттира Цуьнга: «Ткъа мила ваккхалур ву кІелхьара?» 26 Цаьрга а хьаьжна, Іийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хІумма а дац». 27 Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Іадда а дитина, Хьуна тІаьхьа хІиттина-кх тхо. Тхоьга хІун кхочур ду?» 28 Іийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дІа а хІоттийна, Адамийн КІант Шен сийлахьчу паччахьан гІанта тІе охьахуун волчу хенахь, Суна тІаьхьахІиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гІанташна тІе охьаховшур ду. 29 Сан дуьхьа шен цІа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бІозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан. 30 Амма хІинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тІаьхьара хир бу, ткъа тІаьхьарнаш хьалхара хир бу».

Маттайс 20

1 «ХІунда аьлча Стигалийн Олалла иштта ду. Шен долахь латта а долуш, Іуьйранна сахуьлучу хенахь шен кемсийн бешахь болх байта белхалой лаца вахана цхьа стаг. 2 Цхьа динари ахча лур ду аьлла, цаьрца барт а бина, цо уьш шен кемсийн беша дІахьажийна. 3 Іуьйранна исс сахьт даьлча, базаран майданахула тІехволуш, цунна гина цхьа а хІума а ца деш лаьтташ волу масех стаг. 4 Цо цаьрга аьлла: „Дуьйло, сан кемсийн бешахь болх бе, аса шуна бала беззаш болу мах дІалур бу“. 5 Уьш дІабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тІаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина. 6 Суьйранна пхи сахьт даьлча иза майдана веача а, гина цунна деш хІума а доцуш лаьтташ болу нах. Цо цаьрга хаьттина: „Шу хІунда лаьтта кхузахь, деш-дуьтуш хІума а доцуш?“ 7 Цара жоп делла: „Тхо цхьаммо а болх бан тІе ца лаьцна дела лаьтта-кх“. ТІаккха цо цаьрга аьлла: „Шу а гІо сан кемсийн беша болх бан“. 8 Суьйре тІекхаьчча, беш йолчу дас ша белхалошна тІехьажа хІоттийначуьнга элира: „Белхалой схьа а кхайкхий, царна алапа дІало – тІаьхьара болчарна тІера дІадоладай, хьалхарчарна тІекхаччалц“. 9 Пхи сахьт даьлча цо схьахьажийнарш схьабаьхкича, царна цхьацца динари ахча делла. 10 Хьалха цо тІелаьцна болчарна, шайна алсам ахча дала деза аьлла хетташехь, царна а делла цхьацца динари. 11 Ахча схьаэцначул тІаьхьа уьш, хьолахочунна резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелла. 12 Цара бохуш хилла: „Уггар тІаьхьа баьхкинчара цхьана сахьтехь бен болх ца бина, ткъа уьш тхоьца дІанисбина. Ткъа дукхах болу болх оха бина, дийнахь сарралц малхан тов а ловш“. 13 Царах волчу цхьаьнга хьоладас аьлла: „ХІей къонах, аса хьоьца хьарамло ма ца йина. Вайшиммо бина барт ма бара, ахьа цхьана динарих болх бийр бу аьлла. 14 Хьайна догІуш долу ахча дІа а эций, дІагІо хьайн новкъа. Ткъа суна тІаьхьо баьхкинчарна а хьуна деллачул ахча дала лаьа. 15 Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагІ?“ 16 Иштта тІаьхьарнаш хьалхара хир бу, ткъа хьалхе йоккхуш берш тІаьхьара хир бу». 17 Ярушалайме боьдучу новкъахь Іийсас Шен шийтта мурде, юьстаха а ваьккхина, элира: 18 «ЛадогІа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КІант динан коьртачу дайшкий, Іеламчу нахей дІалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю. 19 ТІаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дІалур ву. Цара Иза жІарах дІатухур ву. КхозлагІчу дийнахь Иза денвийр ву». 20 Цу хенахь шен кІенташца Зевадин зуда тІееара Цунна. Гора а хІоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза. 21 Іийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хІун оьшу?» Цо жоп делира: «Суна чІагІо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хІара сан ши кІант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агІор, важа аьрру агІор охьахаавехьа». 22 Амма Іийсас элира: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», – элира цара. 23 Ткъа Іийсас цаьрга элира: «Аса молу къаьхьа кад-м мер бу аша. Амма Суна аьтту агІор, я аьрру агІор охьахаар – иза Сан карахь дац. Сан Дас и меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю». 24 Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгІазвахара цу шинна. 25 Амма Іийсас, уьш Шена тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хууш ма ду, кхечу къаьмнийн куьйгалхоша шайн адамашна тІехь олалла дойла а, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла а. 26 Амма шуна юкъахь хила ца деза иштта. Шух уггар лакхара хила лууш верг шун ялхо хила веза. 27 Шух хьалхара хила лууш верг шун лай хила веза. 28 Адамийн КІант а ма ца веана Шена хьалхара гІуллакх дайта. Иза нахана гІуллакх дан а, Шен дахар дІадала а веана, дукхахболчеран къинош дІатакхархьама». 29 Іийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гІалара дІабоьлхучу хенахь, царна тІаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра. 30 Некъа йистехь хиъна Іаш волу бІаьрзе ши стаг, Іийса уллохула тІехволуш шайна хаавелча, мохь а тухуш, вистхилира: «Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, Даудан КІант!» 31 Тобанна юкъара нах, гІовгІа ма е а бохуш, вуьш чехо хІоьттича, цара кхин а чІогІа мохь хьаькхира: «Веза Эла! Даудан КІант! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла. 32 ТІаккха Іийсас, саца а сецна, уьш Шена тІекхайкхира. Цо цаьрга хаьттира: «Аса хІун дойла лаьара шуна?» 33 Цара Цуьнга элира: «Эла! Тхуна тхан бІаьргаш схьаделладала лаьара». 34 Царах къа а хетта, Іийсас церан бІаьргех куьг Іоьттира. Церан бІаьрса цу сохьта схьадеара. И ши стаг Цунна тІаьхьахІоьттира.

Маттайс 21

1 Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Іуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Іийсас Шен мурдех шиъ вахийтира, 2 хьехар а дина: «Шайна хьалха Іуьллуш йолчу юьрта а гІой, уллохь вирбекъа а йолуш, дІайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тІе схьадуьйла. 3 Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“». 4 И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама: 5 «Цийон-ломан йоІе алийша: „Хьажал хьан Паччахь ву хьо йолчу тІевогІуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу!“» 6 Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира. 7 Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тІе шайн бедарш а ехкина. ТІаккха Іийса цу бедаршна тІехула вирана тІехиира. 8 Адамийн тобанна юкъахь болчара шайн бедарш некъа тІе охьатуьйсура, вукхара диттийн гаьннаш, схьа а хедош, некъа тІе охьадохкура. 9 Цунна хьалха а, тІехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КІантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цІарах вогІуш Верг! ХІашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!» 10 Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гІалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?» 11 Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гІалара Іийса-пайхамар ву», – аьлла. 12 Іийсас, Делан цІийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гІопастанаш а, кхокхий духкучеран гІанташ а харцийра. 13 Цо элира: «Яздина ду: „Сан ЦІа доІанан цІа хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». 14 Делан цІийнан кертахь волчу Цунна тІеэха буьйлабелира бІаьрзенаш, астагІнаш. Цо уьш тобира. 15 Динан коьртачу дайшний, Іеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хІуманаш гича а, Делан цІийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КІантана!» – бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира. 16 Цара Іийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?» Іийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна: „Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула бойтур бу Ахьа хастамаш“?» 17 Цигара дІа а ваьлла, Іийса Бет-ХІине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо. 18 Іуьйранна гІала юхавогІучу хенахь Іийса мацвеллера. 19 Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тІевахара. Амма цунна тІехь, гІаш доцург, цхьа а стом бацара. ТІаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тІе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дІахІоьттира. 20 И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чІогІа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?» 21 Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чІогІа тешар делахь, шуьга хІокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Іаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду. 22 Аша доІанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду». 23 Иза, Делан цІийнан керта а веана, нах Іамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» 24 Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тІаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 25 Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?» ТІебаьхкинарш вовше барт бан хІиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хІунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 26 Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хІунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву». 27 Іийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», – аьлла. ТІаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг». 28 «Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кІант хилла. Цо, хьалхарчунна тІе а вахана, элира: „КІант, тахана ваха а гІой, сан кемсийн бешахь болх бе“. 29 КІанта элира: „Суна ца лаьа“. Амма иза, ойла йинчу тІаьхьа метта а веана, болх бан вахара. 30 ТІаккха дас, важа кІант волчу а вахана, вукхуьнга а изза элира. ШолгІачу кІанта жоп делира: „ГІур ву“. Амма иза болх бан ца вахара. 31 Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?» Цара элира: «Хьалхарчо». ТІаккха Іийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тІелоцуш бу. 32 ХІунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тІаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама». 33 «ЛадогІалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза. 34 Кемсаш схьагулъян хан тІекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догІу дакъа схьаэца. 35 Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чІогІа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагІниг, тІулгаш диттина. 36 ТІаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гІиллакх“ хІоттийна кемсашлелорхоша. 37 Эххар а цо шен кІант вахийтира, олуш: „Сан кІанте-м ларам хир ма бу церан“. 38 Шайна кІант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хІусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“. 39 Цунна тІе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна. 40 Шуна муха хета, хІун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?» 41 Цара Іийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хІаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тІелоцуьйтур ю, шена догІуш долу дакъа, хан тІекхаьчча, схьалун долчаьрга». 42 Іийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тІехь дерг: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина. Иза Везачу Элера ду, вайна гергахь и чІогІа инзаре а ду!“ 43 Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дІалур ду. 44 Цу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІебоьжча, цо иза хьошур ву». 45 Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла. 46 Иза схьалаца дагадеара царна, амма Іийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хІуьттура.

Маттайс 22

1 Іийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира: 2 «Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кІантана зуда ялош той кечдина. 3 Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна. 4 Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дІаала: „ЛадогІалаш. Той дІадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хІоттийначу тойне“. 5 Амма хІокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гІуллакхашка маьІ-маьІІе дІасабевлла. Цхьаъ шен кха тІе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана, 6 ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина. 7 Паччахь чІогІа оьгІазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гІала а ягийна. 8 ТІаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дІадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла. 9 Даха а гІой, хІора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“. 10 Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цІа хьаладуьзна хилла цара. 11 Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тІехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш. 12 Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХІей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла. 13 ТІаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дІа а дехкий, Іаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“. 14 Кхайкхинарш дукха бу, амма царна юкъахь хаьржинарш кІезиг бу». 15 ТІаккха парушхой ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Іийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш. 16 Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хІародхой а тоьхна. Мурдаша Іийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. 17 Алахьа тхоьга, Хьуна хІун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?» 18 Іийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш? 19 Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча». Цунна дато динари-ахча схьадеара. 20 ТІаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тІехь диллинарг, хьенан цІе ю язйинарг?» 21 Цара элира: «Римхойн паччахьан». ТІаккха Іийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург». 22 Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дІабахара. 23 Цу дийнахь ХІара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира: 24 «Устаз, Мусас Іамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тІаьхье санна лору. 25 Цхьана хенахь кхузахь Іаш ворхІ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагІа волчу вешина йисира. 26 Изза хІума шозлагІчу а, кхозлагІчу а вешица хилира. Иштта ворхІе а ваша велла дІавелира. 27 Царал массарал а тІаьхьа зуда елира. 28 Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхІ веших муьлхачун зуда хилла дІахІуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Іийна ма бу». 29 Іийсас жоп делира: «Шу тилла, хІунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна. 30 Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гІур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 31 Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг: 32 „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!» 33 Шайна и хьехам хезча, нах чІогІа цецбевлира. 34 Цо садукъой Шен жоьпаца ала хІума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира. 35 Царах волчу цхьана Іеламчу стага, Іийса зерхьама, Цуьнга хаьттира: 36 «Устаз, товратан хьехамашна тІехь уггар хьалха тІедиллина долу гІуллакх муьлха ду?» 37 Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“. 38 Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тІедиллина гІуллакх ду. 39 Цунах терра шолгІа тІедиллинарг а ду: „Хьо санна веза хьайна уллораниг а“. 40 Товрат тІера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша массо а яздинарг а Дала тІедиллинчу оцу шина гІуллакх тІехь лаьтташ ду». 41 ТІаккха Іийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира: 42 «ХІун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КІант ву Иза?» Цара Цуьнга элира: «Даудан КІант ву». 43 Іийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахІоттийна волчу Дауда хІунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу: 44 „Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц“». 45 Дауда „Хьалдолу Эла“ ву аьлла, Цуьнан цІе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кІант?» 46 Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХІетахь дуьйна схьа Іийсага цхьа а хаттар дан ца хІуттура уьш.

Маттайс 23

1 ТІаккха Іийса халкъаций, Шен мурдашций къамел дан волавелира. 2 Цо элира: «Іеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето. 3 Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хІунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гІуллакхаш дан а ца до. 4 Цара чІогІа хала парзаш хІиттадо. Уьш кхочушдан чІогІа хала ду. И парзаш нахана тІе а дехкина, уьш цаьрга дІакхехьийта гІерта. Ткъа шаьш пІелг меттахбаьккхина а хІума дан лууш бац. 5 Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тІеяздина йолу церан хьаьжнаш тІе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тІера чечакхаш яхлуш ю. 6 Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цІенош чохь а. 7 Царна лаьа базаран майданахь шайга чІогІа лоруш маршалла хаттийта а, „устаз“ аьлла, нахе шайн цІе яккхийта а. 8 Амма аша шайн цІе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хІунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду. 9 Цхьаннан а кху дуьненахь „Веза Да“ алий, цІе ма яккха, хІунда аьлча шун Веза Да цхьаъ бен вац. Иза – Стигалахь Верг ву. 10 Шаьш „хьехамхой“ ду алий, цІе ма яккхийта, хІунда аьлча шун цхьа Хьехамхо ву – Дала леррина Къобалвинарг. 11 Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла. 12 Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву. 13 Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тІелаца боьду некъ дІакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта. 15 Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! ХІордана а, лаьттана а гобаккха кийча ду шу, цхьа стаг мукъана а шайгахьа ваккхархьама. И санна верг шайна карийча, цунах шайл шозза жоьжахатина пайдениг вой, дІахІоттаво аша. 16 Къа ду шун, шаьш бІаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цІийнах дуй биъча, хІумма а дац, амма Делан цІа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“. 17 БІаьрзе, сонта нах! ХІун ду деза – деши ду, я Делан цІа ду, и деши даздеш долу? 18 Аша боху: „СагІа доккхучу кхерчах дуй биъча, хІумма а дац. Амма цу кхерча тІехь Іуьллучу сагІанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“ 19 БІаьрзе нах! ХІун ду деза – сагІина еана хІума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хІума язъеш болу? 20 Цу кхерчах дуй буучо цу тІе охьайиллинчу хІуманах а боу дуй. 21 Делан цІийнах дуй буучо Делан цІийнах а, цу чохь Іаш Волчух а боу дуй. 22 Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гІантах а, цу гІанта тІехь Волчух а дуй боу. 23 Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Іаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгІа дакъа аша сагІина дІало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чІогІа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хІуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза. 24 БІаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дІайоккху аша, амма эмкал дІакхоллу. 25 Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тІехулара дикка цІандо, амма чухулара уьш бІаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хІуманах дуьзна ду. 26 БІаьрзе парушхо, цкъа хьалха кад-хедар чуьра цІанде, уьш тІера а, чуьра а цІена хилийта. 27 Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТІехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьІахкаш, дахкаделла долу дилха а ду. 28 Шу шаьш а, тІехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду. 29 Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а! Шалхончаш! Пайхамаршна къуббанаш хазйо аша, Делан лаамехь болчеран кешнаш кечдо. 30 Аша олу: „Тхо тхешан ворхІе а да Іийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цІий Іанор дацара“. 31 Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тІаьхьенах хилар чІагІ а деш. 32 Шайн дайша лелийнарг кхин а тІехдаккха! 33 Лаьхьанийн тІаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу? 34 Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Іелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жІарах дІатуху, вуьш, шун гуламан цІенош чохь етташ, цхьана гІалара вукху гІала лоьхкуш лелабо. 35 Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закрина тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. 36 Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хІокху тІаьхьено». 37 «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. 38 ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду. 39 Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“»

Маттайс 24

1 Делан цІа долчуьра схьавогІуш вара Іийса. Цу цІийнан кертахь йолу гІишлош Цунна гайтархьама, Іийсана тІебаьхкира Цуьнан мурдаш. 2 Цо цаьрга элира: «ХІара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». 3 Іийса Зайт-диттийн лам тІехь хиъна Іачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тІебаьхкира. Уьш Іийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тІаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?» 4 Цаьрга Іийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш. 5 Аса иза боху, хІунда аьлча дуккха а богІур бу Сан цІарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Іехор бу. 6 ТІемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хІунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц. 7 Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь мацалла а хІуттур ю, мохк а бегор бу. 8 Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. 9 Шу Іазапанний, Іожаллиний кара дІалур ду. Сан цІе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу. 10 Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю. 11 Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. 12 Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу. 13 Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву. 14 И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дІакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тІаьхьа тІекхочур ю дуьненан чаккхе». 15 «Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хІума“ езачу метте дІахІоьттина шайна гича, – (хІара доьшург нийса кхетийла!), 16 тІаккха цу хенахь ЯхІуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дІаводийла. 17 Ткъа тхов тІехь нисвелларг, цу тІера охьавоьссича, цІа чу ма воьдийла, шен цхьа хІума схьаоьцур яра аьлла. 18 Аренгахь нисвелларг, шен тІеюху хІума схьаоьцур яра ша аьлла, цІа ма вогІийла. 19 Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 20 Деле дехалаш, шаьш девдда дІадаха дезаш йолу хан Іай я шоьтан садоІучу дийнахь ма нисъялийта алий. 21 ХІунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хІара хан тІекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тІаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана. 22 Дала и денош дац ца динехьара, цхьа а кІелхьарвалалур вацара. Амма Ша хаьржинчеран дуьхьа и денош Цо дацдина хир ду. 23 Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш, 24 хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама. 25 ЛадогІалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дІахьедо. 26 Нагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“ цига ма гІолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цІа чохь ву!“ алахь, царах ма тешалаш, 27 хІунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тІехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КІентан схьавар. 28 ХІунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргІанаш а». 29 «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю. 30 Цу сохьта стигалахь Адамийн КІентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гІайгІане хир ду. Стигаларчу мархашна тІехула схьавогІуш Адамийн КІант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. 31 Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьІІера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц». 32 «Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кІад а делла, гІа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 33 Иштта, и хІуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КІентан зама герга юйла а, Иза неІарехь вуйла а. 34 Бакъдерг боху шуьга: хІара адамийн тІаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а. 35 Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац». 36 «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КІантана а, Да воцучунна. 37 Нохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КІант схьавогІуш. 38 ХІунда аьлча хьалха, хи тІедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц. 39 ХІумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тІе а даьлла, хІаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КІант схьавогІучу хенахь а. 40 Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 41 Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю. 42 Цундела сема хилалаш, хІунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогІур ву шун Веза Эла. 43 Кхин цхьа хІума а дагахь латтаде: хІусамдена къу буьйсанна маца вогІур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта. 44 Цундела шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву». 45 «Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тІехІоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хІума дІа а луш. 46 Декъал хир ву, шен хьолада цІа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо. 47 Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву. 48 Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгІазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цІа вогІур вац“ бохуш, 49 вукху ялхошна коча а оьхуш, ша санна болчу маларш муьйлуш болчаьрца тІех сов дууш, маларш муьйлуш Іаш хир ву. 50 Иза цІа варе ца хьоьжучу дийнахь а, цунна дагахь доцучу хенахь а, цу ялхочун олахо цІа кхочур ву. 51 ХІусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дІа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».

Маттайс 25

1 «Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кІантана дуьхьалъяхана. 2 Царах пхиъ сонта хилла, ткъа важа пхиъ хьекъал долуш хилла. 3 Сонта пхиъ, шаьш стогарш схьаоьцуш, цу чу дуттуш долу даьтта схьаэца йицъелла. 4 Хьекъал долуш долчу хІора зудаберо, шаьш стогарш схьаоьцуш, шайн-шайн кхаби чохь даьтта а схьаэцна. 5 Зуда ялош верг, схьа ца вогІуш, хьевелла. ТІегІоьртинчу набарна зудабераш дІатийна. 6 Буьйса юккъе яьлча, цхьа мохь хезна царна: „ХІей, зуда ялош верг вогІуш ву шуна! Дуьйло, цунна дуьхьалгІо!“ 7 Цу сохьта зудабераша, сама а девлла, шайн стогарш хьалалатийна. 8 Пхеа сонтачу зудаберо вукхаьрга дехар деш хилла: „Лойша тхуна жимма даьтта, тхан стогарш дІабовш бу“, – бохуш. 9 Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гІой, эца аша“. 10 Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неІ дІакъовлаелла. 11 ТІаьххьара а даьхкина зудабераш схьакхаьчна. Цара аьлла: „Эла! Ва эла! НеІ дІаеллахьа тхуна!“ 12 Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“ 13 Цундела сема хила, хІунда аьлча Адамийн КІант вогІур волу де а, сахьт а шуна хууш дац». 14 «Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хІиттийна. 15 Цо шен ялхошна, хІораннан а хьуьнаре хьаьжжина, ахча делла, царна луъучу агІор иза лело. Цхьанна цо пхи гали деши делла, вукхунна ши гали деши делла, кхоалгІачунна цхьа гали деши делла. ТІаккха иза новкъа ваьлла. 16 Шена пхи гали деши кхаьчначо, цхьана мехалчу гІуллакха юккъе а вахана, царах кхин а пхи гали деши даьккхина. 17 Ши гали деши кхаьчначо кхин а ши гали деши тІедаьккхина. 18 Ткъа цхьа гали деши шегахь долчо, ваха а вахана, ор а даьккхина, цу чохь и деши дІалачкъийна. 19 Дикка хан яьлча, веана эла схьакхаьчча, цо цаьрга хаьттина, хІун дира аша шен ахчанах аьлла. 20 Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тІе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тІедаьккхина“. 21 Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. 22 Ши гали деши шегахь дитина верг а веана шен эла волчу. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь ши гали деши дитира, аса кхин а ши гали даьккхина“. 23 Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. 24 ТІе а веана, хІокхо шегахь цхьа гали деши дитинчу ялхочо аьлла: „Эла, суна хууш ду хьо луьра стаг вуйла. Ахьа айхьа дІа ца дийначуьра ялта чуоьцу, айхьа охьа ца Іанийначуьра схьагулдо. 25 Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“. 26 Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дІа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Іанийначохь схьагулдой. 27 Цундела хьо сан ахча мах лелош болчаьрга дІадала дезаш ма вара. ТІаккха, со юхавеача, аса сайн ахча тІеяьлла са а йолуш схьаоьцур ма дара. 28 Цуьнгара гали деши схьа а эций, итт гали деши долчуьнга дІало. 29 ХІунда аьлча хІоранна а шен долчунна тІе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хІумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккху. 30 Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Іаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“». 31 «Ткъа Адамийн КІант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гІанта тІе. 32 ТІаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаІуьно уьстагІий гезарех санна, дІасакъастор ду. 33 УьстагІий Цо Шена аьтту агІор дохур ду, гезарий – аьрру агІор. 34 Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду, 35 хІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хІума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІеийцира. 36 Со тІехь беркъа волчу хенахь аша Суна тІеюха хІума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тІаьхьадаьхкира“. 37 ТІаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хІума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи? 38 Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тІе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тІе хІума? 39 Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тІаьхьа?“ 40 Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“. 41 ТІаккха Шена аьрру агІор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неІалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цІера юккъехь ю шун меттиг. 42 ХІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хІума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира. 43 Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“. 44 ТІаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТІехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Іийна Хьан гІуллакх ца деш?“ 45 ТІаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гІо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гІо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“. 46 ТІаккха уьш цкъа а хедар доцучу таІзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».

Маттайс 26

1 Ша къамел дина ваьллачул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашка элира: 2 «Шуна хууш ду ши де даьллачул тІаьхьа „Пасахь“ олу деза де тІекхочуш дуйла а, Адамийн КІант жІарах дІатоха дІалур вуйла а». 3 ТІаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цІе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира. 4 Цара барт бира Іийса хІилланца схьалаца а, вен а. 5 Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта». 6 Іийса Бет-ХІинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамІин хІусамехь волчу хенахь, 7 Цунна тІееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогІу, механа чІогІа деза долу даьтта хиъна Іаш волчу Іийсана коьрта тІе дитта йолаелира. 8 И сурт шайна гича, Іийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хІума? 9 Безачу мехах и даьтта дІа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дІадала мегар ма дара». 10 Іийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гІуллакх ду. 11 Миска нах шуна юххехь гуттар а хир бу, ткъа Со даим хир вац шуьца. 12 Сан дегІа тІе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дІаволла хьалххе кечам беш ю. 13 Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тІехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду». 14 Іийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхІуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана, 15 элира: «Суна хІун лур ю аша, аса Иза шайна дІалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира. 16 ХІеттахь дуьйна ЯхІуд-Искархо Іийса цаьрга дІавала аьтто лаха волавелира. 17 Совсазчу баьпкан дезачу денойн хьалхарчу дийнахь Іийса волчу баьхкира Цуьнан мурдаш. Цара элира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь». 18 Цо элира: «ГІалахь Іаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гІой, цуьнга ала: „Устазо боху: (Сан хан тІекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хІусамехь даздийр ду’“». 19 Цара, дІа а бахана, Цо тІедиллинарг кхочушдира, тІаккха Пасахьан пхьор кечдира. 20 Суьйре тІекхаьчча, Іийса Шен шийтта мурдаца хІума яа охьахиира. 21 ТІаккха Іийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю». 22 ЧІогІа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!» 23 Церан хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хІокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу. 24 Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!» 25 Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхІуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!» Іийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!» 26 Цара хІума юучу хенахь Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «ДІаэца, даа, иза Сан дегІ ду шуна!» 27 Цул тІаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дІакховдийра: «ДІамала массара а, 28 иза Сан цІий ду шуна, Делаца бина барт чІагІбеш долу, дуккха а нах къинойх цІанбархьама Іенар долу! 29 Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дІахІоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тІекхаччалц», – аьлла. 30 ТІаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тІе бахара уьш. 31 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дІатосур ву, яздина ма-хиллара: „Іуьнна чов йийр ю Аса, тІаккха жа юкъара уьстагІий шаьш дІасадовдур ду“. 32 Амма веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со». 33 ТІаккха Кипас Цуьнга элира: «Массара а дІатесча а, аса-м дІатосур вац Хьо». 34 Іийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нІаьна кхайкхале, Со кхузза дІатосур ву ахь». 35 ТІаккха Кипас Цуьнга элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дІакъаьстар вац». Изза вукхара а элира. 36 Іийса Шен мурдашца Гатшамани цІе йолчу метте веара. Цо цаьрга элира: «Кхузахь ховший Іе, Аса, хьуьлла а вахана, доІа дечу юкъана». 37 Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кІант а вигира. ЧІогІа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза. 38 Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха». 39 Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла». 40 Шен мурдаш болчу тІевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХІун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу? 41 Сема а хилалаш, доІа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгІаза ду». 42 Юха а, дІанехьа а ваьлла, Иза доІа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тІехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!» 43 Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Іийсана уьш, хІунда аьлча церан бІаьрганегІарш дазделлера. 44 КхозлагІа а, дІанехьа а ваьлла, доІа дан хІоьттира Иза, изза дешнаш а олуш. 45 Шен мурдаш болчу тІе а веана, Іийсас цаьрга элира: «Шу хІинца а, наб еш, садоІуш ду? ЛадогІа Соьга: Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна. 46 Дуьйло, хьалагІовтта! ХІара ву Суна ямартло ен верг». 47 Іийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхІуд. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла. 48 Іийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – Иза схьалаца». 49 Цу сохьта Іийсана тІе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тІаьхьа Цунна барт баьккхира. 50 Іийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гІуллакх кхочушде». Цара Іийса, тІекхетта, схьалецира. 51 Кхуьнца хилла волчу цхьаммо, тур хьала а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочун лерг, тоьхна, тІерадаьккхира. 52 Іийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хІунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу. 53 Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гІоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна? 54 Делан Йозанаш тІехь и шадерг иштта хила деза бохург кхочуш муха хир ду ткъа?» 55 Цу хенахь Іийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХІора дийнахь Делан цІийнан кертахь Іаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира. 56 Ткъа и шадерг хилла пайхамарша яздинарш кхочушхилийтархьама». ТІаккха Цуьнан берриг а мурдаш, Иза ша волччохь а витина, бевдда дІабахара. 57 Іийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дІавигира. Кхузахь гулбелла бара Іелам нах а, къаной а. 58 Іийсана гено тІаьхьа а хІоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гІаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дІа хІун хир ду хьожуш. 59 Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. 60 Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара. 61 Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“». 62 ТІаккха динан коьртачу дас, хьала а гІаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» 63 Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» 64 Іийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хІинца дуьйна схьа Адамийн КІант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а». 65 ТІаккха динан коьртачу дас, шена тІера бедарш а этІош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хІун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? 66 ХІун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!» 67 Цхьаболчара юьхь тІе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тІара детташ, 68 мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?» 69 Кипа цу хенахь кертахь Іаш вара. Цунна тІе а еана, цхьана зуда-ялхочо элира: «Хьо а ма вара Галилайра волчу Іийсаца». 70 Амма цо иза даре ца дира: «Суна ца хаьа, ахьа хІун боху». 71 Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Іийсаца вара». 72 Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза». 73 Дукха хан ялале кхунна тІебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хІунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до». 74 Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чІагІонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза». Эццахь нІаьна кхайкхира. 75 ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас аьлларг: «НІаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дІатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.

Маттайс 27

1 ШолгІачу Іуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Іийса вейта барт бира. 2 Иза, дІа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дІавигира цара. 3 Іийсана ямартло йина волчу ЯхІуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. 4 Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хІун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна». 5 Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цІийнан керта дІа а кхоьссина, ЯхІуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира. 6 Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХІара Делан цІийнан хазни чуьра ахчанах дІатоха мегар дац, цІий Іанадайтина ахча долу дела». 7 Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегІаш еш волчун латта ийцира, цу тІехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дІабохка. 8 Цундела тахана а и латта «ЦІийн латта» олуш ду. 9 Иштта кхочушхилира Ярми-ЯхІус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хІоттийна волчунна тІера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах. 10 Иза кхийра пхьегІаш еш волчун лаьттах дІаделира цара, соьга Везачу Эло ма-аллара». 11 Іийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дІахІоьттира. Цо Іийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?» Іийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза». 12 Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хІумма а ца элира. 13 ТІаккха Пулата Цуьнга элира: «Хьуна ца хеза, Хьайна дуьхьал мел дукха бехкаш даладо?» 14 Амма Іийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чІогІа цецваьллера. 15 ХІора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дІахоьцура. 16 Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цІеяхана волу зуламхо ЮшаІ-Барраб. 17 Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дІахоьцийла лаьа шуна: ЮшаІ-Барраб я Іийса, „Дала леррина Къобалвинарг“ олуш волу?» 18 Пулатана хаьара, Іийса цара, Цуьнга хьагІ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла. 19 Пулат мехкан кхеташонехь Іаш волчу хенахь цуьнга шен хІусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хІунда аьлча дІаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гІенах чІогІа бала хьийгира», – аьлла. 20 Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дІахаийтира: Барраб кІелхьара а ваьккхина, Іийса вен кхел яйта лаар. 21 ТІаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дІахоьцийла лаьа шуна?» Цара элира: «Барраб». 22 Пулата цаьрга элира: «Аса хІун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цІе йолуш волчу Іийсана?» Цара массара а элира: «ЖІарах дІатоха Иза!» 23 Пулата хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те?» Амма цара кхин а чІогІа мохь хьоькхура: «ЖІарах дІатоха!» – бохуш. 24 И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чІогІа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХІокху Стеган цІий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло». 25 Адамаша жоп делира: «Цуьнан цІий тхуний, тхан берашний тІехь хуьлийла!» 26 ТІаккха цо Барраб дІахецийтира, ткъа Іийса, шед а еттийтина, церан кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама 27 ТІаккха Іийса мехкан куьйгалхочун тІемалоша кхел кхайкхо гІишло чу вигира. Цунна гонах тІемалойн тоба гулъелира. 28 Іийсана тІера бедарш дІа а яьхна, цара Цунна тІе цІен оба кхоьллира. 29 Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Іийсан коьрта тІе диллира, аьтту куьйга Іаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хІиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 30 Цара Цунна тІе туйнаш детта долийра, тІаккха Цуьнан карара Іаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. 31 Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тІера цІен духар дІа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тІеюьйхира цара. ТІаккха Іийса жІарах дІатоха дІавигира. 32 ХІорш дІабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамІа цІе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Іийсан жІаран бІогІам дІабахьийтира цара. 33 Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 34 Стимаца эдина долу чагІар малийта гІоьртира уьш Іийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тІаьхьа, иза ца мелира. 35 Иза жІарах дІа а тоьхна, тІемалой, шайна юкъахь Іийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хІиттира. 36 Цул тІаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара. 37 Іийсан коьрта тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара ву Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХІара стенна бехке веш ву билгалдоккхура. 38 Іийсаца ши талорхо вара жІарах дІатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агІор, важа аьрру агІор. 39 Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош, 40 Цуьнга бохура: «ХІей, Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дІахІоттош верг! Хьо Делан КІант велахь, кІелхьарвала хьажа, охьавосса жІаран бІогІамна тІера!» 41 Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура: 42 «Кхиберш кІелхьара а баьхна, Ша-м кІелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хІинца жІарана тІера. ТІаккха тхо Цунах тешар ду! 43 Иза Делах тешна вара, тІаккха Дала кху баланах кІелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КІант ву!“» 44 Кхуьнца жІарах дІатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза. 45 Делкъахенахь дуьйна лаьтта цІеххьана Іаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза. 46 Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахьа?» 47 Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг ЭлияхІу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!» 48 Царах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Іоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Іийсага дІакховдийра, Цуьнга малийтархьама. 49 Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, ЭлияхІу вогІий те ХІара кІелхьарваккха». 50 Іийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТІаккха Шен Са дІаделира Цо. 51 ЦІеххьана Делан цІийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тІулгаш лелхара. 52 Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира. 53 Іийса денвеллачул тІаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхІудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гІалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира. 54 Іийса ларвеш хиллачу тІемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хІуманаш а гича, чІогІа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КІант хилла!» 55 Геннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Іийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама. 56 Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кІентан нана а яра. 57 Суьйре тІееача, Рамат-гІалара Юсуп цІе йолу хьалдолу стаг веара. Иза а вара Іийсан мурдех. 58 Пулат волчу а веана, цо, Іийсан дакъа шега схьалахьара аьлла, дехар дира. Пулата, дакъа дІало аьлла, омра дира. 59 Юсупа, дакъа схьа а эцна, цІеначу кІади юккъе а хьарчийна, 60 ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тІулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дІа а къевлина, иза дІавахара. 61 Магдалера Марем а, важа Марем а цу къуббанна дуьхьал охьахиира. 62 Иза хилира пІерасканан дийнахь, Далла лерина долчу шоьтан денна кечам бечу хенахь. ШолгІачу дийнахь динан коьртачу дайша а, парушхоша а, Пулат волчу а баьхкина, 63 элира: «Эла, тхуна хІинца дагадеа иза: цу нах лебечо ша дийна волуш элира: „КхоалгІачу дийнахь Со денлур ву“. 64 Цундела, Иза чохь волу къубба, и кхо де даллалц, дикка ларъе алий, омра дехьа, Цуьнан мурдашка дакъа, лачкъа а дина, дІа ца дахьийта. Цара эр ма ду: „Иза веллачуьра денвелла“. Цуьнан тІаьххьара болу аьшпаш хьалха хиллачарал дуккха а вон хир бу». 65 Пулата цаьрга элира: «Шайца гІаролхой схьа а эций, даха а гІой, шайна бакъахьа хеттачу агІор ларъе и къубба». 66 Цара, дІа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чІагІйина хиларан билгало а йина, цигахь гІарол дІахІоттийра.

Маттайс 28

1 Далла лерина долу шоьтан де дІадаьлча, кІирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара. 2 Эццахь чІогІа мохк бегийра, хІунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІа а карчийна, цунна тІе охьахиира. 3 Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тІера бедарш, ло санна, кІайн яра. 4 ГІаролхой шайна и сурт гича, чІогІа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера. 5 ТІаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жІарах дІатоьхна хилла Іийса лоьхий. 6 Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гІой, Цуьнан дакъа Іиллинчу метте хьовса. 7 Цул тІаьхьа, сихха дІа а гІой, Цуьнан мурдашка дІадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дІакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош». 8 Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чІогІа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дІахаийта яхара. 9 ЦІеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Іийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тІе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьІира. 10 Іийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гІой, Сан вежаршка Галилай-махка гІо ала. Цигахь гур ву царна Со». 11 Зударий мурдаш болчу дІабаханчу хенахь, масех волчу гІаролхочо, гІала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дІадийцира. 12 Къанойх дІа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тІемалошна дуккха а ахча делира. 13 Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дІадаьхьира“. 14 И хаам мехкан куьйгалхочунна дІахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таІзар ца дайта». 15 Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дІадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дІасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогІуш а ду иза. 16 Іийсас тІе ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тІе дІавахара цхьайтта мурд. 17 Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьІира, амма цхьаццаберш шекбевлира. 18 Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. 19 Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха, 20 Аса шайна тІедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тІекхаччалц».

Марк 1

1 Дала леррина къобалвинчу Делан КІантах Іийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта. 2 ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу. 3 Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе, нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“». 4 Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама». 5 ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догІура цунна тІе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга. 6 Цо эмкалан тІергІах дина духар леладора, шуьйра тІаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦІоз а, акха моз а дуура Яхьъяс. 7 Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогІу суна тІаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хІоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста хьакъ вац со. 8 Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу». 9 Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гІалара Іийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира. 10 Іийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дІаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тІе. И Делан Са Іийсана чу дуьйлира. 11 Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам». 12 Цу сохьта Делан Сино Иза яьссачу аренга вахийтира. 13 Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Іийсас. Акхарошна юкъахь Іаш вара Иза, маликаша Цунна гІуллакх а деш. 14 Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тІаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Іийса Галилай-махка вахара. 15 Цо олура: «Хан тІекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерзий, хазачу кхоах теша». 16 Галилай-Іомана юххехула чекхволуш, ШамІа а, цуьнан ваша Іандар а гира Іийсана. Уьш чІерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чІерийлецархой болу дела. 17 Іийсас элира цаьрга: «Суна тІаьхьахІитта, ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». 18 Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. 19 Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кІант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чІерий лоцу бойнаш тоеш бара. 20 Іийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тІаьхьа хІиттира. 21 Уьш Къапарнаме дІабуьйлабелира. Шоьтан де тІе ма деана, Іийсас гуламан цІа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира. 22 Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хІунда аьлча Іеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Іийсас. 23 ЦІеххьана гуламан цІа чохь жинаша хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш: 24 «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» 25 Іийсас омра дира жине: «ДІасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла. 26 ТІаккха, и стаг дІаса а виттина, чІогІа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин. 27 Чохь берш чІогІа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хІун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тІехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугІу». 28 Дукха хан ялале Іийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара. 29 Іийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цІа чуьра ара ма велли, ШамІа а, Іандар а волчу цІа вахара. 30 ШамІин стуннана чІогІа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Іийсага. 31 Іийсас, тІе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагІатта гІо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дІа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг. 32 Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Іийсана тІе. 33 Дукха адам гулделла дІахІоьттинера неІаре. 34 Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца. 35 Іуьйранна, сатасале, цІера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Іийса. Цигахь Цо доІа дира. 36 Ткъа ШамІагІар Иза лаха арабевллера. 37 И карийча, цара элира Іийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву». 38 Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гІаланашка а, ярташка а гІо вай, цигахь хьехамаш бан, хІунда аьлча Со цунна веана ма ву». 39 Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Іийса. 40 ДІа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Іийсана тІе. Іийсана хьалха гора а воьжна, шена гІо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа». 41 Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» 42 Цу сохьта, и цамгар дІа а яьлла, цу стеган дегІ цІанделира. 43 Іийсас, и стаг сихонца дІа а хьажош, чІогІа тІедилларца элира цуьнга: 44 «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тІе ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». 45 Амма вукхо вахана массанхьа дийцина хиллачух лаьцна, цундела, ма-бохху гІалахь гучувала йиш ца хиларна, адам кІеззиг долчу меттигашкахь соцура Іийса. ХІетте а массанхьара а адам догІура Цунна тІе.

Марк 2

1 Масех де даьлча, Іийса Къапарнаме юхавирзира. Иза цІа вирзина аьлла, хабар даьржира. 2 И волчу дукха адам гулделира, неІарехула чувала меттиг а ца юьсуш, ткъа Іийсас царна хьехамаш бора. 3 Баьхкинчарна юкъахь шен дегІан дола ца далуш волу стаг айина вахьаш веана виъ стаг вара. 4 Амма адам тІех дукха хиларна, уьш Іийсана тІе ца кхачалора. ТІаккха цара, Іийса чохь волчу цІенна тІехула болчу тхов тІе а бевлла, тховх Іуьрг а даьккхина, цомгушниг шен мотт-гІайбица чу а воссийна, Іийсана хьалха охьавиллира. 5 Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Іийсас элира: «Сан кІант, хьан къиношна гечдина». 6 Цигахь хиъна Іаш масех Іелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура: 7 «Иза хІун ду те хІокху стага дуьйцург. Цо ма Іеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?» 8 Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Іийсас цаьрга элира: «ХІун ойланаш ю аша йийраш? 9 Цомгушчуьнга ала хІун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба а эций, дІагІо“? 10 Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен тІехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТІаккха цомгушчуьнга Іийсас элира: 11 «Ас боху хьоьга! Хьала а гІаттий, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо!» 12 Важа, сихха хьала а гІаьттина, шен мотт-гІайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чІогІа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хІуманаш ду-кх хІорш!» 13 Юха а Іоман берда тІе веара Іийса. Цунна тІе дукха адам деара, ткъа Іийса царна хьехамаш бан волавелира. 14 Юххехула чекхволуш, Цунна ХІалпайн кІант Леви гира, ял схьагулъеш болчеран бун чохь хиъна Іаш. Іийсас элира цуьнга: «Суна тІаьххье схьавола!» Леви, хьала а гІаьттина, Цунна тІаьххье дІавахара. 15 Цхьана дийнахь Іийса Левин цІахь хІума юуш вара. Дуккха а ял йоккхурш а, къинош летийна болу нах а бара Цуьнца а, Цуьнан мурдашца а, хІунда аьлча Іийсана тІаьхьахІиттинарш алссам бара. 16 Къинош летийна болчу нахаца а, ял йоккхуш болчаьрца а Іийсас хІума юуш а гина, парушхойн юкъара Іеламчу наха хаьттира Цуьнан мурдашка: «Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца хІума хІунда йоу Цо?» – аьлла. 17 Іийсас, и хезна, элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен». 18 Оцу хенахь Яхьъян мурдаш а, парушхойн мурдаш а марханаш кхобуш бара. Цкъа масех стага, тІе а веана, хаьттира Іийсага: «И хІун ду? Яхьъян мурдаша а, парушхоша а марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» 19 Іийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гІайгІане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц. 20 Ткъа цхьа хан йогІур ю, и зуда ялийнарг дІа а вигна, тІаккха цара марха а кхобуш, уьш сингаттаме а хуьлуш». 21 ТІаккха Іийсас кхин а цхьа хьекъале дустар далийра царна: «Ширачу духар тІе, керлачу кІадих а яьккхина, йома латор яц цхьаммо а, хІунда аьлча и йома тІеттІа а яхана, бедар тІе а оьзна, и Іуьрг кхин а доккха хир ду. 22 Я цхьаммо а керла чагІар ширачу пІаьлдиг чу ца дутту, хІунда аьлча и пІаьлдиг а бетІар бу, чагІар а Іенар ду. Керла чагІар керлачу пІаьлдиг чу дутту». 23 Цкъа шоьтан дийнахь кІа дийначу арахула чекхволуш вара Іийса. Цуьнан мурдаша цигахула бовлуш кІен кенаш схьадохура. 24 ТІаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь дан мегаш доцу гІуллакх хІунда до цара?» – аьлла. 25 Ткъа Іийсас жоп делира царна: «Аша ца дешна, Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 26 Иза, динан коьрта да Абу-ЯтІари волчу хенахь, Делан цІа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла». 27 КхидІа а Іийсас элира цаьрга: «Шоьтан де адамашна кхоьллина ду, амма адам кхоьллина дац шоьтан денна. 28 Цундела Адамийн КІант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тІехь а Эла ву».

Марк 3

1 Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цІа чу веара Іийса. Цигахь куьг заьІап долуш цхьа стаг вара. 2 Цхьадолу адамаш чІогІа Іийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 3 Іийсас куьг заьІап долчу стаге элира: «Хьала а гІаттий, массарна хьалха дІахІотта». 4 ТІаккха оцу нахе Іийсас хаьттира: «ХІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хІун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира 5 ТІаккха цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Іийсас элира куьг заьІап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира. 6 Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХІародан адамашца барт бан буьйлабелира, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара те бохуш. 7 Цу хенахь Іийса Шен мурдашца Іома йисте веара. Дукха адам дара Цунна тІаьхьа лелаш. Галилай-махкара а, ЯхІуд-махкара а, 8 Ярушалаймера а, Эдом-меттигера а, Йорданан тІехьара а, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а гонах Іаш долу дукха адам деанера И волчу. Цо дечу гІуллакхех лаьцна шайна хезна дела баьхкинера Цунна тІе уьш. 9 Адам дукха тІех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Іийсас Шен мурдашка. 10 Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Іийсана юххе гІертара, Цунах куьг Іотта гІерташ. 11 ХІоразза а харц жинашна Іийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш. 12 Ткъа Іийсас чІогІа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш. 13 Юха Іийсас, лам тІе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тІекхайкхира. Уьш Цунна тІе баьхкира. 14 Царна юкъара Іийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, 15 адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а. 16 Іийсас къастийна векалш хІорш бара: ШамІа (Іийсас тІаьхьа, Кипа аьлла, цІе тиллинарг), 17 Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Іийсас, Баней-Раговш аьлла, цІе тиллинарш, иза «ткъесан кІентий» бохург ду), 18 Іандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг), 19 ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьа ямартхо хилларг. 20 Цул тІаьхьа Іийса цІа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Іийсана а, Цуьнан мурдашна а. 21 Іийсан цІерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дІавига баьхкира, хІунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тІехь вац бохуш. 22 Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Іелам наха олура: «Цунна чу БаІал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!» 23 ТІаккха Іийсас, уьш Шена тІе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис? 24 Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тІом хилча, и пачхьалкх хІаллакьхир ю. 25 Я цхьана доьзалехь цхьа барт бацахь, иза а бухур бу. 26 Ткъа иблис ша-шена дуьхьал даьлча, иблисан олалла шена чохь а декъаделча, иза кхин латталур дац, цуьнан тІаьххьара де тІекхочу. 27 Цхьа а ца воьду шел онданиг волчу цІа чу, цуьнан хІуманаш лачкъо, цкъа хьалха иза дІавихкина бен, къола далур дац цуьнан цІахь. 28 Баккъалла а боху Аса шуьга: „Адамийн кІенташна муьлхха а къиношна гечдийр ду, цара Дела сийсазвар а тІехь, 29 амма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“». 30 Иштта дешнаш элира Іийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», – олу дела. 31 Іийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Іийса аракхайкхира, 32 хІунда аьлча, гонах хиъна дукха адам хиларна, Цунна тІе ца кхачалора уьш. Іийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, йижарий бу-кх арахь Хьо хоьттуш». 33 Цо жоп делира: «Муьлш бу Сан наний, вежарий?» 34 ТІаккха, Шена гонах хевшина болчаьрга а хьаьжна, Іийсас элира: «ХІорш бу Сан наний, вежарий! 35 ХІунда аьлча Делан лаам кхочушбеш берш бу Сан ваша а, йиша а, нана а».

Марк 4

1 Юха а цхьана дийнахь Іоман берда тІехь хьехамаш беш вара Іийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тІе а ваьлла, Іоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тІехь дисира. 2 Дукха хьехамаш бора Іийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга: 3 «ЛадогІал! Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла. 4 Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна. 5 Важа буьртигаш жагІа а болуш, латта кІеззиг долчу метте охьаэгна хилла. Цу буьртигаша сихха зІийдигаш тесна, хІунда аьлча цигахь латта кІезиг дара. 6 Малх кхетча, цо и зІийдигаш ягийра, церан орамаш кІорга ца хиларна, уьш якъаелира. 7 Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира. Цара ялта ца делира. 8 Ткъа важа долу хІу, дика латта долчохь нис а делла, зІийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бІе а хІу а луш хІора кено а». 9 ТІаккха Іийсас элира ладугІучаьрга: «Лергаш долчунна дІахозийла хІара». 10 Іийса Ша висча, шийтта векало а, юххерчу кхечу мурдаша а хаьттира Цуьнга дустарех лаьцна. 11 Іийсас жоп делира цаьрга: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечарна ишттачу дустаршца дуьйцу Аса, 12 „царна, хьоьжжушехь, хІумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тІебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“». 13 Іийсас элира мурдашка: «Шу а ца кхета те оцу дустарх? ТІаккха кхечу дустарех муха кхетар ду те шу? 14 Ахархочо дуьйш дерг Делан Дош ду. 15 Цхьадолу адамаш некъа йисте доьжначу хІух тера ду. Царна Делан дош хеза, амма, цу сохьта иблис а догІий, цо церан дегнаш чу доьжна дош дІахьо. 16 Кхиберш тера бу тІулгашна юккъе эгначу хІух. Шайна Делан дош хезча, хазахетарца, сихонца схьалоцу цара и дош. 17 Амма церан хила ма-беззара орам боцу дела, уьш кІеззигчу ханна бен ца лаьтта. Ткъа и дош бахьана долуш, шайна тІе халонаш хІиттича, уьш сихха юхабовлу. 18 Вуьш тера бу коканийн коьллаш юккъе эгначу буьртигех. Уьш дош хезнарш бу, 19 амма дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло. 20 Ткъа цхьаберш бу хьийкъинчу лаьтта тІе эгна буьртигех тера. Уьш дош а хезна, иза даго тІе а эцна, пайден стом луш берш бу – наггахь ткъе уьттазза, наггахь кхузткъазза а, я бІозза а сов луш». 21 Кхин дІа а Іийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Іункарнехьа хІоттийначу кхабина я маьнги кІел хІотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахІоттабан бахьа чу? 22 ХІунда аьлча мел йоккха къайле а, цхьанна а ца хууш юьсур яц, мел чІогІа лечкъийнарг а гІар ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. 23 Хезаш волчунна дІахезийла хІара!» 24 Кхин а тІетуьйхира Іийсас: «Дикка кІоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу. 25 ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ву». 26 ТІаккха Іийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна иштта кхета мега. Цхьана стага лаьтта хІу тосу. 27 Буса и стаг, охьа а вуьжий, Іуьйранна хьалагІотту. Ткъа хІу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа. 28 Лаьтто ша кхиадо и хІу: хьалха зІийдиг а тосий, тІаккха гІа а долий, кІен буьртигаш а хуьлий, дІахІутту. 29 КІен буьртигаш хилла девлча, ахархочо марс схьаоьцу, кІа хьокху хан тІееана дела». 30 Цул тІаьхьа Іийсас кхин а хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Я муьлхачу дустарца дуьйцур ду цунах лаьцна? 31 Лаьтта тІехь уггаре а жимачу хІуьнах тера ду иза, и дІадуьйчу хенахь. 32 Амма иза дІадийначул тІаьхьа, хьала а долий, бешан дитташ юкъахь уггаре а доккха дитт хуьлий дІахІутту. Стигаларчу олхазарша а баннаш дан тарло цуьнан гаьннаш тІехь». 33 Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Іийсас – адамаш кхетар долчу тайпана. 34 Дустар ца далош, Цо хІумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш. 35 Цу дийнахь суьйранна Іийсас элира Шен мурдашка: «Іоман дуьхьалара берда тІе довла вай». 36 ТІаккха цара адамаш а дитина, Іийса хинкеман тІехь ма-хиллара шайца дІавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара. 37 ЦІеххьана, чІогІа мох а баьлла, тулгІенаша кеман чу хи даьккхира, кема хих дузуш дара. 38 Іийса цу хенахь кеманан цІоганехь вара, гІайби тІе корта а биллина, наб кхетта Іаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?» 39 ТІаккха Іийсас, хьала а гІаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагІло! ДІате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. 40 Ткъа мурдашка Цо элира: «Шу кхера хІунда кхоьру? Шун дегнаш чохь хІинца а тешар дац те?» 41 Амма уьш чІогІа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХІара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»

Марк 5

1 Іийса шен мурдашца дуьхьалара берда тІехь лаьттачу ГІарас цІе йолчу меттиге веара. 2 Иза хинкеманна тІера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дІабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. 3 Оцу хьехаш чохь Іаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зІенашца а дІа ца вехкалора иза, 4 хІунда аьлча мосуьйттазза а зІенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара. 5 Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чІогІа мохь а хьоькхуш, тІулгех ветталуш лелара иза. 6 Геннара Іийса вогІу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна, 7 чІогІа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хІун оьшу соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» 8 Ткъа Іийсас хІетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла. 9 ТІаккха Іийсас хаьттира жине: «ХІун ю хьан цІе?» – аьлла. Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хІунда аьлча тхо дуккха а ду». 10 Оцу жинаша чІогІа дехар дира Іийсага, шаьш оцу махкара дІа ма довлийтахьара аьлла. 11 Циггахь лам тІехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 12 Жинаша Іийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла. 13 Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тІера хи чу а лилхина, Іоман буха яхара. 14 Іуй, бевдда дІа а бахана, гІалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хІун ду те аьлла. 15 Іийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тІе хІума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира. 16 И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна. 17 ТІаккха цигара бахархоша дийхира Іийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дІагІахьара Хьо аьлла. 18 Іийса хинкеман тІе волуш, жинех паргІатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга. 19 Амма Іийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦІа а гІой, хьайн цІерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а». 20 Оцу стага, дІа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Іийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура. 21 Іийса Шен мурдашца хинкеман тІехь Іоман берда тІе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира. 22 Оцу хенахь И волчу гуламан цІа чохь куьйгалхо волу Яир веара. Іийса а гина, иза, Цуьнан когашка охьа а воьжна, 23 чІогІа дехар дан хІоьттира: «Сан йоІ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тІе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – аьлла. 24 Іийса Яирца дІавоьдуш, Цунна тІаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш. 25 Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цІий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу. 26 Дуккха а лоьраша гІо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гІоле хуьлучу метта, кхин а чІагІъеллера иза. 27 Іийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тІехьашха Цунна тІе а яхана, Іийсан бедарх куьг Іоьттира. 28 ХІунда аьлча оцу зудчо ойла йинера: «Нагахь санна Цуьнан тІера бедарх хьакхаелча а, со толур ю», – аьлла. 29 Оцу сохьта дІаоьху цІий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна. 30 Ткъа Іийсана сихха хааделира Шех ницкъ дІакъаьстиний. Гонах долчу адамашкахьа а вирзина, Іийсас хаьттира: «Мила ву Сан бедарх куьг Іоьттинарг?» – аьлла. 31 Цуьнан мурдаша элира: «Хьайна тІегІоьртина оццул адам гушшехь, хоьтту-кх Ахь: „Мила ву Сох куьг Іоьттинарг?“» 32 Амма Іийса леррина гонах хьоьжура, и динарг мила ву те ган лууш. 33 ТІаккха зудчо, шена хилларг хІун ду а хиъна, дукха кхераяларна ега а еш, Іийсан когашка а йоьжна, дерриге а ма-дарра дІадийцира Цуьнга. 34 Ткъа Іийсас элира зудчуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна, хІинца чул тІаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо». 35 Іийса къамел дина а валале, гуламан цІийнан куьйгалхочун Яиран цІера геланчаш баьхкира. «Хьан йоІ елла. Устазана хало ян ца оьшу», – элира цара. 36 Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Іийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша». 37 Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Іийсас Шеца. 38 Уьш Яиран керта схьакхаьчча, Цунна доьхна а, чІогІа доьлхуш а адамаш гира. 39 ЦІа чу ваьлча, Іийсас элира цаьрга: «Аша хІун до доьхна а, доьлхуш а? ЙоІ елла яц, иза йижина ю». 40 Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Іийсас массо а араваьккхира. Шеца йоІан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоІ йолчу чоьхьавелира Иза. 41 Іийсас, йоІан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитІа кхуми!» (иза «ЙоІ, хьалагІатта боху хьоьга!» – бохург ду). 42 И ма-элли, йоІ, хьала а гІаьттина, дІайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоІ яра). Чохь берш чІогІа цецбевлла биснера. 43 Іийсас чІогІа тІедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоІана яа хІума ло», – элира Цо цаьрга.

Марк 6

1 Оцу меттигера ара а ваьлла, Ша кхиинчу гІала веара Іийса. Цуьнца Цуьнан мурдаш а бара. 2 Шоьтан де тІедеача, гуламан цІа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Іийсага ла а дугІий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хІун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хІуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца. 3 Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхІудан а, ШамІин а ваша а волуш, Мареман кІант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. 4 Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шайчарна юкъахь а, шен цІахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 5 Цигахь башха тамашийна хІума ца даделира Іийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тІе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен. 6 Іийса чІогІа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх. ТІаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза. 7 Шен шийтта векал тІе а кхайкхина, уьш шишша а бекъна, царна харц жинашна тІехь олалла дан бакъо а елла, уьш цхьаццанхьа дІасахьажийра Іийсас. 8 Ткъа уьш дІабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хІумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тІоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Іаса йоцург. 9 Кога юьйхина мачаш а, шайна тІехь йолу цхьа бедар а бен, сов хІумма а ма хьуо». 10 Кхин а тІетуьйхира Цо: «Шаьш дуьххьара даханчу цІеношкахь саца, оцу гІалара арадовллалц. 11 Нагахь санна шаьш цхьана меттигехь тІе ца лацахь а, я ла ца догІахь а, шаьш цигара дІадоьлхуш, шайн когаш тІера чан охьаегае. Шу тІе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза». 12 ТІаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тІеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дІабуьйлабелира векалш. 13 Дуккха а нахана чуьра жинаш ара а дохуш, дуккха а цомгушчарна зайтдаьтта а хьокхуш, уьш тобира цара. 14 Іийсан цІе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХІарод-паччахьна а дІахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Іийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хІуманаш до», – олура. 15 Вукхара олура: «Иза ЭлияхІу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагІчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», – бохуш. 16 И шена хезча, ХІарода элира: «Аса корта тІера баккхийтина Яхьъя веллачуьра денвелла», – аьлла. 17 ХІарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла. 18 ХІунда аьлча Яхьъяс аьллера ХІароде, цо шен вешин зуда шена йигар Іедалехь нийса дац аьлла. 19 Цундела ХІародад хьагІ хилла яра Яхьъяна, иза вийна а, дІаваккха лууш. Амма и дан цуьнан таро яцара, 20 хІунда аьлча ХІарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора. Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугІура ХІарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь. 21 Цкъа ХІарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хІоттийра, пачхьалкхан а, тІеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина. 22 Ткъа ХІародадан йоІ, юкъа а яьлла, халха яьлча, чІогІа там хиллера ХІародана а, цуьнан хьешашна а. ТІаккха ХІарода оцу йоІе элира: «Хьайна луъург еха соьгара, ахьа ехнарг аса дІалур ю хьуна», – аьлла. 23 Цо дуй биъна, чІагІо йира: «Хьуна лиънарг лур ю хьуна, ур-атталла сайн ах пачхьалкх а», – аьлла. 24 ЙоІа, ара а яьлла, шен нене хаьттира: «ХІун еха аса», – аьлла. Ткъа вукхо жоп делира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъян корта беха», – аьлла. 25 ЙоІа, сихха паччахьна тІе а яхана, дийхира: «Ахьа хІинцца шуьна чохь нах хих чекхбаьхначу Яхьъян корта балар лаьа суна», – аьлла. 26 Паччахьна и чІогІа новкъадеара, делахь а ша оцу хьешашна хьалха дуй биъна дела, цо дуьхьало ца йира оцу дехарна. 27 ХІарода оцу сохьта чалтач вахийтира, цуьнга, Яхьъян корта тІера а баккхий, схьаба аьлла, омра а дина. Вукхо вахана набахти чохь, Яхьъян корта а баьккхина, 28 схьа а беана, шуьна чохь йоІе дІакховдийра, ткъа йоІа шен нене белира иза. 29 Яхьъян мурдашна иза хезча, цара баьхкина, цуьнан дегІ схьа а эцна, къубба чу диллира. 30 Векалша юхабирзича, Іийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гІуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга. 31 Іийсас элира цаьрга: «Шуьга са а доІуьйтуш, адам доцучу метте дІадовла вай цхьаьна». ХІунда аьлча уьш болчу меттехь чІогІа дукха нах бара, ур-атталла хІума яа а меттиг ца йолуш. 32 Цундела уьш нахах дІа а къаьстина, хинкеман тІехь цхьа а воцучу яьссачу метте бевлира. 33 Амма дукхахболу нах, хІорш дІабовлуш а гина, уьш бовзарна, массо а гІаланашкара гул а белла, берд тІехула бевдда, кхарал хьалхабевлира. 34 Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Іу воцу уьстагІех а тарбелла, царах чІогІа къахийтира Іийсана. ТІаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира. 35 Де чаккхенга гІерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Іийсана тІе а бахана, элира Цуьнга: «ХІара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла. 36 Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дІабахийтахьа и нах». 37 Амма Іийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бІе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?» 38 ТІаккха Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГІой, хьовсал». Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чІара а бу-кх». 39 ТІаккха, и нах берриш а сийначу бай тІе охьаховша бе аьлла, омра дира Іийсас мурдашка. 40 Уьш, бекъа а белла, бІе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. 41 Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. 42 Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. 43 Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чІеро а шийтта тускар а дуьзира. 44 Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара. 45 Цу сохьта и нах Ша дІахецаре а ца хьоьжуш, хинкеманна тІе а хаийтина, Шел хьалха, Іоман дуьхьаларчу берда тІе Бет-Саида-гІала дІабахийтира Іийсас Шен мурдаш. 46 Нах дІа а хьажийна, доІа дан лам тІе хьалавелира Іийса. 47 Суьйре тІееача, хинкема Іомана юккъехь дара, ткъа Іийса лам тІехь Ша вара. 48 Хин тІехь дуьхьал богІу мох болу дела, мурдашна пийсакашца кема лело хала хилар гира Іийсана. ТІаккха буьйсанна кхо сахьт даьллачул тІаьхьа Иза хи тІехула царна тІе вахара. Іийса тІехвала воллучу хенахь, 49 Иза хин тІехула волавелла вогІу а гина, мурдашна Иза гІаларт ду а моттаделла, цара дукха кхерабаларна маьхьарий хьаькхира, 50 хІунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чІогІа кхера а белира. Цу сохьта Іийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» 51 ТІаккха Иза цаьрца кеман тІе а хиира, цу сохьта мох а сецира. Мурдаш чІогІа цецбевллера, 52 хІунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хІуманах а ца кхийтира уьш, дІакъовладелла дара церан дегнаш. 53 Хин кеман тІехь Іомал дехьа а бевлла, Гансарт-махка а кхаьчна, севцира уьш. 54 Уьш кеман тІера охьабуьссушехь, нахана Іийса вевзира. 55 Цара, бевдда, сихонца дІасадаржийра гонах Цунах лаьцна хаам. ТІаккха Іийса миччахьа сецча а, Цунна тІе меттахь болу цомгушнаш бало буьйлабелира. 56 Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гІаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тІе а балабой, чІогІа доьхура Іийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дІахІуттура.

Марк 7

1 Ярушалаймера баьхкина парушхой а, масех Іелам стаг а вара Іийсана гонах гулвелла. 2 Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цІандар а доцуш, хІума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара. 3 ХІунда аьлча, хьалхалера Іедале а доьгІна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Іедалехь ма-бохху, куьйгаш цІандиний бен хІума ца йоу. 4 Ткъа шаьш базарара еана хІума а шатайпана цІанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Іадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гІумгІанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гІайбеш а цІанъяр тІехь. 5 Цундела парушхоша а, Іелам наха а хаьттира Іийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Іадаташ хІунда ца лору, куьйгаш цІан а дина, хІунда ца йоу цара хІума?» – аьлла. 6 Іийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаІ-ЯхІу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду. 7 Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“. 8 Аша, адамийн Іадаташ схьа а лаьцна, Дала тІедиллинарш ца лору». 9 Кхин а Іийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тІедиллинарш а ца лоруш, шайн Іадаташна тІаьхьахІоттар. 10 Муса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн да а, нана а лара“, ткъа „Шен дений-нанний вон хІума олуш волу стаг вийна дІаваккха везаш ву“. 11 Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гІо дан йиш яц, хІунда аьлча шуна лерина хилларг «кхурбан» дІало“ (иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгІат“ бохург ду), – аьлча, 12 дена-нанна дан дезачух иза кІелхьарволу бохуш, чІагІдо аша. 13 Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Іадат лору аш. И тайпа хІуманаш дукха леладо аша». 14 ТІаккха юха а, нах Шена тІе а кхайкхина, Іийсас элира: «ЛадогІа Соьга массара а, дІа а лоцуш. 15 Адамна чу яханчу цхьанна а хІумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хІумано бех вийр ву иза». 17 Нах а битина, Іийса цІа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга. 18 Ткъа Іийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хІумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла? 19 ХІунда аьлча и тІеоьцу хІума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тІаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хІума ерриге а Далла гергахь цІена хилар хаийтира Іийсас.) 20 Кхин а тІетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво. 21 ХІунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а, 22 ямартло а, ша-шен везар а, мекаралла а, Іехор а, лело ца дезарг лелор а, хьегар а, доцург кхоллар а, ша лакхара ларар а, кхетам бацар а. 23 И дерриге а зулам адамна чуьра ара а долий, цо стаг Далла гергахь бехво». 24 И меттиг а йитина, Цора олучу гІалин юххерчу меттигашка вахара Іийса. Ша цІа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Іийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан. 25 Харцжинаша йоІ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Іийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда. 26 Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чІогІа дехар дира Іийсага, шен йоІана чуьра жин арадаккхахьара аьлла. 27 Іийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хІунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жІаьлешна тасар». 28 Амма зудчо жоп делира Іийсага: «Эла, ур-атталла жІаьлеша а ма доу стоьла кІел бераша эгийна цуьргаш». 29 ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цІа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоІана чуьра». 30 Ша цІа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Іаш карийра зудчунна шен йоІ. 31 Цора-гІалина гонахьара меттигашкара ЦІаданехула а, Иттшахьар-махкахула а Галилай-Іомана тІе веара Іийса. 32 Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Іийсана тІе а валийна, цара дехарш дира, цунна тІе куьйгаш дахкахьара аьлла. 33 И стаг схьа а къастийна, жимма дехьа а ваьккхина, цуьнан лергаш чу Шен пІелгаш дехкира Іийсас. ТІаккха туй а хьаькхна, цуьнан маттах Іотта а велла, 34 стигала а хьаьжна, доккха са а даьккхина, Іийсас элира цуьнга: «Эппатхьа!» (иза «дІаделлало» бохург ду). 35 Оцу сохьта вукхунна хаза а хезира, цуьнан мотт дІа а бастабелла, цІенна хабар дийца а волавелира иза. 36 Іийсас чІогІа тІедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чІогІа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна. 37 Адамаш чІогІа инзардаьлла дара, цара олура: «Цо дерриге а дика до. Ур-атталла ца хезачарна хаза а хозуьйту, мотт сецначаьрга хабар а дуьйцуьйту».

Марк 8

1 Иштта цхьана дийнахь дукха адам гулделлера Іийса волчу, ткъа царна яа хІума яцара. Іийсас, Шен мурдаш тІе а кхайкхина, элира цаьрга: 2 «Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц. 3 Аса меца дІабахийтича, новкъахь гІеллур бу уьш, хІунда аьлча царах цхьаберш геннара баьхкина бу». 4 Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХІара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?» 5 Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» – аьлла. «ВорхІ ду», – аьлла, жоп делира цара. 6 ТІаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхІ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доІа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Іийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. 7 Иштта масех жимо чІара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Іийсас. 8 Наха шаьш буззалц хІума йиира. Дисинчу дакъоша ворхІ тускар дуьзира. 9 Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара. Цул тІаьхьа Іийсас нах дІабахийтира, 10 ткъа Ша, сихха Шен мурдашца хинкеман тІе а хиъна, ДалманутІа олучу меттигна юххехьа веара. 11 Цигахь парушхой, тІе а баьхкина, Іийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Іийсага, Иза зерхьама. 12 Доккха са а даьккхина, Іийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хІунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а». 13 ТІаккха, уьш Іад а битина, юха а Шен мурдашца хинкеманна тІе а хиъна, Іоман дуьхьалара берда тІе вахара Іийса. 14 Оцу хенахь мурдашна шайна яа хІума схьаэца дицделлера, хинкеман тІехь долу цхьа бепиг бен хІумма а яцара цаьргахь. 15 Іийсас дІахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХІародан а муьстачу бедах ларлолаш». 16 ТІаккха мурдаш вовшашлахь дагабуьйлуш бара, и бохург хІун ду те бохуш. «Вайгахь бепиг доцу дела боху хьуна Цо вайга иштта», – бохура цара вовшашка. 17 Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Іийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХІинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун? 18 БІаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догІу те шуна, 19 маса тускар дуьззина баьпкан юьхкаш гулйира аша, Аса пхи бепиг пхи эзар стагана доькъучу хенахь?» «Шийтта тускар дара», – жоп делира мурдаша. 20 «Ткъа Аса ворхІ бепиг виъ эзар стагана декъча, дуьззина маса тускар юьхкаш гулйира аша?» «ВорхІ», – жоп делира цара. 21 ТІаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХІинца а ца кхета те шу?» – аьлла. 22 Уьш Бет-Саида-гІала кхечира. Цигахь Іийсана тІе бІаьрса дайна стаг а валийна, цунах Іотталахьара аьлла, дийхира Цуьнга. 23 Іийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТІаккха цуьнан бІаьргаш тІе туй а хьаькхна, стагана тІе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХІумма а гой хьуна?» – аьлла. 24 Стага, хьала а хьаьжна, элира: «Суна уллохула чекхдовлуш адамаш го. Уьш диттех тера ду». 25 ТІаккха Іийсас Шен куьйгаш стеган бІаьргашна тІе дехкира, вукхо бІаьргаш шуьйра дІадиллира, цунна бІаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дІахІоьттира иза. 26 ТІаккха Іийсас и стаг цІа вахийтира: «Юьрта чу ма гІолахь», – олуш. 27 Цул тІаьхьа Іийса Шен мурдашца Пилап-паччахьан гІалин гонахарчу ярташка воьду. Новкъахь Цо Шен мурдашка хаьттира: «Со мила ву олу наха?» – аьлла. 28 Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву олу, ткъа вукхара – ЭлияхІу-пайхамар ву боху, кхозлагІчара тоьшалла до, Хьо пайхамарех цхьаъ ву бохуш». 29 ТІаккха Іийсас хаьттира: «Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» Кипас жоп делира Цунна: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла. 30 ТІаккха Іийсас Шех лаьцна цхьаьнга а дийцар дихкира мурдашна. 31 Цул тІаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Іийса. Цо дийцира Адамийн КІентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а тІе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь денвала везарх а. 32 Іийсас, лечкъа а ца деш, дІадийцира цаьрга цунах лаьцна. Ткъа Кипас, Иза юьстах а ваьккхина: «Ишттаниг дийца а ма дийца», – элира. 33 Амма Іийсас, юха а вирзина, Шен мурдашка а хьаьжна, буьрса жоп делира Кипе: «ДІадала Суна уллора, иблис! Хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». 34 ТІаккха нах а, Шен мурдаш а тІе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. 35 ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха лууш верг сих вер ву, амма Сан а, Делера болу хазачу кхоан а дуьхьа шен са дІалучо иза кІелхьардоккхур ду. 36 ХІунда аьлча хІун пайда бу адамна, хІара дерриге а дуьне карахь хилча а, иза шен сих волуш хилча. 37 Ткъа хІун делча, шен са юхадерзалур ду адаме? 38 Амма хІокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КІант, дІавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».

Марк 9

1 ТІаккха кхин а элира Іийсас: «Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду шен мел болчу ницкъаца». 2 Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Іийса лекхачу лам тІе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. 3 Цунна тІера духар бІаьрг тІе а ца хІуттуш кІайделира, хІокху лаьтта тІехь хІуманаш юьттучу цхьана а стага кІайдийр доцучу тайпана. 4 Церан бІаьрг кхийтира Іийсаца къамел деш волчу ЭлияхІу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 5 Кипас, Іийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ ЭлияхІуна». 6 Кипас элира и, ша хІун эр ду а ца хиъна, хІунда аьлча мурдаш чІогІа кхерабеллера. 7 Ткъа цу хенахь, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант. Цуьнга ладогІа!» – аьлла. 8 Цу сохьта, уьш шайна гонах хьаьжча, царна юххехь кхин цхьа а ца гира, Іийса воцург. 9 Уьш лам тІера охьабуьссучу хенахь, Іийсас царна тІедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КІант веллачуьра денваллалц. 10 Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хІун ду те?» 11 Цара хаьттира Іийсага: «Хьалха ЭлияхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?» 12 Іийсас жоп делира царна: «ХІаъ, хьалха билггала ЭлияхІу-пайхамар ван веза, массо а хІуманна тІехь низам хІотторхьама. Ткъа Адамийн КІантах лаьцна яздина хІунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? 13 Амма Ас боху шуьга, ЭлияхІу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара». 14 Уьш шайн бисинчу мурдашна тІе юхабирзича, царна гонах йоккха тоба а, цаьрца къуьйсуш лаьтташ Іелам нах а гира ІийсагІарна. 15 Цу сохьта, Іийса а гина, массо а адам цецдаларца тІехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама. 16 Іийсас хаьттира цаьрга: «ХІун къуьйсу аш цаьрца?» – аьлла. 17 Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кІант валийна аса Хьуна тІе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво. 18 И жин тІе а кхоссалой, и кІант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хІуттий, цергаш а хьекхош, Іада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели». 19 ТІаккха Іийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тІе». 20 КІант Іийсана тІе валийра. Іийса гича, жино кІантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дІахІоьттира. 21 ТІаккха Іийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?» «Беран хенахь дуьйна», – элира дас. 22 «Дукхазза а жино цІерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хІуъа а цхьа хІума далур делахь, тхох къинхетам бай, гІо дехьа тхуна». 23 Іийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна». 24 КІентан дас, велха а воьлхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гІо дехьа суна!» 25 Шайна сихха тІейогІуш йолу адамийн тоба а гина, Іийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хІокхунна чу ма дола!» – аьлла. 26 Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кІентан пхенаш чІогІа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КІант, велча санна, Іуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла». 27 Ткъа Іийсас, кІентан куьг а лаьцна, цунна хьалагІатта гІо дира. 28 Цул тІаьхьа, Іийса цІа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хІунда ца даккхаделира те и жин ара?» – аьлла. 29 «И тайпа жинаш доІанца бен, кхечу тайпана даккхалур долуш дацара», – аьлла, жоп делира Іийсас цаьрга. 30 Цигара ара а бевлла, Галилай-махкахула бахара уьш. Цхьанна а шаьш догІий хаа ца лаьара Іийсана, 31 Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Іийсас олура цаьрга: «Адамийн КІант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». 32 Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура. 33 Уьш Къапарнаме баьхкира. Іийса цІа чохь волуш Цо хаьттира мурдашка: «Новкъахь догІуш стенах лаьцна дуьйцуш дара шу?» – аьлла. 34 Амма уьш бист а ца хилира, хІунда аьлча уьш новкъа богІучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара. 35 ТІаккха Іийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тІаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш». 36 Бер схьа а эцна, иза царна юккъе дІа а хІоттийна, мара а доьллина, мурдашка элира Цо: 37 «Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тІеэцначо Со а тІеоьцу. Ткъа Со тІеоьцучо, Со тІеэцна а ца Іаш, Со Ваийтинарг а тІеоьцу». 38 Яхьъяс элира Іийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цІарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гІиртира тхо». 39 Іийсас элира: «Сеца ма ве аш иза, хІунда аьлча, цхьаммо а Сан цІарах Іаламаташ а деш, гергарчу хенахь Сох лаьцна вониг дуьйцур дац, 40 хІунда аьлча вайна дуьхьал воцург вайца ву. 41 Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьа хІиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догІург дІакхочур ду». 42 «Амма, хІокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гІоле яра, шен коча хьеран тІулг а оьллина, ша хІорда чу кхоссийтича. 43 Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тІера даккха – заьІап а волуш, Далла гергахь вахар гІоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цІергахь а вогуш. 45 Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дІабаккха тІера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гІоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул. 47 Ткъа нагахь хьан бІаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тІе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бІаьргаца вахар а гІоле ю, ши бІаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул, 48 цу чохь „нІаьно гуттар а дегІ а къийзор ду, цкъа а дІа ца йовш цІе а хир ю“. 49 ХІунда аьлча Дала цІергахь цІанваран баланах цхьа а вер вац, адам дахчорхьама. 50 Туьха дика хІума ю, амма цуьнан чам дІабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Іе».

Марк 10

1 И мохк а битина, ЯхІуд-махка Йордан тІехьа дІаволавелира Іийса. Юха а адамийн тобанаш йогІура Цунна тІе, ткъа гуттар а санна Іийсас царна хьехамаш бора. 2 Масех парушхочо, Цунна тІе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дІаяхийтар?» – аьлла. 3 Іийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тІедиллина шуна?» 4 Цара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дІасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита». 5 Іийсас элира цаьрга: «И шуна тІедиллинарг Мусас дІаяздина, шун дегнаш къиза долу дела. 6 Амма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“. 7 „Иза бахьана долуш, шен да-нана а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. 8 ТІаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. ХІинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, 9 цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!» 10 ТІаьхьо, уьш цІа чохь болчу хенахь, мурдаша юха а цунах лаьцна хаттар дира Іийсага. 11 ТІаккха Іийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву. 12 Ткъа зуда, майрачух дІа а къаьстина, кхечуьнга маре йоьдуш елахь, иза а нахаца лелаш ю». 13 Іийсага куьг тІедиллийтархьама бераш далийра Цунна тІе, амма мурдаша тІе ца дуьтура уьш. 14 Иза гиначу Іийсас, оьгІаз а вахана, элира цаьрга: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Делан Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу. 15 Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тІе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац». 16 ТІаккха, и бераш мара а доьхкина, царна тІе куьйгаш а дехкина, уьш декъалдира Іийсас. 17 Іийса новкъа волучу хенахь, цхьа стаг тІеведира Цунна. Гора а вахана, цо хаьттира Іийсага: «Дика Устаз! Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама ас хІун дан деза те?» 18 Іийсас жоп делира цуьнга: «Сох „дика“ хІунда олу ахьа? Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 19 Дала тІедехкина гІуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Стаг а ма ве, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хІилла а ма леладе, да-нана а лара“?» 20 Оцу стага элира Іийсага: «Устаз, беран хенахь дуьйна и дерриг а кхочушдеш, схьавогІуш ву со». 21 Іийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хІума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. Цул тІаьхьа, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». 22 Амма и дешнаш ма-хеззи, и стаг юьхь тІехь хийца а велла, гІайгІане а воьжна, дехьавелира, хІунда аьлча иза чІогІа хьал долуш вара. 23 Іийсас, гонах а хьаьжна, элира Шен мурдашка: «Мел хала ду-кх хьалдолчу стагана, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила!» 24 Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Іийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25 Эмкална а механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». 26 Ткъа мурдаш, кхин тІе а цецбевлла, вовшашка хоьттуш бара: «ТІаккха кІелхьара мила ваккхалур ву те?» – бохуш. 27 Цаьрга а хьоьжуш, Іийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хІума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела». 28 Кипас элира тІаккха Цуьнга: «Хьажахьа! Дерриге Іадда а дитина, Хьуна тІаьхьа хІиттина-кх тхо». 29 Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цІа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна 30 бІозза сов лур ду цІенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тІейогІучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду. 31 Амма хІинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тІаьхьара хир бу, ткъа тІаьхьарнаш хьалхара хир бу». 32 Уьш кхин дІа а Ярушалайме дІабахара. Іийса хьалхаваьлла вогІура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тІаьхьа хІиттина боьлхура. Іийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна: 33 «ЛадогІалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КІант динан коьрта дайн а, Іелам нехан а кара лур ву, тІаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дІа а лур ву. 34 Цара хьийзор а ву, шеташ а кхуьйсур ю Цунна тІе, шед еттар а ю, вуьйр а ву, амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». 35 ТІаккха Зевадин шина кІанта Якъуба а, Яхьъяс а, Іийсана тІе а вахана, элира: «Устаз! Тхан дехар кхочушдан лаьар-кх тхуна Ахьа». 36 «Ткъа Ас хІун дан лаьара шуна?» – элира Іийсас. 37 Цара жоп делира: «Хьан олаллин нуьрехь Хьуна юххехь хилийтахь тхо, цхьаъ Хьан аьтту агІор, важа аьрру агІор», – аьлла. 38 Амма Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хІордах довлалур дуй те шу?» 39 Цара жоп делира: «Далур ду тхоьга иза», – аьлла. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Аса молу къаьхьа кад а мер бу аша, Со чекхволучу баланийн хІордах а чекхдевр ду шу, 40 амма Сайн аьтту агІор, я аьрру агІор охьахаор – иза Сан карахь дац. И меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю». 41 Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгІазвахара Якъубана а, Яхьъяна а. 42 ТІаккха Іийсас, уьш Шена тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хаьа, шаьш нахана юкъахь элий ду бохучара олалла дой царна тІехь, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла. 43 Амма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла, 44 я шун юкъара ша хьалхара хила лууш верг массеран а лай хуьлийла. 45 ХІунда аьлча Адамийн КІант Шена хьалхара гІуллакх дайта ца веана, амма Ша гІуллакх дан а, Шен дахар дІадала а веана, дукхахболчеран къинош дІатакхархьама». 46 Іийса мурдашца Ерихоне веанера. ТІаккха Иза Шен мурдашца а, алссам долчу адамашца а цу гІалара араволучу хенахь бІаьрзе волу Тхьамайн кІант Бар-Тхьамай вара, некъа йисте а хиъна, сагІа доьхуш. 47 Назартхо Іийса вогІуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Іийса, Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох». 48 Дукхахболчара иза чехавора, гІовгІа ма е а бохуш, амма и кхин а чІогІа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш. 49 Іийсас, саца а сецна, иза Шена тІекхайкхийтира. БІаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тІевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш. 50 Шен тІехулара бедар дІа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Іийсана тІе веара иза. 51 «Хьуна хІун оьшу Соьгара?» – хаьттира Іийсас. БІаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БІаьрса ган лаьа суна». 52 Іийсас элира: «ДІавало, хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бІаьрса а деана, Іийсана тІаьхьахІоьттина некъахула вахара иза.

Марк 11

1 Ярушалайме воьдучу новкъахь, Зайт-диттийн ламанца йолчу Бет-Паг а, Бет-ХІина а меттигашка шаьш кхаьчча, Шен мурдех шиъ хьалхахьажийра Іийсас. 2 Царна Цо тІедиллира: «Шайна хьалха лаьттачу юьрта чу гІо. Шу юьрта чу довллушехь, йихкина лаьтташ, адамех цхьа а шена тІе а хааза, къона вир гур ю шуна, иза дІа а ястий, схьаялае. 3 Ткъа цхьаммо шайга хаттахь: „И хІун ду аша дийриг?“ – аьлла, „Элана оьшу хІара, Цо сихха юхаерзайойтур ю хІара“, – ала». 4 Мурдаш бахча, царна арахь кевнах йихкина къона вир а гира, цара иза дІа а яьстира. 5 Цигахь лаьттачех цхьаболчара хаьттира: «Аша хІун леладо, дІа стенна йосту аша иза?» – аьлла. 6 Іийсас шайга ма-аллара, жоп делира мурдаша, тІаккха вукхара дІахийцира уьш. 7 Цара, вир схьа а ялийна, цунна тІе шайн тІехулара бедарш тийсира, ткъа Іийса цунна тІе хиира. 8 Дукхахболчара шайн тІехулара бедарш Цунна хьалха некъа тІе охьатуьйсура, вукхара, дитташ тІера гаьннаш а дохуш, уьш некъа тІе охьадохкура. 9 Хьалха бевлла а, тІаьхьа хІиттина а богІучара чІогІа маьхьарий деттара: «„ХІашанна!“ „Декъала ву Везачу Элана цІарах вогІуш Верг!“ 10 Декъала ю тІейогІур йолу вайн ден Даудан пачхьалкх! ХІашанна! Хастам стигалшкара Веза Воккхачу Далла». 11 Іийса, Ярушалайме а веана, Делан цІийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дІаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХІине вахара. 12 ШолгІачу дийнахь хІорш Бет-ХІинера схьабевллачу хенахь Іийса мацвеллера. 13 Геннара, тІехь дукха гІаш долу комарийн дитт а гина, цунна тІе вахара Іийса, тІехь комарш юй те хьажа. Диттана тІевеача, гІаш доцург хІумма а ца карийра Цунна, хІунда аьлча хІинца а стом хуьлу хан яцара. 14 ТІаккха Іийсас элира дитте: «ХІинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тІера!» Цуьнан мурдашна хезира Цо иза олуш. 15 Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цІийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дІалоьхкура Іийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гІопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гІанташ а харцийра Цо. 16 ТІаккха цхьаьнгге а шайн юхку хІуманаш Делан цІийнан кертахула дІаса ца йохуьйтура Цо. 17 Іийсас хьехамаш бора царна: «Яздина дац: „Сан ЦІийнах массо а къаьмнашна а доІанан цІа хир ду“? Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». 18 Іелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дІахезира иза. Цара ойла йора, Іийса хІаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хІунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех. 19 Суьйранна, хан яьлча, Іийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дІавахара оцу гІалара. 20 Іуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тІера дуьйна дакъаделла гира. 21 ТІаккха, дага а деана, Кипас элира Іийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх». 22 Іийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила! 23 Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хІокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг. 24 Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доІан тІехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тІаккха аш доьхург лур ду шуна. 25 Шаьш доІа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтІера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама». 27 Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Іийса Делан цІийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Іелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тІе. 28 Цара элира Іийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» 29 Іийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тІаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 30 Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? – жоп лол Суна!» 31 ТІебаьхкинарш вовше барт бан хІиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хІунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 32 Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, ...» (Уьш халкъах ца хІуттура, хІунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.) 33 Цара Іийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла. ТІаккха Іийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».

Марк 12

1 Іийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза. 2 Кемсаш хуьлу хан тІекхаьчча, белхалошна тІе ялхо вахийтина хІусамдас, шена догІу кемсийн дакъа схьаэцийта. 3 Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дІахьажийна. 4 ХІусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тІулгаш а диттина, сийсаз а вина, дІавахийтина иза а. 5 Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш. 6 Кхин вахийта цхьа а ца висина, тІаьххьара а шен хьоме кІант хьажийна цига хІусамдас, шен дагахь: „Сан кІанте-м ларам хир ма бу церан“, – аьлла. 7 Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хІусамда ву, вай иза вуьйр ву, тІаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 8 Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дІаваьккхина. 9 Ткъа хІинца хІун дийр ду хІусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дІалур ю-кх кемсийн беш. 10 Делан йозанаш тІехь ца дешна те аш цунах лаьцна: „ГІишло еш, пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистера коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина. 11 Иза Везачу Элера ду, вайна гергахь и чІогІа инзаре а ду!“» 12 И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Іад а витина, дІабахара уьш. 13 Муьлххачу а дашна тІехь ваьлла а, Іийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХІарод-паччахьна тІаьхьа хІиттина нах а бохуьйту цара Цунна тІе. 14 Ткъа тІебаьхкича, цара хаттар до Іийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?» 15 Амма церан мекарло евзаш, Іийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта». 16 Цара ахча схьадеара. ТІаккха Іийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тІехь диллинарг, хьенан цІе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара Цуьнга. 17 ТІаккха Іийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург». Уьш цецбевлла бисира Цуьнан жоьпах. 18 Цул тІаьхьа Іийсана тІе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. 19 Цара хаьттира Іийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тІаьхье меттахІотто“. 20 ВорхІ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 21 ШолгІачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагІчу вешица а. 22 ВорхІе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла. 23 Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххІангахь а иза марехь хилла хилча?» 24 Іийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу? 25 Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гІур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 26 Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тІехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла? 27 Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чІогІа тиладелла ду». 28 Цара дуьйцург а хезна, Іийсас шен меттахь жоп далар а гина, Іелам нахах цхьаммо, тІе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тІедиллинчу гІуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?» 29 Іийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хІара ду: „ЛадогІа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву! 30 Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а,дерриг а хьекъалца а,берриге а ницкъаца а веза“, И ду коьрта гІуллакх! 31 ШолгІаниг а иштта ду: „Хьо санна веза хьайна уллораниг а“. Царал коьртанаш цхьа а дац». 32 «Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Іелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин дела вац. 33 Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагІанал а, цІий даккхарал а деза ду». 34 Цу Іелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Іийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тІаьхьа цхьа а ца хІоьттира Іийсага хаттарш дан. 35 Кхин дІа а Делан цІийнан кертахь хьехамаш беш Іийсас элира: «Іелам наха хІунда олу: „Дала леррина Къобалвинарг Даудан кІант ву“? 36 Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц“ 37 Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кІант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?» Массо а адам там хиларца ладугІуш дара Іийсага. 38 Шен хьехамашкахь Цо бохура: «Базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахеташ болчу, деха духарш а духуш кечлучу Іелам нахах ларлолаш. 39 Царна лаьа гуламан цІа чохь а, тойнехь а баьрччехь Іан. 40 Цара бисина Іан зударий шайн цІенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доІанаш а до. Амма ишттачарна луьра таІзар хир ду». 41 Делан цІийнан кертахь сагІа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагІина чутосучу ахчанан тидам беш вара Іийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура. 42 Ткъа цхьа йисина Іачу къен зудчо, тІе а еана, ши жима цІестан ахча охьадиллира. 43 Шен мурдаш тІе а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хІокху йисна Іачу къен зудчо сагІина делларг массара деллачул а деза ду. 44 Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хІокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира».

Марк 13

1 Іийса Делан цІийнан кертара араволучу хенахь мурдех цхьаммо элира Цуьнга: «Устаз! Хьажахь, ма хаза ду и тІулгаш а, гІишлош а!» 2 Іийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гІишлош? И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». 3 Іийса Зайт-диттийн лам тІехь Делан цІийнан кертана дуьххьал хиъна Іаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Іандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча: 4 «Алахь тхоьга, маца а хир ду иза, хІун билгало а хир ю и хиндерг кхочуш хуьлуш?» 5 Царна жоп а луш, Іийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, 6 хІунда аьлча Сан цІарца дукха нах богІур бу. „Со ву Иза“, – бохуш, дукхахберш Іехор бу цара. 7 Нагахь тІемах я цунах лаьцна хІума шайна хазахь, шу дохий ма хьовза, хІунда аьлча и дерриг а хила дезаш ду. Амма иза а тІаьххьара де дац. 8 Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь чІогІа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. 9 Амма шу сема хилалаш, хІунда аьлча шу дІа а лоьцур ду, гуламан цІеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хІиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. 10 Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дІакхачо беза. 11 ТІаккха, шаьш царна хьалха кхеле хІиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гІайгІа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дІаала. ХІунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг». 12 «Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дІалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТІаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гІевттина, уьш бойур а бу. 13 Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву». 14 «Ткъа хІотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хІума“ хІоттийна шайна гича (хІара доьшург нийса кхетийла!), тІаккха цу хенахь ЯхІуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дІаводийла. 15 Тхов тІехь нисвелларг, охьа а воьссина цІа чу ма гІо, цо шен цІа чуьра цхьа хІума схьа ма эца. 16 Ткъа аренгахь нисвелларг, шен тІеюху хІума схьаоьцур яра ша аьлла, цІа ма вогІийла. 17 Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 18 Шаьш довда дезар Іай ца хилийтар Деле дехалаш. 19 ХІунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тІаьхьа а хир боцучу тайпана гІайгІа-бала хир бу. 20 Везачу Эло и денош дац ца динехьара, цхьа а кІелхьарвалалур вацара, амма Ша къастийначеран дуьхьа дацдина Цо и денош. 21 Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш, 22 хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Іехорхьама. 23 Амма шу ларлолаш! Ас хьалххе дІахоуьйту шуьга и дерриге а хиндерг». 24 «Амма оцу деношкахь, и баланаш тІехІоьттинчул тІаьхьа, „малх кхулур бу, батто а серло лур яц, 25 стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“». 26 «ТІаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тІехула вогІу Адамийн КІант. 27 Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьІІера Шен къастийнарш дІагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц». 28 «Масала, схьаэца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кІад а делла, гІа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 29 Иштта, и хІуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КІентан зама герга юйла а, Иза неІарехь вуйла а. 30 Бакъдерг боху шуьга: ХІара адамийн тІаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 31 Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац». 32 «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КІантана а, Да воцучунна. 33 Варелаш, сема хилалаш, хІунда аьлча и хан тІе маца кхочу ца хаьа шуна. 34 Масала, цхьаммо шен цІера а ваьлла, генна новкъа волучу хенахь, шен ялхойн кара олалла а делла, хІоранна а шен-шен гІуллакх дІа а делла, гІаролана сема хилар тІедуьллу. 35 Иштта сема хилалаш! ХІунда аьлча шуна ца хаьа хІусаман да цІа маца вогІур ву, суьйранна, я буьйса юккъе яхача, я нІаьний кхойкхучу хенахь, я сатосуш. 36 ЦІеххьана иза цІа веача, шаьш дийшина ма карадайталаш. 37 Ас юха а боху шуьга массаьрга а, хІоранга а: „Сема хилалаш!“»

Марк 14

1 Ши де даьлча тІедан дезаш дара « Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХІилланца схьа а лаьцна, Іийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. 2 Амма адам эргІаддаларх кхоьруш, иза дезачу деношкахь кхочушдан ца лаьара царна. 3 Іийса Бет-ХІинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамІин цІахь Иза хІума юуш Іачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цІеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Іийсан коьрта тІе доьттира цо. 4 Цхьаболчара, резабоцуш, оьгІазаллица вовшашка бохура: «Стенна оьшура иштта харж ян? 5 ХІунда аьлча и даьтта кхо бІе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тІаккха и ахча мискачарна а доькъуш». Оцу зудчунна хамталлаш йора цара. 6 Амма Іийсас элира: «Іадйитийша и зуда, эхь хІунда хоьтуьйту аш цунна? Цо Суна динарг дика гІуллакх ду-кх. 7 ХІунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуна юххехь, царна шайна лиъначу хенахь лур ду аш сагІа, ткъа Со даим хир вац шуьца. 8 Со дІаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш. 9 Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тІехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду». 10 ТІаккха ЯхІуд Искархо, Іийсан шийтта мурдах цхьаъ, динан коьртачу дайшна тІевахара, ямартло а йина, Іийса церан кара дІавалархьама. 11 И хезча, вукхара самукъадаларца цунна ахча дала барт бира. Ткъа ЯхІуда Іийса церан кара дІавала аьтто лоьхура. 12 Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Іахар а бийна, мурдаша Іийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь». 13 ТІаккха, Шен мурдех шиъ вохуьйтуш, Іийсас цаьрга элира: «Шу гІала чу гІо, ткъа цигахь кхаби чохь хи дахьаш вогІу цхьа стаг дуьхьалкхетар ву шуна, цунна тІаьххье дІагІо. 14 Иза чу ваханчу цІийнан хІусамдега аш ала: „Устазо хоьтту: Сайн мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 15 Цо шуна лакха тІехь йоккха а йолуш, лаьтта хІума а тесна, кечйина чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш вайна». 16 Іийсан мурдаша, гІала а баьхкина, дерриг а Цо ма-бохху а карийна, Пасахьана кечам бира. 17 Суьйре тІееача, Іийса Шен шийтта векалца цига веара. 18 ДІа а тевжина, уьш хІума юуш бохкуш, Іийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна». 19 Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?» 20 Ткъа Іийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Іуттуш верг. 21 Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!» 22 Цара хІума юучу хенахь, Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «Схьаэца – иза Сан дегІ ду». 23 ТІаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дІакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дІамелира. 24 Іийсас элира цаьрга: «ХІара Сан цІий ду, Делаца бина барт чІагІдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Іенор долу. 25 Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дІахІоттийначу Олаллехь керла чагІар молу де тІекхаччалц». 26 ТІаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тІе бахара уьш. 27 Шен мурдашка Іийсас элира: «Аша массара а Со дІатосур ву, хІунда аьлча яздина ду: „Іуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагІий дІасадовдур ду“, – аьлла». 28 «Амма веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со». 29 Кипас элира Іийсага: «Массара дІатесча а, ас-м вуьтур вац Хьо». 30 ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нІаьна кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо». 31 Амма Кипас, кхин а чІагІдеш, элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дІакъаьстар вац». Изза вукхара а элира. 32 Цул тІаьхьа Гатшамани олучу меттиге баьхкира уьш. Іийсас элира Шен мурдашка: «Ас доІа дечу юкъана, ховший Іе кхузахь». 33 ТІаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Іийса синтем байна а, чІогІа сингаттаме а хилира. 34 Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха». 35 Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Іийсас доІа дира: «Нагахь йиш елахь, дІакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», – 36 кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». 37 Ша юхавирзича, Шен мурдаш бийшина Іохкуш карийра Цунна. ТІаккха Цо элира Кипе: «ШамІа, хьо наб еш ву? Цхьана сахьтехь сема хила ца мегара хьо? 38 Сема хила, доІанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгІаза ду». 39 Юха а дехьо ваьлла, доІа дира Цо, изза дешнаш олуш. 40 Юхавеача, кхин цкъа а бийшина карийра Іийсана уьш, хІунда аьлча церан бІаьрганегІарш дазделлера. Шаьш Іийсага хІун эр ду а ца хууш биснера уьш. 41 КхозлагІа а тІевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хІинца а наб еш, садоІуш ду? Тоьар ду, тІедеана и сахьт. Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна. 42 Дуьйло, хьалагІовтта! ХІара ву Суна ямартло ен верг». 43 Оцу сохьта, Іийсас и оллушехь, тІевеара ЯхІуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Іелам наха а, баккхийчара а. 44 Іийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – И, схьа а лаций, ларвеш дІавига». 45 Цу сохьта Іийсана тІе а вахана, цо элира: «Ва устаз!» Цул тІаьхьа Цунна барт баьккхира. 46 Ткъа вукхара, тІе куьйгаш а кховдийна, схьалецира Іийса. 47 Уллохь лаьттачех цхьаммо, тур схьа а даьккхина, тоьхна, динан коьртачу ден ялхочун лерг даьккхира. 48 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со схьалаца? 49 Делан цІа чохь хІора дийнахь ца хуьлура Со шуьца, хьехамаш а беш? ХІетахь ма ца лоцура аш Со? Амма Делан Йозанаш тІехь яздинарг кхочушхила деза». 50 Цу хенахь, Іийса а витина, массо а мурдаш дІасабевдира. 51 Шен дерзинчу дегІа тІе шаршу хьарчийна волу цхьа жима къонах Іийсана тІаьхьа хІоьттира. Амма тІемалоша и дІалецира. 52 ТІаккха тІемалойн карахь шаршу а юьтуш, иза верзина ма-варра дІаведира царах. 53 Іийса динан коьрта да волчу цІа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Іелам нах а гулбеллера. 54 Іийсана гено тІаьхьа а хІоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гІуллакх деш болчаьрца цІарна хьалха вохлуш вара. 55 Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна. 56 ХІунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догІура. 57 Цхьаболчара, хьала а гІевттина, харц тоьшаллаш деш, элира: 58 «Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хІара Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дІахІоттор ду“, – аьлла». 59 Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогІуш дацара. 60 ТІаккха динан коьртачу дас, юккъе дІа а хІоьттина, хаьттира Іийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» – аьлла. 61 Ткъа Іийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КІант? Цо леррина Къобалвинарг?» 62 Іийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КІант Нуьцкъалчу Далла аьтто агІор хиъна Іаш а, стигалан мархашца охьавуссуш а». 63 ТІаккха, шена тІера бедар а ятІийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хІун тешаш оьшу вайна? 64 Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Іийса веран кхел къобалйира. 65 ТІаккха цхьаболчара Іийсана тІе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бІаьргаш дІа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хІинца!» ГІаролхоша а еттара Цунна. 66 Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига. 67 Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Іийсаца». 68 Амма Кипас дІахадийра: «Суна ахь хІун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТІаккха нІаьна кхайкхира. 69 Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХІара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хІиттина болчаьрга. 70 Кипас юха а тІе ца лецира цо бохург. Жимма Іийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хІунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо». 71 Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чІагІонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг». 72 ХІеттахь шозлагІа а нІаьна кхайкхира. ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас шега аьлларг: «НІаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дІатосур ву Со». Кипа доггах вилхира.

Марк 15

1 Сатосучу хенахь, Іуьйре тІеярца, динан коьртачу дайша а, Іелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Іийса дІа а вихкина, Пулате дІавелира. 2 Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла. Ткъа Іийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза». 3 Динан коьртачу дайша дуккха а хІуманна тІехь бехке вора Іийса. 4 Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо». 5 Амма Іийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чІогІа цецвуьйлура. 6 ХІора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчех цхьаъ, шега веххнарг, арахоьцура Пулата халкъана. 7 ХІетахь цхьа хьенех вара, Барраб цІе а йолуш. Шен накъосташца Іедална дуьхьал адам карзахдаьллачу хенахь, цо стаг верна, иза чувоьллинера. 8 ТІаккха гулделлачу халкъо, маьхьарий а хьоькхуш, хІинццалц санна тутмакхех цхьаъ дІахецар дийхира Пулате. 9 Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дІавала лаьий шуна?» – аьлла. 10 ХІунда аьлча Пулатана хаьара, динан коьртачу дайша Іийса шайн Цуьнга хьагІ йолу дела дІавеллий. 11 Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахІоттийнера, царна Барраб дІахецар гІоле хетийтархьама. 12 Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хІун дан лаьа шуна ас?» 13 Цара цо бохучунна дуьхьал маьхьарий хьаькхира: «ЖІарах дІатоха Иза!» – аьлла. 14 Пулата хаьттира цаьрга: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те?» Амма наха кхин а чІогІа маьхьарий хьоькхура: «ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. 15 ТІаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дІахецийтира. Ткъа Іийса, шед а еттийтина, тІемалойн кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама. 16 ТІемалоша, Іийса керта а ваьккхина, йоккха, кхел кхайкхочу гІишло чу а вигна, тІемалойн ерриге а тоба гулйира. 17 ТІаккха Цунна тІе цІен оба а кхоьллина, коканийн коьллех кочар а дина, иза Іийсан коьрта тІе диллира. 18 Цул тІаьхьа, Іийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 19 ТІаккха Цуьнан коьртах Іаса а етташ, Цунна тІе туйнаш деттара цара. Цул тІаьхьа, гора а хІиттина, корта беттаран сурт хІоттадора Цунна хьалха. 20 Шаьш Іийса аьшнаш вина бевлча, Цунна тІера цІен духар дІа а даьккхина, Шен хІуманаш тІеюьйхира цара. ТІаккха жІарах дІатоха дІавигира Іийса. 21 ТІаккха шен кха тІера вогІу, Искандаран а, Рупан а да волу Къуринара ШамІа а сацийна, цуьнга Іийсан жІаран бІогІам дІабахьийтира цара. 22 Іийса «Галгатхьа» олучу метте схьавалийра цара (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 23 Ярийн муттанца эдина чагІар дала гІоьртира уьш Цунна, амма Іийсас иза ца мелира. 24 Іийса жІарах дІатуьйхира. ТІемалоша, кхаж а тесна, Цуьнан хІуманаш вовшашлахь йийкъира. 25 УьссалгІа сахьт дара Іийса жІарах дІатухучу хенахь. 26 Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тІехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла. 27 Іийсаца ши талорхо вара жІарах дІатоьхна, цхьаъ Цунна аьтту агІор, важа аьрру агІор. 29 Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХІай! Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь дІахІоттош верг! 30 Хьуо кІелхьара а воккхуш, охьавосса бІогІам тІера». 31 Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, Цунах бела а боьлуш, вовшашка бохура: «Кхиберш кІелхьара а баьхна, Ша-м кІелхьара ца ваккхало! 32 Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хІинца жІара тІера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама». Цуьнца дІатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза. 33 Делкъахенахь лаьтта тІе цІеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза. 34 Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахь?» 35 Генахь боцуш лаьттачара, и хезча, бохура: «Хьажахь, ЭлияхІу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх И». 36 Ткъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Іоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Іийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама. «Собар дел, хьовсур ду вай, ЭлияхІу вогІий те ХІара жІаран тІера дІаваккха», – элира цо. 37 Ткъа цу хенахь, чІогІа мохь а тоьхна, Іийса кхелхира. 38 ХІеттахь Делан цІийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. 39 Іийсана дуьхьал лаьтташ волчу тІеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дІалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КІант вара». 40 Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. 41 Іийса Галилай-махкахь волуш, Цунна гІуллакх деш тІаьхьахІиттина бара уьш. Иштта дуккха а Цуьнца цхьаьна Ярушалайме баьхкина болу зударий бара кхузахь. 42 Иза пІераскан де дара, Далла лерина шоьтан дийнан хьалхара долу де. Рамат цІе йолчу гІалара а волуш, кхеташонехь лоруш волу декъашхо а волуш, ша а Делан Олалле сатуьйсуш а волчу Юсупа, тІейогІуш суьйре йолу дела, Пулатана тІе ваха бІо а боьлла, Іийсан дакъа схьадийхира. 44 Іийса веллий хиъча, Пулата, цецваьлла, тІеман хьаькам тІе а кхайкхина, хаьттира цуьнга: «Дукха хан юй И велла?» – аьлла. 45 ТІеман хьаькамера хаам хилча, цо дакъа Юсупе дІадалийтира. 46 Юсупа, кІади а эцна, дакъа жІара тІера схьа а даьккхина, кІади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. ТІаккха къуббанан неІарна дуьхьал боккха тІулг карчийра цо. 47 Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дІа мичахьа вуллу хьоьжуш яра.

Марк 16

1 Далла лерина шоьтан де дІадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогІу хьакхарш ийцира, уьш Іийсан докъана хьакхархьама. 2 Іуьйранна, сатосучу хенахь, кІирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара. 3 Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неІарера тІулг хьан дІабоккхур бу те вайна?» – бохуш. 4 Ткъа дІахьаьжча, тІулг дІакарчийна гира зударшна. И тІулг чІогІа боккха бара. 5 Уьш къубба чу бевлча, аьтту агІор хиъна, кІайн духар а долуш, кІант гира царна. Уьш чІогІа Іадийнера. 6 Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖІарах дІатоьхна хилла Назартера Іийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХІара ю Иза охьавиллина хилла меттиг. 7 Амма аш, гІой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Іийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гІур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“». 8 Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дІабевдира. Уьш чІогІа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хІумма а ца дийцира. 9 [КІирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Іийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхІ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хІоьттира. 10 Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хІинца Цунна боьлхуш Іаш болчаьрга дІадийцира. 11 Амма Іийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хІетте а уьш ца тийшира. 12 Цул тІаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхІоьттира Іийса. 13 Цара а, юхабирзича, дІахаийтира иза кхечаьрга, амма царах а ца тийшира уьш. 14 ТІаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хІума юучу хенахь, дуьхьалхІоьттира Іийса. Цо тІехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. 15 Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дІа а гІой, массо а адамашна дІакхайкхабе хаза кхаъ. 16 Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг, кІелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю. 17 Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цІарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. 18 Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дІовш малийтича а, зе хир дац царна, цара цомгушчарна тІе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу». 19 Иштта цаьрца къамел динчул тІаьхьа Іийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агІор охьахиира. 20 Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гІо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чІагІдора Цо. ]

Лака 1

1 Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хІуманех лаьцна дийцар хІинцале а дукха нах яздан гІиртира. 2 Тхуна а оцу хІуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тІаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дІасадаржочу наха. 3 И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан, 4 айхьа Іамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама. 5 ЯхІуд-махкахь ХІарод паччахь волчу хенахь АбияхІун цІе йолчу тобанах а волуш, Закри цІе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цІе йолуш зуда яра цуьнан, АхІаронан тІаьхьенах схьаяьлла. 6 И шиъ Везачу Эло тІедиллина гІуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цІена а дара. 7 Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ. 8 Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагІ кхечира Везачу Элана гІуллакх дан. 9 Динан дайн Іедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цІа чохь хаза хьожа йолу хІума яго. 10 Цу хенахь оцу цІенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан. 11 Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчана аьтту агІор дІахІоьттира иза. 12 Иза гина Закри чІогІа кхеравелира. 13 Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доІанна жоп делла: Элисата кІант вийр ву хьуна. Цуьнан цІе ахь Яхьъя туьллур ю. 14 Цунах чІогІа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна. 15 ХІунда аьлча иза Везачу Элан бІаьргашна хьалха чІогІа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагІар а, кхин йолу вахош йолу хІуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза. 16 Дукха исраилхой церан Везачу Далла тІеберзор бу цо. 17 Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву Яхьъя, ЭлияхІу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тІе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хІиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хІотторхьама». 18 Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю». 19 Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со. 20 ХІинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду». 21 Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цІа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш. 22 Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цІа чохь сурт хІоьттинийла. 23 Далла гІуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цІа вирзира. 24 Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза. 25 Цо бохура: «ХІара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькІайчу хІоттийна Цо». 26 Элисат доьзалхочух йолу ялхалгІа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цІе йолчу гІала 27 Марем цІе йолу йоІстаг йолчу. Дауд-паччахьан тІаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем. 28 Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!» 29 И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хІун маьІна долуш ду и маршалла бохуш. 30 Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина! 31 Ахь кІант вийр ву, цуьнан цІе Іийса а туьллур ю ахь. 32 Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, 33 гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». 34 «Иза муха хир ду, – хаьттира Марема, – со хІинца а йоІстаг ма ю?» 35 Малико жоп делла: «Хьуна тІе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дІахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КІант а эр ду. 36 Хьан гергара йолчу Элисата а кІант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгІа бутт бу доьзалхочух йолу. 37 Деле дан а ца луш хІумма а ма дац!» 38 «Со Делан лай ю, – элира Марема, – ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дІадахара иза йолчуьра. 39 Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхІуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара. 40 Закрин цІа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо. 41 Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира. 42 Цо элира чІоггІа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала! 43 Соьгара хІун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна? 44 Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира. 45 Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!» 46 ТІаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла, 47 Цунна со кІелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза, 48 хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду, 49 хІунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гІуллакхаш дина дела. Цуьнан цІе еза ю! 50 Цуьнан къинхетам тІаьхьенашкара тІаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу! 51 Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш, 52 паччахьаш шайн гІанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина. 53 Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хІума ца луш дІабахийтина. 54 Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». 56 Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгІахь а Іийна, цІа еара. 57 Хан тІекхаьчча, Элисата кІант вира. 58 Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугІуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара. 59 БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо баьхкинарш цуьнан цІе шен ден санна Закри тилла дагахь бара. 60 Амма нанас элира: «ХІан-хІа! Цунах Яхьъя эр ду». 61 Цуьнга элира: «И цІе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!» 62 Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кІентан цІе хІун тилла лаьа аьлла. 63 Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цІе Яхьъя ю». 64 Оцу сохьта цуьнан мотт паргІат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира. 65 Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхІуд-махкахь дуьйцуш дара. 66 Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кІант?» – бохуш. ХІунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца. 67 Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира: 68 «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина. 69 Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха, 70 Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара. 71 Цо кІелхьардохуш ду вай вешан мостагІех а, вай цадезачеран куьйгех а. 72 Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина – 73 вайн дега ИбрахІиме йина чІагІо. Дала ИбрахІиме ваІда дина, 74 вай мостагІех кІелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гІуллакх дайтархьама, 75 дуьненахь йоккху хан Цунна хьалха цІена а, дика а яккхийтархьама. 76 Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хІунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву, Цунна некъ кечбеш, 77 Цуьнан халкъана церан кІелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш. 78 Вайн Делера болу кІорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогІур ву, 79 Іожаллин боданехь Іаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а». 80 Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чІагІлуш а дара. Иза акхачу, адам кІезиг долчу меттехь Іаш дара Исраилан халкъана гІуллакх дал ша хиллалц.

Лака 2

1 Оцу деношкахь Август цІе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дІаязде аьлла. 2 Сири-махкахь Куьрна мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дІаяздар дара иза. 3 Цундела хІора а ша схьаваьллачу гІала вахара дІаязвала. 4 Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гІалара ЯхІуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гІала, хІунда аьлча иза Даудан цІийнах схьаваьлла вара. 5 Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дІаязвала воьдуш вара. 6 Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тІекхечира. 7 Марема кІант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дІа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хІунда аьлча царна хьешан цІа чохь меттигаш ца кхаьчнера. 8 Оцу махкахь арахь буьйсанна шайн жаш лардеш Іуй бара. 9 ЦІеххьана царна хьалха Везачу Элан малик хІоьттира, Везачу Элера долчу нуьраца уьш серла а бохуш. ЧІогІа кхерабелира Іуй. 10 Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана! 11 Тахана Даудан гІалахь дуьнен чу ваьлла шу кІелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг. 12 ХІара билгало ю шуна: ДІахьарчийна Бер карор ду шуна хьаьвди чохь». 13 ЦІеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура: 14 «Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу! Дуьнен тІехь Дела реза волчу адамашна машар бу!» 15 Маликаш стигала хьаладевлча, Іуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хІун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хІун хаам бу». 16 Уьш цига сихонца бахара. Царна карийра Марем а, Юсуп а, хьаьвданахь Іуьллу Бер а. 17 Бер гиначу цара дийцира, Цунах болу шайга бинчу хаамах лаьцна. 18 Массо а ладугІуш верг цецваьллера Іуша дийцинчунна. 19 Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора. 20 Іуй юхабирзира, Далла хастам а беш, хІунда аьлча царна хезнарг а, гинарг а малико цаьрга ма-аллара хиллера. 21 БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо везаш вара. Цуьнан цІе Іийса тиллира. И цІе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра. 22 Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, церан цІена хуьлу Іадатан хан тІекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Іийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хІотто. 23 ХІунда аьлча Везачу Эло товрат тІехь тІе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза». 24 Цул сов, ши кхокха я къоркхокха, бен а бейтина, сагІа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара. 25 Цу хенахь Ярушалаймехь ШамІа цІе йолуш цхьа стаг вара. Иза чІогІа Делах кхоьруш а, дика лелаш а, Исраилан халкъана синтем хиларе сатуьйсуш а стаг вара. Делан Са а дара цуьнца. 26 Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла. 27 Делан Сино валийра иза Делан цІийнан керта. Мареммий, Юсуппий, жима Іийсай цига баьхкича, Іийсана тІехь, Дала товратахь тІе ма-диллара, гІуллакх дан, 28 ШамІас, Іийса куьйгаш тІе схьа а эцна, Далла хастам а беш, элира: 29 «ХІинца, Айхьа ма-аллара, садалар атта долуш, Хьайн лай волу со дІахецахьа, Хьалдолу Эла, 30 хІунда аьлча сан бІаьргашна гира адамаш кІелхьардоху дерг, 31 Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу. 32 Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!» 33 Дай-наний чІогІа цецдаьллера шайн кІантах лаьцна ШамІас дийцинчух. 34 ШамІас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХІара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хІаллакьхилархьама а, кІелхьарбахархьама а. ХІара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу. 35 Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду. Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду». 36 Кхузахь яра Ашаран цІийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоІ Іайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхІ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза. 37 Важа йолу хан йисина Іаш яьккхинера цо. ХІинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цІийнан кертара дІа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доІанашца а гІуллакх деш яра. 38 Оцу хенахь царна тІееана, цо, Далла баркалла а бохуш, Ярушалайм паргІатъяккхаре сатуьйсучу нахе оцу Берах лаьцна дуьйцура. 39 Юсуп а, Марем а Везачу Эло тІедиллина гІуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гІала юхадирзира. 40 Ткъа Бер, де дийне мел дели, синца чІагІлуш а, хьекъал тІекхеташ а, кхуьуш дара, Дела дика а дара Цуьнца. 41 ХІора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура. 42 Иштта КІентан шийтта шо кхаьчча а, дезчу дийнахь Ярушалайме, лам тІе хьалабевлира уьш, шайн Іедалехь ма-хиллара. 43 Дезде чекхдаьлча, уьш цІа богІуш, Іийса Ярушалаймехь висира. Дений-нанний иза ца хиира. 44 Царна моьттура Иза кхечаьрца схьавогІуш ву. Цхьана дийнахь некъ бинчул тІаьхьа, Иза гергарчаьргахь а, бевзачаьргахь а леха буьйлабелира уьш. 45 Иза ца карийча, Ярушалайме юхабаьхкира уьш, Иза лоьхуш. 46 Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цІийнан кертахь. Іеламчу нахана юкъахь Іаш вара Иза, цаьрга ладоьгІуш а, хеттарш деш а. 47 Массо а ладугІуш берш цецбуьйлура Цуьнан кхетамах а, Цо лучу жоьпех а. 48 Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КІант, хІара хІун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чІогІа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду». 49 «Аш хІунда лоьху Со? – хаьттира Цо. – Шуна ца хаьара, Со Сайн Да волчохь хила везаш вуйла?» 50 Амма уьш ца кхийтира Цо аьллачу дешнех. 51 Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтІахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора. 52 Іийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара.

Лака 3

1 Тибар паччахь волу пхийтталгІа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхІуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХІарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цІе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш, 2 динан коьрта дай бара Іанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кІанте Яхьъяга Делера хаам хилира. 3 Цул тІаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тІехь болчу махкахула вогІура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», – бохуш. 4 Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро яздина: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш! 5 ХІора тогІи хьалаюзур ю, хІора лам а, гу а охьахедар бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду. 6 Массарна а гур ду Дала адамаш кІелхьардахар!“» 7 Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? 8 Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахІим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. 9 Орамашна тІехула диг хьалаайина ду: хІора шена тІе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цІера юккъе кхуссу». 10 «Ткъа хІун де оха?» – бохуш хоьттура наха. 11 Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дІало, шен яа хІума йолчо изза де». 12 Ял йоккхуш берш а богІура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! – хоьттура цара, – оха хІун дан деза?» 13 «Нахера совнаха ял ма яккха», – бохура цо цаьрга. 14 ТІемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хІун дан деза?» Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хІуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе». 15 Адам цхьана хІумане сатуьйсуш Іара, массеран дагахь дара: «Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?» 16 Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогІур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цІерца а дахчор ду шу. 17 Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кІа, цІан а дина, цІа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дІайовш йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо». 18 Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тІедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс. 19 Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тІехь куьйгалла деш волу ХІарод, шен вешин зуда ХІародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а. 20 ХІарода шегара девллачу зуламашна тІе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира. 21 Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Іийса а ваьккхира. Иза доІа дан хІоьттира – стигал еллаелира. 22 Іийсана тІе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам!» 23 Іийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кІант вара, ткъа Юсуп Іелин кІант вара, 24 Іела Маттатан вара, Маттат Левин вара, Леви Мелхин, Мелхи Яннайн, Яннай Юсупан, 25 Юсуп Маттит-ЯхІун, Маттит-ЯхІу Амосан, Амос Нахьуман, Нахьум Элсин, Элси НагІайн, 26 НагІай Махьатан, Махьат Маттит-ЯхІун, Маттит-ЯхІу ШамІин, ШамІа Юсахан, Юсах Йовдин, 27 Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран, 28 Нера Мелхин, Мелхи Адин, Ади Къосаман, Къосам Іелмадин, Іелмади Іаьран, 29 Іаьр ЮшаІан, ЮшаІ ЭлиІазаран, ЭлиІазар Йораман, Йорам Маттатан, Маттат Левин, 30 Леви ШимІин, ШимІа ЯхІудан, ЯхІуд Юсупан, Юсуп Йонаман, Йонам Элъякъиман, 31 Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан, 32 Дауд Юшаян, Юшай Іабадин, Іабади БоІазан, БоІаз Салманан, Салман Нахьшонан, 33 Нахьшон Іамминадабан, Іамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхІудан, 34 ЯхІуд Якъубан, Якъуб Исхьакхан, Исхьакх ИбрахІиман, ИбрахІим ТІахьиран, ТІахьир Нахьиран, 35 Нахьир СерагІан, СерагІ Рахьун, Рахьу ПалагІан, ПалагІ Іебаран, Іебар Селахьан, 36 Селахь Къаиман, Къаим Арпахшадан, Арпахшад Шимин, Шима Нохьин, Нохьа ЛемакІан, 37 ЛемакІ Матушалахьан, Матушалахь ХІанохан, ХІанох Ярадан, Ярад Махьаллалан, Махьаллал Къаиман, 38 Къаим Эношан, Энош ШатІин, ШатІа Адаман, ткъа Адам – Делан кІант вара.

Лака 4

1 Делан Синах вуьззина веара Іийса Йордан-хи тІера. Делан Сино Иза яьссачу метте дІавигира. 2 Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХІара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Іийсас хІума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза. 3 Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КІант велахь, хІокху тІулге бепиг хила ала». 4 Іийсас жоп делира: «„Деккъа баьпках вузарх лаьтташ дац стеган дахар“, – аьлла, яздина ду». 5 Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бІаьрган негІар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо. 6 ТІаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тІехь олалла дар а, церан сийлалла а, хІунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дІадала йиш ю сан. 7 И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Іибадат дахь». 8 Амма Іийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» 9 Иблисо Іийса Ярушалайме а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КІант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. 10 Яздина ма ду: „Дала шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“ – аьлла. 11 Кхин а яздина ду: „Цара Хьо шайн куьйгаш тІехь дІахьур ву, тІулгах ког ца тасаболуьйтуш“». 12 Амма Іийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“, – аьлла, яздина ду». 13 Іийса зийна а даьлла, иблис дІадахара, юха шен аьтто баллалц. 14 Іийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара. 15 Церан гуламан цІеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза. 16 Ша кхиинчу Назарт-ГІала веара Іийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цІа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша. 17 Цунна схьаделира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дІадийшира Цо: 18 «Везачу Элан Са дагца ду Сан. Цо со къобалвина дела, мискачу нахана Шех лаьцна хаза кхаъ бан. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргІат а бохур бу, бІаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Іазапехь берш мукъабаха, 19 Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дІахаийта». 20 И дешна а ваьлла, тептар дІа а хьарчийна, цІа чохь гІуллакх дечу стаге дІаделира Цо. Юха Іийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара. 21 Іийсас элира: «Тахана кхочушхилла хІокху тептар тІехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь». 22 Массо а, ХІара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кІант ма ву Иза?» – бохуш. 23 ТІаккха Іийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тІе а доьгІна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гІалахь, изза де“, – аьлла». 24 Юха Іийсас тІетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тІеоьцуш ца хилар. 25 Баккъал боху Ас шуьга: ЭлияхІу-пайхамаран заманахь дукха бисина Іаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догІа а ца деана, мацалла хІоьттинера берриг а махкахь. 26 Амма оцу зударшна цхьанна а тІе ца веанера ЭлияхІу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦІадан-махкара Сарпатера йисина Іаш йолу зуда яра. 27 Дуккха а дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаІ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьІнех цхьа сирийхо НаІаман воцург цхьа а цІан ца велира». 28 И дешнаш хезча, оцу цІа чохь волу массо а, оьгІазвахана, 29 хьалаиккхира. Цара Іийса гІали чуьра араваьккхира. И гІала тІехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Іинна чукхосса гІерташ бара уьш. 30 Амма Іийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дІавахара. 31 Галилай-махкарчу Къапарнам цІе йолчу гІала веара Іийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо. 32 Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгІуш Іара, хІунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. 33 Гуламан цІа чохь жинаша талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира: 34 «ХІей, Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. 35 Іийсас омра дира жине: «ДІасаца! Цунна чуьра арадала!» – аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш. 36 Массо а наха, чІогІа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хІун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугІий, стагана чуьра арадовлу. Царна тІехь олалла до Цо», – бохуш. 37 Іийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара. 38 Іийса, гуламан цІа чуьра ара а ваьлла, ШамІа волчу цІа вахара. ШамІин стуннана дагар долуш Іуьллуш яра. Іийсага цунна дарба де аьлла, дехнера. 39 Оцу зудчунна тІехула а хІоьттина, дагаре дегІах дІакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дІаделира, и зуда, хьала а гІаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира. 40 Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Іийсана тІе. Царна хІоранна тІе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо. 41 Дукхахдолчу адамех жинаш дІакъаьстира: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Іийсас царна иза ала ца магадора, хІунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла. 42 ШолгІачу дийнахь, Іуьйранна, цхьа а адам доцучу метте вахара Иза. Амма нах Иза леха хІиттира, ткъа И волчу а баьхкина, уьш Иза сацо гІерташ бара, шаьш долчуьра дІацавахар а доьхуш. 43 Амма Іийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ баржош, кхечу меттигашка а кхача везаш ву Со, хІунда аьлча Со оцу балхана ваийтина ву». 44 ЯхІуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш бора Цо.

Лака 5

1 Цкъа Гансарт цІе йолчу Іомана йистехь лаьтташ вара Іийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тІе теІаш, Делера долчу даше ладогІархьама. 2 Іийсана берда тІехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чІерийлецархой шайн бойнаш цІанъеш бара. 3 ТІаккха тІевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамІе, Ша берда йистера кеман тІехь жимма дІавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза. 4 Шен къамел чекхдаьлча, Цо ШамІе элира: «Хи кІорга долччига дІадахийта кема! Цигахь шайн бойнаш чутаса, чІерий лецархьама!» 5 ШамІас жоп делира: «Лоруш волу Устаз! Буьйсанна сахиллалц болх бина оха сийсара, амма хІумма а ца лаьцна. Делахь а, Ахь аларна, бой чу-м тосур ю ас». 6 Бойнаш чутесча, цара вуно дукха чІерий лийцира. И бойнаш эттІал чІогІа дукха чІерий дара царна чохь. 7 ШамІагІара кхечу кеманна тІехь болу шайн накъостий, куьг а ластийна, схьакхайкхира. Уьш схьабаьхкича, шина а кеманна тІе чІерий хьаладехира цара. И чІерий дукха долуш, хинан кеманаш бухадаххал чІогІа дуьзина дара. 8 ШамІа-Кипас, и ган а гина, Іийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДІагІохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!» 9 И лецна чІерий гина, ШамІа а, цуьнан накъостий а чІогІа цецбевлла бара. 10 Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кІант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамІин накъостий. Іийсас элира ШамІе: «Кхера ца оьшу! ХІинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо». 11 Кеманаш берда тІе хьала а даьхна, шадерг цигахь а дитина, Іийсана тІаьхьахІиттина дІабахара уьш. 12 Цкъа цхьана гІалахь вара Іийса. Оцу гІалахь вехаш вара цхьа стаг, дІа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Іийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», – аьлла. 13 ДІакховдийна, цунах дІа а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Оцу сохьта цу стеган дегІ цІанделира. 14 Юха Іийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хІумма а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тІе ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». 15 Амма Іийсах лаьцна хабар шуьйра даьржаш дара массо а меттехула. Цунна тІе дукха адам догІура: Цуьнга ладогІа а, дарбанаш дайта а. 16 Ткъа Іийса кест-кеста адам доцучу метте дІа а воьдий, Деле доІанаш деш Іара. 17 Цкъа Іийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цІа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Іелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхІуд-мехкан а мел йолчу гІаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Іийсаца Везачу Элан ницкъ бара. 18 ДегІан меженаш лела а ца луш, меттахь Іуьллуш волу цомгуш стаг валош цхьа нах баьхкира. ЦІа чу а ваьхьна, иза Іийсана хьалха вилла гІерташ бара уьш. 19 Амма цІенна гонахьа дукха нах хиларна, иза чувохьийла а ца хилла, и цомгуш стаг а эцна, тхов тІе хьала а бевлла, нийса болчу цу тховх Іуьрг а даьккхина, цІа чу биссира уьш. Цомгуш верг шен мотт-гІайбица нахана юккъе а веана, Іийсана хьалха охьавиллира цара. 20 Церан Шех тешар а гина, Іийсас элира: «ДоттагІа! Хьан къиношна гечдина», – аьлла. 21 ТІаккха Іелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Іеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?» 22 Амма Іийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хІунда йо аш? 23 ХІун ду атта ала: „Хьан къиношна гечдина“, я „Хьала а гІаттий, дІагІо“? 24 Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен чохь къиношна гечдан олалла дуйла», – аьлла, цомгуш волчу стаге Цо элира: «Ас боху хьоьга, хьала а гІаттий, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо!» 25 Оцу сохьта и цомгуш верг, хьала а гІаьттина, шен мотт-гІайба схьа а эцна, цІа вахара, Далла хастамаш а беш. 26 Чохь берш инзарбевллера. Деле болчу ларамах дегнаш дуьзна, цара бохура: «Вайна тахана гинарг инзаре тамашийна хІума ду!» 27 Цул тІаьхьа, ара а ваьлла, схьавогІуш, ял йоккхуш волу, Леви цІе йолу цхьа стаг гира Іийсана. Леви ял схьагулъеш болчеран бун чохь Іаш вара. Іийсас элира цуьнга: «Суна тІаьххье схьавола!» 28 Леви, дерриг охьа а тесна, Іийсана тІаьххье дІавахара. 29 Левис шен цІахь Іийсана доккха той хІоттийра. Дукха адам дара цигахь. Ял йоккхуш берш а, кхин нах а бара цаьрца хІума юуш. 30 Парушхоша а, Іеламчу наха а, резабоцуш, Іийсан мурдашка бохура: «И муха мегар ду? Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца дууш, молуш ма ду шу?» 31 Царна жоп луш, Іийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 32 Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тІедерза ала веана». 33 Юха цара элира Іийсага: «Яхьъян мурдаш кест-кеста марха кхобуш а, ламаз деш а бу, иштта бу парушхойн мурдаш а, ткъа Хьан мурдаш дууш а, молуш а бу». 34 Іийсас царна жоп делира: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъостий, и стаг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гІайгІане хилар гойтуш? 35 Цхьа хан а еана, и зуда ялийнарг дІавигча, тІаккха даарх, маларх херабевлла, сингаттаме хир бу уьш». 36 Юха Іийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра: «Цхьаммо а ширачу духар тІе, керлачу тІера схьа а яьккхина, йома латор яц, хІунда аьлча керла духар а дохор ду, ширачу духар тІехь керла йома товр яц. 37 Цхьаммо а керла чагІар ширачу пІаьлдиг чу ца дутту, хІунда аьлча и пІаьлдиг а бетІар бу, чагІар а Іенар ду. 38 Керла чагІар керлачу пІаьлдиг чу дотта деза. 39 Цхьаммо а шира чагІар а мелла, юха керланиг мер дац, хІунда аьлча цо эр ду: „Шираниг гІолехь ду“».

Лака 6

1 Цкъа шоьтан дийнахь кІа дийначу арахула схьавогІуш вара Іийса. Цуьнан мурдаш, кІен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара. 2 И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хІун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь дан мегаш доцу гІуллакх хІунда до аша?» 3 Іийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 4 Иза Делан цІа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла». 5 КхидІа а Іийсас элира: «Адамийн КІант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тІехь а Эла ву». 6 Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цІа чу а веана, нахана хьехам беш вара Іийса. Цигахь аьтту куьг заьІап долуш цхьа стаг вара. 7 Парушхой а, Іелам нах а чІогІа Іийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 8 Іийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Хьала а гІаттий, массарна хьалха дІахІотта». Важа, хьалха а ваьлла, дІахІоьттира. 9 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хІун дан мегаш ду? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?» 10 ТІаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза тоделира. 11 Парушхой а, Іелам нах а, оьгІазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Іийсана хІун дийр дара бохуш. 12 Ишттачу цхьана дийнахь лам тІе хьалавелира Іийса Деле доІа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доІанаш деш. 13 ШолгІачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара: 14 ШамІа, шех тІаьхьа Іийсас Кипа аьлла цІе тиллинарг, цуьнан ваша Іандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, 15 Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг, 16 Якъубан кІант ЯхІуд, иштта шех ЯхІуд-Искархо олу, тІаьхьа ямартхо хилларг а. 17 Іийса Шен векалшца, лам тІера чувуссуш, нийсачу меттехь сецира. Цигахь Кхуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бара ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а, хІордан йистерачу Цора а, ЦІадан а цІе йолчу гІаланашкара. 18 Уьш Іийсага ладогІа а, шайна дарбанаш дайта а баьхкинера. Харцжинаша хьийзош болчу нахана дарба дира Цо. 19 ХІора а Іийсах куьг Іотта гІерташ вара, хІунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора. 20 Шен мурдашка а хьаьжна, Іийсас элира: «Дала декъала до шу, къенаш, хІунда аьлча Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь ду шу. 21 Дала декъала до шу, хІинца меца дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь дуьзна хир ду шу. Дала декъала до шу, хІинца доьлхуш дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь доьлур ду шу. 22 Дала декъала до шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цІе бехъечу хенахь, Адамийн КІантах шу тешна дела. 23 И де тІекхаьчча, халхадийла, самукъане хила, хІунда аьлча йоккха ял хир ю шуна стигалшкахь. Иштта харцо лелош церан дай пайхамаршца а хилла. 24 Амма къа ду шун, хьолахой, хІунда аьлча хІинца синтеме ду шу. 25 Къа ду шун, хІинца дуьзнарш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь меца хир ду шу. Къа ду шун, хІинца доьлуш дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь шун бІаьргех хин тачанаш оьхур ду. 26 Къа ду шун наха шух лаьцна диканиг олуш хилча, хІунда аьлча иштта харцпайхамарш церан дайша а хестийна». 27 «Амма шуьга, Соьга ладугІучаьрга, боху Ас: Шайн мостагІий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де, 28 шайна неІалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доІанаш де. 29 Хьайна цхьана бесни тІе тІара тоьхнехь, важа бесни кІел хІоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тІехулара бедар хьоьгара дІаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дІайоккхуш. 30 ХІора доьхуш волчунна цо доьхург дІало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дІаэцнехь, иза юха ма деха. 31 Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила. 32 Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш. 33 Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначара а ма до изза. 34 Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама. 35 Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагІий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тІаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хІунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца. 36 Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара». 37 «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтІерадовла нахана, Дела шуна а къинтІера вер ву. 38 Нахана оьшург дІало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тІехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догІург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах». 39 ТІаккха Іийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БІаьрзечуьнга бІаьрзениг дІавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву. 40 Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дІанислур ву иза шен устазе. 41 Хьайна уллохь волчун бІаьргара чамхалге хІунда хьоьжу хьо, хьайн бІаьргара хен а ца гуш? 42 Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бІаьргара чамхалг дІаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бІаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бІаьргара хен дІа а баккхий, хьайн бІаьрса тоделча, тІаккха вешин бІаьргара чамхалг дІаяккха». 43 «Дикачу дитто вон стоьмаш ца ло, вочу дитто диканаш ца ло 44 Дитт шен стоьмашка хьаьжжина девза. Массарна а хаьа, коканийн кулла тІера комарш ца гулйой а, хьаьрмак кулла тІера кемсаш ца йохий а. 45 Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тІехь дерг цуьнан матта тІехь а ду». 46 «Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тІаккха аш Ас бохург дан деза. 47 ХІора Со волчу вогІуш верг, Сан дешнашка ладугІуш верг, уьш кхочушдеш верг – Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву. 48 Иза цІа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кІоргга ахка а аьхкина, тархана тІехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цІенна тІе хьаьдча, цо цІа меттах а ца даьккхина, хІунда аьлча иза дика дина долу дела. 49 Ткъа важа, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург ца динарг – иза лаьтта тІехь, боьттина бух а боцуш, цІа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тІе хьаьдча, и цІа доьхна дІадаьлла, цунах боккха барз бисина».

Лака 7

1 ЛадугІуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Іийса Къапарнам-гІали чу вахара. 2 Цигахь цхьа римхойн эскарера тІемалойн хьаькам вара Іаш. Оцу хьаькаман цунна чІогІа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Іуьллуш вара. 3 Іийсах лаьцна шена хезча, И волчу жуьгтийн баккхий нах бахийтира цо дехарца, ван а веана, шен ялхо кІелхьарваккхахьара аьлла. 4 Баккхий нах, Іийса волчу а баьхкина, Цуьнга деха хІиттира: «И хьаькам Ахь гІо дан хьакъ ву. 5 Цунна вайн къам дукхадеза. Цо вайна гуламан цІа а дина», – аьлла. 6 Іийса цаьрца и хьаькам Іаш волчу вахара. ЦІенна хІорш гергакхаьчча, хьаькамо шен накъостий дуьхьал бахкийтира Іийсага дІаала: «Эла! Хьайна хало ма е! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кІел ван. 7 ХІунда аьлча ас со Хьуна дуьхьал ван а хьакъ ца лору. Амма Ахь цхьа дош аьлча, сан ялхо толур вара. 8 Иза суна дика хаьа, хІунда аьлча суна тІехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тІемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дІавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогІу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гІуллакх до». 9 Оцу дешнашка ла а доьгІна, чІогІа цецваьллачу Іийсас, юха а вирзина, Шена тІаьхьа богІучу нахе элира: «Ас боху шуьга, исраилхошна юкъахь а ца гина Суна оцу стеган санна Делах тешар». 10 Хьаькамо бахкийтина нах цІа баьхкича, ялхо товелла карийра царна. 11 Цул тІаьхьа дукха хан ялале Іийса Наин цІе йолчу гІала вахара. Цуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бахара Цуьнца цига. 12 Оцу гІалин кевнна йистте кхаьчча, Кхунна дуьхьал адамийн йоккха тоба кхийтира. Уьш гІали чуьра велла кІант вахьаш богІуш бара. И велларг йисина Іачу зудчун цхьаъ бен воцу кІант вара. Оцу зудчуьнца гІалара схьадогІуш дукха адам дара. 13 И зуда гина, цунах чІогІа къахийтира Везачу Элана. Цо элира цуьнга: «Ма елха!» – аьлла. 14 Юха тІевахана барамах куьг Іоьттира Цо. Барам бахьаш богІу нах севцира. Іийсас элира: «КІант, хьоьга боху Ас: хьалагІатта!» 15 Велларг, ден а велла, кІегар а хиина, вистхилира. Іийсас иза нене дІавелира. 16 Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хІиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гІо дан». 17 Іийсах лаьцна и хабар берриг ЯхІуд махкахула а, цунна гондахьа болчу мехкашкахула а дІасадаьржира. 18 Яхьъян мурдаша дийцира цунна Іийсас динчух лаьцна. 19 Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» – аьлла. 20 Вахийтинчу шиммо, Іийса волчу а веана, элира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъяс дахкийтина тхо Хьоьга хатта: „Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?“ – аьлла». 21 Оцу хенахь Іийсас дукха нах тобора халчу цамгарех, вочу жинех, дуккха а бІаьрзечарна бІаьрса а лора. 22 Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гІой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 23 Декъала ву Сох шек воцург». 24 Яхьъяс бахкийтина нах дІабахча, Іийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 25 ХІан-хІа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хІума тІеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХІан-хІа. Исбаьхьа бедарш юьйхина а, дезачу хьолахь болу а нах паччахьан гІаланаш чохь Іаш бу. 26 Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХІаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 27 Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 28 Ас боху шуьга: кху дуьнен тІе бевллачарна юкъахь Яхьъял лакхара стаг вац. Амма Делан Олалла тІелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву. 29 Яхьъяга ладугІуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тІехь, Делан лаам тІе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира. 30 Амма парушхошна а, Іеламчу нахана а, Делан лаам тІе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира. 31 Хьаьнца буста мегар бу таханлера нах? Хьанах тера бу уьш? 32 Уьш базаран майданахь ловзучу берех тера бу. Цара боху вовшашка: „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гІийла эшарш лекхира, ткъа шу гІайгІане а ца хилира!“ 33 Хих нах чекхбоху Яхьъя веара. Цо бепиг ца дуура, чагІар ца молура. Аш цунах лаьцна олура: „Иза жинаша хьийзош волу стаг ву“. 34 Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву“, – олура. 35 Амма Делера долу хьекъал бакъдо и схьаэцначу берриг а наха». 36 Цхьана парушхочо ша волчу шуьне кхайкхира Іийсага. Іийса, и парушхо волчу а вахана, хІума юучу меттехь дІатаьІна, агІорваьлла Іара. 37 Оцу гІалахь вон цІе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Іийса парушхо волчохь хьошалгІахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогІуш долу, дегІан меженашна хьокху даьтта а дахьаш. 38 Іийсана тІехьа, когашка дІа а хІоьттина, йоьлхуш, бІаьрхиш Цуьнан когаш тІе а Іенош, юха шен ехачу месашца уьш дІа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тІе хаза хьожа йогІу даьтта дуьттура цо. 39 И гина, Іийса хьошалгІа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Іуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла». 40 Юха Іийсас элира цуьнга: «ШамІа, хьоьга цхьа хІума ала лаьа Суна». Вукхо жоп делира: «Алахьа, Устаз!» – аьлла. 41 «Цхьана стеган ши декхархо хилла, – волавелира Іийса. – Цхьаъ пхи бІе дато динари-ахча дала дезаш хилла цунна, важа шовзткъе итт. 42 Я цхьаннан, я шолгІачун дІадала ахча ца хилла. ТІаккха ахча долчо, цу шинне геч а дина, и ахча дитина. Шина декхархочух ахчанан да алсам хьанна дукхавезар ву аьлла хета хьуна?» 43 ШамІас элира: «Суна схьахетарехь, декхар алсам долуш гечдинчунна алсам везар ву-кх и», – аьлла. «Нийса боху ахь», – элира Іийсас. 44 ТІаккха, зудчуьнгахьа дІа а вирзина, Цо ШамІе элира: «Хьуна гуш юй и зуда? Со хьан чу веача, ахь Суна когаш била хи а ца делира, ткъа цо шен бІаьрхишца Сан когаш башош, шен месашца уьш бакъийра. 45 Со хьан чу ваьлча, ахь, Соьга маршалла хоттуш, барт ца баьккхира, ткъа и зуда, Со кхуза веачахьана, Сан когех барташ бохуш ю. 46 Ахь Сан коьртах ур-атталла дораха зайтдаьтта а ца хьаькхира, ткъа цо Сан когаш тІе деза, хаза хьожа йогІу даьтта дуьтту. 47 Ас боху хьоьга: цо оццул боккха безам гайтина, шен къиношна гечдина дела. Ткъа кІезиг гечдинчо кІезиг безам гойту». 48 Іийсас цу зудчуьнга элира: «Хьан къиношна гечдина». 49 Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?» 50 Іийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кІелхьаръяьккхина хьо. ДІаяло хьайна маьрша».

Лака 8

1 Цул тІаьхьа Іийса гІаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца, 2 кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхІ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а, 3 ХІародан цІен чохь куьйгалла деш волчу Хьозан зуда Яхьани а, Шушан а, кхин дуккха а берш. Оцу зударша шайн хьола тІера дакъа луш гІо дора Іийсана. 4 Іийса волчу дукха нах тІеоьхура маьІ-маьІІера. Цо царна цхьа хьекъале дустар далийра: 5 «Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла. Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна. 6 Кхидолу буьртигаш тІулгаш долчу лаьтта тІе ийгира. Церан зІийдигаш гучуевлча, уьш якъаелира, хи а ца тоьъна. 7 Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира. 8 Ткъа важа долу хІу дика латта долчохь нисделира. Хьала а девлла, дІадийначул бІозза сов ялта делира цара». И дийцар чекх а даьккхина, Іийсас чІоггІа элира: «Лергаш долчунна хІара хезийла!» 9 Цуьнан мурдаша хаьттира Цуьнга, хІун маьІна долуш ду и дийцар аьлла. 10 Іийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца гархьама, ладугІуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. 11 ХІара маьІна долуш ду и далийна дустар: буьртиг Делан дош ду. 12 Новкъа йистехь эгна буьртигаш – уьш Делан дош хезаш берш бу. Амма схьадеанчу иблисо церан дегнашкара и дош дІахьо, уьш, цунах теша а тешна, кІелхьара ца бовлийтархьама. 13 Ткъа тІулгаш тІе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тІеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу. 14 Коканийн коьллаш юкъа эгна, кхиъалц стом ца белла буьртигаш – уьш дош хезнарш бу, амма юха дІа а бахана, дахаран гІайгІанех, хьолах, дегІана там лахарх Іехабелларш бу. 15 Ткъа дикачу лаьтта тІе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цІеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу». 16 «Цхьаммо стогар латийча, цунна тІехула кхаба ца хІоттайо, я маьнги кІел ца хІоттабо иза, амма чубогІучарна серло гун йолччу лакха хьалахІоттабо. 17 ХІунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чІогІа лечкъийнарг а гІара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. 18 Цундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дІадоккхур ду». 19 Іийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира, амма Цунна гонах дукха адам хиларна, тІе ца кхачалора уьш. 20 Цхьаммо Цуьнга элира: «Хьан наний, вежарий бу арахь Хьо ган лууш». 21 Іийсас жоп делира: «Сан наний, вежарий Делан даше ла а дугІуш, и кхочушдеш берш бу». 22 Цхьана дийнахь Шен мурдашца хинкеманна тІе а хиина, Цо элира: «Іоман дехьа берда тІе девр ду вай». Уьш хи тІехула дІабахара. 23 Хин кеманахь уьш богІучу хенахь, Іийсана наб кхетта. Іома тІехь чІогІа мох а баьлла, кеманна чу хи даьлла. Уьш кхерамечу хьолехь хилла. 24 Мурдаша самаваьккхина Іийса: «Устаз! Устаз! Вай хІаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гІаьттина, мохе а, тулгІенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дІахІоьттира. 25 ТІаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?» Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугІу Цуьнга». 26 Уьш Галилайна дуьхьалара берда тІехь Іуьллучу ГІарас цІе йолчу метте баьхкира. 27 Іийса берда тІе ваьлча, Цунна дуьхьал гІалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тІе хІума ца юхуш, нах дІабухкучу хьехаш чохь Іаш вара. 28 Іийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Іийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХІун оьшу Хьуна соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗІенашца дІа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дІавоьдура иза. 30 Іийсас хаьттира цуьнга: «ХІун ю хьан цІе?» Цо элира: «Эскар», хІунда аьлча дукха жинаш доьллера цунна чу. 31 Цу жинаша дехар дира Іийсага, шаьш бух боцучу Іинах ма кхийсахьара аьлла. 32 Циггахь лам тІехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша дийхира Іийсага, шаьш царна чу довлийта аьлла. Цо царна пурба делира. 33 Жинаш, стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Лекхачу берда тІера хи чу а лилхина, буха яхара хьакхарчий. 34 Іуша, хилларг ган а гина, бевдда бахана дийцира и гІалахь а, юххерчу ярташкахь а. 35 Хилларг хІун ду хьажа адамаш даьхкира. Іийсана тІебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТІе хІума а юьйхина, метта а веана, Іийсан когашкахь Іаш вара иза. Схьабаьхкинарш чІогІа кхерабелира. 36 Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира. 37 Оцу ГІарасара мел болчу бахархоша, шаьш чІогІа кхерабелла хиларна, дехар дира Іийсага, шаьш а дитина, дІагІахьара Хьо аьлла. Иза хІордан кемана тІе а хиина юхавирзира. 38 Шена чуьра жинаш дІалаьхкинчу стага дехар дира Цуьнга, ша а ваийтахьара аьлла. Амма Іийсас дІавахийтира иза: 39 «ЦІа а гІой, хьайна Дала мел дика дина дийца ахь», – аьлла. Цу стага дІавахана гІалахь бехачаьрга шена Іийсас динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира. 40 Дуккха а адам Іийсага хьоьжуш Іийра. Иза юхавеача, наха Цуьнга маршалла хаьттира. 41 Гуламан цІа чохь куьйгалхо волу Яир веара Іийсана тІе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цІен тІе вагІахьара Хьо аьлла. 42 ХІунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоІ яра яла йоллуш Іуьллуш. Іийса дІавоьдуш Цунна гонах чІогІа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш. 43 Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цІий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гІоле а йоцуш. 44 ТІехьашхула тІе а еана, Іийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Іоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дІаоьху цІий сецира. 45 «Мила вара Сох куьг Іоьттинарг?» – аьлла, хаьттира Іийсас. Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дІаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Іоьттинарг?“» 46 Амма Іийсас элира: «Сох цхьаммо куьг Іоьттира, хІунда аьлча Суна хаабелира Сайх дІакъаьстина ницкъ». 47 Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тІееана, Іийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хІунда Іоьттира а, шена оцу сохьта гІоле муха хилира а. 48 ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна». 49 Іийса къамел дина а валале, гуламан цІийнан куьйгалхочун Яиран цІера геланча веара. «Хьан йоІ елла, – элира цо. – Устазана хало ян ца оьшу». 50 Амма Іийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тІаккха хьан йоІ толур ю». 51 Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоІан дений-нанний бен. 52 Кертара адамаш оцу йоІана доьлхуш дара. «Ма делха, – элира Іийсас, – иза ца елла, иза йижина ю». 53 Уьш Цунах бийла хІиттира, хІунда аьлча царна хаьара и йоІ еллийла. 54 Іийсас, йоІан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагІатта, йоІ!» 55 ЙоІана чу са деара, иза цу сохьта хьалагІаьттира. Іийсас цунна яа хІума ло элира. 56 Дай-наний чІогІа цецдаьлла дара. Амма Іийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла.

Лака 9

1 Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Іийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а. 2 Цо дІахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а. 3 «Шаьш новкъа довлуш, шайца я Іаса а ма эца, я тІоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», – элира Цо цаьрга. 4 «Шаьш дІакхаьчначу цІа чохь Іе, оцу гІалара арадовллалц. 5 Нагахь цхьанхьа шаьш тІе ца эцахь, шайн когаш тІера чан дІаегае, гІалара арадовлуш. Шу тІе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза». 6 Іийсан векалш дІабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш. 7 Іийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХІародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хІунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла, 8 вукхара – ЭлияхІу-пайхамар веана, кхозлагІчара – ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла. 9 ХІарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хІуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Іийса ган гІертара. 10 Векалша, юха а баьхкина, дийцира Іийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цІе йолчу гІали юххехьа дІавахара Іийса. 11 Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тІаьхьа. Іийсас уьш тІеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира. 12 Де суьйренгахьа лестича, Іийсан шийтта векало, тІе а веана, элира Цуьнга: «Адам дІадахийта деза. Луларчу ярташка а, кІотаршка а бахана, шайна дІадийша меттиг а, яа хІума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла. 13 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Векалш жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чІарий бен бац. ГІой, царна массарна а яа хІума эций оха?» – аьлла. 14 Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Іийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла. 15 Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра. 16 Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира Іийсас. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. 17 Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тІаьхьа Іийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара. 18 Іийсас, Ша висна, доІа дечу хенахь, Цунна тІе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла. 19 Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо ЭлияхІу-пайхамар ву боху, кхозлагІчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху». 20 «Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» – аьлла, хаьттира Іийсас. Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла. 21 Іийсас и хІума нахе дІахаийтар чІогІа дихкира царна. 22 Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ду». 23 ТІаккха Іийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, хІора дийнахь шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. 24 ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дІаделлачо иза кІелхьардоккхур ду. 25 ХІун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хІаллаквича я шена зен дича? 26 Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КІант дІавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача. 27 Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду». 28 Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира. 29 ДоІа дечу хенахь Цуьнан юьхь цІеххьана хийцаелира, духар чІогІа кІайделира, тІехь бІаьрг ца сацалуш. 30 Олаллин нур лепаш ши стаг дІахІоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, ЭлияхІу-пайхамар а вара. Іийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Іийсан, Ярушалаймехь, адам паргІатдаккхархьама, дуьнен чуьра дІакхалха дезарх лаьцна. 32 Кипа а, цуьнан накъостий а чІогІа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Іийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар. 33 И ши стаг дІаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, ЭлияхІуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хІун дуьйцу оцу хенахь. 34 Кипа къамел дина а валале, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Іийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Іийса а, Муса а, ЭлияхІу а нисвелча. 35 Мархи юкъара аз хезира: «ХІара ву Ас хаьржина волу Сан КІант. Цуьнга ладогІалаш!» 36 Аз дІатийча, царна Іийса ша лаьтташ гира. Мурдаша шайна гинарг къайладаьхьира, цу хенахь цхьаьнгге а ца дуьйцуш. 37 ШолгІачу дийнахь, уьш лам тІера чубиссича, Іийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба. 38 Нахана юккъера цхьана стага чІогІа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кІанте! Иза сан цхьаъ бен вац! 39 Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КІант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дІа ца долу и жин. 40 Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хІумма а дан ца делира». 41 Іийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кІант!» 42 КІант, тІевогІучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Іийсас жине арадала аьлла омра а дина, кІант туо а вина, дега дІавелира. 43 Массо а Делан боккхачу ницкъах чІогІа инзарваьлла вара. Нах Іийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара. Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира: 44 «Дика ладогІалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КІант нехан кара лур ву». 45 Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьІна Дала царах лачкъийна дара. Іийсага, и хІун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира. 46 Мурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла. 47 Іийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дІа а хІоттийна, 48 элира: «Сан дуьхьа хІара бер тІеэцначо Со а тІеоьцу. Ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кІезиг верг а уггар лакхарниг ву». 49 ТІаккха Яхьъяс элира Іийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цІарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гІиртира тхо». 50 Іийсас жоп делира: «Сеца ма ве иза! ХІунда аьлча шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву!» 51 Ша стигала хьалаоьцу волу хан тІекхача йоьлча, Іийсас сацам бира Ярушалайме ваха. 52 Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн юьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама. 53 Амма оцу юьртарчу наха Іийса тІе ца ийцира, хІунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла. 54 И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хІаллакбойтур бу и нах». 55 Амма Іийсас, юхавирзина, дихкира царна и дар. 56 ТІаккха Іийса а, Цуьнан мурдаш а кхечу юьрта бахара. 57 Уьш новкъахула богІучу хенахь, цхьана стага элира Іийсага: «Со Хьуна тІаьхьа хІуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а». 58 «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Іан баннаш ду, ткъа Адамийн КІентан корта дІатовжо меттиг а яц», – аьлла, жоп делира цунна Іийсас. 59 Кхечу стаге Цо элира: «Суна тІаьхьа схьавола!» – аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цІа а вахана, сайн да дІаволла». 60 «Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тІаьхьахІотта лууш хьо велахь, ваха а гІой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Іийсас. 61 Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогІур вара, пурба лохьа суна цкъа цІахь болчаьрца Іодика ян», – аьлла. 62 Іийсас жоп делира цунна: «Нахаран тІам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.

Лака 10

1 Цул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гІаланашка а, ярташка а дІахьовсийра Цо уьш. 2 Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тІелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кІезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий. 3 ДІадуьло! Берзалойн арданга юкъа Іахарий санна, дІадохуьйту Ас шу. 4 Шайца я бохча а, я тІоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца. 5 Шаьш чоьхьадевллачу цІа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хІокху хІусамехь!“ 6 Нагахь санна цу чохь Іаш волу хІусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь – шун машар шуна тІе юхабоьрзур бу. 7 Оцу цІа чохь Іе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хІунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХІусамаш ма хийца. 8 Шаьш гІала а дахана, цигахь тІеэцахь, шайна елларг яа, 9 цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“ 10 Шаьш тІе ца эцначу гІалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала: 11 „Шун гІалахь тхан мачаш тІе йиллина чан а шуна юха дІаегайо оха. Амма хаалаш, кху гІалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“ 12 Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гІалара нахана атта хир ду оцу гІалара нахана чул». 13 «Декъаза ю хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гІала! Нагахь санна Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а шу долчохь хилла тамашийна хІуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара. 14 Цундела Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду. 15 Ткъа хьо, Къапарнам-гІала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цІерга кхуссур ю». 16 ТІаккха Шен мурдашка Іийсас элира: «Шуьга ладугІуш волчо Соьга ладугІу, шу тІе ца оьцучо Со тІе ца оьцу. Ткъа Со тІе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тІе ца оьцу». 17 Іийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цІарах оха омра дича». 18 Іийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гІорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис. 19 Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтІанашна тІе, лаьхьанашна а, дІаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагІчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хІума дац. 20 Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цІераш Дала стигалшкахь дІаязъярх даккхийде». 21 Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Іилма долчараххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. ХІаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду! 22 Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КІант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КІантана бен а, Да гайта КІанта хаьржинчу нахана бен а». 23 Юха, мурдашка дІа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хІунда аьлча шайн бІаьргашца хІара дерриг а го шуна. 24 Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хІара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна». 25 Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Іеламчу стага Іийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хІун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?» 26 «Товрат тІехь хІун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Іийсас а. – Хьо муха кхета цунах?» 27 Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьо санна веза хьайна уллораниг а“». 28 «Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Іийсас, – иштта дан а де ахь, тІаккха хьо Дела волчохь вехар ву». 29 Амма Іеламчу стага бехказа валархьама хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?» 30 Цунна жоп луш Іийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогІуш. Новкъахь цунна тІе талорхой летта. Некъахочунна тІера хІуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дІабахана уьш. 31 ТІаьхьо цу новкъа схьавогІуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Іуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агІор а ваьлла, тІехваьлла дІавахана иза. 32 Изза дина цхьана левихочо, юьстахо а ваьлла, дІавахана иза а. 33 Юха лазийнарг Іуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахийтира цунна. 34 Цо, тІе а вахана, даьттанца а, чагІарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дІайихкина. Юха лазийнарг шен вира тІе а хаийна, некъахоша садоІучу цІийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Іалаш а вина цо. 35 ШолгІачу дийнахь, ша дІавоьдуш, хьешан цІийнан хІусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХІокхуьнга хьажалахь, со юхавогІуш, ас хьан хилла харж меттахІоттор ю хьуна“. 36 Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?» 37 Іеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх». Іийсас тІаккха элира цуьнга: «ДІа а гІой, иштта де ахь а». 38 Шайн новкъахула богІуш, цхьана юьрта кхечира Іийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цІе йолчу зудчо шен хІусамехь тІеийцира уьш. 39 Оцу зудчун Марем цІе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугІуш Іара. 40 Ткъа Марта, дуккха а яа хІума кечъян гІерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТІееана, Іийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хІара болх берриг а суна тІе а тесна, Іаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гІо де алахьа цуьнга», – аьлла. 41 «Маржа яІ, Марта, – элира Іийсас, – хьо дуккха а хІуманашна гІайгІа бан гІерташ ю, 42 ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дІадоккхур дац».

Лака 11

1 Цкъа Іийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доІа деш вара. Иза доІа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Іамадехьа доІа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Іаммадара». 2 Іийсас элира цаьрга: «Шаьш доІа дечу хенахь иштта ала: „Дада! Хьан цІе сийлахь хуьлда! Хьан Олалла тІекхочийла! 3 ХІора дийнахь даъал напха лохьа тхуна. 4 Тхан къиношна гечдехьа, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. Хьарам лаамна кІел ма дахийтахьара Ахьа тхо“». 5 Юха Іийсас элира цаьрга: «Масала, шун цхьаннан доттагІа ву. Буьйсанан юккъехь и волчу а дахана, аш цуьнга боху: „ДоттагІа! Бухалург кхо хьокхам лохьа суна, 6 со волчу доттагІа кхаьчна, сан цунна яла хІумма а яц“. 7 ТІаккха шун доттагІчо ала мега: „Со Іадда вита, сан неІ дІакъевлина ю, со а, бераш а дІадийшина ду. Сан, хьала а гІаьттина, хьуна хьокхам бала йиш яц“. 8 Ас боху шуьга, нагахь шун доттагІалла лерина цо шуна хьокхам ца лахь, аш, юха ца довлуш, кхин а, кхин а иза бехча, цо, хьала а гІаьттина, шуна иза лур бу. 9 Цундела Ас боху шуьга: „Деле деха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, 10 хІунда аьлча хІора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неІ тухучунна – схьайоьллуьйту. 11 Муьлхачу дас лур бу шен кІантана лаьхьа, цо чІара боьхуш хилча? 12 Муьлхачу дас лур ю шен кІантана дІаьвше гезг, цо хІоа доьхуш хилча? 13 Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“». 14 Цкъа Іийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хІоьттира. Юххехь лаьттарш чІогІа цецбевллера. 15 Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаІал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра». 16 Ткъа вукхара Іийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла. 17 Амма церан ойланаш хуучу Іийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу. 18 Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаІал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дІадоху бохуш, аш кхайкхадо дела. 19 Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаІал-Зебулин гІоьнца дІалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу! 20 Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю. 21 Нагахь шен цІа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хІумма а дац. 22 Амма нагахь, цул онданиг тІе а летта, и эшавахь, хІусамден бІобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дІахьур бу. 23 Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасабекъаболуьйтуш ву». 24 «Харцжин стагах дІакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тІетовжа меттиг а ца карош. ТІаккха цо олу: „Со арадаьллачу цІа чу юхадоьрзур ду со“. 25 Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Іийна меттиг нуй хьаькхна а, цІанйина а карайо цунна. 26 ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу». 27 Іийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!» 28 Амма Іийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочушдеш берш». 29 Дукха адам дара Іийсана гонах гулделла, тІетеІаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хІинцалера тІаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 30 Нунав-гІалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хІинцалерчу тІаьхьенна Адамийн КІант а билгало хилла дІахІуттур ву. 31 Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хІокху тІаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву. 32 Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву». 33 «Цхьаммо а ца хІоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кІел. Мелхо а хІора чувогІучунна серло гун йолччу лакха хІоттабо. 34 Хьан бІаьргаш – хьан дегІан серло ю. Нагахь хьан бІаьргашна са дика гахь, хьан дегІ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бІаьргаш дика бацахь, дегІ а боданах дуьзна хир ду. 35 Хьайн дегІера серлонах бода ца хилийта хьажалахь. 36 Нагахь хьан дегІ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду». 37 Іийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хІума яа чукхайкхира. ЦІа чу а ваьлла, хІума юучу меттехь агІорвелира Іийса. 38 Парушхо цецвелира, Цо хІума яале куьйгаш ца дилча. 39 Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тІехулара кад-Іайг дикка цІандахь а, бухалара бІаьрмециг а, къиза а ду шу. 40 Сонтанаш! ТІехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а? 41 Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тІаккха дерриг а нийса хир ду шун. 42 Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагІина дІалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза. 43 Къа ду шун, парушхой! Гуламан цІа чохь баьрччехь Іан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна. 44 Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тІехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш». 45 Цхьана Іеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» – аьлла. 46 Іийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Іелам нах! ХІунда аьлча дІа ца бахьлун мохь нахана тІе буьллу аш, ткъа шаьш пІелга тІе пІелг а ца туху гІодархьама. 47 Къа ду шун, хІунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу. 48 И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хІиттадо. 49 Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“. 50 ХІокху тІаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Іанийна долу массо а пайхамаран цІий хоттур ду: 51 Хьабулна тІера Делан цІенний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закриний тІе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а. 52 Къа ду шун, Іелам нах! Делан Йозанах хаарш чохь долчу цІийнан догІа нахера схьадаьккхина аш. Амма я шаьш а ца дахана шу оцу цІа чу, я нах а ца бахийтина аш». 53 Іийса цигара дІавахча, Іелам нах а, парушхой а, оьгІаз а бахана, тайп-тайпана хаттарш луш тІаьхьабевлира Цунна, 54 муьлххачу даша тІехь лаьцна а, Иза лаца гІерташ.

Лака 12

1 Цу хенахь эзарнаш адамаш гулделира, вовшашна тІеттІатеІара уьш. Іийса цкъа хьалха шен мурдашка къамел дан волавелира: «Парушхойн муьстачу бедах – шалхаллех ларлолаш. 2 Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. 3 Аша боданашкахь аьлларг серлонгахь хезар ду. Аша цІа чохь цхьаьнга лере аьлларг тхевнаш тІера кхайкхор ду». 4 «Ас боху шуьга, Сан доттагІий, стаг вен ницкъ болчух ма кхера, дегІ хІаллакдарал сов цуьнга кхин хІумма а далур дац. 5 Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цІерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера! 6 Пхеа хьозанах ши шай бен доккхур дуй те? Амма Далла царах цхьа а диц ца делла. 7 Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!» 8 Кхин дІа а Іийсас бохура: «Ас боху шуьга: Со нахана хьалха къобалвеш верг Адамийн КІанта Делан маликашна хьалха къобалвийр ву, 9 амма Со нахана хьалха дІатеснарг Аса а дІатосур ву Делан маликашна хьалха. 10 Адамийн КІантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. 11 Шаьш гуламан цІа чу, я хьаькамашна, я Іедална тІе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а, 12 Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Іамор ду шуна». 13 Нахана юкъара цхьана стага элира Іийсага: «Устаз! Сан веше тхан дех диснарг соьца декъа алахьа!» – аьлла. 14 «ЛадогІахьа, Со хьан хІоттийна шун кхелахо, бахам бекъа бакъо а елла?» – хаьттира цуьнга Іийсас. 15 Цул тІаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БІаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а». 16 ТІаккха Цо цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла. 17 „Ас хІун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хІара ялта чудилла меттиг ма яц“. 18 Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дІа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хІума а хоьур ю. 19 ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. 20 Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. 21 Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хІоранна а изза хир ду». 22 ТІаккха Іийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегІан дуьхьа духарна са ма гатде. 23 ХІунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегІ ду. 24 ДІахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду! 25 Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга? 26 Оццул кІезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш? 27 Ойла ел, муха кхуьуш ду петІамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кІадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 28 Нагахь тахана тІедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кІезиг тешаш дерш?! 29 Цундела ма леха яа а, мала а шайна хІун хир ю – цунна са ма гатде. 30 Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 31 Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду». 32 «Ма кхера, шу кІезиг а, гІийла а делахь а, шуна тІехь Іу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла. 33 Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. 34 Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду». 35 «Юкъ а ехкий, гуттар а гІуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, 36 зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хІусамда цІа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХІусамдас, цІа а веана, неІ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дІаелла кийчча хир бу уьш. 37 Декъала бу, хІусамда цІа кхаьчча, сема болу ялхой. Билггала боху шуьга, цо ша а, ялхойн духар а дуьйхина, уьш шуьнна гонах а ховшийна, оьшург тІе а дахьаш, царна гІуллакх дийр ду. 38 Декъала бу, шена гІуллакх дан кийча а болуш, хІусамдена карийна ялхой, буьйса юкъал тІехъяьлча иза цІа веача а. 39 Амма хаалаш, нагахь санна хІусамдена къу маца вогІур ву хууш хиллехь, цо шен цІа чохь къола дойтур дацара. 40 Шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву». 41 ТІаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» – аьлла. 42 Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цІа чохь: иза, хІусамдас вукху ялхошна тІехь куьйгалла дан а хІоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. 43 Декъала ву иза, шена тІедиллина гІуллакх деш а волуш, цуьнан хІусамда цІа кхаьчча. 44 Бакъдерг боху шуьга: хІусамдас иза берриг шен бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву. 45 Амма, масала, и ялхо: „Сан хІусамда кеста цІа вогІий ца хаьа“, – аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Іийр ву. 46 Цунна дагахь а доцучу, иза цІа варе ца хьоьжучу хенахь, хІусамда цІа кхочур ву. ХІусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду. 47 Шен хІусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гІиртинчу ялхочунна чІогІа еттар ю, 48 ткъа ларамаза гІалат даьллачунна кІезиг таІзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хІума шех тешна дитинчунна тІехь доккха декхар ду». 49 КхидІа а Іийсас бохура: «Со дуьнен чу цІе таса веана, хІинцале и цІе марсаяьлла йогуш хила лаьара Суна! 50 Амма баланийн хІордах чекхвала везаш ву Со, иза хиллалц синтем бац Суна! 51 Шуна моьтту хир ду, Со дуьнен чу машар бахьаш веана? „ХІан-хІа! – боху Ас шуьга, – Декъадалар дахьаш веана!“ 52 ХІинца дуьйна иштта хир ду: пхеа стагах лаьтта доьзал бекъалур бу, кхоъ шинна дуьхьал, шиъ кхаанна дуьхьал хир ву. 53 Да кІантана дуьхьал, кІант дена дуьхьал, нана йоІана дуьхьал, йоІ-нанна, марнана несана дуьхьал, нус марнанна дуьхьал хир ю». 54 Юха Іийсас бохура нахе: «Малхбалехь марха гича, догІа догІур дуй хаьа шуна, иза иштта хила а хуьлу. 55 Ткъа къилбехьара мох хьаькхча, йовхо хир ю олу аш, иза а нийса хуьлу. 56 Шалхончаш! Стигалан а, лаьттан а билгалонаш хаьа шуна, ткъа таханлерчу заманан билгалонаш къасто хІунда ца хаьа шуна?» 57 «Шайна гІолехь долчун ойла хІунда ца йо аш? 58 Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хІунда аьлча цо шу кхелахочунна тІе далор ду, кхелахочо гІароле дІалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду. 59 Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен».

Лака 13

1 Оцу хенахь цхьана наха, тІе а баьхкина, Іийсана дийцира Делан цІийнан кертахь байинчу галилайхойх лаьцна. Пулата и омра далар бахьана долуш, оцу нехан цІий цара сагІа доккхуш яйинчу бежанийн цІийца эделлера. 2 Іийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна? 3 ХІан-хІа, – боху Ас шуьга, – амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тІе ца дерзахь, уьш санна, шу а хІаллакьхир ду. 4 Шуна моьтту хир ду, Шилонан бІов тІе а йоьжна, велла волу берхІитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара? 5 ХІан-хІа, – боху Ас шуьга, – амма шу, дохко а девлла, Далла тІе ца дерзахь, уьш санна хІаллакьхир ду». 6 Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дІадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тІехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна. 7 ТІаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагІа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тІе. Охьа а тохий, дІадаккха хІара, кхуьнга эрна меттиг дІа а ца лоцуьйтуш“, – аьлла. 8 Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХІусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хІара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара. 9 ХІун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тІе? Ткъа ца латадахь, и дитт дІадоккхуьйтур ду ахь“, – аьлла». 10 Цхьана гуламан цІа чохь шоьтан дийнахь хьехам беш вара Іийса. 11 Букара хьаьвзина, букъ хьала ца нислуш, цхьа зуда яра цу чохь, берхІитта шарахь шеца жинийн цамгар йолуш. 12 И ган а гина, тІекхайкхина, Іийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргІатъяьлла», – аьлла. 13 Цо куьйгаш лецира зудчунна тІехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тІаккха Далла хастамаш бан хІоьттира. 14 И дерриг гина, гуламан цІийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Іийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догІуш», – аьлла. 15 Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш? 16 БерхІитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахІиман тІаьхьенах йолу хІара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргІатъяла мегаш яц?» – аьлла. 17 Цо и аьлча, Цунна дуьхьалболчу нахана эхь хийтира. Ткъа чохь берш самукъадаьлла, хазахеташ бара Іийсас и тамашийна гІуллакхаш дарх. 18 Цул тІаьхьа Іийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза? 19 Иза стага шен бешахь дІадийначу уггар жимачу хІуьнах тера ду. Цу хІуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тІехь». 20 Кхин цкъа а хаьттира Іийсас: «Кхин стенца дуста мегар ду Делан Олалла? 21 Иза морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дІаийна». 22 ГІаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Іийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо. 23 Цкъа цхьаммо хаьттира Цуьнга: «Эла! Иштта кІезиг бу теша кІелхьарбовлуш берш?» Іийсас элира гулбеллачаьрга: 24 «Готтачу неІарехула чекхдовла хьовса, хІунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гІиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац. 25 ХІусамдас неІ дІакъевлича, шу арахь дуьсур ду. И неІ етташ, дехар дийр ду аш: „Эла! ДІаеллахьа тхуна“, – бохуш. Амма Цо эр ду шуьга: „Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа“. 26 ТІаккха аш эр ду: „Оха Хьоьца яа а йиинера, мала а меллера, Ахь тхан урамашкахь хьехамаш а бинера тхуна“, – аьлла. 27 Амма Цо эр ду: „Ас боху шуьга, Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа. Шу массо а харцончаш ду, дІадовла Суна юххера!“ 28 Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахІим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду. 29 Малхбалехьара, малхбузехьара, къилбаседехьара, къилбехьара баьхкинчу наха хиндолчу тойнехь, Делан Олаллехь, шайн меттигаш дІалоцур ю. 30 Амма кхузахь цхьаболу тІаьххьара хилларш цигахь хьалхара хир бу, цхьаболу хьалхара хилларш тІаьххьара хир бу». 31 Оцу хенахь Іийсана тІевеанчу масех парушхочо элира: «Кхузара дІаваьлла, кхечу метте ваха веза Хьо – ХІарод ву Хьо вен гІерташ», – аьлла. 32 Іийсас жоп делира: «Даха а гІой, цхьогало санна, зулам деш волчуьнга дІаала: „Ас жинаш дІа а лохкур ду, нахана дарбанаш а дийр ду тахана а, кхана а, ткъа кхозлагІчу дийнахь Сайн болх чекхбоккхур бу“. 33 Делахь а, хІуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хІунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац. 34 Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. 35 ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“»

Лака 14

1 Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хІума яа ваханера Іийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга. 2 Цигахь Цунна дуьхьал нисвелира цхьа стаг. Иза, чкъура кІел хи а хІоьттина, оцу цамгарх чІогІа бала хьоьгуш вара. 3 ТІаккха Іийсас хаьттира Іеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?» 4 Уьш бист ца хилира. Іийсас, цунах куьг а Іоьттина, цомгушчунна дарба а дина, иза дІавахийтира. 5 Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кІант я, масала, сту гІуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?» 6 Церан Кхуьнга ала хІумма а дацара. 7 Іийсас тидам бира хьошалгІа кхайкхина нах баьрччехь йолу меттигаш дІалаца гІертар. Цо тІаккха царна цхьа хьекъале хІума дийцира: 8 «Хьо цхьанхьа зуда ялийначу метте кхайкхина велахь, баьрчче хаа ма гІерта, хІунда аьлча хьол лоруш волу стаг а кхайкхина хила там бу цига. 9 ТІаккха хьо а, иза а кхайкхинчу хІусамдас, тІе а веана, хьоьга эр ду: „ХІокху стагана меттиг ло“, – аьлла. Нахана хьалха юьхьІаьржачу а хІоьттина, уггар йистера меттиг дІалаца езар ю хьан. 10 Хьо хьошалгІа кхайкхинчу хІусамехь неІарера меттиг дІалаца, хІусамдега, хьайна тІе а веана, алийта: „ДоттагІа! Вало, хьуьлла баьрчче хаа“, – аьлла. ТІаккха вукху хьешашна хьалха хьан ларам хир бу, 11 хІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». 12 Цул тІаьхьа Ша кхайкхинчу хІусамдега Іийсас элира: «Айхьа нах хІума яа чукхойкхуш, хьайн доттагІий а, вежарий а, гергара нах а, хьалдолу лулахой а ма кхайкха, хІунда аьлча церан таро ю хьо чукхайкха а, шайна дина дика юхадан а. 13 Айхьа шун хІоттош, къенаш, заьІапнаш, астагІнаш, бІаьрзенаш кхайкха. 14 Хьо декъала хир ву, хІунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза». 15 И хІума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тІелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!» 16 ТІаккха Іийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хІоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина. 17 Той дІадоло хан тІекхаьчча, шен ялхо вахийтина цо шуьне кхайкхинчаьрга дІаала: „Схьадуьйла, дерриг а кийча ду“, – аьлла. 18 Амма хьеший, цхьаъ санна, бехказа бийла хІиттина. Хьалхарчо аьлла: „Ас латта эцна, вахана цуьнга хьажа дезаш ву со, доьху хьоьга, къинтІера валахь суна“. 19 ШолгІачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дІа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтІера валахь“, – аьлла. 20 КхозлагІчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогІийла дац сан“, – аьлла. 21 Вухавеанчу ялхочо хІусамдега и дерриг дІааьлла. ТІаккха оьгІазваханчу хІусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гІалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьІапнаш, бІаьрзенаш, астагІнаш“. 22 Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХІусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цІа чохь“. 23 ТІаккха хІусамдас юха а тІедожийна ялхочунна: „Ваха а гІой, гІалара аравалий, новкъахь а, керташкахь а гинарг схьавалаве, сан цІа хьешех дуьззина хилийта. 24 Амма, ас боху шуьга, хьалха кхайкхинчех цхьаъ хир вац сан тойнехь“». 25 Іийсаца йогІуш адамийн йоккха тоба яра. Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: 26 «Стаг Суна тІаьхьахІоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь. 27 Шен баланийн мохь схьаэца реза а воцуш, Суна тІаьхьавогІург Сан мурд хила йиш йолуш вац. 28 Масала, шух цхьаъ бІов ян лууш ву. Охьа а хиина, шен хин йолу харж лорур яц цо, гІишло чекхъяккха ахча тоьар ду дац хьажа? 29 Цо, бух а боьттина, дІаерзо ницкъ а ца кхаьчна, гІишло йолийначохь йитича, массо а и гуш верг воьлур ма ву цунах. 30 Цара бохур дара: „ХІокхо гІишло йолийначохь чекх а ца яккхалуш йитира“, – бохуш. 31 Я, масала, цхьа паччахь ву тІом бан кечлуш. Цкъа, охьа а хиъна, ойла йийр ю цо, шен итт эзар стаг волчу эскарца ткъа эзар стагаца тІевогІучунна дуьхьало ялур ю, я яц аьлла. 32 Нагахь шен ницкъ кхочур бац аьлла, цунна хетахь, мостагІа генахь волччуьра, цо векалш бохуьйтур бу машар боьхуш. 33 Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хІора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун. 34 Туьха дика хІума ю, амма цуьнан чам дІабаьлча, стен хуьлуьйтур ду иза юха а дуьра? 35 Иза я лаьттах а, я кхеллех а тоха пайденна дац, дІакхоссан бен. Лергаш долчунна хІара хезийла!»

Лака 15

1 Іийсага ладогІа дуккха а адамаш: ял гулъешберш а, къинош летийнарш а тІеоьхура. 2 Парушхой а, Іелам нах а резабоцуш, гІовгІа еш бара: «ХІокху стага къинош летийна адамаш тІе а оьцу, цаьрца хІума а йоу», – бохуш. 3 ТІаккха Іийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра. 4 «Мила ву шух, шайн бІе уьстагІ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц? 5 Ткъа иза карийча, самукъадаьлла, белшаш тІе а биллина, цІа бахьар бу. 6 ДоттагІий а, лулахой а схьа а кхайкхина, уьстагІ болчо эр ду: „Даккхийде вай цхьаьна, суна сайн байна уьстагІ карийна!“ 7 Масала, дохковала бахьана доцуш, Делан лаамехь а волуш везткъе ткъайоьсна стаг ву. Ас боху шуьга, оцу нахана чул, къинош а летийна, юха дохковаьлла, Далла тІевирзинчу цхьана стагана алсам баккхийбийр бу стигалшкахь берш». 8 «Масала, цхьана зудчун драхма цІе йолу итт дато ахча ду. Царах цхьаъ дайча, стогар а латийна, чохь нуй а хьоькхуш, леррина и лохур ма ду цо, иза карадаллалц. 9 Ткъа иза карийча, доттагІий а, лулахой а схьа а кхайкхина, цо эр ду: „Даккхийдейша соьца: суна дайна ахча схьакарийна!“ 10 Ас боху шуьга, лелийначунна дохко а ваьлла, Далла тІевирзинчу цхьана стагах а Делан маликийн самукъадалар иштта хуьлу». 11 Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кІант хилла. 12 Жимах волчу кІанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догІу дакъа схьалохьа“. Дас шина кІантана бекъна бахам. 13 Дукха хан ялале, жимах волу кІант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо. 14 Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чІогІа мацалла хІоьттина. Иза таро йоцуш висна. 15 ТІаккха вахана цу махкарчу цхьана стагана чухІоьттина иза. Вукхо хІара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка. 16 Мацалло бІарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай юзо лууш хилла хІара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла. 17 Метта а веана, цо элира: „Мел дукха ялхой бу сан ден цІахь, церан массеран а шортта яа хІума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву! 18 ДІавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас! 19 ХІинца со хьакъ вац хьан кІант ву со ала, хьайн белхало вай, дІаэцахьа со“. 20 Хьала а гІаьттина, шен да волчу вахара иза. КІант геннахь схьавогІуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тІе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас. 21 Ткъа кІанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХІинца со хьакъ вац хьан кІант ву со ала“. 22 Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тІейоха цунна, пІелгах мухІар а долла, кога мачаш а юха. 23 Юстийна йолу старгІа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хІоттор ду вай. 24 ХІунда аьлча хІара сан кІант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира. 25 Воккхах волу кІант оцу хенахь кха тІехь вара. ЦІа вогІуш, шайн бахамна гергакхаьчча, цунна лоькху эшарш а, хелхаран мукъамаш а хезира. 26 Цхьа ялхо схьа а кхайкхина, цо хаьттира: „ХІара хІун ду?“ 27 Ялхочо элира цуьнга: „Хьан ваша цІа веана. Хьан дас старгІа ейтина, хІунда аьлча иза могуш-маьрша юхавирзина дела“. 28 Воккхах волу кІант, оьгІазвахана, чу ван ца лууш вара. Дас, ара а ваьлла, чувола аьлла, дийхира цуьнга. 29 Амма цо элира дега: „Со хьуна вецаш волу мел дукха хан ю, ахь аьллачунна тІера ког а ца баьккхина ас, амма ахь суна буьхьиг а ца елла, соьга сайн доттагІашца сакъерийта. 30 Ткъа шен хьал мехкаршца сакъоьруш хаьхкина волу хьайн кІант цІа веача, цунна юстийна старгІа йийна ахь“. 31 Амма дас элира воккхах волчу кІанте: „Сан кІант! Хьо гуттар а соьца ма ву, сан долуш дерг шадерриг а хьан ма ду. 32 ХІинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».

Лака 16

1 Шен мурдашна Іийсас кхин цхьа хьекъале дийцар далийра: «Цхьана хьалдолчу стеган бахаман дола деш урхалхо хилла. Цхьаммо аьлла цу хьолахочуьнга, цуьнан бахам урхалхочо байина дІабоккхуш бу аьлла. 2 Урхалхо тІе а кхайкхина, хІусамдас хаьттина: „И хІун ду суна хьох лаьцна хезаш дерг? ДІа а гІой, хьайн балхах жоп дала кечам бе, кхин дІа хьоьга урхалла ца дойту ас“, – аьлла. 3 ТІаккха урхалхочо ойла йина: „Ас хІун дан деза? ХІусамдас со балхара дІавоккхуш ву. Латта ахка ваха сан ницкъ бац, сагІа деха эхь хета. 4 ХІа! Суна хаа хІун дан деза, кхузара дІаваьккхича кхечу меттехь со тІеэцийта“. 5 Цхьацца кхойкхуш, шен хІусамден декхархой тІекхайкхина цо. Хьалхарчуьнга хаьттина: „Хьо мел декхарийлахь ву сан хІусамдена?“ 6 Вукхо жоп делла: „БІе черма зайтдаьтта“. Урхалхочо аьлла цуьнга: „ХІара хьайн декхар тІеяздина кехат схьа а эций, сихха охьахаий, дІаязде: шовзткъе итт“. 7 Юха кхечуьнга хаьттина: „Хьо мел дала дезаш ву сан хІусамдена?“ Цо аьлла: „Эзар гали кІа“. Урхалхочо аьлла: „Хьайн декхаран кехат схьа а эций, дІаязде: бархІ бІе гали“. 8 ХІусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хІокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гІуллакх догІуш. 9 Ас боху шуьга, харц дуьненан хьолах пайда а оьцуш, шайна доттагІий лаха. Юха, и хьал шух дуьсур долчу хенахь, Дала Шен даим лаьттачу цІа чохь тІеоьцур ду шу. 10 КІезигчу хІуманна тІехь тешаме верг доккхачунна тІехь а тешаме ву, ткъа кІезигчунна тІехь тешаме воцург доккхачунна тІехь а вац. 11 Нагахь шу дуьненан хьал гулдеш тешаме ца хиллехь, стигалахь бакъдолу хьал шух хьан тешор ду? 12 Неханиг шух тешна дита мегаш ца хилча, шуниг хьан лур ду шуна? 13 Шина хІусамдена гІуллакх далур дац цхьана ялхочуьнга. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». 14 Ахча дукха дезаш болу парушхой и дерриг а хаза а хезаш, Іийсах боьлуш бара. 15 Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гІерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета. 16 Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чІогІа Делан Олалла тІелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву. 17 Амма стигалний а, латтаний а атта хир ду дІакъовладала, Товрато хьехамаш тІера цхьа сиз дІадовчул. 18 ХІора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву». 19 Юха Іийсас дийцира: «Вехаш хилла цхьа хьалдолу стаг. Деза а, хаза а духар тІе а духий, хІора дийнахь той а хІоттадой, сакъоьруш хилла цо. 20 Ткъа цуьнан кевнна йисттехь Іуьллуш, ЛаІзар цІе йолуш сагІадоьхург хилла, дерриг дегІ дІалаьцна даьІнаш а долуш. 21 Хьолахочун стоьла тІера охьаэгна юхкаш йиъна а, хІума яа лууш хилла цунна. ЖІаьлеша, тІе а догІий, цуьнан даьІнашна тІе мотт хьоькхуш хилла. 22 Эххар а сагІадоьхург велла. Маликаша ИбрахІимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дІаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дІавоьллина. 23 Жоьжахатин цІергахь Іазапехь воллуш, дІахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахІим а, цунна уллохь ЛаІзар а гина. 24 Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахІим! Къинхетам бехьа сох. ЛаІзар ваийтахьа, шен пІелг хи чу а Іоьттина, сан мотт шелбайта, хІокху цІергахь чІогІа холчохь ву-кх со!“ – аьлла. 25 Амма ИбрахІима аьлла: „Сан кІант! Дагадаийта, хьо муха Іаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаІзарна – дерриг вониг. ХІинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву. 26 Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чІогІа кІорга Іин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тІеван лиъча а, иза дІавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“. 27 ТІаккха аьлла хьолахочо: „Ас доьху хьоьга, ЛаІзар вахийтахьа сан ден хІусаме, 28 сан пхи ваша ма ву. Цаьрга дІахоуьйтур дара цо кхузахь дерг, хІара Іазап хьега уьш кхуза ца кхачийта“. 29 ИбрахІима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогІа дезаш ма бу уьш!“ 30 Хьолахочо жоп делла: „ХІан-хІа, дада ИбрахІим! Нагахь веллачех цхьаъ шайна тІевеача, лелийначунна дохко а бевлла, Далла тІебоьрзур бара уьш“. 31 ТІаккха ИбрахІима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догІахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“».

Лака 17

1 Іийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хІума тІе ца догІуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг. 2 Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тІулг, коча а оьллина, ша хІорда чу кхоссийтар гІоле ю цу стагана. 3 Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна. 4 Нагахь хьан вашас дийнахь ворхІазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхІаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, – алахь, гечде цунна». 5 ТІаккха векалша элира Іийсага: «Алсамбаккхахьа тхан тешам», – аьлла. 6 Іийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хІорда чу догІало!“ Цо аш бохург дийр дара. 7 Масала, шун цхьаннан охуш я жа дажош ялхо ву. Иза арара балхара цІа веача, хьан эр ду аш цуьнга: „Схьавола, хІокху метте агІорвалий, хьайна хІума яа“? 8 Мелхо а, аш цуьнга эр ду: „Суна яа хІума кечъе, юкъ а ехкий, сан гІуллакхе хьажа со йиина а, мелла валлалц, тІаккха – айхьа а яа а яа, мала а мала“. 9 Шена тІедиллинарг ялхочо кхочушдича, цунна баркалла хьан эр ду аш? 10 Иштта аша а, шаьш дан деза гІуллакх кхочушдай, ала: „Тхо хьакъ доцу ялхой бен дац – оха тхайна тІедиллина гІуллакх кхочушдина“». 11 Ярушалайме воьдуш, Шамранан а, Галилайн а шина мехкан дозанехула схьавогІуш вара Іийса. 12 Иза цхьана юьрта чувулуш, Цунна дуьхьалкхийтира дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу итт стаг. Геннахь севцина, 13 маьхьарий хьаькхира цара: «Іийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла. 14 Уьш гиначу Іийсас элира: «Даха а гІой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла. Цомгуш нах, дІабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цІинбелира. 15 Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира. 16 Іийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хІоьттира иза. Иза шамранхо вара. 17 ТІаккха Іийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву? 18 Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хІара стаг бен ма вац?» 19 ТІаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагІатта, дІавало. Хьан тешаро цамгарх кІелхьарваьккхи хьо». 20 Цкъа парушхоша хаьттира Іийсага: «Делан Олаллин де тІе маца кхочур ду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Шуна гучу кепехь догІур дац Делан Олалла. 21 Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДІогахь ду“, хІунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду». 22 ТІаккха Шен мурдашка элира Цо: «Цхьа хан йогІур ю Адамийн КІентан денойх цхьа де гина а, ган шу сатесна долуш, амма шуна и де гур дац. 23 Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДІогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дІа ма хьовда. 24 Ерриг а стигал цхьана йистера вукху йисте кхаччалц серлаяьккхина, стелахаьштиг санна, хир ву Адамийн КІант Шен дийнахь. 25 Амма и де тІекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХІокху адамийн тІаьхьено эккхор а ву Иза. 26 Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КІентан деношкахь а. 27 Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хІордан кеманна чу валлалц. Амма цул тІаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хІаллакьхилира. 28 Изза дара ЛутІа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дІадоьра, гІишлош йора. 29 Амма ЛутІа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догІа санна, деанчу цІеро а, саьмгало а дерриг а адам хІаллакдира. 30 Иштта хир ду Адамийн КІант гучувоккхучу дийнахь а. 31 Оцу дийнахь тхов тІехь нисвелларг шен хІуманаш схьаэца цІа чу ма гІо. Эрна арахь верг цІа юха ма верза. 32 Дагадаийта шайна ЛутІин зудчух хилларг. 33 Шен са лардечо иза хІаллакдийр ду, ткъа са дІалочо иза Іалашдийр ду. 34 Билггала боху шуьга: цу буса цхьаьна дІабийшинчех цхьаъ дІаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 35 КІа оручу шина зудчух цхьаъ дІаоьцур ю, важа юьтур ю». 37 «Мичахь хир ду иза, Эла?» – аьлла, хаьттира Цуьнан мурдаша. Іийсас элира: «Дакъа долчу хьаргІанаш а гуллур ю».

Лака 18

1 Гуттар а доІанаш деш, догйовха хилийтархьама, Іийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хІума дийцира: 2 «Цхьана гІалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла. 3 Оццу гІалахь ехаш йисина Іаш йолу зуда а хилла. Денна а кхелахочунна тІе а оьхуш, цуьнга дехарш деш хилла цо: „Сан довхочуьнца болчу къовсамехь нийсонна тІе кхачаехьа со“, – бохуш. 4 Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Іийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а, 5 оцу зудчунна гІо дан деза ас, хІора дийнахь схьа а оьхуш, цуьнга со хьийза ца вайта“, – аьлла». 6 Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций. 7 Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тІе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза? 8 Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КІант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?» 9 Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хІума дийцира Іийсас: 10 «Ши стаг вахана Делан цІа чу доІа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг. 11 Парушхочо, дІа а хІоьттина, доІа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хІара ял гулъеш верг санна со ца хиларна. 12 КІирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тІедогІучу хьолах уьтталгІа дакъа нахана сагІина а ло ас“, – бохуш. 13 Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бІаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тІе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш. 14 Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». 15 Іийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тІехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора. 16 Амма Іийсас, бераш Шена тІе а кхайкхина, элира мурдашка: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Делан Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу. 17 Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тІе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац». 18 Цхьана хьаькамо хаьттира Іийсага: «Дика Устаз! Ас хІун дан деза Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама?» 19 «Сох „дика“ хІунда олу ахь? – хаьттира Іийсас. – Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 20 Дала тІедехкина гІуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, стаг ма ве, къола ма де, харц тоьшалла ма де, да-нана лара“?» 21 «Беран хенахь дуьйна и дерриг кхочушдеш схьавогІуш ву со», – аьлла хьаькамо. 22 И хезча, Іийсас элира: «Кхин цхьа хІума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. Цул тІаьхьа, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». 23 Хьаькам гІайгІане вуьйжира и хезча, хІунда аьлча иза чІогІа хьал долуш стаг вара. 24 Іийсас, цуьнга хьаьжча, иза гІайгІане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25 Эмкална механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». 26 И дерриг хезначара хаьттира: «КІелхьара мила ваккхалур ву ткъа?» 27 Іийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду». 28 ТІаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тІаьхьахІиттинарш». 29 Іийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цІа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна 30 хІинца а алссам дерг хир ду, ткъа тІейогІу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду». 31 Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Вай хІинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КІантах пайхамарша дІаяздинарг. 32 Иза кхечу къаьмнех болчу нахе дІалур ву. Уьш Цунах боьлуш, Иза хьийзош, Цунна тІе шеташ етташ хир бу. 33 Цара Цунна шед еттар ю, тІаьххьара вуьйр а ву, амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». 34 Цо дийцинчух векалш ца кхийтира, Цуьнан дешнийн маьІна царна къевлина дара. 35 Іийса Ерихон-гІали улло кхочучу хенахь, некъа йистехь сагІа доьхуш Іара цхьа бІаьрзе стаг. 36 Уллохула тІехдовлучу адамийн гІовгІа а хезна, цо хаьттира: «И хІун ду?» – аьлла. 37 Цунна жоп делира: «Назартера Іийса ву и тІехволуш верг», – аьлла. 38 ТІаккха бІаьрзечо мохь хьаькхира: «Даудан кІант Іийса! Къинхетам бехьа сох!» – аьлла. 39 Хьалха богІучу наха чехавора иза, гІовгІа ма е бохуш. Амма цо кхин а чІогІа мохь беттара: «Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш. 40 Іийсас, саца а сецна, и стаг Шена тІевалавайтира. Иза тІекхаьчча, хаьттира цуьнга: 41 «Соьгара хІун оьшу хьуна?» – аьлла. БІаьрзечо дийхира: «Эла! Са гуш хила лаьара суна», – аьлла. 42 Іийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». 43 Цу сохьта бІаьрзечун са схьадеара. Иза Іийсана тІаьхьа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина нах даггара Далла хастамаш бан хІиттира.

Лака 19

1 Цул тІаьхьа Іийса Ерихон-гІалахула чекхволуш вара. 2 Цу гІалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цІе Закай яра. 3 Закайна чІогІа лаьара Іийса ган, амма дегІана жима волу дела, нахана тІехула ца хьажалора иза. 4 Ведда хьалха дІа а вахана, цхьана комарийн дитта тІе хьалавелира иза, тІехволу Іийса гархьама, хІунда аьлча Іийса цигахула дІаваха везаш вара. 5 Закай волчу метте тІевеана, хьала а хьаьжна, Іийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана». 6 Вукхо, сиха чу а воьссина, хазахетарца тІеийцира Іийса шен хІусамехь. 7 И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хІусаме хьошалгІа веа-кх Иза». 8 Закайс, хьала а гІаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дІалур бу, нагахь ас цхьана хІумана тІехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахІоттор ду!» 9 Іийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хІусаме, хІунда аьлча иза а ИбрахІиман кІант ву. 10 Адамийн КІант дайнарг каро а, кІелхьардаккха а веана ма ву». 11 ЛадугІучарна Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хІинццехь гучудаьлла хир ду. 12 Іийсас дийца долийра: «Паччахьан цІийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чІагІ а йина, вухаверзархьама. 13 Ша дІавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хІара ахча пайда хуьлучу гІуллакхна хьажаде“. 14 Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тІаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дІахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, – аьлла. 15 Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хІун пайда хилла аьлла, хаьттира цо. 16 Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, – аьлла. 17 ХІусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кІезигчу хІуманна тІехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кІел итт гІала ло ас“. 18 ШолгІачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“. 19 „Хьо пхеа гІалина тІехь куьйгалла дан хІоттаво ас“, – аьлла цуьнга паччахьо. 20 Схьавеана, кхозлагІчо аьлла: „Эла! ХІара ду хьан дашо ахча, со хьох кхоьру дела, йовлакха юкъахь Іалашдинера ас иза, хІунда аьлча хьо къиза стаг ву: айхьа дІа ца йиллинчуьра хІума схьаоьцу ахь, айхьа дІа ца дийначуьра ялта хьокху ахь“, – аьлла. 22 Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дІа ца йиллинчуьра хІума схьаоьцуш а, айса дІа ца дийначуьра ялта хьокхуш а. 23 Со цІа вале оцу ахчанах суна пайда хІунда ца бира ахь, тІе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“ – аьлла. 24 ТІаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дІало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, – аьлла. 25 Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, – аьлла. 26 Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду. 27 Ткъа аса шайна тІехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагІий, схьа а балабай, хІокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла». 28 Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Іийса. 29 Зайт-диттийн ломан басенашкахь Іохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХІина а гІаланашна тІекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тІе декхар а диллина: 30 «Шайна хьалха лаьттачу юьрта дІагІо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тІе а хааза, дІайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае. 31 Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хІунда йосту аш иза?“ – аьлла, „Элана оьшу хІара“, – эр ду аш». 32 ДІабаханчу мурдашна, Іийсас ма-аллара, карийра дерриг а. 33 Цара вир схьайостучу хенахь, хІусамдайша хаьттира: «Вир схьа хІунда йосту аш?» – аьлла. 34 Кхара жоп делира: «ХІара Элана оьшу», – аьлла. 35 Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тІе шайн тІехулара бедар а кхоьссина, Іийса тІехаийра. 36 Иза новкъа вогІуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тІе охьатуьйсура. 37 Зайт-диттийн лам тІера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гІуллакхаш бахьана долуш: 38 «Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш. 39 Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Іийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» – аьлла. 40 Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тІулгаша а маьхьарий деттар ду». 41 Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гІала а гина, Іийсан бІаьргех хи делира. 42 Цо элира: «Маржа-яІ! ХІокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хІун оьшу хьуна хиъча! ...Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бІаьргех. 43 Цхьа денош догІур ду, мостагІаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агІор хьо къовлуш. 44 ТІулга тІехь тІулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш». 45 Делан цІийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дІалахка волавелира Іийса. 46 «Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цІа доІанан цІа хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина». 47 Іийсас хІора дийнахь Делан цІийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а Іийса хІаллакван лууш бара. 48 Амма церан аьтто ца болура, хІунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хІора Цуьнан даше ладугІуш.

Лака 20

1 ТІаьхьо, Іийса Делан цІийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тІебаьхкира динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а. 2 «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» – аьлла, хаьттира цара. 3 Іийсас жоп делира: «ХІинца Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар: 4 Яхьъяна хих нах чекхбаха елла бакъо стигалара яра я адамашкара яра?» 5 ТІебаьхкинарш вовшийн барт бан хІиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хІунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 6 Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, наха вайна тІулгаш кхуьссур ду, хІунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх». 7 Цара жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла. 8 Іийсас элира: «ТІаккха Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг». 9 Юха Іийсас нахана цхьа хьекъале хІума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дІа а елла, дуккха а ханна цІера ваьлла хилла иза. 10 Кемсаш хуьлучу хенахь шен ялхо вахийтина цо белхалошна тІе, гулбинчу стоьмех цхьа дакъа дан шена аьлла. Амма белхалоша ялхо, етта а йиттина, ваьсса цІа хьажийна. 11 ХІусамдас кхин цхьа ялхо а вахийтина, амма цара, етта а йиттина, сийсаз а вина, хІумма а ца луш, дІахьажийна иза а. 12 Цо кхозлагІа ялхо вахийтина. Белхалоша йиттина, цІийх а вуьзна, эккхийна иза а. 13 ТІаккха хІусамдас аьлла: „ХІун дан деза ас? Сайн хьоме кІант вахийта веза ас, цуьнга мукъана а ларам хир бац теша церан?“ 14 Амма шайна тІевеана и кІант гича, белхалойн сацам хилла: „Иза хинволу хІусамда ву. Вай иза вен веза, тІаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 15 Кемсийн бешара ара а ваьккхина, вийна цара иза. Ткъа хІинца хІун дийр ду царна хІусамдас? 16 Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дІалур ю-кх кемсийн беш». ЛадугІучара элира: «Иза иштта ма хуьлийла!» 17 Іийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХІун маьІна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина“? 18 Муьлхха а оцу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІе боьжча, цо хьошур ву». 19 И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура. 20 Цара Іийса леррина тергалвора, Цунна тІе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тІехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Іедале дІаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш. 21 Цкъа хаьттира мотт беттачара: «Устаз! Хьан дешнаш а, хьехамаш а нийса буй хаьа тхуна. Стаге ца хьожуш, Ахь нийса хьоьху Далла лууш дерг. 22 Алахьа, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?» 23 Церан мекарло гуш, Іийсас элира: 24 «Схьагайтал Суна дато динари-ахча. Хьенан сурт ду кху тІехь диллинарг, хьенан цІе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара. 25 ТІаккха Цо жоп делира цаьрга: «Делахь, паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург». 26 Нахана хьалха цхьана а хІуманна тІехь Иза лаца а ца велла, Цуьнан жоьпах цецбевлла, дІасевцира мотт беттарш. 27 Іийсана тІе садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара хаьттира Цуьнга: 28 «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тІаьхье меттахІотто. 29 ВорхІ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 30 Иштта хилла шолгІачу вешина а. 31 КхозлагІчо ялийна иза, иштта ворхІе а велла уьш, цхьа а бер доцуш. 32 Эххар и зуда а елла. 33 Масала, уьш денбелча, хьенан зуда хир ю иза, ворхІангахь а иза марехь хилла хилча?» 34 Іийсас жоп делира: «Кху дуьнен чохь зударий а балабо, маре а боьлху. 35 ТІейогІучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац. 36 Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац. 37 Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла. 38 Амма Дела беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву, хІунда аьлча Цунна гергахь массо а дийна ву!» 39 И хезча, цхьаболчу Іеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла. 40 Кхин цхьа а Цуьнга хаттар дала ца хІуттура. 41 Юха Іийсас хаьттира: «Дала леррина Къобалвинарг Даудан КІант ву хІунда олу? 42 Дауда забура тІехь ша ма-аллара: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агІор охьахаа, 43 Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц“. 44 Нагахь Дауда Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кІант муха хуьлу Иза?» 45 Массо а Іийсага ладугІуш вара, ткъа Цо Шен мурдашка элира: 46 «Іеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цІа чохь а, той долчохь а баьрччехь Іан лаьа царна. 47 Цара бисина Іан зударий шайн цІенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доІанаш а до. Амма иштта болчарна луьра таІзар хир ду».

Лака 21

1 Іийсана гира хьалдолчу наха Делан цІийнан кертахь сагІа гулдечу хазнина чу сагІина хІума луш. 2 Цхьа йисина Іаш йолу къен зуда а гира Цунна. Цу зудчо ши жима цІестан ахча охьадиллира. 3 «Бакъдерг боху шуьга, – элира Іийсас, – хІокху йисина Іачу къен зудчо сагІина делларг массара деллачул а деза ду. 4 Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа цо шен таро йоццушехь, шена юучунна хІумма а ца дуьссушехь, дерриг а охьадиллина». 5 Цхьаболчу Іийсан мурдаша тидам бира Делан цІа дезачу мехалчу тІулгех а, Далла деанчу совгІатех а кечдина хилар. Амма Іийсас элира: 6 «Цхьа хан йогІур ю, хІара шуна гуш дерг дерриг а дохош, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». 7 Мурдаша хаьттира: «Устаз! Маца хир ду иза? ХІун билгало хир ю и хиндерг тІекхачаран?» 8 Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча Сан цІарца дукха нах богІур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тІекхочуш ю“, – бохуш. Царна тІаьхьа ма хІитталаш. 9 ТІемах я гІаттамах шайна хІума хазахь, кхера ма лолаш. И дерриг цкъа хьалха хир ду, амма чаккхе иштта сиха хир яц». 10 Іийсас кхидІа а дуьйцура: «Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. 11 МаьІ-маьІІехь чІогІа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хІуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю. 12 Амма и хІуманаш хилале, шу дІа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цІеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дІа а луш, лелор ду шу. 13 ТІаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун. 14 Хаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш. 15 Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн. 16 Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагІаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух. 17 Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу. 18 Амма кхера ма кхералаш, шун кортош тІера цхьа мас а галъер яц. 19 Собаре хилахь, шайн синош кІелхьардохур ду аша». 20 «Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар. 21 ТІаккха ЯхІуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гІалахь берш цу чуьра арабовла беза, гІалина арахь берш чу ца богІуш совца беза, 22 хІунда аьлча уьш „таІзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама. 23 Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тІе, Дела оьгІазгІур ву кху халкъана. 24 Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц». 25 «Малха тІехь, батта тІехь, седарчаш тІехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хІордан тулгІенийн гІовгІано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду. 26 Лаьтта тІе буьссу болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела. 27 ТІаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тІехула вогІу Адамийн КІант“. 28 И хила доьлча, хьала а гІовттий, шайн кортош хьалаайа, хІунда аьлча шун кІелхьардахар герга кхаьчна». 29 Іийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а. 30 Царна тІе гІаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 31 Иштта ду кхузахь а, и хІуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла. 32 Бакъдерг боху шуьга: хІара адамийн тІаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 33 Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац». 34 «Варелаш, тІехъюучу хІумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дІа ма лецийталаш, хІунда аьлча оцу дийно дІалоцур ду шу, 35 цІеххьана цхьаъ лаца йинчу кІелочо санна. Дуьнен чуьра массо а адамна тІекхочур ду и де. 36 Гуттар а сема хила, доІанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КІантана хьалха хІитта кийча хилархьама». 37 Дийнахь Іийсас Делан цІа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тІе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура. 38 Іуьйранна хьалххе Цуьнга ладогІа адамаш догІура Делан цІа лаьттачу керта.

Лака 22

1 Шех «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де дара тІекхочуш. 2 Динан коьрта дай а, Іелам нах а аьтто лоьхуш бара Іийса хІаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура. 3 ТІаккха ЯхІудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхІуд Іийсан шийтта векалх цхьаъ вара. 4 Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькамашна а тІе а вахана, Іийса царна дІаваларх лаьцна къамел дира. 5 Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан. 6 ЯхІуд иза схьаэца реза хилира. Іийса царна дІавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь. 7 Совсазчу баьпкан деза де тІекхечира. Цу дийнахь Пасахьан Іахар бен безаш бара – яа хІума кечъян. 8 Іийсас Кипий, Яхьъяй вахийтира: «Ваха а гІой, шиммо а вайна Пасахьана дууш долу суьйренан пхьор кечде», – аьлла. 9 «Мичахь кечдан лаьа Хьуна иза?» – аьлла, хаьттира цара. 10 Цо элира: «ГІала чу вулуш, кхаби чохь хи дахьаш вогІу стаг дуьхьалкхетар ву шуна. Цунна тІаьххье иза вахханчу цІа чу гІо. 11 ХІусамдега эр ду аша: „Устазо хоьтту: Шен мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 12 Цо шуна лакха тІехь кечйина йоккха чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш». 13 Цара, дІа а бахана, Цо ма-бохху дерриг кара а дина, Пасахьана кечам бира. 14 Хан тІекхаьчча, Іийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира. 15 Іийсас элира цаьрга: «Сайн бала тІелацале, хІара Пасахьан Іахар чІогІа шуьца баа лиънера Суна. 16 Ас боху шуьга: хІара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц». 17 Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хІара. 18 Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тІекхаччалц». 19 Цо, бепиг схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дІаделира: «Сан дегІ ду хІара, шун дуьхьа дІалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш». 20 Шаьш пхьор диина девлча, Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Іанор долчу Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара. 21 Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тІехь. 22 Адамийн КІантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг». 23 ТІаккха уьш вовшашка хетта буьйлабелира, Іийсана ямарта верг мила ву бохуш. 24 Цул тІаьхьа мурдаш къийса буьйлабелира, шайна юкъахь коьртаниг мила ву аьлла. 25 Іийсас элира цаьрга: «Кхечу къаьмнийн паччахьаша шайн адамаш тІехь олалла до, Іедал карахь долу нах кхечарна комаьрша хета, 26 амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг – ялхо санна хила. 27 Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тІеяхьаш, гІуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву. 28 Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла, 29 Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара. 30 Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тІехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гІанташна тІе охьаховшор ду Ас». 31 Везачу Эло элира: «Ва ШамІа! Иблис шу, кІа санна, дІасакхийсина хила лууш ду, 32 амма хьох Ас доІа дина, хьан Делах тешар лагІ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тІе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чІагІделахь». 33 Кипас жоп делира: «Эла! Со Хьоьца набахте ваха а, вала а кийча ву!» – аьлла. 34 Амма Іийсас элира: «Ас боху хьоьга, Кипа, тахана Іуьйранна нІаьна кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо, Со хьайна ца вевза аьлла». 35 Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тІоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хІумма а оьшурий шуна?» «Ца оьшура», – элира цара. 36 «ХІинца, шайн делахь, бохча а схьаэца, тІоьрмаг а схьаэца, шайн тур дацахь, коч йохкий а, тур эца. 37 Яздина ду: „Иза зуламхойх дІатуьйхира“. Ас боху шуьга: иза Соьца хир ду. Дерриг а Сох яздинарг хІинца кхочушхуьлуш ду». 38 Цара элира: «Эла! Хьажахьа, тхоьгахь ши тур ду», – аьлла. «Тоьар ду цунах лаьцна», – жоп делира Іийсас. 39 Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тІе вахара Іийса. Мурдаш а бахара Цуьнца. 40 Шаьш дІакхаьчча, Іийсас элира: «ДоІа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта». 41 Ша а царна тІулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доІа дан хІоьттира: 42 «Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». 43 Стигалара деанчу малико дог чІагІдира Цуьнан. 44 Халачу хьолехь кхин а чІогІа доІа дан хІоьттира Іийса. Цуьнан хьацар, цІийн тІадамаш санна, лаьтта оьгура. 45 ДоІа дина а ваьлла, мурдашна тІевахара Иза. ГІайгІано дог дохийна, гІелбелла, бийшина Іохкуш карийра Цунна уьш. 46 «Шу дийшина хІунда Іохку? – хаьттира Іийсас – ХьалагІовтта, доІанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта». 47 Іийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогІура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхІуд. Иза Іийсана тІевеара – Цунна барт баккха. 48 Іийсас хаьттира: «ЯхІуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КІантана?» 49 Іийсаца болчара, гІуллакх муха ду а гина, хаьттира: «Эла, тарраш схьаэца оха?» – аьлла. 50 Царах цхьаммо тур тоьхна динан коьртачу ден ялхочун аьтту лерг даьккхира. 51 Амма Іийсас элира: «Собар де, тоьар ду!» Цо, куьг Іоьттина, лерг тодира цу стеган. 52 Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу! 53 ХІора дийнахь шайца Со Делан цІийнан кертахь волуш, Суна тІе куьг ма ца ойура аш. Амма хІинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан». 54 Цара Іийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цІа чу вигира. Кипа, царна гено тІаьхьа а хІоьттина, вахара. 55 Гулбелларш, кертахь цІе а латийна, бохлуш хевшина Іаш бара. Кипа а вара царна юкъахь хиъна Іаш. 56 Цхьана йоІана-ялхочунна гира иза цІера юххехь Іаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца». 57 Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза». 58 Жимма тІаьхьо цхьаммо, хІара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ». «ХІан-хІа, вац», – жоп делира Кипас. 59 Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тІедожош, элира: «ХІара билггала хилла Іийсаца, хІунда аьлча хІара а галилайхо ву». 60 Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хІун дуьйцу ца хаьа суна», – аьлла. Цуьнан къамел чекх а далале, нІаьна кхайкхира. 61 Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тІе хьаьжира. ТІаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нІаьна кхайкхале, Со кхузза дІатосур ву ахь». 62 Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира. 63 Іийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара. 64 Цара, Цуьнан бІаьргаш дІа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?» 65 Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хІуманаш дуьйцура цара. 66 Іуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Уьш болчу валийра Іийса. 67 «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», – бохура цара. Іийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац. 68 Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац. 69 Амма хІинца дуьйна дІа Адамийн КІант Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іийр ву». 70 Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КІант ву ткъа?» Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву». 71 ТІаккха цара элира: «Кхин хІун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»

Лака 23

1 Цул тІаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гІаьттина, Іийса а эцна, Пулатана тІе бахара. 2 Цигахь Иза бехке ван хІиттира уьш: «Тхуна хІара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду». 3 Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» Іийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза». 4 ТІаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дІахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан». 5 Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхІуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хІинца кхуза а кхаьчна». 6 И дешнаш а хезна, Пулата хаьттира: «ХІара стаг галилайхо ву?» – аьлла. 7 Ткъа шена Іийса ХІародан куьйга кІел болчу махкара вуй хиъча, цо Иза цу хенахь Ярушалайме веана волчу ХІародана тІе хьажийра. 8 Іийса гича, чІогІа самукъаделира ХІародан, хІунда аьлча дукха хенахь дуьйна Иза ган лууш ша волу дела. Цунна Іийсах лаьцна дукха хІуманаш хезнера, цундела Цуьнгара цхьа тамашийна болх ган лууш вара иза. 9 Цо Іийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира. 10 Динан коьрта дай а, Іелам нах а бара цигахь, шайн ма-хуьллу Іийса бехке веш. 11 ХІарода а, цуьнан тІемалоша а, бела а бийлина, доггах Іийса сийсаз а вина, Цунна тІе дезачу, лепачу кІадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дІахьажийра. 12 ХІинццалц схьа ши мостагІа хилла волу Пулат а, ХІарод а цу дийнахь ши доттагІа хилира. 13 Пулата динан дайшка а, хьаькамашка а, халкъе а, схьа а кхайкхина, 14 элира: «ХІара стаг халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тІе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тІедожийнарг суна гучу ца дели. 15 ХІародана а ца карийна Цуьнан бехк болуш хІумма а, цундела цо юхаваийтина Иза. Шуна ма-гарра, Цо хІумма ца дина Иза вен бахьана хиллал. 16 Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза». 18 Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» – бохуш. 19 (ГІалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.) 20 Пулата, Іийса дІахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе. 21 Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. 22 Пулата кхозлагІа а хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза!» 23 Амма цара чІогІа маьхьарий хьоькхура, Иза жІарах дІатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира. 24 Цо сацам бира церан лаам кхочушбан. 25 Цара ма-деххара, стаг вийна а, адам карзахдаьккхина а волу зуламхо дІа а хецна, церан лаам кхочушбе аьлла, омра дира цо. 26 Іийса дІавуьгучу хенахь тІемалоша шен кха тІера вогІу Къуринара ШамІа цІе йолу цхьа стаг схьалецира. ЖІаран бІогІам цуьнга ги а боллийтина, Іийсана тІаьххье дІабахьийтира цара. 27 Іийсана тІаьхьа дукха адам догІура, царна юкъахь Цунах къахеташ боьлху зударий а бара. 28 Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: «Ярушалайман йоІарий, Сох ма делха, шайх а, шайн берех а делха. 29 Цхьа хан йогІур ю наха олуш: „Ирс долуш бу бер ца хуьлурш а, бер цкъа а даза берш а, цкъа а дакхоза берш а“. 30 ТІаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тІе эгийша!“ гунашка: „Тхо дІахьулдейша!“ 31 ТІе гІа даьллачу къоначу диттаца и болх беш хилча, декъачу диттах хІун хир ду?» 32 Іийсаца вен вуьгуш ши талорхо а вара. 33 «Туьта» олучу метте схьабаьхкира уьш. Цигахь Іийса жІарах дІатуьйхира, ши талорхо а – цхьаъ Цунна аьтту агІор, важа аьрру агІор дІатуьйхира. 34 Іийсас бохура: «Дада, гечдехьа кху адамашна, шаьш хІун деш ду ца хаьа-кх кхарна». ТІемалоша, кхаж а тосуш, Іийсан тІеюху хІуманаш йийкъира. 35 Нах, дІа а хІиттина, хьоьжуш лаьттара. Хьаькамаш Цунах боьлура: «Кхиберш кІелхьарбохура Цо! ХІинца Ша кІелхьарваккха, нагахь Иза Дала леррина Къобалвинарг велахь!» 36 ТІемалой а бара уллохь лаьтташ, бела а боьлуш. Цара Іийсага кемсийн къонза кховдийра: 37 «Хьо кІелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» – аьлла. 38 Іийсана тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара жуьгтийн къоман Паччахь ву», – аьлла. 39 ЖІарах дІатоьхначу цхьана талорхочо Іийса сийсазвеш бохура: «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг вац? Хьуо а, тхо а кІелхьардаха!» 40 ШолгІачо шен накъост сецавора: «Делах ца кхоьру хьо? Изза таІзар дац хьуна динарг а? 41 Вайшинна дина таІзар нийса, догІуш дина ду, ткъа кху стеган цхьа а бехк бац». 42 Цо элира Іийсага: «Іийса, со дагаваийталахь, Айхьа Хьайн Олалла кхочушдеш». 43 ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Билггала боху хьоьга: тахана Соьца ялсаманехь хир ву хьо». 44 Дийнан делкъахан еара. Лаьтта тІе цІеххьана бода беара, иза кхаа сахьтехь лаьттира. 45 Малх лаьцнера. Делан цІийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа юккъехула декъаделира. 46 Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Дада! Сайн са Хьан кара дІало Ас!» Иза а аьлла, Іийса кхелхира. 47 Дерриг иза гиначу тІеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!» 48 Хьовса баьхкина нах, дерриг а хилларг гича, чІогІа халахеташ, гІайгІанца некха тІе куьйгаш а детташ, юхабирзира. 49 Амма Іийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тІаьхьа баьхкина зударий а тІехь, геннара хьоьжуш лаьттара. 50 Юсуп цІе йолуш цхьа стаг вара цигахь. Иза кхеташона юкъахь а волуш, Делан лаамехь, дика стаг вара. 51 Цо Іийсана йина кхел къобал ца йинера. ЯхІуд-махкахь йолчу Рамат цІе йолчу гІалара вара иза. Делан Олалла тІекхачаре сатуьйсура цо. 52 Пулат волчу а веана, Іийсан дакъа схьадийхира Юсупа. 53 Цо дакъа, жІара тІера схьа а даьккхина, кІади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. Цу къубба чу цхьа а дакъа диллаза дара. 54 Иза пІераскан де дара – Далла лерина шоьтан денна кечам бо хан тІейогІуш яра. 55 Галилайра дуьйна Іийсаца баьхкина зударий а бахара Юсупана тІаьхьа. Іийсан дакъа къубба чу дуьллуш гира царна. 56 Цара, цІа а баьхкина, хаза хьожа йогІу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тІедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьІира цара.

Лака 24

1 Іуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кІиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара. 2 Къуббанна тІетовжийна тІулг дІакарчийна карийра царна. 3 Чоьхьа бевлча, царна Іийса-Элан дегІ ца карийра. 4 Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хІоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг. 5 Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хІунда лоьху аш? 6 Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг: 7 „Адамийн КІант къинош летийначу нехан кара дІалур ву, жІарах дІа а тухур ву, амма кхозлагІчу дийнахь денлур ву“». 8 ТІаккха царна дагадеара Іийсан и дешнаш. 9 Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара. 10 Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а. 11 Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира. 12 Ткъа Кипа, хьалагІаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Іохкуш кІадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чІогІа цец а вуьйлуш. 13 Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Іаммас-эвла воьдуш. 14 Цу шиммо оцу хиллачу хІуманех лаьцна дуьйцура. 15 Юха и шиъ къамел деш схьавогІуш, тІевеана Іийса цаьрца дІаволавелира. 16 Дала цу шина стагана Іийса ца вовзийтира. 17 Іийсас хаьттира цаьрга: «ХІун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогІуш?» Важа шиъ сецира, гІайгІане яххьаш а йина. 18 Царах цхьамма, цуьнан цІе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хІокху деношкахь хІун ду ца хууш виснарг?» 19 «Ткъа хІун хилла?» – хаьттира Іийсас. «Назартарчу Іийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хІуманаш Дийриг вара И. 20 Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жІарах дІатохийтира Иза. 21 Тхо чІогІа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргІатбоккхург хиларх. Цу тІе, хІинца кхозлагІа де а ду и дерриг а хилла. 22 Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХІокху Іуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача, 23 Іийсан дегІ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хІиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла. 24 Цул тІаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тІе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Іийса царна цигахь ца гира». 25 ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! 26 Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» 27 Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. 28 Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Іийсас Ша кхин а дІаваха воллу сурт хІоттийра. 29 Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», – аьлла. Іийса цаьрца сацархьама цІа чу вахара. 30 ХІума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дІакховдо вуьйлира. 31 Дала цу шина стагана Іийса вовзийтира. Амма Іийса царна ца гуш хилира. 32 Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догІуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьІна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» – бохуш. 33 Сихха хьалагІаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра. 34 Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамІина хьалха хІоьттинера!» 35 Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Іийса вовзарх а лаьцна. 36 Церан къамел чекх а ца даьллера, Іийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча. 37 Уьш, кхерабелла, дІасевцира, шайна гуш дерг гІаларт ду моьттуш. 38 Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хІунда делла? Шеко хІунда йогІу шу дегнаш чу? 39 Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХІара Со ву! Куьг Іоттал Сох, схьахьовсал. ГІалартан дегІ а, даьІахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегІ ду». 40 Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира. 41 Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТІаккха Іийсас хаьттира: «Яа хІумма а юй шун?» 42 Цара беттина чІара белира Цунна. 43 Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха. 44 «ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо. 45 Цул тІаьхьа церан хьекъал кІаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама. 46 Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. 47 Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла. 48 Шу оцу хІуманийн тешаш хилла дІахІуьттур ду. 49 Сан Дас лур ду аьлларг Ас дІакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гІалахь совца деза». 50 Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХІине кхаччалц дІавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо. 51 Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза. 52 Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира. 53 Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цІийнан кертахь бара уьш.

Яхьъя 1

1 Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. 2 И Дош юьхьанца Делехь дара. 3 Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина. 4 Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра. 5 И серло боданехь къега. Бодано и серло эша а ца йина. 6 Дала цхьа стаг ваийтира, цуьнан цІе Яхьъя яра. 7 Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера, цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама. 8 Яхьъя ша Серло яцара, ткъа иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара. 9 И бакъйолу Серло дуьнен чу йогІуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху. 10 Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира. 11 Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тІе ца ийцира. 12 Ткъа, Ша тІе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо. 13 Уьш я цІийх а, я дегІан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу. 14 Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. 15 Яхьъя, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХІара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тІаьхьа ВогІург, сол лакхара а хилла, дІахІоьттина, хІунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“». 16 Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. 17 ХІунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула деана ду. 18 Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КІанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш. 19 Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цІе йолчу тайпанан, Делан цІа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» – аьлла. 20 Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тІера юха а ца волуш, ма-дарра дІа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац». 21 Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? ЭлияхІу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс. 22 ТІаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тІе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хІун олу ахь?» 23 Яхьъяс жоп делира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“». 24 Ткъа Яхьъяна тІебахкийтинарш парушхойх бара. 25 ТІаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я ЭлияхІу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хІунда боху ахь?» 26 Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. 27 Иза сол тІаьхьа вогІуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ долуш вац». 28 И дара Йордан-хин дехьа агІор йолчу Бет-ХІина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь. 29 ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу. 30 ХІара ву ас Шех лаьцна аьлларг: „Сол тІаьхьа вогІуш волу Стаг сол а лакхара ву, хІунда аьлча Иза сол хьалха волуш вара“. 31 Суна а билггала ца вевзара Иза. Амма Иза исраилхошна вовзийтархьама, веанера со, нах хих чекхбохуш». 32 Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тІехь дисира. 33 Цкъа хІинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тІехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. 34 И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан КІант хиларх». 35 И хиллачу шолгІачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца. 36 ТІехволучу Іийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХІара бу Дала баийтина Іахар». 37 Цуьнан и дешнаш а хезна, Яхьъян ши мурд Іийсана тІаьхьахІоьттира. 38 Юха а хьаьжна, и ши мурд Шена тІаьхьавогІу а гина, Іийсас хаьттира цаьрга: «Шуна хІун оьшу?» Цара элира: «Рабби!», (Иза «Устаз!» бохург ду), «Хьо мичахь Іаш ву?» 39 Іийсас оцу мурдашка элира: «Соьца дІа а дуьйлий, хьовса». Мурдаш Цуьнца бахара. Царна гира И мичахь вехаш ву. И де Іийсаца даьккхира цара. ДоьалгІа сахьт даьллера цу хенахь. 40 Яхьъян дешнаш а хезна, Іийсана тІаьхьахІоьттинчу шиннах цхьаъ Іандар вара. Иза вара ШамІа-Кипин ваша. 41 Іандара, цу сохьта шен ваша ШамІа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.) 42 Іандара шен ваша ШамІа Іийсана тІевалийра. Іийсас, ШамІе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кІант ШамІа ву-кх. Хьох хІинца „Кипа“ эр ду». (Иза « тарх» бохург ду.) 43 ШолгІачу дийнахь Іийсана Галилай-махка ваха лиира. Іийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тІаьхьахІотта». 44 Пилап а вара Іандар а, Кипа а схьаваьлла волчу Бет-Саида-гІалара. 45 НатунаІил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тІехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тІехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кІант Іийса, Ша Назарт-гІалара схьаваьлла волу». 46 Ткъа НатунаІила элира: «Назартера цхьа а дика хІума дала а даьллий те?» Пилапа жоп делира: «ГІой, хьо-хьуо хьажа», – аьлла. 47 Шена тІевогІу НатунаІил а гина, Іийсас элира: «ХІара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо». 48 НатунаІила хаьттира Іийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?» Іийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кІел Іаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара». 49 НатунаІила элира Іийсага: « Рабби! Хьо Делан КІант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». 50 Іийсас элира цуьнга: «Ас хьо инжиран дитта кІел гина аларна тийши хьо Сох? Кхин а, цул тІех гІуллакхаш а гур ду хьуна». 51 Кхин а элира Іийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДІаеллаелла стигалш а, Адамийн КІант волчу Суна тІе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна».

Яхьъя 2

1 ТІаккха кхоалгІачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хІоттийна той дара. Іийсан нана а яра цигахь. 2 Цига кхайкхина бара Іийса а, Цуьнан мурдаш а. 3 ТІаккха, той дІа а дохале, чагІар чекхдолу а гина, Іийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагІар чекхдели-кх кхеран». 4 Ткъа Іийсас элира: «Нана, Суна тІе хІунда дуьллу ахьа и гІуллакх? Сан хан хІинца а тІееана яц». 5 ТІаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де». 6 Цигахь лаьтташ тІулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цІанонна а, юург лелочу пхьегІашна а лелош дара и хи. 7 Іийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тІеххалц хих юьзира. 8 ТІаккха кхин а элира Іийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагІар а доттий, иза той дІакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагІар тІедаьхьира. 9 Той дІахьочо чагІарх чам баьккхира. Ткъа и чагІар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТІаккха той дІахьочо зудаялийнарг шена тІекхайкхира. 10 Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагІар ло мала, ткъа нах бехначул тІаьхьа вониг ло. Ахь дика чагІар хІинццалц ма-латтийна?» 11 Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дІадолийра Іийсас тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тІаккха тийшира Іийсах Цуьнан мурдаш. 12 Цул тІаьхьа Іийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь. 13 «Пасахь» олу жуьгтийн деза де тІедогІуш дара. ТІаккха Іийса Ярушалайме веара. 14 Делан цІийнан керта веача, цигахь Іийсана гира стерчий а, уьстагІий а, кхокхарчий а духкуш берш. Ахчанаш хуьйцуш берш а бара цу кертахь хиъна Іаш. 15 ТІаккха тІийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Іийсас шайн уьстагІашца а, стерчашца а. ГІопастанаш дІа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо. 16 Кхокхарчий духкучаьрга а элира Іийсас: «ДІадаха хІорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цІийнах йохкаэцаран цІа!» 17 ТІаккха Іийсан мурдашна Делан Йозанаш тІехь яздинарг дагадеара: «Хьан цІийне болчу хьагамо Сан кийра багабо». 18 Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Іийсага: «Иштта хІума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хІун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?» 19 Іийсас жоп делира царна: «Аш хІара Делан цІа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дІахІоттор ду иза», – аьлла. 20 ТІаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХІара Делан цІа шовзткъе ялх шарахь дина дІахІоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дІахІоттор ду иза?» 21 Амма Іийсас Делан цІийнах лаьцна бохург Шен дегІах лаьцна бохург дара. 22 Іийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТІаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Іийсан дашах а. 23 Пасахьан дезачу дийнахь, Іийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах. 24 Амма Іийсас Ша цхьанна а кІорггера ца вовзуьйтура, хІунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара. 25 Цундела Іийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.

Яхьъя 3

1 Нукха-Деми цІе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза. 2 Нукха-Демис, буьйсанна Іийса волчу а веана, элира Цуьнга: « Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХІунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш». 3 Іийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгІа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла». 4 Нукха-Демис элира Іийсага: «Цкъа къанделла адам шолгІа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?» 5 Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тІелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. 6 Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу. 7 Хьо цец ма вала Ас хьайга аьллачух: „Шун шолгІа кхолладала деза“, – аьлла. 8 Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гІовгІа хеза, ткъа иза мичара богІу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хІора а Делан Синах кхоллавелларг а». 9 «Ткъа иза муха хилало?» – хаьттира Нукха-Демис Іийсага. 10 Іийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Іелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна? 11 Баккъалла а боху хьоьга, оха тхайна хуург а дуьйцу, тхайна гиначух тоьшалла а до, ткъа аша тхан и тоьшаллаш тІе ца лоцу. 12 Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу? 13 Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КІант бен стигалшкара охьа а ца воьссина. 14 Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КІант а ву хьалаваьккхина хила везаш, 15 Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама». 16 ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. 17 Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КІант, ткъа Цуьнгахула дуьне кІелхьардалийтархьама ваийтинера. 18 Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КІантах цатешарна. 19 Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гІуллакхаш Далла хьалха вон долу дела. 20 ХІунда аьлча хІора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гІуллакхаш гучу ца далийтархьама. 21 Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гІуллакхаш Делан гІоьнца деш хилар гайтархьама. 22 Цул тІаьхьа Іийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхІуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира. 23 Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Іейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура, 24 хІунда аьлча цу хенахь Яхьъя хІинца а набахти чу воллаза вара. 25 Яхьъян мурдашна а, жуьгтийн динан куьйгалхочунна а юкъахь къовсам хилира. И къовсам баьллера хица цІано яран хьокъехь дино тІедиллина долчух. 26 ТІаккха, Яхьъяна тІе а баьхкина, цара элира: «Устаз, хьо Йорданан вукху агІор волуш, хьоьца хилла волу, ахь Шех тоьшалла динарг а ву-кх нах хих чекхбохуш. Ткъа массо адам Цунна тІеоьхуш ду». 27 Яхьъяс жоп делира: «Адамо хІумма а шена тІелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь. 28 Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“. 29 Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагІа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Іаш, цунна хьалхара гІуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагІа чувогІуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хІинца кхочушхилла. 30 Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза». 31 Лакхара ОхьавогІург массарал а лакхара ву. Кху Лаьттара ваьлларг Лаьттара ву, цо Лаьттахь долчух лаьцна дуьйцу. Ткъа стигалара Веанарг массарал а лакхара ву. 32 Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тІе ца лоцу. 33 Цуьнан тоьшаллаш тІелаьцначо шен мухІар тохарца чІагІдо Дела бакъхилар. 34 ХІунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела. 35 Дена Шен КІант веза. Цо массо а хІума Шен КІентан кара дІаделла. 36 КІантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КІантана муьтІахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгІазло а йолуш ю цунна тІехь.

Яхьъя 4

1 Шена тІаьхьахІуьтту мурдаш а, шаьш хих чекхбохуьйту нах а Яхьъяна тІаьхьахІиттинчарал совбовлар парушхошна хааделлий хиъча, Іийсас ЯхІуд-мохк битира. 2 Ткъа нах хих чекхбахар Іийсас Ша ца дора, иза Цуьнан мурдаша дора. 3 Іийса, ЯхІуд-мохк битина, юха а Галилай-махка вахара. 4 ТІаккха Шамран-махкахула чекхвала дезара Цуьнан. 5 Иштта Іийса Шамран-махкара Суьхьар олучу юьрта кхочу. Якъуба шен кІантана Юсупана деллачу лаьттана юххехьа яра и юрт. 6 Цигахь Якъуба яьккхина гІу яра. Иштта, некъ а бина, кІад а велла, оцу гІуна уллохь хиъна Іаш вара Іийса. Иза де юккъе дахана хан яра. 7 Цу гІуна чуьра хи схьаэца цхьа шамранхойн зуда еара. Іийсас элира цуьнга: «Мала хи лохьа Суна». 8 Цу хенахь Іийсан мурдаш яа хІума эца юьрта баханера. 9 Шамранхочо Іийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хІунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.) 10 Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». 11 ТІаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегІа а ма яц, ткъа хІара гІу кІорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“? 12 Хьо хІун, вайн дел Якъубал а лакхара ву, цо ша а, цуьнан кІенташа а, цуьнан хьайбанаша а хи мийлина хилла йолу хІара гІу тхуна елла волчу?» 13 Іийсас элира цуьнга: «ХІара хи мелларг юха а хьаглур ву, 14 ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». 15 Зудчо элира Іийсага: «Эла, лохьа суна и Айхьа дуьйцу хи, со хьогах ца хилийта а, со кхуза хІара хи кхехьа ца эхийта а». 16 Іийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза». 17 Зудчо жоп делира: «Сан майра вац». «Нийса боху ахь, хьайн майра вац. 18 ХІунда аьлча хьан пхи майра хилла, ткъа хІинца хьоьца Іаш верг хьан майра вац. Иза нийса элира ахьа», – элира Іийсас. 19 ТІаккха зудчо элира: «Эла, го суна Хьо пайхамар хилар. 20 Тхан дай Далла Іибадат дан кху лам тІе богІура, ткъа аша и Іибадат дан деза меттиг Ярушалаймехь ю боху». 21 Іийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТІейогІуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Іибадат я кху лам тІехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш. 22 Шуна-м шайна а ма-дарра ца хаьа, шаьш Хьанна Іибадат до. Ткъа тхуна хаьа тхаьш Хьанна Іибадат до, хІунда аьлча кІелхьардовлар жуьгташкара ма ду. 23 Амма тІейогІуш ю и зама, тІееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Іибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Іибадат деш. ХІунда аьлча иштта Іибадат дийраш лоьху Шена Дас. 24 Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Іибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Іибадат дан деза». 25 Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогІур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна». 26 Іийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг». 27 Цу хенахь Цуьнан мурдаш схьабаьхкира. Уьш цецбевллера, Іийсас зудчуьнца къамел деш шайна гича. Делахь а мурдех цхьаммо а ца хаьттира Цуьнга: «Хьуна хІун лаьа?» я: «Ахь стенах лаьцна къамел до оцу зудчуьнца», – аьлла. 28 ТІаккха, шен хи кхоьхьу кхаба а йитина, юьрта а яхана, оцу зудчо нахе элира: 29 «ГІой, хьовсал, ас сайн дахарехь мел динчух лаьцна соьга схьадийцинчу Стаге. Дала леррина Къобалвинарг-м вац те Иза?» 30 Юьртара ара а бевлла, и нах Іийсана тІе бахара. 31 Цу хенахь мурдаша дехар дира Цуьнга: « Рабби, хІума яахьа!» – аьлла. 32 Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Шуна хІун ю а ца хууш йолу яа хІума ю Соьгахь». 33 ТІаккха мурдаша вовшашка элира: «Цхьаммо яа хІума-м ца еана те Кхунна?» 34 Іийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гІуллакх чекхдаккхар а. 35 Ялта дІадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тІейогІур ю вайна“, – ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бІаьргаш дІа а беллий, кхаш тІе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хІинца. 36 Ялта хьокхучо шена догІург схьаоьцу, Дела волчохь хедар доцучу дахаре стом а гулбеш, ялта дІадуьйчунна а, хьокхучунна а цхьаьна хазахетар хилийтархьама. 37 ХІунда аьлча нийса боху кицано: „Цхьаммо ялта дІадоь, вукхо хьокху“. 38 Аша шаьш къа ца хьегначу кха тІе ялта хьакха дахийтина Аса шу. Кхечара къахьегна, ткъа аша цара къахьегначу кха тІера ялта гулдина». 39 Цу гІалара дуккха а шамранхой тийшира Іийсах, оцу зудчо шайга тоьшалла а деш: «Сайн дахарехь ас мел динчух лаьцна схьадийцира Цо соьга», – аьлла дела. 40 Цундела Іийса волчу баьхкира и шамранхой. Цара, шайца саца аьлла, дийхира Іийсага. ТІаккха Іийса шина денна цаьрца сецира. 41 Іийсан дош бахьана долуш кхин а, хьалхачул а сов, нах тийшира Цунах. 42 Ткъа цу зудчуьнга цара элира: «Хьалха ахь дийцарна тийшира тхо. ХІинца тхуна тхаьшна а Цо дуьйцург хезна а дела, и Стаг баккъалла а дуьне кІелхьардоккхург вуй го а дела, теша тхо Цунах». 43 И ши де чекхдаьлча, Іийса, цигара ара а ваьлла, Галилай-махка вахара. 44 ХІунда аьлча Іийсас Ша тоьшалла дира, пайхамарийн шаьш схьабаьллачу махкахь сий ца до аьлла. 45 Іийса Галилай-махка веача, галилайхоша а тІеийцира Иза. ХІунда аьлча царна гинера Ярушалаймехь дезачу дийнахь Іийсас дина гІуллакхаш. Галилайхой а баханера цу Пасахь-дийнахь Ярушалайме. 46 Иштта Іийса юха а Галилай-махкара Кхана олучу юьрта веара, Ша цкъа хих чагІар дина хиллачу меттиге. Цу хенахь Къапарнамехь цхьа стаг вара, ша паччахьан белхало а волуш. Цуьнан кІант цомгуш вара. 47 Іийса ЯхІуд-махкара Галилай-махка веана аьлла, хезира цу стагана. ТІаккха, Іийсана тІе а веана, цу стага дийхира Цуьнга, шеца дІа а веана, и кІант туовар. ХІунда аьлча и кІант вала герга вара. 48 ТІаккха Іийсас цу стаге элира: «Я тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш, я Іаламаташ ца гича, тешар дац-кх шу Сох». 49 Ткъа цу стага дийхира Іийсага: «Эла, сан кІант велла дІавалале, тІеволахьа!» – аьлла. 50 Іийсас элира цуьнга: «ДІагІо, хьан кІантана гІоле ю». Іийсас аьллачух теша а тешна, и стаг дІавахара. 51 Иза цІа воьдуш, дуьхьалбогІучу леша: «Хьан кІантана гІоле ю», – элира. 52 Стага хаьттира цаьрга: «Маца хена дуьйна гІоле хила йолаелира кІантана?» Леша жоп делира: «Селхана, делкъахенахь, цхьа сахьт даьлча, дагар дІаделира цуьнан», – аьлла. 53 ТІаккха хиира кІентан дена, иза шега Іийсас: «Хьан кІантана гІоле ю», – аьллачу хенахь хиллий. ТІаккха и стаг а, цуьнан цІахь мел берш а тийшира Іийсах. 54 Иштта, Ша ЯхІуд-махкара Галилай-махка веача, шолгІа а тамашийнчу гІуллакхийн билгало гайтира Іийсас.

Яхьъя 5

1 Цул тІаьхьа Ярушалаймехь жуьгтийн цхьа деза де даздеш дара. Іийса а веара цига. 2 Ярушалаймехь УьстагІийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Іам бу. Цунах Іебархойн маттахь Бет-Хьасда олу. Цу Іомана гонах лаьтташ бІогІамийн пхи могІа бара, тІехула тиллина тхов а болуш. 3 Оцу Іомана тІедоьлхучу некъаш тІехь Іохкуш Іаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бІаьрзенаш, астагІнаш, заьІапнаш. 5 Иштта, ткъе берхІитта шарахь шен цамгаро хьийзош волу цхьа хьенех а вара цигахь. 6 И стаг цигахь Іуьллуш а гина, иза дукха хенахь дуьйна цомгуш вуйла а хиъна, Іийсас хаьттира цуьнга: «Могуш хила лаьий хьуна?» 7 Ткъа цомгушчо элира Іийсага: «Эла, Іома чуьра хи, меттах а даьлла, дІасадаьржачу хенахь со цу чуваккха цхьа а вац-кх сан. Ткъа со хи чувала воллучу хенахь, кхин цхьаъ сол хьалха волу-кх». 8 Іийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, дІаволало». 9 И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гІайба схьа а эцна, дІаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара. 10 Цундела динан куьйгалхоша цамгарх товеллачуьнга элира: «Тахана Далла лерина шоьтан де ду, хьайн мотт-гІайба дІабаккха а бакъо ма яц хьан». 11 Ткъа цо жоп делира яхІудхошка: «И со Товинчо элира-кх соьга: „Хьайн мотт-гІайба схьа а эций, дІаволало“». 12 ТІаккха цара хаьттира товеллачуьнга: «Мила ву хьоьга, мотт-гІайба схьа а эций, дІаволало аьлла и Стаг?» 13 Ткъа товеллачунна Иза мила ву ца хаьара. ХІунда аьлча, кхузахь адам алссам хиларна, аьтту а баьлла, Іийса къайлавелира. 14 Цул тІаьхьа и стаг Делан цІийнан кертахь а карийна, Іийсас элира цуьнга: «ХІинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама». 15 ТІаккха цу стага, вахана, динан куьйгалхошка ша Товинарг Іийса вуй дІахаийтира. 16 Цундела, Іийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Іийсана дуьхьалбевлира. 17 Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Сан Дас тахханалц а болх беш бу, Аса а бо и болх». 18 Іийсас иза аларна, Иза вен кхин а чІогІа тІаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХІунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Іаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Іийсас. 19 Ткъа Іийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хІумма а дойла дац КІентан. ХІунда аьлча Шен Дас дийрриг до КІанта а. 20 Дена Шен КІант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КІантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гІуллакхаш гойтур ду Дас Цунна. 21 ХІунда аьлча Шен Дас белларш денбаре терра, иштта КІанта а Шена луъург денво. 22 Адамашна тІехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КІентан кара дІаделла Дас, 23 массаьрга а, Да лоручу тайпана, КІант а ларийтархьама. ХІунда аьлча КІант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору. 24 Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугІуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тІехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш. 25 Бакъдерг боху Ас шуьга: тІейогІуш ю и зама, тІекхаьчна а яьлла, беллачарна Делан КІентан аз а хезар долуш, и хезнарш ден а лур болуш. 26 ХІунда аьлча Ден а Ша-Шена чохь дахар хиларе терра, иштта Шен КІантана а делла Цо Ша-Шена чохь дахар хилар. 27 Иза Адамийн КІант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара. 28 Цец ма довлалаш цунах, хІунда аьлча тІейогІуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КІентан аз хезар долуш. 29 ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. 30 Айса-Сайгара хІумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХІунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо». 31 «Нагахь санна Аса-Айса Сайх тоьшалла дахь, и Сан тоьшалла кхоччуш дац. 32 Сох тоьшалла дийриг Кхин ву. Цо Сох деш долу и тоьшалла бакъ дуйла хаьа Суна. 33 Аша Яхьъяна тІе нах бахийтира, ткъа цо билггал долчу бакъдолчух тоьшалла дира. 34 Адамо дина тоьшалла оьшуш вац Со-м, амма шу кІелхьардовлийта боху Аса шуьга хІара. 35 Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кІеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира. 36 Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХІунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гІуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх. 37 Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина. 38 Я Цуьнан кхаъ а шун даг чохь ца лаьтта, Цо Ваийтинчух шу ца теша дела. 39 Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. 40 Амма шуна ца лаьа Суна тІаьхьахІитта, шайна Дела волчохь хедар доцу дахар хилийта. 41 Адамашкара сий дар ца оьшу Суна. 42 Амма Суна девза шу, шун дегнаш чохь Деле хила ма-безза безам боцийла а хаьа. 43 Со Сайн Ден цІарах веана воллушехь, тІе ца оьцу аша. Ткъа цхьа кхиверг шен цІарах веача, иза тІеоьцур ву аша. 44 Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тІеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху. 45 Ма мотталаш Ас шу Далла хьалха бехке дийр ду. Шу бехке дан Муса-пайхамар хир ву, цунах дегайовхо йолуш Іаш долчу шуна. 46 Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хІунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо. 47 Амма нагахь санна цуьнан йозанех а шу ца тешча, Сан дешнех муха тешар ду шу?»

Яхьъя 6

1 Цул тІаьхьа Галилай-Іоман дехьа болчу берда тІе вахара Іийса. Цу Іомах Тхьабара-Іам олу кхечу тайпана. 2 Цо цомгушчарна тІехь йина тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш а гина, дукха адам тІаьхьахІоьттира Іийсана. 3 Цкъа, лам тІе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Іаш вара Иза. 4 Ткъа тІедогІуш дара «Пасахь» олу деза де. 5 Юхахьаьжча, Іийсана гира Шена тІаьхьахІоьттина догІу дукха адам. ТІаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла. 6 Иза Пилап зерхьама элира Іийсас, хІунда аьлча Іийсана хаьара Ша дендерг. 7 «Царна хІоранна кІез-кІеззиг бепиг кхачийта а, ши бІе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа. 8 Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамІа-Кипин вашас Іандара, элира Іийсага: 9 «Кхузахь цхьа кІант ву, цуьнгахь мекхан демах дина пхи хьокхам а, ши чІара а бу. Амма цунах хІун хир ю кху халкъана?» 10 ТІаккха Іийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Оцу меттехь лаьттахь тІеяьлла дукха буц яра. Цу тІе пхи эзар стаг охьахиира. 11 Іийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дІакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дІадийкъира. Иштта царна деззачул чІерий а дийкъира. 12 Нах буьзна а бовлийтина, Іийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш, цхьа а ца юьтуш, схьагулъе». 13 ТІаккха и нах яа хІума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира. 14 Цул тІаьхьа, Іийсас йина тамашийна гІуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХІара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар». 15 Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Іийса юха а Ша цхьаъ лам тІе дІавахара. 16 ТІаккха суьйре тІееача, Іийсан мурдаш Іам тІе баха чубиссира. 17 Хинкеман чу а хиъна, Іоман вукху агІор йолчу Къапарнам олучу гІала баха бевлира уьш. Бода а боьллера, амма Іийса хІинца а схьа ца веанера. 18 ЧІогІа мох баларна, хІорд карзахбаьллера. 19 Иштта мурдаша, хІорда тІехула дІабоьлхуш, пхи чаккхарма гергга некъ бира. ТІаккха, шайн хинкеманна тІекхоччуш волу, хин тІехула гІаш вогІу Іийса гира царна. Уьш кхерабелира. 20 Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со ву шуна иза! Ма кхера!» 21 Іийса хинкеманна чуваккха бохкуш бара мурдаш, ткъа хинкема цу сохьта хІорш тІебоьлхуш болчу хин йисте кхечира. 22 ШолгІачу дийнахь Іоман вукху агІор гулбеллачу нахана гира и цхьаъ бен хинкема цигахь ца хилар а, Іийса Шен мурдашца цу хинкеман чу ца валар а. Ткъа мурдаш, Іийсах дІа а къаьстина, хинкеман чохь шаьш дІабахара. 23 ТІаккха Везачу Эло хастам бина, Дала беркате дина бепиг наха диинчу метте, кхин а хинкеманаш кхечира Тхьабара-гІала олучу меттигера. 24 ТІаккха нахана кхузахь я Іийса а, я Цуьнан мурдаш а цахилар гира. Уьш, Іийса лоьхуш, хинкеманаш чу а хевшина, Къапарнаме баьхкира. 25 Ткъа шаьш кхаьчначу Іоман дуьхьаларчу берда тІехь Іийса шайна карийча, цара элира Цуьнга: « Рабби! Хьо маца кхаьчна кхуза?» 26 Іийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга: Шайна тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш гарна ца лоьху аша Со, ткъа шаьш бепиг а диъна дузарна лоьху. 27 Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КІанта шайна лур болу кхача лаха, хІунда аьлча Дала Шен мухІар таІорца тоьшалла до Цунах». 28 ТІаккха наха Іийсага хаьттира: «Муха лела деза те тхо, Далла лерина гІуллакхаш кхочушдархьама?» 29 Іийсас жоп делира царна: «Далла лерина гІуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар». 30 ТІаккха цара Іийсага элира: «ХІун тамашийнчу гІуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХІун гойтур дара Ахь? 31 Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара: „Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“». 32 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг. 33 ХІунда аьлча Делан бепиг ду, стигалшкара охьа а догІуш, дуьненна дахар а луш долу бепиг». 34 ТІаккха наха элира Іийсага: «Эла, лохьа тхуна иштта бепиг гуттар а!» 35 Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХІунда аьлча Суна тІевогІург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац. 36 Амма Ас аьлла шуьга: Со шуна гушшехь, шу Сох ца теша. 37 Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тІевогІург Ас дІаэккхор вац. 38 ХІунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву. 39 Со Ваийтинчун иштта лаам бу: Цо Суна деллачу синойх Ас цхьа а ца дайар, амма тІаьхьарчу дийнахь и синош Ас дендар. 40 ХІунда аьлча Сан Ден лаам бу, хІора а, Со КІант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тІаьхьарчу дийнахь». 41 «Со стигалара охьадоьссина бепиг ду», – Іийсас аларна, Цунна реза боцуш, хамталлаш ян буьйлабелира яхІудхой. 42 ТІаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кІант Іийса вац Иза? Ткъа хІинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?» 43 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Хамталлаш ма е вовшашлахь. 44 Цхьаннан а вогІийла дац Суна тІе, Со ваийтинчу Дас иза тІе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тІаьхьарчу дийнахь. 45 Пайхамарийн цхьана тептар тІехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала кхетор бу“, – аьлла. ХІора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогІу Суна тІе. 46 Иза дац ша Делера воцучу цхьанна Да гина бохург. Ша Делера волчу Цунна гина Да. 47 Бакъдерг боху Ас шуьга: Тешаш волчун хир ду Дела волчохь хедар доцу дахар. 48 Со дахаран бепиг ду. 49 Шун дайша яьссачу аренгахь стигалара кхача биира, ткъа уьш белла. 50 ХІара бепиг стигалшкара охьадогІу, муьлхха а и диънарг ца валийтархьама. 51 Со стигалара охьадеана дахаран бепиг ду. И бепиг дуучун цкъа а хедар доцу дахар хир ду. Ткъа Ас лун долу бепиг Сан дегІ ду, дуьненан адамийн дахарх Ас дІалур долу». 52 ТІаккха вовшашца къийса хІиттира яхІудхой. Цара бохура: «Вайга Шен дилха муха доуьйтур ду Цо?» 53 Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Нагахь аша Адамийн КІентан дилха а ца даахь, Цуьнан цІий а ца малахь, дахар хир дац шуна чохь. 54 Сан дилха а дууш, Сан цІий а молуш волчун Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Иза Ас денвийр а ву тІаьххьарчу дийнахь. 55 ХІунда аьлча Сан дилха а бакъболу кхача санна ду, Сан цІий а бакъдолу малар санна ду. 56 Сан дилха а дууш, Сан цІий а молуш верг Соьца вехаш ву, ткъа Со цуьнца вехаш ву. 57 Дийна волуш волчу Дас Со ваийтарна, Со а ву Деца доьзна дахар долуш. Иштта Сох кхача бууш волчун а Соьца доьзна дахар хир ду. 58 ХІара стигалшкара охьадеана бепиг ду. Шун дайша диъначу баьпках тера дац иза. Иза дуъушехь, уьш беллера. Ткъа хІара бепиг дууш верг Дела волчохь даим а вехар ву». 59 И къамел дира Іийсас Къапарнамехь гуламан цІа чохь, Ша нахана хьехамаш беш. 60 И хьехамаш хезначу Іийсан мурдех дукхахболчара элира: «Хала ду и дош. Хьаьнга ладогІало цуьнга?» 61 Амма Шен мурдаша реза боцуш гІам-гІим дойла Шен даг чохь хууш волчу Іийсас элира: «ХІокху дешнаша а вас йо шуна? 62 Нагахь Адамийн КІант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хІун хетар ду те шуна? 63 Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу. 64 Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХІунда аьлча Іийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а. 65 ТІаккха кхин а элира Іийсас: «Цундела аьллера Ас шуьга, цхьа а валур вац Суна тІе, нагахь санна Сан Дас иза цунна делла дацахь». 66 Цу хенахь дуьйна Іийсан дукхах болу мурдаш Цунах дІакъаьстира, кхин Цуьнца а ца лелаш. 67 ТІаккха Іийсас Шен шийтта мурде элира: «Шуна а лаьий те дІакъаста?» 68 Ткъа ШамІа-Кипас жоп делира Цуьнга: «Веза Эла, хьанна тІегІур дара тхо? Хьоьгахь ма-ду Дела волчохь хедар доцучу дахаран дешнаш. 69 Теша а тешна, Хьо Дала Вазвинарг вуй хиира тхуна». 70 Іийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду». 71 Цо и элира ШамІа-Искархочун кІантах ЯхІудах лаьцна. ХІунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тІаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Іийсана.

Яхьъя 7

1 Цул тІаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Іийса. ЯхІуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш. 2 ТІедогІуш дара Кхалорийн деза денош. 3 ТІаккха Іийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дІа а валий, ЯхІуд-махка гІохьа, Айхьа деш долу гІуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама. 4 ХІунда аьлча ша гІаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гІуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гІуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта». 5 ХІунда аьлча Іийсан вежарий а бацара Цунах тешаш. 6 Цунна дуьхьал Іийсас элира цаьрга: «Сан хан хІинца а тІе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю. 7 Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гІуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела. 8 Шу гІо шайна и деза де даздан. Сан хан хІинца а тІе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига». 9 Цаьрга иза а аьлла, Іийса Галилайхь висира. 10 Амма Шен вежарий и деза де даздан дІабахча, Іийса а вахара цига, Ша ца гойтуш, къайлаха. 11 Цу дезачу дийнахь динан куьйгалхой Иза лоьхуш бара. Цара хоьттура: «Мичахь ву Иза?» – бохуш. 12 Нахана юкъахь дукха хабарш дара Іийсах лаьцна хезаш. Цхьаболчара: «Иза дика стаг ву», – олура, ткъа кхечара: «ХІан-хІа вац, Цо нах лебо», – олура. 13 Делахь а динан куьйгалхойх шаьш кхерарна, цхьаммо а къайлаха бен ца дуьйцура Цунах лаьцна. 14 Амма деза денош юккъе дахханчу хенахь Іийсас, Делан цІийнан керта а вахана, хьехамаш бира. 15 Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хІума муха хаьа Цунна?» – бохуш. 16 Іийсас, царна жоп луш, элира: «Ас бо хьехам Сан бац, ткъа Со Ваийтинчун хьехам бу. 17 Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те. 18 Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц. 19 Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХІунда лоьху аш Со вен дагахь?» 20 Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?» 21 Іийсас, кхин дІа а къамел деш, элира цаьрга: «Цхьа гІуллакх дира Ас, ткъа шу дерриш а цецдуьйлу. 22 Муса-пайхамаро сунтдар тІедожийна шуна, (иза цуьнгара а доцуш, дайшкара схьадаьлла дара). Ткъа аша Далла леринчу шоьтан дийнахь а сунтдо бераш. 23 Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгІазло хІунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла? 24 Адамна тІехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е». 25 Кхузахь болчу ярушалаймхойх цхьаболчара бохура: «ХІара-м вац те вен лоьхург? 26 ХІинца ХІокхо, лечкъа ца деш, дерриг ма-дарра схьа ма дуьйцу, хІетте а Кхунна дуьхьал цхьаммо а хІумма ма ца олу. Билггала ХІара Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, тешна бу те куьйгалхой? 27 Амма вайна ХІара мичара схьавеана хаьа. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг схьавеача, цхьанна а хуур дац, Иза мичара ву». 28 ТІаккха Іийсас, аз а айдина, Делан цІийнан кертахь хьехамаш а беш, дІакхайкхира: «Со а вевза шуна, Со мичара ву а хаьа шуна. Ткъа Со Сайгара веана вац. Со Ваийтинарг шуна ца вевза, Иза билггал бакъ воллушехь. 29 Суна вевза Иза, Со Цунах схьаваьлла дела а, Цо Со ваийтина дела а». 30 Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьана а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера. 31 Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХІокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?» 32 ТІаккха парушхошна Іийсах лаьцна дуьйцу иштта хабарш хезира тобанна юкъахь. Динан коьртачу дайша а, парушхоша а гІаролхой бахийтира Іийса схьалацийтархьама. 33 ТІаккха Іийсас элира: «Кхин а кІеззигчу хенахь Іийр ву Со шуьца, цул тІаьхьа Со Ваийтинчунна тІе гІур ву Со. 34 Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна Со, ткъа Со хир волчу метте шу дахкалур дац». 35 ТІаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дІа а бахана, грекахойн меттигашкахь Іаш болчу нахана тІеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна? 36 ХІун маьІна ду те Цо аьллачу дешнийн: „Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна, ткъа Со волчу метте шу дахка лур дац“?» 37 Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. 38 Сох тешначун, Делан Йозанашна тІехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду». 39 Иза Цо элира Шех тешаш болчара тІеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хІинца а Делан Са дацара, хІунда аьлча Іийса Дас сийлалла даза вара. 40 И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх». 41 Вукхара олура: «Иза Дала леррина Къобалвинарг ву». Кхечара: «Галилай-махкара вогІур ву ткъа Дала леррина Къобалвинарг?» – олура. 42 «Делан Йозанаш тІехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гІалара а волуш, Даудан хІух хир ву?» 43 ТІаккха Іийса бахьана долуш адамийн тоба шина декъе екъаелира. 44 Царах цхьаберш Іийса схьалаца лууш бара, амма цхьаммо а Цунна тІе куьг ца кховдийра. 45 Иштта и бахана болу гІаролхой, юха а бирзина, динан коьртачу дайшна а, парушхошна а хьалха тІебаьхкира. Вукхара хаьттира: «Схьа хІунда ца валийна аша Иза?» 46 Ткъа гІаролхоша жоп делира: «ХІинццалц цхьана а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел». 47 ТІаккха парушхоша элира: «Шу а Іеха-м ца дина те Цо? – аьлла. – 48 Куьйгалхойх я парушхойх цхьа а гиний шуна Цунах тешна? 49 Амма оцу тобанна товрат-хьехам ца бевза, цундела Делан неІалт ду царна тІехь». 50 ТІаккха парушхойх волчу цхьаммо, хьалха Іийсана тІевогІуш хиллачу Нукха-Демис, элира: 51 «Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догІале, цо хІун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?» 52 ТІаккха парушхоша Нукха-Демига жоп делира: «Хьо-м вац те Галилай-махкара? Талла а таллий, хьажа, тІаккха хуур ду хьуна, цхьа а пайхамар Галилай-махкара ца вогІий». 53 [[ТІаккха хІора а шен-шен цІа дІавахара.

Яхьъя 8

1 Ткъа Іийса Зайт-диттийн лам тІе вахара. 2 ТІаккха Іуьйранна Іийса юха а Делан цІийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тІе. Охьа а хиъна, Іийсас нахана хьехамаш бира. 3 Цу хенахь Іелам наха а, парушхоша а цхьа зуда, сийсаза лелаш йоллучу хенахь тІе а кхаьчна, иза цу меттехь схьа а лаьцна, яла а йина, нахана юккъе дІахІоттийра. 4 Цара Іийсага элира: «Устаз! ХІара зуда нахаца лелаш йоллучохь схьалаьцна ю. 5 Ткъа Мусан хьехамо тІедиллина и санначарна тІулгаш кхоссар. ХІинца Ахь хІун эр дара?» 6 И элира цара Іийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гІалат тІехтохархьама а. Ткъа Іийса, лохха охьа а таьІна, лаьттахь пІелгаца яздан волавелира. 7 Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Іийсас, хьала а таьІна, элира: «Шена тІехь къа доцучо уггар хьалха тІулг кхосса цунна тІе». 8 Иза а аьлла, юха а охьатаьІна, лаьтта тІехь яздеш вара Іийса. 9 Ткъа и дешнаш шайна хезча, цхьаъ вукхунна тІаьххье а воьдуш, баккхийнаш хьалха а бовлуш, уьш дІабахара. ТІаккха Іийса Ша висира цигахь, керта юккъехь лаьтташ йолчу зудчуьнца 10 Корта хьала а айина, Іийсас элира цу зудчуьнга: «Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?» 11 Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла». «Аса а ца йо хьуна кхел, – элира Іийсас. – ДІагІо хьайна, амма кхул тІаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».]] 12 Цул тІаьхьа юха а элира Іийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тІаьхьахІоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю». 13 ТІаккха парушхоша элира Цуьнга: «Айхьа-Хьайх тоьшалла до Ахь, цундела Хьан тоьшалла кхоччуш дац». 14 Ткъа Іийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХІунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а. 15 Аша адамийн ламасташка хьаьжжина кхел йо, ткъа Аса цхьанна а кхел ца йо. 16 Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хІунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца. 17 Шун товрат-хьехамна тІехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла. 18 Ткъа Сайх тоьшалла Ас-Айса а до, Со ваийтинчу Сан Дас а до». 19 ТІаккха элира Цуьнга: «Мичахь ву Хьан Да?» Іийсас жоп делира: «Я Со а ца вевза шуна, я Сан Да а ца вевза. Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара». 20 Иштта къамел деш вара Іийса Делан цІийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІекхаьчна яцара. 21 Юха а элира Іийсас нахе: «Со дІавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац». 22 ТІаккха бохура динан куьйгалхоша: «Ша-Шен вен-м ца воллу те Иза? Цундела боху те Цо: „Со воьдучу шу дахкалур дац“?» 23 Кхин а элира Іийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац. 24 Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хІунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу». 25 ТІаккха элира цара Іийсага: «Хьо мила ву?» Іийсас жоп делира цаьрга: «Аса дуьххьара дуьйна шуьга Со ву аьлларг ву-кх. 26 Дуккха а дара Сан шух лаьцна дийца а, шу бехке а деш, ала хІума а. Амма Со Ваийтинарг бакъверг ву, ткъа хІара Суна Цуьнгара хеззнарг ду. Цу Сайна хеззначух лаьцна дуьйцу Ас дуьненна а». 27 Ткъа уьш ца кхийтира, Іийсас шайга Шен стигаларчу Дех лаьцна дуьйцуш дуй. 28 Цундела Іийсас элира: «Шаьш Адамийн КІант хьалаваьккхича, тІаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хІумма ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна. 29 И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела». 30 Іийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира. 31 Шех теша буьйлабеллачу яхІудхошка Іийсас элира: «Нагахь шу Сан дош лардеш лелаш делахь, шу билггал Сан мурдаш ду. 32 Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргІат а дохур ду». 33 Ткъа цара жоп делира Іийсага: «Тхо ИбрахІиман хІух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргІатдевр ду“?» 34 Іийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хІора къа латош верг цу къинан лай ву. 35 Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кІант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу. 36 Иштта, нагахь Адамийн КІанта шу паргІатдахахь, шу билггал паргІат хир ду. 37 Суна хаьа шу ИбрахІиман хІух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела. 38 Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо». 39 Іийсана жоп а луш, яхІудхоша элира: «Тхан да ИбрахІим ву». Ткъа Іийсас элира цу яхІудхошка: «Нагахь шу ИбрахІиман хІух делахьара, ИбрахІима дина доллу гІуллакхаш дийр дара аша. 40 Ткъа хІинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахІима ца дора. 41 Аша шайн дас динна гІуллакхаш до». ТІаккха цара Іийсага элира: «Тхо къотІалгІадина дац. Цхьа Да ву тхан. Иза Дела ву». 42 Іийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хІунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву. 43 ХІунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду. 44 Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. 45 Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша. 46 Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хІунда ца теша? 47 Ша Делера Волчо ладугІу Делан дешнашка. Амма шаьш Делера доцу дела, аша ла а ца дугІу». 48 Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхІудхоша элира Іийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, – оха аьлча?» 49 Іийсас жоп делира: «Суна чохь жин дац. Аса Сайн Ден сий до, ткъа аша Со сийсазво. 50 Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург – кхел Йийриг а ву. 51 Баккъалла а боху Ас шуьга: Сан дош кхочушдечунна цкъа а валар гур дац». 52 ЯхІудхоша элира Іийсага: «ХІинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХІунда аьлча ИбрахІим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац. 53 Баккъалла-м вац те Хьо тхан веллачу дел ИбрахІимал а воккха? Ткъа пайхамарш а белла. Хьайх мила ву олу Ахьа?» 54 Іийсас жоп делира: «Нагахь Ас-Айса Сайн сийлалла дахь, и Сан сийлалла хІумма а доцург ду. Сан сий аша шайн Дела ву бохучу Сан Дас лакха доккху. 55 Шуна-м Иза вовза а ца вевзина, ткъа Суна вевза Иза. Нагахь Ас Сайна Иза ца вевза алахь, Со а хир ву шух терра харцдерг дуьйцург. Амма Суна И вовза а вевза, Аса Цуьнан дош а лардо. 56 Шун дас ИбрахІима хазахетарца ладугІура Со ван везачу дийне, ткъа и де ган а гира, хаза а хийтира цунна». 57 Іийсас аьллачунна дуьхьал яхІудхоша элира: «Хьан хІинца а шовзткъе итт шо а ма ца кхаьчна? Хьуна ИбрахІим гина?» 58 ТІаккха Іийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахІим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со». 59 ТІаккха тІулгаш схьаийцира цара Іийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цІийнан кертара дІавахара.

Яхьъя 9

1 ТІаккха чекхволучу Іийсана ша вичхьана дуьйна бІаьрзе хилла волу цхьа стаг гира. 2 Іийсан мурдаша хаьттира Цуьнга: « Рабби! Хьан къа латийна дела бІаьрзе ву те и стаг, цо ша я цуьнан дас-нанас?» 3 Іийсас жоп делира: «Я цо, я цуьнан дас-нанас ца латийна къа, ткъа цунна тІехь Делан нуьцкъалаллин гІуллакхаш гайтархьама хилла иза. 4 Де мел ду дан деза вай Со Ваийтинчо тІедехкина гІуллакхаш. ТІейогІуш буьйса ю, тІаккха цхьаьнгге а хІумма а далур дац. 5 Со дуьненахь мел ву, дуьненна елла серло ю Со». 6 И дешнаш аьлла, лаьтта туй а кхоьссина, цуьнца цхьа поппар бира Іийсас. ТІаккха и поппар бІаьрзечун бІаьргех хьаькхира Цо. 7 Цул тІаьхьа бІаьрзечуьнга элира Іийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Іома тІе а гІой, хьайн юьхь йила». Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тІаккха бІаьрса а гуш, иза цІа вирзира. 8 Лулахоша а, и стаг сагІа доьхуш шайна гиначу наха а бохура: «ХІара вац и, охьахиъна, сагІа доьхуш хилларг?» 9 Цхьаболчара бохура: «И стаг ву-кх иза». Вукхара олура: «Цунах тера ву и». Ткъа цо ша элира: «Со ву иза». 10 ТІаккха хаттарш дора цуьнга: «БІаьргаш схьа муха беллабелира хьан?» – бохуш. 11 Цу стага дуьхьал жоп делира: «Іийса цІе йолчу Стага, поппар а бина, и сан бІаьргашна тІе а хьаькхна, элира соьга: „Нах луьйчучу Шилон олучу Іома тІе а гІой, хьайн юьхь йила“. Аса, вахана, юьхь йилира, тІаккха сан бІаьргашна са гира». 12 ТІаккха цуьнга элира: «Мичахь ву Иза?» Стага жоп делира: «Ца хаьа суна», – аьлла. 13 И хьалха бІаьрзе хилла стаг парушхошна тІевигира. 14 Ткъа Іийсас, поппар а бина, бІаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара. 15 ТІаккха парушхоша а хаьттира: «БІаьрса муха деана хьуна?» – аьлла. Цу стага жоп делира: «Иштта, цхьа поппар а бина, сан бІаьргашна тІебиллира Цо иза. ТІаккха ас юьхь йилира, ткъа хІинца суна бІаьрса го». 16 ТІаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тІехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира. 17 Юха а бІаьрзе хиллачуьнга хаьттира: «Ахь хІун эр ду Цунах лаьцна, хІунда аьлча Цо хьан бІаьргашна са ма гайтина?» Цу стага элира: «Иза пайхамар ву». 18 ТІаккха динан куьйгалхой ца тийшира и стаг, хьалха бІаьрзе а хилла, хІинца цуьнан бІаьргашна са гуш хиларх. Цундела цу стеган дай-наний шайна тІекхайкхира цара. 19 Парушхоша хаьттира цаьрга: «ХІара вуй аша вичхьана а бІаьрзе хилла ву боху шун кІант? Ткъа хІинца бІаьрса муха го цунна?» 20 Цу дас-нанас, жоп луш, элира цаьрга: «Тхуна хІара кІант тхайн вуй хаьа, иза веш дуьйна а бІаьрзе хилла хилар а хаьа. 21 Ткъа хІинца цунна бІаьрса муха го а ца хаьа тхуна, я цунна са Гайтинарг мила ву а ца хаьа. ХІара ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цо ша дийца деза-кх шех лаьцна». 22 Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХІунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цІийнах дІакъасто. 23 Цундела элира цу стеган дас-нанас: «Иза ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цуьнга шега хатта аша», – аьлла. 24 ТІаккха, шозлагІа а и бІаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал». 25 Цу бІаьрзе хиллачо элира, царна жоп луш: «И Стаг къинош долуш ву я вац-м ца хаьа суна. Цхьа хІума-м хаьа суна: Со хІинццалц бІаьрзе хилла хилар а, ткъа хІинца суна са гуш хилар а». 26 Юха а хаьттира цара цу стаге: «ХІун дира Цо хьуна? Хьан бІаьргаш дІа муха диллира Цо?» – аьлла. 27 БІаьрзе хиллачо жоп делира царна: «Ас дийцира шуна, амма аша ла ца дуьйгІира. ХІинца юха а хаза хІунда лаьа шуна? Шу-м дац те Цуьнан мурдаш хила лууш?» 28 ТІаккха, иза човха а веш, парушхоша элира: «Хьо ву-кх цу Стеган мурд, ткъа тхо-м Муса-пайхамаран мурдаш ду. 29 Тхуна хаьа Дала къамел динарг Муса-пайхамар хиллий, ткъа ХІара-м мичара ву а ца хаьа тхуна». 30 Цу стага, жоп луш, элира цаьрга: «И ду-кх тамашийна хІума, шуна Иза мичара ву цахаар. Ткъа Цо-м сан бІаьргаш дІа ма биллина. 31 Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугІий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугІу. 32 ХІара дуьне кхоьллинчхьана а дуьйцу ца хезна-кх, цхьаммо а веш дуьйна бІаьрзе хиллачу стеган бІаьргашна са гайтийтина бохуш. 33 Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хІумма далур а дацара». 34 Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цІийнах дІакъастийра цара и стаг. 35 И стаг гуламан цІийнах дІакъастийнийла а хиъна, иза схьа а лехна, Іийсас элира цуьнга: «Теший хьо Адамийн КІантах?» 36 Цу стага, жоп луш, элира: «Эла, Мила ву те Иза, со Цунах тешаш хила?» 37 Іийсас элира цуьнга: «Хьуна Иза ган а гина, хІинца хьоьца къамел Дийриг а Иза ву». 38 ТІаккха бІаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Іийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг. 39 ТІаккха Іийсас элира: «Со кху дуьнен чу адамаш декъадалийта веана ву. БІаьрзе болчарна са гайта а, ткъа бІаьрса долуш берш бІаьрзе бан а веана». 40 Іийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бІаьрзе?» 41 Іийсас элира цаьрга: «Нагахь шу бІаьрзе делахьара, шуна тІехь бехк хир бацара. Ткъа хІинца аш боху: „Тхуна са го“, – цундела шун бехк шуна шайна тІехь буьсу».

Яхьъя 10

1 «Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагІийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву. 2 Ткъа кевнехула чувериг цу уьстагІийн Іу ву. 3 Ков лардеш волчу стага цунна ков дІадоьллу, ткъа уьстагІаша цуьнан озе ла а дугІу. ТІаккха, шен уьстагІийн цІераш а йохуш, уьш арадоху цо. 4 Шен дерриге а уьстагІий арадаьхча, иза царна хьалхаваьлла воьду, ткъа уьстагІий цунна тІаьхьахІуьтту, шайна цуьнан аз девза дела. 5 Хийрачунна тІаьхьа ца доьлху уьш, амма цунах къехка, шайна цу хийрачун аз ца девза дела». 6 И хьекъале дустар далийра Іийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьІнах. 7 ТІаккха юха а элира Іийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагІашна дина долу ков ду. 8 Сол хьалха мел баьхкинарш берриш къуй а, талорхой а бара. Амма уьстагІаша цаьрга ла ца дуьйгІира. 9 Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кІелхьарвоккхур ву. Иза ладогІарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю. 10 Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хІаллакдархьама а бен ца вогІу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана. 11 Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. 12 Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо. 13 И Іу дІаводу, ша йолах Іу волу дела а, шен оцу уьстагІийн бала а боцу дела а. 14 Со дика Іу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза. 15 Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дІало Ас уьстагІийн дуьхьа. 16 Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. 17 Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дІало дела, Сан Дена Со веза. 18 Цхьаммо а дІадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дІалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дІадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна». 19 Юха а, Іийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира. 20 Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хІунда дугІу аша?» 21 Вукхара олура: «И дешнаш жинаша хьийзош волчу стеган дац. Харц жине дІаделлалур дуй бІаьрзечун бІаьргаш?» 22 Іай Ярушалайм-гІалахь даздеш долу «Карладаккхар» олу деза де тІедеара. 23 Делан цІийнан кертара Сулим-паччахьан цІарах йолчу меттехь лелаш вара Іийса. 24 Кхузахь Іийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга». 25 Іийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цІарах Ас деш долчу гІуллакхаша тоьшалла до Сох. 26 Амма шаьш Сан уьстагІех доцу дела, ца теша шу Сох. 27 Сан уьстагІашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тІаьхьа а догІу. 28 Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хІаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац. 29 Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш. 30 Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду». 31 ТІаккха юха а наха тІулгаш схьаийцира, Іийсана деттархьама. 32 Іийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гІуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тІулгаш детта гІерта шу Суна?» 33 Наха жоп делира Іийсана: «Ахьа дина дика гІуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тІулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку». 34 Іийсас юха а жоп делира царна: «Яздина дац ткъа шун товрат хьехамаш тІехь а: „Ас аьлла, шу деланаш ду“? 35 Нагахь Делан дош дІакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц), 36 тІаккха хІинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Іеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КІант ву“, – аларна? 37 Нагахь Ас Сайн Дас до гІуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш. 38 Амма, нагахь Ас и гІуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гІуллакхех теша. ТІаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла». 39 ТІаккха юха а лийхира цара Іийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира. 40 Юха а Йордан-хин вукху агІор йолчу, хьалха Яхьъяс нах хих чекхбаьхначу меттиге вахара Іийса. Цигахь висира Иза. 41 Дукха нах баьхкира Іийсана тІе. Цара бохура: «Яхьъяс тамашийнчу гІуллакхийн цхьа а билгало ца гайтина, амма цо Кхунах лаьцна аьлларг дерриг а бакъ хилла». 42 Цигахь дукха нах тийшира Іийсах.

Яхьъя 11

1 Бет-ХІина олучу юьртахь Іаш вара, ЛаІзар цІе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чІогІа цомгуш вара. И Бет-ХІина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг. 2 Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тІе хаза хьожа йогІу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаІзар вара. 3 Цу йижарша хабар дахьийтира Іийсана тІе: «Эла, хІара Хьуна везаш верг цомгуш ву», – аьлла. 4 И хаам Шена хезча, Іийсас элира: «И цамгар Іожаллина яц, амма цуьнгахула Делан КІентан сийлалла гайтархьама ю». 5 Іийсана езара Марта а, цуьнан йиша а, ЛаІзар а. 6 Ткъа ЛаІзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Іийсас оцу Ша волчу меттехь. 7 Цул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашка элира: «Юха а ЯхІуд-махка гІо вай». 8 Ткъа мурдаша элира Цуьнга: « Рабби! Дукха хан ма яц яхІудхоша Хьуна тІулгаш детта дагахь Хьо лехна. Ткъа Хьо юха а ваха воллу?» 9 Іийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хІунда аьлча цунна кху дуьненан серло го. 10 Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хІунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу». 11 Иза а аьлла, юха а тІетуьйхира Іийсас: «Вайн доттагІа ЛаІзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду». 12 Мурдаша элира Цуьнга: «Эла! Нагахь цунна наб кхеттехь, толур ма ву иза». 13 Амма Іийсас ЛаІзаран валарх дуьйцура, ткъа мурдашна моьттура Іийсас ЛаІзарна наб кхетта боху. 14 ТІаккха Іийсас дуьххьал дІаэлира цаьрга: «ЛаІзар дІакхелхина. 15 Ткъа цигахь цахиларна воккхавеш ву Со шун дуьхьа, шу Сох тешийтархьама. Ткъа хІинца гІо вай и волчу». 16 ТІаккха ТІамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама». 17 Схьакхаьчначу Іийсана диъ де хьалха дуьйна къуббанна чохь Іуьллуш карийра ЛаІзар. 18 Бет-ХІина олучу гІалина а, Ярушалаймана а юкъахь кхо чаккхарма хиллал некъ бара. 19 Дукха яхІудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тІе церан ваша ЛаІзар кхалхар бахьана долуш кадам бан. 20 Іийса вогІуш ву аьлла хезна, Марта Цунна дуьхьалъяхара. Ткъа Марем цІахь йисира. 21 ТІекхаьчча, Мартас Іийсага элира: «Эла, нагахь Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша. 22 Амма суна хІинца а хаьа-кх Ахь Деле мел дехнарг Дала Хьуна лург хилар». 23 Ткъа Іийсас элира цуьнга: «Денлур ву хьан ваша». 24 Мартас элира Іийсага: «Нах денлур болчу тІаьхьарчу дийнахь иза а денлур вуй хаьа суна». 25 Іийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду. 26 Муьлхха а, и хедар доцу дахар а долуш, Сох тешаш верг цкъа а лийр вац. Теший хьо оцунах?» 27 Мартас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КІант а вуйла». 28 Иза а аьлла, яхана шен йиша Марем схьа а кхайкхина, цуьнга къайлаха элира Мартас: «Устаз кхузахь ву, Хьоьга кхойкху Цо». 29 И хезча, Марем, сихха хьала а гІаьттина, Іийсана тІеяхара. 30 Іийса хІинца а юьрта чу кхачаза вара. Иза хІинца а Марта Шена дуьхьалкхетта хиллачу меттехь лаьтташ вара. 31 ТІаккха Марем, сихха хьала а гІаьттина, араяьлча, цунна синтем беш баьхкина болчу яхІудхошна иза къуббанна тІейоьдуш ю моьттира, цигахь елхархьама. Уьш Маремана тІаьххье бахара. 32 Ткъа Марема, Іийса волчу дІакхаьчча, Иза а гина, Цуьнан когашка а йоьжна, элира: «Эла! Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша». 33 Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхІудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Іийса. 34 Іийсас элира: «Мичахь охьавиллина аша иза?» Цара жоп делира: «ГІой, хьажахь, Эла!» 35 Іийсан бІаьргех хиш деара. 36 ТІаккха яхІудхоша бохура: «Ма везаш хилла Цунна иза!» 37 Амма яхІудхойх цхьаболчара бохура: «Оцу бІаьрзечу стеган бІаьргаш схьабиллинчу Кхуьнан хІара стаг ца валийта а ницкъ ца кхечира те?» 38 Іийса, юха а Шен дог доьхна а волуш, къуббанна тІевеара. Иза хьех яра, дуьхьал биллина тІулг а болуш. 39 ТІаккха Іийсас элира: «ДІакарчабе и дуьхьалара тІулг». Веллачун йишас Мартас элира Іийсага: «Эла! Вон хьожа йогІу цунах, хІара доьалгІа де ма ду иза дІавоьллина». 40 Іийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?» 41 ТІаккха тІулг дІакарчийра. Ткъа Іийсас, бІаьргаш хьала а хьажийна, элира: «Дада! Баркалла боху Ас Хьуна, Со Хьуна дІахазарна. 42 Суна-м хаьара, Хьуна гуттара а Со дІахезий. Амма кху гонах лаьттачу нехан дуьхьа элира Ас иза, Со Ахь ваийтина хиларх уьш тешийтархьама». 43 Иза а аьлла, Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «ЛаІзар! Аравала!» – аьлла. 44 ТІаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дІахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Іийсас элира цаьрга: «ДІа а вастий, дІавахийта иза». 45 ТІаккха Марем йолчу баьхкинчу яхІудхойх дукхахберш, Іийсас динарг а гина, тийшира Цунах. 46 Ткъа царах цхьаберш парушхошна тІебахара. Іийсас динарг дийцира цара парушхошка. 47 ТІаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХІун дийр дара те вай? ХІунда аьлча хІокху Стага дукха тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш ма гойту? 48 Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТІаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цІа а, вайн халкъ а хІаллакдийр ду». 49 Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хІумма а ца хаьа, 50 я шу кхета а ца кхета шайна гІоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гІоле ю, дерриг халкъ хІаллакьхуьлучул». 51 Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Іийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла. 52 Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Іаш, дІасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза. 53 Цу дийнахь дуьйна Іийса вен сацам бира цара. 54 Цундела Іийсас Ша яхІудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дІа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Іийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца. 55 Ткъа тІедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тІекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цІандалархьама. 56 Цу адамаша Делан цІийнан кертахь Іийса лоьхура. Цигахь шаьш лаьтташ, наха вовшашка хоьттура: «Шуна муха хета? ВогІур-м вац те Иза кху дезачу дийнахь?» 57 Ткъа динан коьртачу дайша а, парушхоша а нахе омра дира, нагахь цхьанна Іийса мичахь ву хаалахь, И волу меттиг схьайийца аьлла, Иза лацархьама.

Яхьъя 12

1 Иштта, Пасахьан деза де тІекхача ялх де дисича, Бет-ХІина олучу гІала веара Іийса. Іийсас веллачуьра денвина волу ЛаІзар а вара цигахь вехаш. 2 Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Іийсана. Марта а яра гІуллакхаш деш. И ЛаІзар а вара Іийсаца пхьор дуучаьрца. 3 ТІаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Іийсан когаш тІе доьттира. Цул тІаьхьа шен коьртара месашца Іийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цІа хаза хьожа йогІучу даьттанан хьожанах дуьзира. 4 ТІаккха Іийсан мурдех цхьаммо, ЯхІуд-Искархочо, тІаьхьа Іийсана ямартло ен волчо, элира: 5 «И деза даьтта кхо бІе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дІа хІунда ца дийкъира вай?» 6 И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Іалашдеш лелош болу тІоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хІума схьаоьцура цо шена. 7 ТІаккха Іийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дІавуллун волчу денна Іалашдина хилла цо и даьтта. 8 ХІунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца». 9 Дукхах болчу яхІудхошна хиира Іийса цигахь вуйла. Іийса гархьама хилла а ца Іаш, Цо веллачуьра денвина волу ЛаІзар ган а баьхкинера уьш. 10 Ткъа динан коьртачу дайша ЛаІзар а вен сацам бира. 11 ХІунда аьлча ЛаІзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхІудхой, динан куьйгалхойх дІа а къаьстина, Іийсах тийшира. 12 ШолгІачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Іийса Ярушалайме вогІуш ву аьлла. 13 Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Іийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХІашанна! Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Исраилан Паччахь!» 14 Ткъа Іийса, цхьа къона вир карийна, цунна тІе хиира, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: 15 «Ма кхералахь, Цийонан йоІ! ХІара хьан Паччахь вогІу, къоначу вира тІе а хиъна». 16 Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тІаьхьа, Іийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а. 17 Хьалха Цо ЛаІзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Іийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора. 18 Іийсас оцу тамашийнчу гІуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах. 19 Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хІумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тІаьхьахІуттуш ма лаьтта!» 20 Пасахьан дезачу дийнахь Далла Іамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара. 21 Галилай-махкара Бет-Саида-гІалара волчу Пилапана тІебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Іийса ган лаьа». 22 Цунах лаьцна Пилапа Іандаре дІаэлира. ТІаккха Іандара а, Пилапа а, вахана, Іийсага дІадийцира грекахошна луург. 23 Іийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТІекхаьчна Адамийн КІентан сийлалла дІагойту сахьт. 24 Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кІен буьртиг лаьтта боьжча, хІаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хІаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо. 25 Шен са дезачо иза хІаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Іалашдийр ду иза. 26 Милла а Суна гІуллакх деш верг Суна тІаьхьахІуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гІуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву». 27 «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со. 28 Дада! Гучуяккхахьа Хьайн цІеран сийлалла!» ТІаккха стигалшкара аз хезира: «Ас Сайн цІеран сийлалла гайта а гайтина, ткъа хІинца кхин а гойтур а ю», – аьлла. 29 Цигахь лаьтташ болчу, иза хезначу наха бохура: «Иза стигал къовкъар дара». Ткъа вукхара бохура: «Малико къамел дира Цуьнца». 30 Цара аьллачунна дуьхьал Іийсас элира: «Сан дуьхьа даийтина дацара и аз, амма шун дуьхьа даийтина дара иза. 31 ХІинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дІаэккхор ву хІинца. 32 Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тІеозор ду Ас». 33 Иза Іийсас элира, Шен валар муха хир ду хаийтархьама. 34 Наха Іийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тІехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КІант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КІант?“» 35 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. 36 И серло шуьца йолччуьра, теша цу серлонах, тІаккха серлонан кІентий хир ду шух». Иза а аьлла, Іийса, дехьа а ваьлла, къайлавелира царах. 37 Оццул дукха тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш гайтира Іийсас нахана, хІетте а тешаш бацара уьш Цунах. 38 Иза дара ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлла хІара дешнаш кхочушхилийтархьама: «Веза Эла, мила тийшира тхоьгара хезначух? Хьанна хааделира Везачу Элан нуьцкъала куьг?» 39 Цу нехан тешийла а дацара, ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро кхидІа а иштта аьлла дела: 40 «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» 41 Иштта аьллера ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, шена Іийсан сийлалла гича. Иза Іийсах лаьцна аьллера цо. 42 Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Іийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цІийнах дІакъасторах. 43 ХІунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна. 44 ТІаккха Іийсас дІакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Іаш, Со Ваийтинчух а теша. 45 Со гуш волчунна Со Ваийтинарг а го. 46 Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама. 47 Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХІунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кІелхьардаккха веана ву. 48 Со юхатухуш а, Сан дешнаш тІе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тІаьххьарчу дийнахь. 49 ХІунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хІун ала а, хІун дийца а деза олуш. 50 Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас».

Яхьъя 13

1 Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна. 2 Суьйренан пхьор дуучу хенахь Іийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамІа-Искархочун кІантана ЯхІудана. 3 Ткъа Іийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хІинца Далла тІевоьдий а. 4 Иштта Іийсас, хьала а гІаьттина, Шен тІехулара бедар схьаяьккхира. ТІаккха гата схьа а эцна, иза Шен гІодаюкъах дихкира. 5 Цул тІаьхьа теса чу хи доьттира Іийсас. ТІаккха мурдийн когаш била а буьлуш, уьш Шен гІодаюкъарчу гатанца бакъабан волавелира Иза. 6 Иштта ШамІа-Кипина тІе а вахара Іийса, ткъа вукхо элира Цуьнга: «Веза Эла, Ахь буьлур бара сан когаш?» 7 Іийсас жоп делира: «Ас дийриг цкъа хІинца хІун ду ца хаьа хьуна, амма тІаьхьа кхетар ву хьо». 8 ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Буьлур бац Ахьа-м сан когаш цкъа а». Ткъа Іийсас жоп делира Кипе: «Ас уьш ца билахь, Сох доьзна хьан хІумма а хир дац-кх». 9 ТІаккха ШамІа-Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, когаш билина а ца Іаш, сан куьйгаш а, корта а билахь!» 10 Іийсас элира цуьнга: «Лийчиначун ши ког бен била ца оьшу, хІунда аьлча иза верриг а цІена ву. Шу а цІена ду, дерриш дацахь а». 11 Іийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цІена дацахь а», – аьлла. 12 Мурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Іийса юха а Шен метте дІатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хІун ду? 13 Аша Сох „Устаз“ а, „Веза Эла“ а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву. 14 Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш. 15 Аса масал гайтира шуна. ХІинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама. 16 Баккъалла а боху Ас шуьга: „Ялхо шен олахочул лакхара вац. Иштта вахийтинарг а ша ваийтинчул лакхара вац“. 17 Иза шуна хаа а хаахь, и аша кхочуш а дахь, декъала хир ду шу. 18 Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тІехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тІе куьг айина“, – боху дешнаш. 19 ХІинца хьалххе дІахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тІаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта. 20 Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тІеоьцуш волчо Со тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу». 21 И къамел дича, Іийсан са бІарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна». 22 ТІаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ. 23 Мурдех Іийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тІе тевжина Іаш вара. 24 Оцу мурде ШамІа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Іийсага хаттахь аьлла. 25 Оцу мурдо, Іийсан некха тІе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» – аьлла. 26 Іийсас жоп делира: «Аса хІара баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, дІакховдон ерг ву». ТІаккха Іийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, ШамІа-Искархочун кІанте ЯхІуде дІакховдийра. 27 ЯхІуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТІаккха Іийсас элира ЯхІуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала». 28 Амма Іийсана юххехь дІатевжина Іаш болчех цхьа а ца кхийтира, Іийсас стенах лаьцна боху цуьнга. 29 ЯхІудехь ахча долу тІоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Іийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», – я: «Мискачарна сагІа ло», – боху. 30 Ткъа ЯхІуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра. 31 Иштта, ЯхІуд араваьлча, Іийсас элира: «ХІинца Адамийн КІентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. 32 Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тІаккха Дала а Шегахула Адамийн КІентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю. 33 Бераш! ХІокхул тІаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догІийла яц“, иштта хІинца шуьга а боху Ас изза. 34 ХІинца керла гІуллакх тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. 35 Нагахь шун вовшашка безам хилахь, тІаккха хуур ду массарна а шу Сан мурдаш хилар». 36 ШамІа-Кипас хаьттира Іийсага: «Веза Эла! Хьо стенга воьду?» Іийсас жоп делира цуьнга: «Со воьдучу цкъа хІинца валур вац хьо, амма тІаьхьо вогІур ву хьо Суна тІаьххье». 37 Кипас хаьттира Іийсага: «Сан йиш хІунда яц те хІинцца Хьуна тІаьхьа ван? Сайн са а дІалур ду-кх ас Хьан дуьхьа». 38 Іийсас жоп делира: «Хьайн са а дІалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НІаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо“».

Яхьъя 14

1 «Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша. 2 Сан Ден цІахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга. 3 Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тІаккха юха а веана, Со волчу дІадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама. 4 Со воьдучу метте болу некъ а бевза шуна». 5 ТІаккха ТІамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?» 6 Цунна дуьхьал Іийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тІе, Соьгахула бен. 7 Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара шуна. Ткъа хІинца дуьйна дІа Иза вовза а вевзина, ган а гина шуна». 8 Пилапа элира Іийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тІаккха». 9 Іийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хІинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“? 10 Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гІуллакхаш. 11 Тешалаш Сох, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а. Ткъа шу цунах ца тешахь, Ас дечу гІуллакхашкахула мукъана а теша Сох. 12 Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гІуллакхаш далур ду цуьнга, хІунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду. 13 ТІаккха аша Сан цІарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КІантехула гучуяккхархьама. 14 Ткъа аша хІуъа а Сан цІарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза». 15 «Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде аша. 16 Ткъа Аса Дега доьхур ду, тІаккха Цо кхин „гІо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. 17 Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тІеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а. 18 Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогІур ву Со шу долчу. 19 Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду. 20 Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а. 21 Ас тІедиллина гІуллакхаш тІе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна». 22 Искархо воцуш, кхечу ЯхІуда элира Іийсага: «Веза Эла! И хІун ду? Хьо тхуна хІунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?» 23 Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. 24 Со ца везачо Сан дешнаш а тІе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду. 25 ХІара Ас дийцира шуьга, Со шуьца а волуш. 26 Ткъа шуна гІо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хІума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна. 27 Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш. 28 Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дІавоьду, юха а вогІур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тІевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела. 29 ХІинца, хьалххе, и хилале, дІахоуьйту Ас шуьга, тІаьхьа и кхочушхилла даьлча, шу тешийтархьама. 30 Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хІунда аьлча кху дуьненан эла схьавогІу, ткъа цуьнан Суна тІехь олалла дац. 31 Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тІедехкина гІуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас. ХьалагІовтта. Кхузара дІадоьлху вай».

Яхьъя 15

1 «Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву. 2 Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. 3 Ас шуна хьехначу дашехула хІинца шу цІена ду. 4 Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тІехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча. 5 Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хІумма а далур дац. 6 Милла а Соьца воцург кхоьссина дІа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТІаккха и гаьннаш, гулдина, цІерга кхуьссу. Уьш цІергахь догу. 7 Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. 8 Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу. 9 Сан Дена Со везаре терра, Суна шу а дезна. Хуьлийла шу а Сан безамехь. 10 Аса шайна тІедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тІедехкинарш нийсса кхочушдина дела. 11 ХІара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а. 12 ХІара ду Ас шуна тІедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“. 13 Шен доттагІашна хьалхара шен са а дІадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац. 14 Шу Сан доттагІий ду, нагахь аша Ас тІедиллина гІуллакх кхочушдахь. 15 ХІинца ца олу Ас шух ялхой, хІунда аьлча ялхочунна шен олахочо дийриг ца хаьа. Амма шух Ас доттагІий аьлла, Сайн Дегара хезнарг дерриге а Ас шуьга дІахаийтина дела. 16 Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дІахІиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТІаккха аш Сан цІарах хІуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. 17 Ткъа хІара тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезалаш». 18 «Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар. 19 Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна. 20 Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду. 21 И дерриг а дийр ду шуна Сан цІе бахьана долуш, хІунда аьлча Со Ваийтинарг царна ца вевза. 22 Нагахь Аса, веана, цаьрга ца дийцинехьара, уьш шайн къиношна бехке хир бацара. ХІинца шайн къиношна уьш бехказа бац. 23 Со ца везачунна Сан Да а ца веза. 24 Нагахь Ас кхин цхьаммо а дина доцу гІуллакхаш царна юкъахь ца динехьара, тІаккха царна тІехь къа а хир дацара. Ткъа хІинца, и гІуллакхаш шайна гина доллушехь, ца вийзира царна Со а, Сан Да а. 25 Амма иза хилира, церан товрат-хьехамаш тІехь яздинарг кхочушхилийта: „Со ца веза бахьана дацара церан“. 26 Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гІо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. 27 Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох».

Яхьъя 16

1 «ХІара элира Ас шуьга, шу тешар тІера юха ца довлийтархьама. 2 Гуламан цІенойх дІакъастор ду шу. Цул сов, тІекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гІуллакх до моьттуш. 3 И гІуллакхаш лелор ду цара, шайна я Да а, я Со а ца вевзина дела. 4 ХІара элира Ас шуьга, и зама тІееача, шуна дагадаийтархьама оцу дерригенах лаьцна Ас шайга аьлларг». «ХІинццалц ца аьллера Ас шуьга иза, Со шуьца цхьаьна хилла дела. 5 Ткъа хІинца Со Ваийтинчунна тІевоьду Со. Шух цхьаммо а ца хотту Соьга: „Хьо стенга воьду?“ 6 Амма Аса шайга и дІахаийтарна, шун дегнаш гІайгІанах дуьзна ду. 7 Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дІавахар гІоле ю шуна“. Нагахь Со дІа ца вахча, шуна гІо Дийриг вогІур вац, ткъа Со дІавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна. 8 Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агІор дуьне тиладалар. 9 Цо гойтур ду дуьнено Сох цатешарна латийна къа. 10 ТІаккха Цо гойтур ду дуьне бакъонца цалелар, хІунда аьлча Со Дена тІе гІур ву. Со кхин гур вац шуна. 11 Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хІунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина. 12 Кхин а дуккха дара Сан шуьга ала, амма цкъа хІинца кхетар дац шу. 13 Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хІунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тІейогІучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна. 14 Цо Сан сийлалла ойур ю, хІунда аьлча Соьгарчух дІа а эцна, Цо довзуьйтур ду шуна иза. 15 Ден мел долу хІума а Сан ду. Цундела элира Ас, Цо, Соьгарчух дІа а эцна, шуна довзуьйтур ду иза аьлла». 16 «Кестта Со гур вац шуна. ТІаккха юха а кестта гур ву шуна Со». 17 ТІаккха цхьаболчу мурдаша вовшашка элира: «И хІун ду те Цо вайга бохург: „Кестта Со гур вац шуна, юха а кестта Со гур ву шуна?“ Кхин а: „Со Сайн Да волчу воьду“?» 18 Иштта цара бохура: «И хІун ду те Кхо бохург: „Кестта“? Ца кхета-кх вай Кхо бохучух». 19 Ткъа Іийса кхийтира, Шега уьш хІун хатта лууш бу. ТІаккха Цо мурдашка элира: «Ас шайга аьлларг хІун ду те бохуш, вовшашка хоьттуш ду шу: „Кестта Со гур вац шуна, тІаккха юха а кестта гур ву шуна“? 20 Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду. 21 Бер деш йолу зуда хуьлу гІайгІане, шен бер до хан тІекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гІайгІа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна. 22 Иштта шу а хІинца гІайгІане ду, амма Суна юха гур ду шу, тІаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дІадоккхур дац шуьгара. 23 ТІаккха цу дийнахь хІумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цІарах цхьа хІума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна. 24 ХІинццалц хІумма а ца дехнера аша Сан цІарах. Ткъа хІинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама». 25 «ХІара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тІейогІуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дІакхайкхош. 26 Цу дийнахь шаьш доьхур ду аша Сан цІарах. Ас ца боху шуьга, шун метта Ас деха дезар ду Дега. 27 ХІунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а. 28 Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хІинца, юха а хІара дуьне дитина, Дена тІевоьду Со». 29 ТІаккха Іийсан мурдаша элира: «ХІаъ, хІинца-м тхо кхетадеш схьабоху Ахь тхоьга, кицанашца а ца дуьйцуш. 30 ХІинца кхета тхо Хьуна дерриг хаьий, цхьаммо хаттарш а дале, уьш Хьуна девзий. Цундела теша тхо Хьо Делера схьаваьлла хиларх». 31 Іийсас жоп делира царна: «ХІинца теша шу? 32 Ткъа хІинца тІекхоччуш лаьтта, тІекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дІаса а даьржина, хІора а шайн-шайн цІа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела. 33 ХІара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гІайгІа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».

Яхьъя 17

1 И дешнаш а аьлла, Шен бІаьргаш стигала хьала а хьажийна, Іийсас элира: «Дада! ТІедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КІентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта. 2 ХІунда аьлча массо а адамна тІехь олалла дан бакъо елла Ахь Цунна, Ахьа Шена беллачарна массарна а Хьо волчохь хедар доцу дахар Цуьнга далийтархьама. 3 Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Іийса а вовзар. 4 Ахьа Сайна тІедиллина гІуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас. 5 Ткъа хІинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица. 6 Ахьа кху дуьнен чохь Сайна делла долчу адамашна, гучуяьккхира Ас Хьан цІе. Уьш Хьан дара, ткъа Ахьа Суна деллера уьш. Цара Хьан дош лардира. 7 Ткъа хІинца хаьа царна дерриг Ахь Суна делларг Хьоьгара хилар. 8 И Ахь Суна делла дешнаш Ас цаьрга дІаделла. Ткъа цара и дешнаш тІеийцира. Уьш кхийтира, баккъал а Со Хьох схьаваьллий. Уьш тийшира Со Ахьа вахийтина хиларх. 9 Ас доьху Хьоьга царна тІера. Ас ца доьху дуьненарчу дерриге а адамашна тІера, амма Ахь Суна деллачарна тІера, уьш Хьан долу дела. 10 Сан мел дерг Хьан ду, ткъа Хьайниг Сан ду. Цаьргахула Сан сийлалла гучуяьлла. 11 Со хІинца дуьйна кху дуьненахь хир вац, амма уьш дуьненахь бу. Ткъа Со Хьо волчу вогІу. Веза Дада! И Айхьа Суна белларш Хьайн цІеран олаллица Іалашбехьа, Ахьа Суна белла болу уьш а, Вайшиъ санна, цхьаалла йолуш хилийтархьама. 12 Со цаьрца дуьнен чохь волчу хенахь, Ахьа Суна деллачу Хьан цІеран олаллица Ас уьш Іалашбира. Царах цхьа а Ас ца вайира, хІаллакьхила везаш волу стаг воцург, Делан Йозанаш тІехь дерг кхочушхилийтархьама. 13 Ткъа хІинца Хьуна тІевогІу Со. Амма хІара Ас хІинца Со дуьненахь волуш боху, Сан хазахетар ма-дарра, церан дегнаш чохь иза дуьззина хилийтархьама. 14 Ас Хьан дош царна деара, амма дуьненна и адамаш ца дийзира, уьш, Со санна, кху дуьненара доцу дела. 15 Ас ца доьху Ахь и нах кху дуьненара дІаэцар, амма доьху Ахь уьш вонах ларбар. 16 Уьш а, Со санна, кху дуьненах бац. 17 Хьайн билггал долчу бакъдолчуьнца уьш Хьайн дола бахахьа. Хьан дош ду бакъдерг. 18 Ахьа Со дуьнен чу ваийтаре терра, Ас уьш а хьажабо дуьнен чу. 19 Аса церан дуьхьа Со дІало Хьан дола, уьш а бакъдолчуьнца Хьан дола бахийтархьама. 20 Ас доьху Хьоьга, деккъа церан дуьхьа а доцуш, амма церан дешнашкахула Сох тешар долчеран дуьхьа а. 21 Ас доьху уьш берриш цхьаъ хилийта. Хьо, Сан Дада, Соьца а, Со Хьоьца а санна, уьш а Вайца хилийтахь, Со Ахь ваийтина хиларх дуьне тешийтархьама. 22 Ахь Суна делла долу сийлалла Ас царна а делла, уьш а, Вайшиъ санна, цхьаъ хилийтархьама. 23 Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а. 24 Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хІунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера. 25 Бакъволу Дада! Дуьненна ца вевзира Хьо, ткъа Суна вевза Хьо. Ахьа къастийначарна а хиира Ахь Со ваийтина хилар. 26 Аса гучуяьккхира царна Хьан цІе, хІинца чул тІаьхьа а гучуйоккхур ю, Хьан Соьга боллу безам церан хилийта а, Со цаьрца хилийта а».

Яхьъя 18

1 Шен доІа дина а ваьлла, Іийса Шен мурдашца Кхидрун-хин тогІина дуьхьал агІор йолчу беша дІаволавелира. Цу беша бевлира Іийса а, Цуьнан мурдаш а. 2 Ткъа Іийсана ямартло еш волчу ЯхІудана а евзара и меттиг, хІунда аьлча Іийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь. 3 Иштта ЯхІуд а веара цига, шеца римхойн тІемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гІаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цІераш латийна хаьштигаш а, герз а дара. 4 Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Іийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?» 5 Цунна жоп делира: «Назартера Іийса лоьху», – аьлла. ТІаккха Іийсас элира: «Со ву-кх Иза». Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Іийсана ямартло еш волу ЯхІуд вара. 6 Іийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира. 7 ТІаккха Іийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?» Цара жоп делира: «Назартера Іийса», – аьлла. 8 Ткъа Іийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хІорш, Іадбитий, дІабахийта». 9 Иштта кхочушхилира Іийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина». 10 ТІаккха шегахь тур долчу ШамІа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тІерадаьккхира. Оцу ялхочун цІе Малх яра. 11 Іийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Іийр вара ткъа Со?» 12 Цул тІаьхьа тІемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гІаролхоша а Іийса, схьа а лаьцна, дІавихкира. 13 ТІаккха Іаннина тІевигира цара Іийса, Іанна цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбан стунда хиларна. 14 Ткъа Кайба вара динан куьйгалхошка, халкъан дуьхьа цхьа стаг валар гІоле ю аьлла, хьехам бинарг. 15 Іийсана тІаьхьахІоьттина воьдуш вара ШамІа-Кипа а, кхин цхьа мурд а. И мурд динан коьртачу дена вевзаш вара, цундела иза Іийсаца цхьаьна динан коьртачу ден керта чу велира. 16 Ткъа Кипа кертан кевнал арахьа лаьтташ вара. ТІаккха оцу динан коьртачу дена вевзаш волчу вукху мурдо, ара а ваьлла, кертан кевнехь гІарол дечу зудчуьнга а аьлла, Кипа чоьхьа ваьккхира. 17 ТІаккха оцу кевнехь лаьттачу зуда-ялхочо Кипе элира: «Хьо а вац хІокху Стеган мурдех?» Кипас элира: «Вац». 18 Цигахь шийла хиларна, кІора багош, бохлуш лаьтташ леш а, гІаролхой а бара. Цаьрца вохлуш лаьтташ Кипа а вара. 19 Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Іийсага. 20 Іийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дІадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цІеношкахь я Делан цІа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хІумма а ца дуьйцура. 21 Ахьа Соьга хІунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хІун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хІун аьлла». 22 Іийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гІаролхочо, Іийсан юьхь тІе тІара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?» 23 Іийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хІума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хІунда етта ахь?» 24 ТІаккха Іийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тІехьажийра Іаннас. 25 Ткъа ШамІа-Кипа хІинца а вохлуш лаьтташ вара. ТІаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?» «Вац», – аьлла, дІахадийра Кипас. 26 Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?» 27 Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нІаьна кхайкхира. 28 Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гІишлона чу вигира Іийса. Цу хенахь Іуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гІишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. 29 ГІишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хІун бехк балабо аша?» 30 Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дІавелла хир вацара оха Иза». 31 ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дІа а эций, шайн Іедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо». 32 Иза хилира Іийсас Шен валар муха хир ду дІахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама. 33 ТІаккха Пулата, юха а гІишло чу вахана, Іийса шена тІе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» 34 Іийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?» 35 Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хІун дина?» 36 Іийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хІинца Сан пачхьалкх кхузара яц». 37 ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Хетарехь, Хьо хІетте а Паччахь ву-кх?» Іийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугІу Сан озе». 38 Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хІун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тІевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хІума ца го суна. 39 Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хІума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргІатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хІара жуьгтийн къоман Паччахь дІахеца лаьий шуна?» 40 Цара маьхьарий хьаькхира: «ХІара ма хеца, Барраб схьахеца», – аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.

Яхьъя 19

1 ТІаккха Пулата омра дира, Іийса дІа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла. 2 Ткъа тІемалоша, коканийн коьллех кочар а дуьйцина, иза Іийсан коьрта тІе диллира. Ткъа Іийсана цІен бос болу оба тІекхоьллира. 3 Цул тІаьхьа, Іийсана тІе а хІуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТІаккха цара Цуьнан юьхь тІе еттара. 4 Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХІинца аса аравоккху ХІара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьанна а бехке долу хІума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама». 5 ТІаккха, коьрта тІехь коьллех дуьйцина кочар а долуш, тІе цІен духар дуьйхина волу Іийса гІишло чуьра аравелира. Пулата нахе элира: «ХІара ву и Стаг». 6 Іийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гІаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дІатоха Иза, хІунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го». 7 Ткъа динан куьйгалхоша элира Пулате: «Тхан товрат-хьехамаш бу, цу хьехамашца доьзча, Иза вала веза, Цо Ша Делан КІант ву боху дела». 8 Пулатана и дешнаш хезча, иза кхин тІе а кхеравелира. 9 Цо, юха а гІалин гІишло чу ваьлла, Іийсага хаьттира: «Хьо мичара ву?» – аьлла. Ткъа Іийсас цуьнга жоп ца делира. 10 ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Соьга а эр дацара Ахьа? Ткъа Хьуна ца хаьа, сан карахь дуйла, сайна лаахь, Хьо дІахеца а, сайна лаахь, Хьо жІарах дІатохийта а?» 11 Іийсас жоп делира цуьнга: «Суна тІехь цхьа тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дІавеллачунна тІехь кхин а сов къа ду». 12 Цу хенахь дуьйна Пулат Іийса дІахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дІахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагІа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагІа ву». 13 И дешнаш хезча, Пулат, Іийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Іебархойн маттахь Габбата цІе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира. 14 И дерриге а пІераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кІирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТІаккха: «ХІан, ХІара ву шуна шун Паччахь!» – элира Пулата нахе. 15 ТІаккха цара маьхьарий хьоькхура: «ДІаваккха Иза! ДІаваккха! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. Пулата элира цаьрга: «Ва шун Паччахь жІарах дІатоха веза ас?» Динан коьртачу дайша жоп делира: «Вац тхан кхин паччахь Рим-мехкан тхешан паччахь воцург». 16 ТІаккха Пулата цаьрга дІавелира Іийса, Иза жІарах дІатохийтархьама. Иштта Іийса, схьа а лаьцна, дІавигира цара. 17 Ша бахьа беза жІаран бІогІам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дІаволавелира Іийса (Іебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю). 18 Цигахь Іийса жІарах дІатуьйхира цара. Іийсаца цхьаьна кхин а ши стаг вара жІарех дІатоьхна, Іийса юккъехь а волуш, Цунна дехьа а, сехьа а агІор. 19 Пулата, дечиган уьнан юьхкана тІе йоза а яздина, иза жІаран бІогІам тІе дІатохийтира. Цу тІехь яздина дара: «Назартера Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь». 20 И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хІунда аьлча Іийса жІарах дІатоьхна йолу и меттиг гІалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь. 21 Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, – аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“». 22 Пулата элира: «Ас яздинарг яздина даьлла». 23 Іийса жІарах дІатоьхна бевлча, тІемалоша Цуьнан тІеюху хІуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хІора тІемалочунна цхьацца дакъа а луш. Іийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кІадих йина яра. 24 ТІаккха тІемалоша вовшашка элира: «ХІара коч этІор яц вай. ХІокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай». Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушдеш: «Цара вовшашлахь йийкъира Сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш». ТІемалоша иза иштта дан а дира. 25 Іийса дІатоьхначу жІарана уллохь лаьтташ бара Іийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а. 26 ТІаккха Іийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хІара хир ву хьан кІант». 27 Цул тІаьхьа мурде а элира Цо: «ХІара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дІайигира цу мурдо иза. 28 Цул тІаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Іийса. ТІаккха, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со». 29 Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТІаккха тІемалочо, цу кхаби чу худург а Іоьттина, иза гоьмукъ тІе а йихкина, Іийсан бете яьхьира. 30 Къонза а мелла, Іийсас элира: «Кхочушхилла!» ТІаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дІаделира Цо. 31 И дерриг пІераскан дийнахь хиларна, догІмаш жІарана тІехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хІунда аьлча тІедогІуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жІарах дІатоьхна болчеран настарш каг а йина, жІараш тІера церан догІмаш дІадахийтахьара аьлла. 32 Иштта тІемалоша, схьа а баьхкина, Іийсана цхьацца агІор дІатоьхначеран настарш кегйира. 33 Ткъа Іийсана тІебахча, Иза дІакхелханий а гина, Цуьнан настарш ца кегйира цара. 34 Ткъа тІемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Іийсан агІонах, пІендаршна юккъе. Цу сохьта цІий а, хи а охьадахара. 35 И хилларг гиначо тоьшалла дина, шу а цунах тешийтархьама. Ткъа цуьнан тоьшалла бакъ а ду, цунна ша бакъдерг бохий а хаьа. 36 Иза хилла дІахІоьттира, Делан Йозанаш тІехь яздина дерг кхочушхилийтархьама: «Цуьнан цхьа а даьІахк кагйина хир яц», – аьлла. 37 Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегІах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш». 38 Цул тІаьхьа Рамат цІе йолчу гІалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Іийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Іийсан дегІ жІара тІера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупана. ТІаккха цо, вахана, и дегІ жІара тІера схьадаьккхира. 39 Хьалха, буьйсанна Іийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогІу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера. 40 Цара, Іийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогІу хьакхарш хьаькхна долчу кІади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Іедалехь стаг дІавуллуш ма-дарра. 41 Іийса жІарах дІатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хІинца а цхьа а виллаза къубба яра. 42 И дерриг а жуьгташа шоьтан денна кечам беш долу пІераскан дийнахь долу дела а, и къубба генахь йоцу дела а, Іийса цу чу виллира.

Яхьъя 20

1 Ткъа кІирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІакарчийна гира Маремана. 2 ТІаккха Марем, едда, Кипина а, Іийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тІееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дІаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа». 3 ТІаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара. 4 И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира. 5 ТІаккха охьатаьІначу мурдана Іохкуш кІадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира. 6 Цул тІаьхьа ШамІа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тІаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Іохкуш йолу еккъа кІадинан кескаш. 7 Іийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Іуьллуш дара. 8 Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира. 9 ХІунда аьлча уьш хІинца а Делан Йозанаш тІехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара. 10 Иштта мурдаш юхабирзира. 11 Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тІе охьатаьІира. 12 Цу хенахь Маремана, тІехь кІайн хІуманаш а йолуш, хиъна Іаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Іийса охьавиллина хиллачу меттехь. 13 ТІаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хІунда йоьлху?» Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дІа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со». 14 И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Іийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Іийса вуйла. 15 Іийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хІунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?» Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дІаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара». 16 Іийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду). 17 ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“». 18 ТІаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дІахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а. 19 Оцу кІирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неІ дІакъевлина уьш Іаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дІа а хІоьттина, Іийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!» 20 И аьлла, Шен куьйгаш а, агІо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чІогІа хазахеттера мурдашна. 21 ТІаккха юха а элира Іийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!» 22 И аьлла, Іаь а тоьхна, Іийсас элира: «ДІаэца Делан Са. 23 Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тІера дІадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тІехь дуьсур ду». 24 Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТІама, Іийса веанчу хенахь мурдашца вацара. 25 ТІаьхьа оцу мурдаша ТІамига элира: «Тхуна Веза Эла гира». Ткъа ТІамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тІехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агІонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хІуъа хилча а, тешар вац со». 26 Цул тІаьхьа кІира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Іаш бара цІа чохь. ТІама а вара цаьрца. НеІ дІакъевлина а йолуш, Іийсас, цІа чу а веана, юккъе дІа а хІоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!» 27 ТІаккха ТІамига Іийсас элира: «Хьайн пІелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агІонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила». 28 ТІамас, жоп луш, элира Іийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!» 29 Іийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш». 30 Кхин дуккха а тамашийна гІуллакхаш дира Іийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тІехь яздина а доцу. 31 Ткъа хІорш яздина Іийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КІант хиларх шу тешийтархьама а, тІаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цІарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.

Яхьъя 21

1 Цул тІаьхьа Тхьабара-хІордан йистехь Іийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Іийсас Ша цигахь. 2 Цу хенахь ШамІа-Кипа а, ТІама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаІил а, Зевадин кІентий а, Іийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара. 3 ШамІа-Кипас элира цаьрга: «Со чІерий леца воьду». Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догІу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хІумма а ца лецира. 4 Ткъа Іуьйре тІейогІучу хенахь Іийса бердан йисте дІахІоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Іийса вуйла. 5 Іийсас элира цаьрга: «ДоттагІий, чІерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», – аьлла. 6 Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Шайн чІерий лоцу бой хинкеманан аьтту агІор чутаса, тІаккха карор ду шуна чІерий». Цара бой чутесира, тІаккха чІерий тІех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга. 7 ТІаккха Іийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХІара Веза Эла ву». Ткъа ШамІа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гІодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира. 8 Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тІехь, шайна тІаьхьа чІерашца йолу бой а текхош, хІордан йисте кхечира, уьш болчуьра хІордан йисте кхача, ши бІе дол хиллал бен юкъ йоцу дела. 9 Мурдашна, хинкеманна тІера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кІоран алу а йолуш, цунна тІехь чІерий а, юххехь бепиг а гира. 10 Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІинца лаьцначу чІерех цхьадерш схьада кхуза». 11 ШамІа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чІерий долу бой хІорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чІара бІе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чІерий лоцу бой ца етІира. 12 Іийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хІума яа шайна». Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла. 13 Іийсас, тІе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дІаделира, тІаккха чІара а дІакховдийра. 14 Веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Іийсас иштта кхозлагІа а Шен мурдашна гайтира Ша. 15 Уьш яа хІума йиина бевлча, ШамІа-Кипе Іийсас элира: «Яхьъян кІант ШамІа! Царначул сов кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТІаккха Іийсас элира Кипе: «Сан Іахарий дажаде ахьа». 16 ТІаккха юха шозлагІа а элира Іийсас Кипе: «Яхьъян кІант ШамІа, кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира цуьнга: «Сан уьстагІийн Іу хила хьо». 17 КхозлагІа а элира Іийсас: «Яхьъян кІант ШамІа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Іийсас кхозлагІа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира Кипе: «Сан уьстагІий дажаде ахьа. 18 Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дІа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо». 19 Иштта элира Іийсас Кипе, цо мухачу Іожаллица Дела вазвийр ву дІахоуьйтуш. ТІаккха и аьлла, Іийсас кхин а тІетуьйхира: «Суна тІаьхьахІотта хьо». 20 Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тІаьхьавогІу, Іийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Іийсан некха тІе а таьІна Іийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.) 21 Иштта, и мурд гина, Кипас элира Іийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хІун хир ду?» 22 Іийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хІун бала бу цуьнца? Хьо Суна тІаьхьахІотта». 23 Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Іийсас иза лийр вац ца аьллера. Іийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хІун бала бу цуьнца?» 24 И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла. 25 Кхин дуккха а дара Іийсас дина гІуллакхаш. Схьахетарехь, царах массарех лаьцна тептарш яздинехь, хІокху дуьнен чу а тарлур дацара уьш.

Векалийн 1

1 Лоруш волу Теапил, сайн хьалхарчу жайни тІехь ас яздинера хьоьга Іийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна, 2 Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тІекхаччалц. 3 Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тІевеара Іийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Іийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хІуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура. 4 Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гІалара дІа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. 5 ХІунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду». 6 Мурдаша, гул а белла, хаьттира Іийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахІоттайо хан тІе ца кхаьчна?» – аьлла. 7 Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гІуллакх дац. 8 Амма шуна тІе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхІуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а». 9 Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь къайлавелира. 10 Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна юххехь кІайн духар а дуьйхина ши стаг дІахІоьттира. 11 «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юхавогІур ву». 12 Цул тІаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тІера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоІучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал. 13 ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг. 14 Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доІанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Іийсан нана Марем а, Іийсан вежарий а бара. 15 Цкъа уьш гулбеллачу метте бІе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гІаьттина, элира: 16 «Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Іийса лоцуш болчарна тІехь куьйгалла дина волчу ЯхІудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тІехь. 17 ЯхІуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гІуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо». 18 Іийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тІехь велла карийна иза, даьттІачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш. 19 Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХІакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦІийн латта» бохург ду. 20 « Забур тІехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дІатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гІуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дІалоцийла“. 21 Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Іийсана уллохь а хилла, 22 ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Іийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Іийса денваларан теш хила а веза». 23 Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а. 24 Векалша доІа дира: «Веза Эла! Хьуна хІораннан а дог девза, гайтахьа тхуна 25 ша ваха веззачу метте дІаваханчу ЯхІудан метта, Айхьа векал а вина, гІуллакх дан хаьржинарг». 26 Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин бēлира. Иза, шийтталгІа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дІакхийтира.

Векалийн 2

1 Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира. 2 ЦІеххьана, чІогІа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гІовгІа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цІа дуьзира. 3 Йогучу цІеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хІоранна тІехула севцира. 4 Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. 5 Ярушалаймехь цу хенахь дуьненан массо а халкъашна юкъара схьаихна жуьгтий бара. Уьш къаьсттина чІогІа Делах тешаш а, Цунах кхоьруш а бара. 6 И гІовгІа яьлча, дукха нах гулбелира. Массо а цецваьлла виснера, хІунда аьлча хІоранна а векалша буьйцу шен-шен къоман мотт хезара. 7 Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац? 8 Вайна хІоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш? 9 Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Іейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхІуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а, 10 Пхьаргера а, Пампилара а, Мисарара а, Ливин Къурина-гІалин йистера адамаш а, римхой а, 11 (жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тІеэцнарш а), Крит-гІайренан бахархой а, Іаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гІуллакхех лаьцна дуьйцуш!» 12 Цец а буьйлуш, хиллачух ца кхеташ, вовшашка хоьттура цара: «Ванах, хІара хІун ду?» – бохуш. 13 Цхьаболчара бохура, бийла а буьйлуш: «Цара алсам мерза чагІар мелла». 14 Кипас, вукху цхьайтта векалца дІа а хІоьттина, аз айдеш, элира нахе: «ЯхІудхой а, Ярушалайман бахархой а! Пурба ло суна дерриг а шайна дийцийта. Дика соьга ладогІалаш! 15 ХІара нах, шуна ма-моттара, бехна бац, хІинца Іуьйранна исс сахьт бен ма ца даьлла. 16 Ткъа Юал-пайхамаро дийцинарг ду хІара. 17 „ТІаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хІуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гІенаш гуш хир бу. 18 Сайн ялхошна тІе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Іаь тухур ю Аса цу деношкахь, тІаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду. 19 Аса стигалан Іаьрчашкахь а, лаьтта тІехь а тамашийна хІуманаш гойтур ду: цІий, цІе, кІуьран мархаш. 20 Везачу Элан сийлахь де тІекхачале малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду. 21 Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву“. 22 Исраилхой, ладогІалаш соьга: Назартара Іийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХІунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а кхочушйора. 23 Іийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дІавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жІарах дІа а тохийтина, вейтира Иза. 24 Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Іожаллин багара а ваьккхина. Іожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. 25 Дауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агІор ву, со воха ца вохийта. 26 Цу бахьанина хазахетарх дуьзна ду сан дог, сан матто гуттар а хеставо Хьо, сан дегІ а ду сатуьйсийлах дуьзна. 27 ХІунда аьлча Ахьа вуьтур вац со кошахь. Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац Ахь. 28 Ахьа бакъдолчу дахаран некъ гайтина суна. Хьайн юьхьа дуьхьал суна хазахетар дийр ду Ахьа“. 29 Вежарий, аса билггала бакъдерг дІахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дІа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду. 30 Иза пайхамар вара. Дала цунна чІагІо йинера, цуьнан тІаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. 31 Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегІана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна. 32 Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. 33 Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Іийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. 34 Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, 35 Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц», – аьлла“. 36 Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жІарах дІатоьхна Іийса – Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна». 37 И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хІун дан деза оха?» – бохуш. 38 Кипас элира цаьрга: «Шух хІора а Далла тІе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Іийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТІаккха шуна совгІат санна Делан Са лур ду. 39 И совгІат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тІаьхьабогІучу, Дала Шена тІекхойкхун болчу массарна а». 40 Кипас, цаьрга дІа а хьедеш, дехарца бохура: «КІелхьардовлалаш хІокху телхинчу адамех». 41 Цуьнан хьехам тІеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Іийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира. 42 Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугІуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доІанаш деш а бара. 43 Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гІуллакхаш дора векалшкахула. 44 Іийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хІума юкъахь дара. 45 Шайн керташ а, долахь дерг а дІа а духкуш, шайна юкъахь дІасадоькъура цара, хьанна хІун оьшу хьаьжжина. 46 ХІора дийнахь цхьаьна Делан цІийнан кертахь бара уьш. ЦІеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура, 47 Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура. Везачу Эло хІора денна совйоккхура кІелхьарбохучийн тоба.

Векалийн 3

1 Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цІийнан керта воьдуш. 2 Цу хенахь «Исбаьхьа» аьлла цІе йолчу кевнан йисте а валийна, охьахаийра вичхьана дуьйна а заьІап волу цхьа стаг. Иза хІора денна а, вала а вой, цигахь вуьтура, Делан цІийнан керта богІучу нахе цуьнга сагІа дехийтархьама. 3 Кевнна хьалха Кипий, Яхьъяй а гина, цаьрга сагІа дийхира заьІапчу стага. 4 ХІара шиъ леррина хьаьжира цуьнга. Юха Кипас элира: «Схьахьажал кхуза!» 5 И стаг дІахьаьжира цаьрга, шена цхьаъ яларе са а тесна. 6 ТІаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Іийсан дуьхьа, хьала а гІаттий, дІаволало!» 7 Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагІаттийра и стаг. ЦІеххьана заьІапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чІагІъелира. 8 Иза, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. ДІаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цІийнан керта вахара иза. 9 Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогІуш. 10 «Исбаьхьчу» кевнехь сагІадоьхуш Іийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах. 11 Товелла заьІап стаг, Кипиний, Яхьъяний тІаьхьара а ца волуш, вогІура. Инзардаьлла дедда догІу дерриг а адам царна тІаьххье Сулим-паччахьан цІарах йолчу лекхачу бІогІамех йинчу гІишлонна тІекхечира. 12 ТІаьхьа богІу нах а гина, Кипас элира: «Исраилхой, хІокху гІуллакхах шу цец хІунда дуьйлу? Тхешан ницкъаца я суьпа хиларца товина-м ца моьтту шуна оха и стаг? 13 ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. 14 Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тІе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кІелхьарваккха аьлла, дийхира аша. 15 Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хІуманна тхо тешаш а ду. 16 Іийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цІаро тешарехь чІагІвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Іийсас кхунна деллачу тешаро товина хІара стаг, шуна ма-гарра. 17 Вуьшта, вежарий, суна хаьа, аша а, шун хьаькамаша а и гІуллакх шайна ца хаарна динийла. 18 Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хІордах чекхваккхар. 19 ХІинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза, шайн къинош дІадахийтархьама. 20 ТІаккха Дала шуна паргІат зама йоуьйтур ю. ТІаккха Цо шуна хІоттийна волу, Ша леррина Къобалвинарг воуьйтур вара. И Къобалвинарг Іийса ву. 21 Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахІоттор ду аьлларг тІекхаччалц йолчу ханна Іийса стигалахь хир ву. 22 Муса-пайхамаро а ма аьлла: „Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хІоттор ву шуна юкъахь, со санна. Цо бохучу массо а хІумане ладогІалаш. 23 Цуьнга ла ца доьгІнарг массо а, шен халкъах дІа а къастийна, хІаллаквийр ву“. 24 Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тІера дуьйна, хІара денош догІур ду аьлла ду. 25 Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тІаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахІиме: „Хьан тІаьхьенашкахь декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“. 26 Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тІеваийтира Иза, зуламечу гІуллакхех шух хІора а дІадерзош, къобалдархьама».

Векалийн 4

1 Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тІе динан дай а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цІе йолу нах а баьхкира. 2 Уьш чІогІа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Іийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а. 3 Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гІароле дІавелира, хІунда аьлча тІееана суьйре а яра, хан а яьллера. 4 Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгІна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Іийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира. 5 ШолгІачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Іелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира. 6 Динан коьрта да Іанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь. 7 Кипий, Яхьъяй юккъе а ваккхийтина, цаьрга барт хатта буьйлабелира уьш: «Муьлхачу ницкъаца а, хьенан цІарах а дара аша динарг?» – бохуш. 8 Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогІалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а! 9 Нагахь санна цомгуш волчу стагах бинчу къинхетамах аша тахана тхоьгара жоп дехахь, 10 дІахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жІарах дІа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа товина волу хІара стаг шуна хьалха лаьтташ ву! 11 Іийса – Иза, „гІишлошъечу пхьераша дІа а кхоьссина, сонан йисте дІахІоьттина болу тІулг“ бу. 12 Кхин цхьаьнггахь а кІелхьардовлар дац, хІунда аьлча стигал кІелахь кхин цІе яц адамашна кІелхьардовла елла». 13 Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХІара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хІорш Іийсаца хиллий. 14 Амма царна уллохь лаьтташ товина стаг а гуш, дуьхьал ала хІума дацара кхелахойн. 15 Юха векалшка, коьртачу кхеташонера арадовла аьлла, омра а дина, барт бан хІиттира уьш. 16 «ХІун де вай оцу нахана? – бохура цара. – Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хІума. Вайга иза дайалур дац. 17 Амма хиллачух лаьцна хабар нахана юкъахь ца даржийта, вай дехка деза царна Іийсан цІарах хьехам бар». 18 Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Іийсан цІе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла. 19 Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогІар? 20 Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Іалур дац». 21 Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дІахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хІун таІзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ. 22 ХІунда аьлча и тамашийна дарба хиллачу стеган шовзткъа сов шо дара. 23 Шаьш дІахецча, Кипас а, Яхьъяс а, шайн накъостий болчу а веана, шайга динан коьрта дайша а, баккхийчу наха а баьхнарг дІадийцира. 24 И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доІа дан хІиттира: «Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина! 25 Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „ХІунда буьйлу кхечу къаьмнех болу нах карзах, хІунда лоьцу халкъаша хиндоцург дага? 26 Дуьненан паччахьаш а, куьйгалхой а цхьаьна гулбеллера Везачу Элана а, Дала Къобалвинчунна а дуьхьалбовла“. 27 Билггала, хІокху гІалахь ХІарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Іийсана кхел ян. 28 Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тІедиллинарг кхочушдира цара. 29 ХІинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо, 30 ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Іийсан цІарах дарба дан а, тамашийна хІуманаш а, инзаре гІуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!» 31 Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош. 32 Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. 33 Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Іийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш. 34 Латта а, цІенош а долчу наха, уьш дІа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора. 36 Масала, Кипр-гІайре тІера Юсуп цІе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кІант» бохург ду) 37 шен латта дІа а доьхкина, схьадеана ахча векалийн когашка охьадиллира.

Векалийн 5

1 Цхьана стага шен бахам дІабоьхкира. Цу стеган цІе Хьанас яра, цуьнан зудчун цІе Шаппира яра, 2 Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дІалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо. 3 Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла? 4 Ахьа дІадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХІунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина». 5 И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧІогІа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра. 6 Схьабаьхкинчу кегийчу наха дакъа, дІа а хьарчийна, дІа а даьхьна, дІадоьллира. 7 Цул тІаьхьа, кхин кхо сахьт даьлча, цига Хьанасан зуда еара. Цунна ца хаьара хилларг. 8 Кипас хаьттира цуьнга: «Алал соьга, хІокху мехах доьхкирий аша латта?» Зудчо элира: «ХІаъ, оцу мехах». 9 Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеІарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дІа а воьллина, чубогІу нах бу хьуна уьш. Хьо а дІахьур ю хьуна цара». 10 Цу сохьта, цуьнан когашка охьа а йоьжна, елира и зуда. Чубаьхкинчу кегийчу нахана и елла Іуьллуш гира. ДІаяьхьна, шен майрачунна улло дІайоьллира иза. 11 Іийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера. 12 Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цІарах йолчу меттехь гуллора. 13 Наха уьш лоруш белахь а, хийрачех цхьа а царна юкъа ваха ца хІуттура. 14 Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь. 15 Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тІехь урамашка арабохура, тІехволучу Кипин ІиндагІ мукъана а царна тІедожийта. 16 Ярушалаймана гонахарчу гІаланашкара адамийн тобанаш оьхура. Цара шайн цомгуш болу а, жинаша хьийзош болу а нах балабора. Массарна а дарбанаш хуьлура. 17 Динан коьрта да а, динан садукъойн тобанах болу цунна уллоранаш а хьогІах буьзна бара. 18 Цара векалш, дІа а лецийтина, халкъана йина йолчу набахти чу бохкийтира. 19 Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш. 20 Цо элира цаьрга: «Делан цІийнан керта а гІой, нахана хІокху керлачу дахарх лаций дийца», – аьлла. 21 Іуьйранна, шайга ма-аллара, Делан цІийнан керта а баьхкина, нахана хьехам бан хІиттира векалш. Ткъа динан коьртачу дас а, цуьнан уллорачара а Исраилан халкъан тхьамданаш коьртачу кхеташоне а кхайкхина, набахтера векалш схьабало шайн ялхой бахийтира. 22 Набахте баьхкинчу эпсаршна цу чохь векалш ца карийра. Цара, юха а баьхкина, элира: 23 «Набахтин ков дика дІакъевлина ду, иза лардеш гІаролаш а ду, амма иза схьадиллича, чохь цхьа а кара-м ца ви тхуна», – аьлла. 24 Цаьрга ла а доьгІна, Делан цІийнан гІаролан хьаькам а, динан коьрта дай а инзарабевлла бара, «ХІара хІун ду?» – бохуш. 25 Юха цхьаммо, ван а веана, хаам бира: «Аша набахти чу боьхкинарш Делан цІийнан кертахь нахана хьехамаш беш бу», – аьлла. 26 ТІаккха гІаролан хьаькамо, эпсаршца ваха а вахана, векалш схьабалийра. Цара векалшна ницкъ ца бира схьабалочу хенахь, хІунда аьлча наха шайна тІулгаш деттарна кхоьрура уьш. 27 Векалш коьртачу кхеташоне чубалийра. Динан коьртачу дас элира цаьрга: 28 «Оха шуна чІогІа дихкинера, цу стеган цІарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дІасабаржийна. Цул сов, цу стеган цІий тхох хьарчадо аша». 29 Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтІахь хила деза тхо! 30 Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Іийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина. 31 Амма Дала Иза, Эла а, кІелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тІедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. 32 Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш». 33 И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чІогІа оьгІазбахара. Векалш байа лууш бара уьш. 34 Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Іелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цІе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хІоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо. 35 Цул тІаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гІертачун. 36 Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цІе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тІаьхьа виъ бІе гергга стаг хІоьттира. Амма иза вийначул тІаьхьа, цуьнан накъостий дІасабевдира. ХІумма а доцург а хилла, дІаделира и гІуллакх. 37 Цул тІаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дІаязбечу хенахь веанчу цо гІаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тІаьхьахІиттинарш а дІасабевдира. 38 Цундела хІокху хІуманна тІедоьгІна сан хьехар ду шуна: и нах Іадбита, дІахеца уьш. Цара долийна хІума нахера делахь, иза, дайна, дІадер ду. 39 Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду». 40 Цо бохучуьнга ладуьйгІира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Іийсан цІарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дІахийцира цара. 41 Векалш кхеташонера арабевлира, Іийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш. 42 ХІора денна Делан цІийнан кертахь а, цІеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара.

Векалийн 6

1 Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Іебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хІуманан дакъа шайн бисина Іачу зударшна ца кхочуьйту. 2 ТІаккха шийтта векало, берриг а мурдаш вовшах а тоьхна, элира: «Делан дош дІакхайкхор а сацийна, тхо хІума екъа хІиттича, нийса хир дац. 3 Цундела, вежарий, аша шайна юкъара ворхІ стаг харжа веза. Уьш Делан Са а, хьекъал а шайца хиларца гІарабевлла хила беза. Вай и гІуллакх царна тІедуьллур ду. 4 Ткъа оха тхешан ерриге а хан доІанаш дарна а, Делан дош кхайкхорна а хьажор ю». 5 Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тІеэцна волу Антиохера Никлас а. 6 И нах цара векалшна хьалха дІахІиттийра. Векалша, доІа а дина, царна тІе куьйгаш дехкира. 7 Делан дош дІасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Іийсах долчу тешарна муьтІахь хилира. 8 Делан къинхетам а, ницкъ а шеца болу Тапа нахана юкъахь тамашийна Іаламаташ а, билгалонаш а гойтуш вара. 9 Къуринара а, Искандарера а, Киликера а, Асиара а жуьгтий шена чубогІучу, «паргІатбевлларш» аьлла цІе йолчу жуьгтийн гуламан цІийнера цхьаболу нах Тапица къийса бевлира. 10 Амма цуьнан къамелехь долчу хьекъална а, цуьнца долчу Делан Синан доьналлина а дуьхьало ца ялора цаьрга. 11 ТІаккха цара къайлаха нах кечбира дІахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Іеса къамел деш хезира тхуна», – аьлла. 12 Адам а, Іелам нах а, баккхийнаш а карзахбехира цара. Тапа, схьа а лаьцна, коьртачу кхеташоне валийра. 13 Харц тоьшалла дан нах дІахІиттийра. Цара бохура: «ХІара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву. 14 Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Іийсас хІара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гІиллакхаш а хуьйцур ду“». 15 Леррина Тапе хьоьжучу кхеташонехь болчу нахана гира, маликан санна, цуьнан серлаяьлла юьхь.

Векалийн 7

1 Юха динан коьртачу дас хаьттира Тапе: «Иштта дуй иза?» – аьлла. 2 Тапас жоп делира: «Вежарий а, дай а! Доьху сайга ладогІар. Вайн да ИбрахІим Месопотамехь волуш, Олаллин нуьрехь Дела хІоьттира цунна хьалха. Цу хенахь ИбрахІим ХІаран-гІала дІавахаза вара. 3 „Хьайн мохк а, гергарнаш а битий, Аса хьайна гайтинчу махка дІагІо“, – элира Дала ИбрахІиме. 4 Хашадхойн мохк дІа а тесна, ХІаран-гІала дІавахара ИбрахІим. Цул тІаьхьа, цуьнан да кхелхича, Дала иза хІинца шу Іаш долчу махка хьажийра. 5 Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айран барамал латта а ца делира. Амма Дала чІагІо йира цунна, иза а, цуьнан тІаьхьенаш а хІокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахІим цу хенахь доьзалхо воцуш вара. 6 Дала элира цуьнга: „Хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш. 7 Амма Аса таІзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тІаьхьа хьан тІаьхьенаш цу махкара ара а евлла, кху меттехь Суна корта бетташ хир ю“. 8 Юха Дала ИбрахІимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахІима, Исхьакхан да ша хилча, борхІалгІачу дийнахь иза хадийра. ТІаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира. 9 Тхьамданаша, Юсупца хьагІ а лаьцна, иза Мисар-махка лай санна воьхкира. 10 Амма цуьнца Дела вара, Цо иза массо а халонах кІелхьарваьккхира. Дала Юсупана хьекъал а делира, Мисаран паччахь, пирІун, кхунна тІе а тайтира. Цу паччахьо Юсуп берриг а Мисаран а, шен цІийнан а куьйгалхо вира. 11 Юха Мисарахь а, КанаІанахь а мацалла хІоьттира. Иза йоккха хало яра. Вайн дай даа хІума доцуш бисира. 12 Мисарахь кІа ду аьлла шена хезча, Якъуба цига шен кІентий бахийтира. Уьш цига дуьххьара боьлхуш бара. 13 Уьш шолгІа баьхкича, Юсупа ша вовзийтира вежаршна. ПирІунна а хиира Юсупан гергарчу нахах лаьцна. 14 Цул тІаьхьа Юсупа шен дега Якъубе а, гергарчу нахе а дІакхайкхира. Цуьнан гергарчех берриг а кхузткъе пхийтта вара. 15 Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира. 16 Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахІима, дато ахча а делла, Хьамуран кІенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира. 17 Дала ИбрахІимна делла дош кхочушхуьлу хан тІекхочуш яра, Мисарахь долу вайн халкъ дикка алсамделира. 18 Цул тІаьхьа Мисарахь кхин паччахь дІахІоьттира. Цунна Юсупах лаьцна хІумма а ца хаьара. 19 Иза вайн халкъ Іехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дІатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама. 20 Цу хенахь дуьнен чу Муса велира. Иза Далла хазахеташ вара. Хьалхарчу кхаа баттахь Муса шен ден хІусамехь кхобуш вара. 21 Юха иза дІатесна витича, пирІунан йоІа, дІа а ваьхьна, шен кІант волуш санна кхиийра иза. 22 Мусана Мисарахь долу дерриг а Іилманаш Іамийра. Иза дашна а, гІуллакхна а доьналла долуш вара. 23 Шен шовзткъа шо кхаьчча, вежарий болу исраилхой болчу ваха дагадеара цунна. 24 Цигахь волуш цунна гира мисархочо цхьана исраилхочунна ницкъ беш. Мусас, исраилхочуьнгахьа гІо а даьккхина, мисархо вийра. 25 Цунна моьттура вежарий кхетар бу, Дала шаьш паргІатдаха ша хьажийна хиларх. Амма уьш ца кхийтира. 26 ШолгІачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гІоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХІунда лета шу вовшах?“ 27 Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьан хІоттийна хьо? 28 Я айхьа селхана мисархо ма верра, со а вен-м ца гІерта хьо?“ 29 И дешнаш хезча, Муса, ведда, Мадани цІе йолчу махка дІавахара. Цигахь, тІевеана стаг а хилла, ваха охьахиира иза. Ши кІант а вира цунна цигахь. 30 Шовзткъа шо даьлча, Синай цІе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цІергахь малик деара. 31 Муса чІогІа цецваьллера и сурт гина. Дика хьажархьама иза уллохьа тІевахча, цунна Везачу Элан аз хезира: 32 „Со – хьан дайн Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бІаьрганегІар хьалаайа а ца ваьхьаш. 33 Везачу Эло элира цуьнга: „Мачаш дІаяха хьайн когара, хьо лаьтта меттиг еза меттиг ю. 34 Суна Сайн халкъана Мисарахь ницкъ беш а гина, цуьнан узарш а хезна. Со уьш паргІатбаха воьссина. ХІинца дІагІо, Аса Мисар-махка вохуьйту хьо“. 35 Иза исраилхоша тІе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хІоттийна тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хІинца хьаькам а, адам паргІатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гІуллакх. 36 Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦІечу хІорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а. 37 И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“. 38 Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай – лам тІехь малико шега дийцинарг дІааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама. 39 Амма вайн дай, цуьнга ла а ца доьгІна, иза дІа а тесна, шайн дегнашкахь Мисаре юхабирзира. 40 Цара элира АхІароне: „Вай дІадуьгу долу деланаш бе тхуна. Тхо Мисарера арадаьхначу Мусах хІун хилла ца хаьа тхуна“. 41 Цара эсанан суьртехь цІу а вина, цунна сагІа а доккхуш, шайн куьйгашца динчу цу гІуллакхна деза де хІоттийра. 42 И бахьана долуш Дела дІавирзира царна тІера, уьш стигаларчу седарчашна Іибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тІехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь цІий а Іенош, ягош, бежанийн сагІа Суна даьккхира ахь? 43 ХІан-хІа, ахь Мулка-цІунна лерина четар а, хьайн делан РамхІаран седа а, айхьа Іибадат динчу цІуйн суьрташ а лелийра. Цундела Аса хьо Бавелал дехьа эккхор ду“. 44 Вайн дайн яьссачу арахь Тоьшаллин Четар дара. Иза Дала Мусага де ма-аллара, Мусана гиначу кепехь дина дара. 45 Вайн дайша ЮшаІна тІаьхьахІиттина, тІом а беш, шаьш схьабаьккхинчу махка деара и четар. Ткъа Дала цигахь хьалха Іийна халкъаш дІалаьхкира. Дауд паччахь хІотталц цу махкахь дара и четар. 46 Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тІаьхьенна Далла лерина гІишло ян. 47 Амма Далла лерина цІа Сулим-паччахьо дира. 48 Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цІа чохь Іаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла: 49 „Стигал Сан паччахьаллин меттиг ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. ХІун цІа дийр дара аша Суна? – боху Везачу Эло. ХІун меттиг хир яра Суна садаІа? 50 Сан куьйго кхоьллина дац ткъа дерриг а?“ 51 Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду. 52 Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна. 53 Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира». 54 И дерриг а хезча, кхеташонехь берш, оьгІазбахна, Тапина цергаш хьекхо буьйлабелира. 55 Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агІор лаьтта Іийса а гира. 56 «Хьовсийша, – элира цо, – суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агІор лаьтта Адамийн КІант а го», – аьлла. 57 ТІаккха вуьш, лергаш дІа а къевлина, цІогІанашца, маьхьаршца цхьаьний тІелетира цунна. 58 Иза такхийна гІаланах ара а ваьккхина, цунна тІулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тІехулара бедарш Шаул цІе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира. 59 Цара шена тІулгаш деттачу хенахь, Тапас доІа дира: «Іийса-Эла, дІаэцахьа сан са!» 60 Цул тІаьхьа, гора а воьжна, чІогІа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хІара гІуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.

Векалийн 8

1 Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Іийсах тешаш болчийн тобане бала хІоттийра. ЯхІуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дІасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш. 2 Тапа суьпачу наха дІавоьллира, цунах доккха белхар а хІоттош. 3 Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо. 4 Ткъа шайн меттера дІалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь. 5 Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гІала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара. 6 Массара а цуьнга дика ладугІура. Цо деш долу тамашийна хІуманаш а гора царна. 7 Телхинчу дуккха а нахана чуьра жинаш маьхьарца арадуьйлура, меттахь биснарш а, заьІапнаш а толора. 8 Цу гІалахь болу нах чІогІа самукъадаьлла бара. 9 Цу гІалахь Іаш, ШамІа цІе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара. 10 Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву». 11 Халкъо къаьсттина тидам тІебахийтира цунна, хІунда аьлча цо дуккха а йолчу хенахь цецбохура уьш шен бозбунчаллашца. 12 Амма Делан олаллех а, Іийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гІалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура. 13 ШамІас, теша а тешна, ша а хих чекхваккхийтира. Массанхьахула а Пилапана тІаьхьа а хІоьттина лелара иза, цо лелочу инзаречу хІуманех а, тамашийна гІуллакхех а цецвуьйлуш. 14 Ярушалаймехь болчу векалша, Шамран-махкарчу наха Делан дош тІеэцна аьлла шайна хезча, цига Кипий, Яхьъяй вахийтира. 15 Цу шиммо, схьа а веана, доІа дира, и дош тІеэцначарна Делан Са тІелацар доьхуш. 16 ХІунда аьлча царна тІе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Іийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара. 17 Кипас а, Яхьъяс а царна тІехула куьйгаш лецира, тІаккха Іийсах тешначарна Делан Са тІеийцира. 18 Делан Са, векалша куьйгаш лаьцча, дуссуш хилар шена гича, ШамІас цаьрга ахча кховдийра: 19 «Суна а лойша и бакъо, – бохура цо, – Ас куьйгаш тІехула лаьцначунна Делан Са лур долуш». 20 Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хІаллакьхуьлийла хьан ахча, хІунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду. 21 Оха дечу кху гІуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хІунда аьлча хьан дог Далла хьалха цІена дац. 22 Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна. 23 ХІунда аьлча суна го, хьо дераллех вуьзна а, къинойн йийсарехь а хилар». 24 ШамІас дийхира тІаккха: «Везачу Эле сох доІа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама». 25 Векалша, тоьшалла а деш, Везачу Элан дош кхайкхадора цигахь. Цул тІаьхьа уьш Ярушалайме юхабаьхкира, новкъахь Шамран-махкарчу дуккха а ярташкахь хаза кхаъ а кхайкхош. 26 Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гІаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Іази-гІала боьдучу новкъа вала», – аьлла. 27 ТІаккха Пилап дІавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьІна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цІе йолчу зуда-паччахьан цІийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхІарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Іибадат дан а веана, 28 хІинца цІа воьдуш вара и эфиопхо. Шен гІудалкха а хиъна, ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран жайна а доьшуш, вогІура иза. 29 Делан Сино элира Пилапе: «Цу гІудалкха тІе а гІой, улло а хІоттий, дІагІо», – аьлла. 30 ГІудалкхана тІеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш. «Айхьа доьшучух кхетий хьо?» – хаьттира Пилапа. 31 «Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» – элира эфиопхочо. ТІаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо. 32 Жайни тІехь цо доьшу дешнаш хІорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагІ санна, дІавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Іахар санна, шена чуьра Іаь ца йолуьйтуш, тийна Іара Иза. 33 Сийсазваьккхина вара Иза, ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара. Хьан дуьйцур дара Цуьнан тІаьхьенах лаьцна, хІинца Цуьнан дахар лаьттара дІахьош хилча?» 34 ВаьІначо хаьттира Пилапе: «Алахьа соьга, хьанах лаьцна дуьйцу пайхамаро кхузахь, шех я кхечух?» 35 ТІаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тІера вола а велла, ваьІначунна Іийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира. 36 Уьш схьабогІуш хи тІе кхечира. «Хьажахьа, хІара хи ду, – элира ваьІначо, – стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?» 38 ВаьІначо омра дира, гІудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза. 39 Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цІеххьана дІаийцира, ваьІначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дІа а бира эфиопхочо. 40 Пилап цул тІаьхьа Ашдод-гІала нисвелира. Массо а гІаланашкахь хаза кхаъ кхайкхабора цо, ша Кхесрине дІакхаччалц.

Векалийн 9

1 Хьалха санна оьгІазаллех кхехкаш вара Шаул, Іийсан мурдаш хІаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. 2 Цо цуьнгара Дамасакх-гІаларчу жуьгтийн гуламан цІеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Іийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь. 3 Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цІеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. 4 Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?» 5 «Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Іийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. 6 ХІинца, хьала а гІаттий, гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахь хІинца дан дезарг». 7 Шаулна тІаьхьа богІу нах Іадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш. 8 Шаул лаьттара хьалагІаьттира, амма цо бІаьргаш схьабиллича, цунна хІумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе. 9 Кхаа дийнахь а, буса а бІаьрса дайна Іийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура. 10 Дамасакхехь Іаш Іийсан мурд вара, Хьанас цІе а йолуш. Цунна сурт хІоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!» ТІаккха хІокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» – аьлла. 11 Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхІудан цІа чу а гІой, Тарс-гІалара Шаул цІе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хІинца доІанаш деш ву. 12 Цунна сурт хІоьттина, Хьанас цІе йолчу стага, ван а веана, шен бІаьргаш тІе куьйгаш дохкуш, шен бІаьрса схьадаийта». 13 Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна. 14 Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу». 15 Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. 16 Ас гойтур ду цунна, Сан цІе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза». 17 Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». 18 Цу сохьта, пардо дІадаьлча санна, бІаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагІаьттинчул тІаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза. 19 ХІума йиинчул тІаьхьа гІора деара цуьнга. Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула. 20 Шаул жуьгтийн гуламан цІеношкахь хьехам бан волавелира, Іийса Делан КІант ву бохуш. 21 Цуьнга ладоьгІначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Іийсага кхойкхуш берш хІаллакбан гІерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тІебига веана вац иза?» 22 Шаул нахана хьехам барехь тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча. 23 Дикка хан яьлча, жуьгташа барт бира Шаул вен. 24 Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гІалин кевнаш лардора иза верхьама. 25 Амма цуьнан мурдаша буьйсанна гІалин гонахарчу пена тІехула тускар чохь чувоссийра иза. 26 Ярушалайме а веана, Іийсан мурдех дІакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хІара а Цуьнан мурд хиларх. 27 ТІаккха Бар-Нааба векалшна тІевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Іийсан олаллин цІарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а. 28 Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргІат лелара Ярушалаймехь, Іийсан цІарах майрра хьехам а беш. 29 Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хІара вен барт хилира церан. 30 Иза хиъча, динан вежарша Шаул Кхесрин-гІала дІавигира, ткъа цигара Тарс-гІала дІакхетийра. 31 ЯхІуд-махкахь а, Галилайхь а, Шамран-махкахь а Іийсах тешачийн тобанашна маьрша хан еара. Везачу Элан сийлаллех а кхоьруш, Делан Синан гІоьнца чІагІ а луш, алсамбовлуш бара Іийсах тешаш берш. 32 Кипа махкахула ваьлла лелаш вара. Ша воьдучу новкъахь Лодди-юьртара беза нах болчу вахар сацийра цо. 33 БархІ шарахь меттахь Іиллина волу Енай цІе йолуш цхьа стаг карийра цунна цигахь. 34 Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Іийсас тово хьо. Хьала а гІаттий, хьайн мотт дІабаккха». Енай цу сохьта хьалагІаьттира. 35 Лодди-юьртара а, Шарон-арара а нахана иза туовелла гича, уьш Везачу Элана тІебирзира. 36 Іийсах тешаш а йолуш, Яппи-гІалахь Іаш Тавита цІе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цІе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагІа луш а стаг яра. 37 Цу хенахь, цомгуш а хилла, елира иза. Цуьнан дакъа, лийча а дина, лакхарчу цІа чохь охьадиллира. 38 Лодди-юрт Яппи-гІалина уллохь хиларна, Кипа Лодди-юртахь ву аьлла шайна хезча, и волчу ши стаг вахийтира мурдаша, цуьнга сихонца схьавола аьлла. 39 Кипа цу нахаца схьавеара. Уьш схьакхаьчча, иза лакхарчу цІа чу вигира. Кипина гонах бисина Іаш болу зударий гулбелира. Белха а боьлхуш, Доркас шайца йолчу хенахь цо тегна йолу кучамаш а, кхин йолу хІуманаш а гойтура цара. 40 Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хІоьттина, доІа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дІа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагІатта!» Зуда, бІаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кІегархиира. 41 Кипас, куьг а лаьцна, гІо дира цунна когаш тІе ирахІотта. Юха Іийсах тешарш а, бисина Іаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дІагайтира цо. 42 Цу хІуманах лаьцна ерриг а Яппи-гІалахь хиира, тІаккха дуккха а адамаш Везачу Элах тийшира. 43 Кипас кхин а гІеххьа хан яьккхира Яппи-гІалахь. Иза цІокаршна дабагІа дечу ШамІин цІа чохь Іаш вара.

Векалийн 10

1 Кхесрин-гІалахь Іаш вара Корнил цІе йолу цхьа стаг. Иза Италера полкан эпсар вара. 2 Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагІа а лора, гуттар а Деле доІанаш а дора. 3 Цкъа цхьана дийнахь делкъал тІаьхьа кхо сахьт долуш Корнилна сурт хІоьттира. Цунна дика къаьсташ Делан малик гира. ХІара волчу а деана, малико элира: «Корнил!» 4 Кхеравелла, цуьнга дІахьаьжира Корнил. «ХІун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доІанашна а, сагІанашна а Дала жоп делла. 5 Яппи-гІала нах а бахийтий, шех Кипа олучу ШамІе схьакхайкха. 6 ЦІокарчашна дабагІа дечу ШамІин цІа чохь, хІорда йистехь сецна хьуна иза». 7 Шеца къамел дина малик дІадахча, Корнила шина ялхочуьнга а, ша куьйгалла дечу, Делах кхоьручу цхьана тІемалочуьнга а схьакхайкхира. 8 Дерриге а хилларг а дийцина, уьш Яппи-гІала бахийтира цо. 9 ШолгІачу дийнахь бахийтинарш гІалин йисте кхочуш, Кипа доІа дан цІийнан нийсачу тхов тІе хьалавелира. 10 Мац а велла, яа хІумане сатесира цо. Чохь болчара кхача кечбечу муьрехь шовкъ еара цунна. 11 Еллаелла стигал а, еа маьІІера дІалаьцна, лаьтта охьайоуьйтуш йоккхачу шаршух тера йолу цхьа хІума а гира цунна. 12 Цу шаршу юкъахь биъ ког болу тайп-тайпана дийнаташ а, текхаргаш а, олхазарш а дара. 13 Юха цхьана озо элира цуьнга: «Кипа, хьала а гІаттий, яйа а яйий, яа уьш», – аьлла. 14 Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хІума». 15 ТІаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хІума хьарам ма хета». 16 Иштта кхузза хилира, тІаккха цу сохьта шаршу юха а стигала хьалаяьхьира. 17 Кипа ойла еш лаьттара, шена хІоьттина сурт хІун маьІна долуш ду те бохуш. Цу хенахь Корнила бахкийтина нах, ШамІин цІенош а карийна, кевнна хьалха севцира. 18 Мохь а тоьхна, хаьттира цара: «Шех Кипа олу хьаша ШамІа вуй кхузахь?» – аьлла. 19 Кипа, дІа а хІоьттина, шена гиначу суьртах ойла еш вара. ТІаккха Делан Сино элира цуьнга: «ШамІа, хьо лоьхуш кхо стаг ву. 20 Хьала а гІаттий, лаха чувосса. Шек а ца волуш, цаьрца дІагІо, хІунда аьлча уьш Ас бахкийтина бу». 21 Кипас, чу а воьссина, элира цу нахе: «Аша лоьхург со ву. ХІунда даьхкина шу?» – аьлла. 22 Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цІена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цІа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогІархьама». 23 ТІаккха Кипас, уьш чу а кхайкхина, хьошалла дира царна. ШолгІачу дийнахь Кипа а, Яппи-гІалара кхин масех динан ваша а цу нахаца дІавахара. 24 Кхин цхьа де даьлча, уьш Кхесрин-гІала кхечира. Корнил цаьрга хьоьжуш Іаш вара, шен гергарчу нахе а, уллорачу доттагІашка а кхайкхина. 25 Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира. 26 «ХьалагІатта, – элира цуьнга Кипас, – со хьо санна адам ма ду». 27 Корнилаца къамел а деш, Кипа цІа чу вахара. Чохь гулделла дуккха а адам дара. 28 Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла. 29 Цундела сайна тІаьхьа нах бахкийтича, со, дуьхьало ца еш, схьавеана. ХІинца пурба лойша шайга хатта: хІунда кхайкхина аша соьга?» 30 Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хІокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тІаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦІеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хІоьттира. 31 „Корнил, – элира цо, – Дала хьан доІанашна а, мискачарна деллачу сагІанашна а жоп делла. 32 Кипа олучу ШамІе кхайкха нах бахийта. Иза хІорда йистехь Іаш волчу цІоканашна дабагІа дечу ШамІин цІа чохь ву хьуна“. 33 Ас цу сохьта хьуна тІаьхьа нах бахкийтира. Дика ду хьо веана. ХІинца вай массо а Далла уллохь ду, хьоьга дерриге а Цо тхоьга схьаала тІедиллинчуьнга ладогІархьама». 34 Кипа дийца волавелира: «ХІинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла. 35 Цо массо а къомах болу нах тІеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь! 36 Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ. 37 Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тІаьхьа Назартара Іийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТІаккха Іийса Галилайра дІаволавелла, берриге а ЯхІуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тІехь долу нах тобеш а, хІунда аьлча Цуьнца Дела вара. 39 Іийсас жуьгтийн махкахь а, Ярушалаймехь а динарг ган а гина, цуьнан тешаш ду тхо. Иза вийра, дечигах хьала а оьллина, 40 амма Дала веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвира. Іийса Делан лаамца нахана гучувелира. 41 Иза хІоранна а гуш вацара, амма Дала къастийначу тхуна, тешашна, гира Иза. Оха Цуьнца даа а диира, мала а мелира Иза веллачуьра денвеллачул тІаьхьа. 42 Цо тхуна тІедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тІехь кхел ян хІоттийна ву аьлла. 43 Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цІарах къиношна гечдийриг хилар». 44 Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугІучарна массарна а тІе Делан Са доьссира. 45 Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тІедоссарх, 46 хІунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТІаккха Кипас элира: 47 «Муха мегар ду царна хих чекхбахар дехка? Делан Са, вайна санна, царна тІе а ма доьссина!» 48 Цо Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа хих чекхдахийта аьлла, тІедожийра царна. Цул тІаьхьа хІусамдайша дийхира Кипига, шайца кхин а масех де даккха аьлла.

Векалийн 11

1 Берриг а ЯхІуд-махкахь болчу векалшна а, динан вежаршна а хезнера, кхечу къаьмнех болчара Делан дош тІеэцна бохуш. 2 Цундела Кипа Ярушалайме веача, Іийсах тешаш болу сунтбинарш хІокхуьнга бехкаш даха хІиттира. 3 «Сунтбаза болчеран чу а воьдуш, цаьрца хІума йиъна ахь», – бохура цара. 4 ТІаккха дерриге а муха хилла, царна ма-дарра дийца волавелира Кипа. 5 «Со Яппи-гІалахь доІанаш деш вара, – дуьйцура цо, – шовкъ еанчу суна сурт хІоьттира. Еа маьІІера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хІума гира суна. 6 Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а. 7 Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гІаттий, яйа а яйий, яа уьш“, – аьлла. 8 Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хІума йиъна яц аса“, – аьлла. 9 Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ю ма хета“. 10 Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира. 11 Оццу хенахь со волчу цІенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гІалара бахкийтина бара. 12 Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дІагІо элира соьга. ХІара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цІа чу дахара. 13 Цу стага дийцира, цІа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гІала ШамІе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу. 14 Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу“. 15 Со дийца волавелча, хьалха тхуна тІе санна, царна тІе а Делан Са доьссира. 16 ТІаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“. 17 Цундела Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?» 18 Оцу дерригене а ладоьгІча, церан дуьхьал ала хІумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тІеберза, Шеца дахар хилийта». 19 Тапа вийначул тІаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кІелхьарбевлла Іийсах тешнарш Пиники-гІала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Іийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура. 20 Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Іийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира. 21 Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тІебирзира. 22 Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира. 23 ДІа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Іийсах тешна нах иркарахІиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш. 24 Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тІедирзира. 25 Цул тІаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама. 26 Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Іийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Іийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш». 27 Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара. 28 Агав цІе йолчу царах цхьаммо, дІа а хІоьттина, Делан Синан цІарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хІуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.) 29 Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхІуд-махкахь болчу динан вежаршна гІо дан. 30 Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дІадахьийтира цара.

Векалийн 12

1 Оццу хенахь ХІарод-паччахь Іийсах тешачийн тобанна таІзар дан волавелира, царах цхьаберш дІа а лецийтира цо. 2 Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо. 3 Жуьгташна и гІуллакх хазахетийла хиъча, Кипа а дІалацийтира цо. (Иза хилира совсазчу баьпкан дезачу дийнахь.) 4 Кипа, схьа а лаьцна, набахти чу воьллира. Иза ларван тІемалойн йиъ тоба хІоттийра, хІора тобанехь виъ стаг а волуш. Пасахьан деза де чекхдаьлча Кипа халкъан кхелана хьалха хІотто дагахь вара ХІарод. 5 Кипа набахтехь велахь а, Іийсах тешачийн тоба даггара цунах лаьцна Деле доІанаш деш яра. 6 Кхана кхеле воккху аьллачу буса, шина а агІор зІенаш а тоьхна, шина тІемалочунна юккъехь вижина Іуьллура Кипа. НеІарехь лаьтташ гІарол а дара. 7 ЦІеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагІатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тІера зІенаш охьаийгира. 8 Юха малико элира: «ТІе хІума а юха, кога мачаш а юха», – аьлла. Кипас цо ма-аллара дира. «Хьайна тІе бедар а хьарчаяй, суна тІаьхьахІотта», – элира малико. 9 Кипа маликана тІаьххье набахтера аравелира, дерриг а малико деш дерг самах хуьлуш дуйла а ца хууш. Цунна моьттура шена хІоьттинарг цхьа сурт ду. 10 Уьш цхьана гІаролах а, шолгІачу гІаролах а тІех а бевлла, гІала доьдучу аьчка кевнна тІебаьхкира. Ков ша царна хьалха схьа а делладелла, уьш арабевлира. Бехачу урамехула чекхделира и шиъ, юха малик къайладелира. 11 Кипа меттавеача, цо элира: «ХІинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХІародан куьйгех а, жуьгташна луучу таІзарх а со кІелхьарваьккхинийла». 12 Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. 13 Кипас ков тоьхча, Рода цІе йолу ялхо дуьхьалъелира. 14 Цунна озах Кипа вевзира. Хазахетар совдаларна, ков дІаделла йиц а елла, юха чуедира иза. «Кипа кевнехь ву!» – элира цо. 15 «Хьо лартІехь юй!» – бохура цуьнга. Амма иза иштта ду бохура Родас. «Иза Кипин малик ду», – аьлла, сацам бира цара. 16 Цу хенахь Кипа ков детташ вара. Эххар а ков дІадиллича, иза ган а гина, чІогІа цецбевлира уьш. 17 Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», – аьлла, кхечу метте дІавахара иза. 18 ШолгІачу Іуьйранна тІемалой боьхна хьийзара, цхьанна а ца хаьара Кипех хилларг. 19 ХІарода омра дира, массанхьа а иза лаха аьлла, амма лехарх гІуллакх ца хилира. ТІаккха цо, тІемалошка барт а хаьттина, уьш байийтира. Цул тІаьхьа ХІарода, ЯхІуд-махкара Кхесрин-гІала а вахана, цигахь жимма хан яьккхира. 20 ХІарод Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахаца барт ийгІина вара. И нах цуьнга шаьш тІеэцийта лууш бара. Паччахьан цІентІехь куьйгалхо волу Балсат цІе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гІоьнна. Цу наха машар бийхира, хІунда аьлча ХІародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хІума. 21 Билгалдаьккхинчу дийнахь паччахьан духар а дуьйхина, паччахьан гІанта тІе а хиина, нахе вистхилира ХІарод. 22 Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» – аьлла. 23 Амма ХІарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НІаьнаша ваарна, хІаллакьхилира иза. 24 Цу хенахь Делах долу Дош дІасадаьржаш дара. 25 Шайна тІедиллина гІуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цІе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца.

Векалийн 13

1 Антиохехь йолчу Іийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Іелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Іаьржаниг олу ШамІа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХІародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. 2 Цкъа уьш Везачу Элана гІуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гІуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла. 3 Далла гІуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тІе куьйгаш а дехкина, доІа а дина, тІедиллина гІуллакх кхочушдан дІавахийтира цара и шиъ 4 Делан Сино вахийтина и ши векал Селевке кхечира, ткъа цигара хІордан кеманца Кипре дехьавелира. 5 Салам-гІала схьа а баьхкина, цигахь жуьгтийн гуламан цІеношкахь Делан Дош хьоьхура цара. Царна гІо деш Яхьъя а вара цаьрца. 6 Ерриг а гІайре тІехула чекх а бевлла, ПатІосе баьхкира уьш. Цигахь царна карийра жуьгтийн бозбунча а, харц шайх а волу Бар-ЮшаІ. Цуьнан кхин а, Хьалом олий, цІе йоккхура. 7 Римхойн проконсул Серги ПахІал волчохь гІуллакх деш вара иза. Проконсул хьекъал долуш стаг вара, шена Делан Дош хаза лаарна цо Бар-Наабе а, Шауле а схьакхайкхийтира. 8 Амма Хьалом (гочйича и цІе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза. 9 ТІаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахІал олий, кхин цІе а йоккхура), нийсса Хьаломе дІа а хьаьжна, элира: 10 «Иблисан кІант а, нийса долчун мостагІа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кІордор дац те хьуна цкъа а? 11 Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бІаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо». Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДІа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дІавигийта цхьаъ лоьхуш. 12 И хилларг а гина, Везачу Элах болчу хьехамах цецваьлла, Іийсах тийшира проконсул. 13 ПатІосера ПахІал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гІала бахара хІордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. 14 Пергера дІа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийне а баьхкина, охьахевшира уьш. 15 Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тІаьхьа гуламан цІийнан хьаькамаша кхарна тІе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хІума ала шун делахь, ала шайна», – аьлла. 16 ПахІала, хьала а гІаьттина, куьйган эшарца нехан гІовгІанаш а совцийна, элира: «Исраилхой а, Далла Іибадат деш болу хийрачу мехкашкара нах а, ладогІалаш соьга! 17 Исраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна. 18 Яьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала. 19 КанаІанехь, ворхІ халкъ хІаллак а дина, церан латта Ша къастийначу халкъан доладаьккхина Цо. 20 И дерриг а хилла диъ бІе шовзткъе итт шеран хенан йохалла. Цул тІаьхьа Шамъал-пайхамар куьйгалле вāллалц Дала кхелахой белла царна. 21 Юха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тІаьхьенах волу Къушин кІант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина. 22 Цул тІаьхьа Шаул дІа а ваьккхина, Дала Дауд хІоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кІант карийна, и стаг Сан даго тІелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гІуллакхаш“. 23 Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тІаьхьенах волу Іийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кІелхьардаккха. 24 Іийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла. 25 Шена тІедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хІан-хІа, Иза сол тІаьхьа вогІур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ вац“. 26 Вежарий, ИбрахІиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кІелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара! 27 Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Іийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хІора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира. 28 Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийра царна, амма Пулатера бакъо йийхира цара Иза хІаллаквайта. 29 Цунах лаьцна хир ду аьлларг дерриг а кхочушдича, Иза жІарах дІатоьхначуьра охьа а ваьккхина, къубба чу виллира цара. 30 Амма Дала веллачуьра денвира Иза. 31 Кхин а дуккха а деношкахь Цуьнца Галилайра Ярушалайме баьхкинчарна гира Иза. Уьш хІинца Цуьнан тешаш бу вайн халкъана хьалха. 32 Дала вайн дайшна дийр ду аьлла дикачух хаза кхаъ кхайкхош бу оха хІинца. 33 Іийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгІачу назми тІехь яздина ду: „Хьо Сан кІант ву, тахана Сох Хьан Да хилла!“ 34 Дала Иза веллачуьра денвина, Цуьнан дегІана цкъа а талхар ца гайта. Цо аьлла оцунах лаьцна ишттачу дешнашца: „Даудана ваІда деш аьлла долу сийлахь а, гуттар хиндолу а диканаш лур ду шуна“. 35 Кхечу меттехь яздина ду: „Ахьа Хьайна тешаме Волчунна дегІан талхар гойтур дац“. 36 Амма Делан лаам кхочушбеш гІуллакх дина волчу Даудан дегІ кхелхинчул тІаьхьа телхина дІаделира. Иза шен дайшна уллохь дІавоьллина вара. 37 Ткъа Дала веллачуьра Денвиначунна дегІан талхар ца гайтира! 38 Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХІора Іийсах тешаш верг массо а хІуманна тІехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. 40 Хьовсалаш, шайца, пайхамарша ма-аллара, ца хилийта: 41 „Хьовсал, кхаьрдаш дерш! Шу, цец а девлла, лийр ду. Аса шун деношкахь шайна дийцича а, цкъа а шу тешар доцу хІума дийр ду“». 42 ПахІале а, Бар-Наабе а гуламан цІийнера и шиъ дІавоьдуш, дийхира, тІедогІучу шоьтан дийнахь хІинца дийцинчух лаций дийца юха а вола аьлла. 43 Гулам дІабирзира, амма дуккха а жуьгтий а, жуьгтийн дин тІеэцна Далла Іибадат деш болу нах а ПахІалний, Бар-Наабаний тІаьхьабахара. Цу шиммо къамел дора цаьрца, Делан ниІматехь хила бохуш, тешабора. 44 Вукху шоьтан дийнахь ерриг аьлла гІала гулъелира Везачу Элан даше ладогІа. 45 Цига мел адам деана гича, хьогІах буьзира жуьгтий. ПахІала дуьйцург емалдора цара оьзда доцучу хабарца. 46 ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. 47 И тІедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьІІе кІелхьардовлар кхачийта“». 48 И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Іийсах тийшира. 49 Везачу Элан дош цу меттехула дІасадаьржаш дара. 50 Амма жуьгташа, Далла гІуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гІалара хьалхара нах а хьала а гІовттийна, ПахІал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира. 51 Цу гІалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тІера чан дІа а егийна, векалш Иконе бахара. 52 Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара.

Векалийн 14

1 Иконехь ПахІал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цІа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Іийсах тийшира. 2 Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Іийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш. 3 ПахІала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чІагІбора Везачу Эло. 4 ГІалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш – векалшкахьа. 5 Кхечу къаьмнех болчу нехан а, жуьгтийн а шайн хьаькамашца цхьаьна барт хилира векалш сийсаз а бина, царна тІулгаш детта. 6 Иза хаа а хиъна, гІалара дІабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цІе йолчу гІаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира. 7 Цигахь хаза кхаъ кхайкхабора цара. 8 Листарехь Іаш цхьа стаг вара, винчу хенахь дуьйна а когаш лелаш а боцуш, цкъа дІа а волавалаза. 9 Цо а ладугІура ПахІала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахІална гира цуьнан шен товаларх болу тешам. 10 «Когаш тІе хьалагІатта!» – элира цо заьІапчуьнга. И стаг, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. 11 ПахІала динарг а гина, ликонан маттахь маьхьарий хьекха хІиттира нах: «Вай долчу адамийн суьртехь деланаш баьхкина!» – бохуш. 12 Цара Бар-Наабах Зевс элира, ПахІалах ХІерми элира, хІунда аьлча цо къамел алсамо дора. 13 Зевс цІе йолчу цІунна лерина цІа дара гІаланал арахьа. Цу цІа чохь гІуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гІалин кевне, нахаца векалшна лерина сагІа даккхархьама. 14 И шайна хезча, тІера хІуманаш а этІош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахІала а: 15 «ХІара хІун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цІушна тІера стигал а, латта а, хІордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тІедерзийтархьама. 16 Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела, 17 амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догІа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу». 18 И дешнаш аьлча а, кхарна тІера сагІа даккха гІерташ болу нах халла совцабелира векалшка. 19 Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тІеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахІална тІулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гІаланах араваьккхира цара. 20 Амма мурдаш шена гонах гулбелча, ПахІал, хьала а гІаьттина, гІала юхавеара. ШолгІачу дийнахь Бар-Наабаца Дерба олучу меттиге дІавахара иза. 21 Цу гІалахь хаза кхаъ а кхайкхийна, дуккха а мурдаш карийра царна. Цул тІаьхьа векалш Листаре а, Иконе а, Антиохе а юхабаьхкира. 22 Цигахь, мурдаш дегнашца чІагІбеш, шайн тешарехь чІогІа хила бохуш, Іамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. 23 Іийсах тешачийн хІора тобанехь тхьамданаш а хІиттийна, марханаш а кхобуш, доІанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша. 24 Цул тІаьхьа, Писида-гІалех чекх а бевлла, Пампили-махка баьхкира уьш. 25 Перга-гІалахь хьехам чекх а баьккхина, Аттали-гІала бахара векалш. 26 Ткъа Атталера хІордан кеманца уьш Антиохе дІабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тІедиллина гІуллакх дархьама. И гІуллакх цара хІинца кхочуш а дира. 27 Юха а баьхкина, Іийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неІ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а. 28 Уьш цигахь мурдашца еххачу хенахь Іийра.

Векалийн 15

1 ЯхІуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Іедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кІелхьардевр дац». 2 Цу тІехула цхьана агІор оцу нехан а, вукху агІор ПахІалан а, Бар-Наабан а чІогІа къовсам белира. ПахІал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гІуллакх векалшца а, Іийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. 3 Іийсах тешачийн тобано и гІуллакх тІе а диллина, дІабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тІеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Іийсах тешачунна хазахетар дахьара. 4 Ярушалайме кхаьчча, Іийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тІеийцира уьш. ПахІала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна. 5 Парушхошна юкъахь болчу Іийсах тешачу наха, хьала а гІевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тІедиллина декхарш кхочушде ала а деза». 6 Цу хьокъехь векалш а, тхьамданаш а кхеташоне гулбелира. 7 Дуккха а дийцинчул тІаьхьа Кипас, хьала а гІаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Іийсах тешийтархьама. 8 Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тІеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна. 9 Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хІунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. 10 Ткъа хІинца хІунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьІнаш тІе а биллина? 11 Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Іийсас къинхетам бар бахьанехь вай кІелхьардевр хиларх». 12 ТІаккха массо а, дІа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахІалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийнчу хІуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугІуш вара. 13 Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогІалаш соьга. 14 ШамІа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гІайгІа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна. 15 Цунах лаьцна пайхамарша а аьлла хІокху дешнашца: 16 „Цул тІаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду. Цуьнан саьлнаш метта а хІиттийна, ирахІоттор ду иза, 17 кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хІуманаш абадехь дуьйна дІахоуьйтуш волчу Везачу Эло“. 19 Цундела суна хета, Далла тІе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. 20 Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а. 21 Муса-пайхамаро тІедиллинарг массо а гІалахь хІора Далла леринчу шоьтан дийнахь дукха хенахь дуьйна а хІора гуламан цІийнахь хьоьхуш ма ду». 22 Векалийн а, тхьамданийн а Іийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахІалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цІе йоккху ЯхІуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара. 23 Цаьргахула хІара чулацам болу кехат дахьийтира цара: «Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а. Антиохера а, Сирера а, Киликера Іийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе. Маршалла ду шуьга! 24 Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дІакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. 25 Цундела оха сацам бина, тхайна юкъара масех стаг а хаьржина, уьш тхан хьомечу Бар-Наабаца а, ПахІалца а шу долчу дІабахкийта. 26 Вайн Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элан дуьхьа шайн дахар кхерамечу хьоле хІиттийна нах бу уьш. 27 Хаьржина волу ЯхІуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тІечІагІдайта. 28 Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хІара тІедиллинарг доцург: 29 ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!» 30 Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Іийсах тешачийна тоба гул а йина, цаьрга кехат дІаделира цара. 31 И дешча, дегнаш иракарахІитточу цу хаамах самукъадаьлла бара нах. 32 ЯхІуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чІагІдеш, иракарахІиттош бара уьш. 33 Цара жимма хан яьккхира цигахь. Цул тІаьхьа динан вежарша, декъал а бина, диканиг хилар лаарца векалш болчу дІахьовсийра уьш. 35 ПахІал а, Бар-Нааб а Антиохехь сецира. Цигахь цара а, цаьрца болчу дуккха а кхечара а Везачу Элах долу дош хьоьхура. 36 Цул тІаьхьа жимма хан яьлча, ПахІала элира Бар-Наабе: «Вай Везачу Элах долу дош кхайкхийначу массо а гІала а гІой, динан вежарий муха Іаш бу хьовсий», – аьлла. 37 Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цІе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира. 38 Амма ПахІал реза вацара, шаьш Пампилехь Іадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Іийна волу стаг шайца схьаэца. 39 Цу тІехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дІасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хІордан кеманца Кипре вахара. 40 Ткъа ПахІала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза. 41 Сири-махка а, Килик-махка а вахара иза. Цигахь цо Іийсах тешачийн тобанаш чІагІйора.

Векалийн 16

1 ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. 2 Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна. 3 Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахІала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Іаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хІунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла. 4 ГІалара гІала а воьдуш, ПахІала а, Тимапис а Ярушалаймехь векалша а, тхьамданаша а кхечу къаьмнийн нахана хьарам дина тІедиллинарг дІахоуьйтура. 5 Цу гІуллакхо Іийсах тешачийн тобанаш иракарахІиттайора, церан тешар чІагІдора, денна а и тобанаш стамлора, Іийсах тешнарш алсамбовлуш. 6 Делан Сино бакъо ца елира ПахІалгІарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара. 7 Миси-мехкан дозанна тІекхаьчча, церан лаам хилира Битхьуни-махка баха, амма Іийсан Сино ца магийра царна иза. 8 ТІаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гІала баьхкира. 9 Буьйсанна, сурт а хІоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахІална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гІо дехьа», – аьлла. 10 И сурт хІоьттинчул тІаьхьа тхан сацам хилира, Дала тхоьга кхойкху, царна хаза кхаъ бовзийта аьлла. Тхо цу сохьта Македоне даха новкъа девлира. 11 Троя-гІалара тхо нийсса Самотраке дІакхечира, ткъа цигара шолгІачу дийнахь грекийн Неаполе дахара. 12 Неаполера дІа тхан некъ римхой Іаш болчу Македон-мехкан коьртачу гІала Пилапе бара. Цу гІалахь оха масех де даьккхира. 13 Шоьтан дийнахь, гІалин кевнах ара а девлла, хи тІе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доІане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо. 14 Царна юкъахь Тхьайтир-гІалара еана, Лидия цІе йолуш цхьа зуда яра. Иза цІен деза кІадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахІале ладоьгІучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахІала дуьйцучух тешийтархьама. 15 Цо а, цуьнан цІерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хІусаме а дуьйлий, хьошалгІахь Іе», – аьлла. Тхо и йолчу дахара. 16 Цкъа доІа дечу метте тхо дІадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоІ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хІусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш. 17 ПахІална а, тхуна а тІаьхьа а йогІуш, мохь беттара цу йоІа: «ХІара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КІелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хІорш!» – бохуш. 18 Цо хІора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахІала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Іийсан олаллин цІарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоІанна чуьра араделира. 19 ХІусамдай кхийтира йоІа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахІал а, Сали а, схьа а лаьцна, гІалин хьаькамашна тІе майдане дІатакхийра. 20 Римхойн кхелахошна тІе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХІара нах жуьгтий бу. ХІорш бахьана долуш вайн гІалахь синтеме дац. 21 Кхара дуьйцуш долу гІиллакхаш вайна, римхошна, я тІеэца а, я лело а товш дац». 22 Гулбелларш, бехкаш дохучарна тІе а тайна, ПахІална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тІера хІуманаш дІа а яхий, кхарна гІожмаш етта элира. 23 ЧІогІа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гІаролан хьаькаме леррина хІорш ларбе а аьлла. 24 И омра хезча, гІаролан хьаькамо уьш чуьрчу цІа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна. 25 Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахІал а, Сали а доІанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугІуш бара. 26 ЦІеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чІогІа мохк бегийра. Массо а неІ дІаеллаелира, массо а тутмакхийн гІоьмаш охьаийгира. 27 Самаваьллачу гІаролан хьаькамна массо а неІ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гІерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда. 28 Амма ПахІал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хІаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» – аьлла. 29 «Серло я!» – аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахІална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза. 30 И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хІун дан деза? Муха кІелхьарвала веза со?» – аьлла. 31 «Везачу Элах Іийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тІаккха хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу». 32 ТІаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цІерачарна а. 33 Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цІерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира. 34 Юха уьш шен цІа а бигна, царна шун хІоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цІерачаьрца хазахеташ вара, хІунда аьлча иза Делах тешнера. 35 Де тІекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дІахеца», – аьлла. 36 Набахтин хьаькамо элира ПахІале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дІахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дІаваха йиш йолуш ву!» 37 Амма ПахІала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой доллушехь. Ткъа хІинца тхо къайлаха дІахеца гІерта уьш? ХІан-хІа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара». 38 Эпсарша дІаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахІал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира. 39 Схьа а баьхкина, хІара шиъ къинтІера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гІалара дІагІахьара аьлла, дехар а дина. 40 Набахтера араваьлча, ПахІал а, Сали а Лидиян цІа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахІиттийра цара. Цул тІаьхьа хІорш кхин дІа а бахара.

Векалийн 17

1 Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гІала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цІа дара. 2 Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тІера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахІала. 3 Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахІала. 4 Царах цхьаберш, Іийсах а тешна, ПахІалах а, Салих а дІакхийтира. Далла Іамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь. 5 Амма тІаьхьа ца хІиттина, Іийсах а ца тешна, хьагІ лаьцна болу жуьгтий, гІалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гІала марсаяха хІиттира. Ясонан цІийна улло а баьхкина, ПахІал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хІитто гІертара уьш. 6 ПахІалгІар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гІалин хьаькамашна тІе дІатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хІара нах хІинца кхуза а кхечи, 7 Ясона хІорш тІе а ийци! Берриш хІорш паччахьо тІедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Іийса ву а боху». 8 Цу хаамо адам а, гІалара Іедал а карзахе даьккхинера. 9 Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт а даьккхина, уьш дІахийцира цара. 10 Динан вежарша ПахІал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гІала дІавахийтира. Цига дІа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цІийне бахара. 11 Кхузарчу нехан дегнаш Тассалникерачарел алссам делладелла дара цо дуьйцург тІеэца. Цара боккхачу лаамца тІеийцира дош. Делан Йозанаш а Іамадора цара, денна а ПахІала дуьйцург бакъ дуй хаархьама. 12 Іийсах тийшира дуккха а жуьгтий а, грекийн хьалдолу зударий а, тоъал божарий а. 13 Тассалник-гІалахь болчу жуьгташна Берия-гІалахь ПахІала Делан дош хьехний хиъча, уьш цига баьхкира, адам карзах а доккхуш. 14 ТІаккха динан вежарша ПахІал сихонца хІордан йисте дІавахийтира, ткъа Сали а, Тимапи а цигахь сецира. 15 ПахІал новкъа воккхучара иза Атина-гІала дІавигира. Цуьнгара Салига а, Тимапига а дахьа кост а эцна, сиха цхьаьнакхетархьама новкъабевлира уьш. 16 Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахІал, хІунда аьлча гІала юьззина цІуш бара цунна гуш. 17 Жуьгтийн гуламан цІа чохь жуьгташца а, Далла Іибадат дечу грекашца а, тІаккха хІора дийнахь базаран майданахь цигахь хуьлучу нахаца а къамел дора цо. 18 Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цІе йоккхучу цхьаболчу Іилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХІара хабарча хІун ала гІерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахІала Іийсах а, веллачуьра денваларх а лаьцна дийцар. 19 Цара иза, схьа а лаьцна, лаккхарчу кхеташоне валийра: «Ахь хьоьхуш долу керла хІума тхан хаа таро йолуш дуй?» – аьлла. 20 «ХІунда аьлча цхьа тамашийна хІума ду тхуна хезнарг, цундела иза хІун ду хаа лаьара тхуна?» 21 (Атина-гІалин бахархойн а, цаьрца Іаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чІогІа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугІуш я керланиг дуьйцуш.) 22 Кхеташонна юккъе а хІоьттина, ПахІала элира: «Атинахой, суна го шу къаьсттина суьпа нах дуй, 23 хІунда аьлча шун гІалахула езачу меттигашкахула чекхволуш, суна карийра шена тІехь сагІа доккху тІулг. Цу тІехь яздина дара: „Вевзаш воцучу Далла“. Цундела шайна мила ву а ца хууш, аша Іибадат деш волу Дела ву ас шуна вуьйцург. 24 Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цІенош чохь Іаш вац. 25 Адамийн куьйгаша Далла гІуллакх деш делахь а, Цунна хІума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеІар а, кхин дерриге а. 26 Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тІехь Іайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Іан меттиг а къастийна, 27 цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хІоранна а генахь-м вац). 28 ХІунда аьлча „Иза бахьана долуш вай дехаш а, меттахдовлуш а, Іаш а ду“. Шун цхьаболчу байташ язъярхоша аьлла: „Тхо Цуьнан бераш ду“. 29 Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тІулгах, я деших, я детих тера ву. 30 ХІума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хІинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тІедерза аьлла, омра до Цо. 31 ХІунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина». 32 Велларг денварх лаьцна хезча, цхьаберш ца бешаш бела хІиттира, ткъа вукхара бохура: «Цунах лаьцна тІаккхахула ладогІа луур ду тхуна». 33 ПахІал царна юкъара дІавахара. 34 Цхьаберш, цунна тІаьхьа а хІиттина, Іийсах тийшира. Царна юкъахь бара лаккхарчу кхеташонан декъахо волу Дайнас а, Дамират цІе йолу зуда а, кхиберш а.

Векалийн 18

1 Цул тІаьхьа ПахІал Атина-гІалара дІа а вахана, Коринт-гІала веара. 2 Цигахь цунна карийра Іакхила цІе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Іакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскІилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хІунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гІалара дІагІо аьллера. ПахІал Іакхилий, Парскилий ган веара. 3 Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира. 4 ХІора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Іийсах тешийта гІерташ. 5 Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш. 6 Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». 7 Гуламан цІа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цІе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цІенош гуламан цІенна уллохь дара. 8 Жуьгтийн гуламан цІийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цІеранаш а Іийсах тийшира. ПахІале ладоьгІна болу дуккха а Коринт-гІалара бахархоша, Іийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира. 9 Цкъа буьйсанна ПахІална сурт хІоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Іе! 10 ХІунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гІалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла. 11 Цхьана шарахь эха шарахь Іийра цигахь ПахІал, нахана Делан дош хьоьхуш. 12 Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахІал, схьа а лаьцна, цунна тІе кхеле валийра. Цара бохура: 13 «ХІокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гІуллакх вайн Іедалца догІуш дац». 14 ПахІал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогІа. 15 Амма дерриг а гІуллакх дешнашца а, цІерашца а, шун Іедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гІуллакха тІехь кхелахо хила ца лаьа». 16 Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра. 17 ТІаккха цара, гуламан цІийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цІийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан. 18 Цигахь дуккха а деношкахь Іийна, Сири вахара ПахІал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскІилат а, Іакхила а дара цуьнца. Кенахари цІе йолчу меттехь шен месаш дІалергира цо, ша Далла хьалха дина ваІда кхочушдар билгалонна. 19 Уьш Эпас-гІала кхечира. ПхьаьрскІилата а, Іакхила а цигахь сецира. ПахІал ша жуьгтийн гуламан цІийне вахара, жуьгташца къамел дархьама. 20 Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Іе аьлла, амма иза реза ца хилира. 21 Ткъа, дІавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогІур ву шу долчу». Цул тІаьхьа иза хІордан кеманца Эпас-гІалара дІавахара. 22 ХІордан йистехь йолчу Кхесрин-гІала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахІал. Цигара Іийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза. 23 Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидІа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гІалара вукху гІала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Іийсах тешарехь чІагІ а беш. 24 Апа-Леса цІе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гІала. Иза Искандар-гІалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза. 25 Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Іийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь. 26 Цо майрра дуьйцура гуламан цІийнехь. ПхьаьрскІилатана а, Іакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цІа дІа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна. 27 Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гІонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хІара тІеэца аьлла. Цига ша дІакхаьчча, цо доккха гІо дира Делан лаамца Іийсах тешначарна. 28 Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тІе а чІагІдеш, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш.

Векалийн 19

1 Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гІала веара ПахІал. Цигахь масех мурд а карийна, 2 цо хаьттира: «Шаьш Іийсах тешначу хенахь Делан Са тІеийцирий аша?» – аьлла. Цара элира цуьнга: «Тхуна-м ца хезна Делан Са адамашна тІедуссу бохуш». 3 «ТІаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» – аьлла, хаьттира цо. «Яхьъяс Іама ма-дарра хилла-кх», – аьлла, жоп делира цара. 4 Юха ПахІала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тІевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТІаьхьавогІучух тешаре, ма-дарра аьлча, Іийсах тешаре». 5 И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Іийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира. 6 ПахІала тІе куьйгаш а дехкина, царна тІе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хІиттира. 7 Уьш верриг а шийтта гергга стаг вара. 8 ПахІала жуьгтийн гуламан цІийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гІерташ. 9 Амма царах цхьаберш, дар а белла, Іийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахІал уьш болчуьра дІавахара, шеца Іийсан мурдаш а эцна. Цо хІора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цІийнехь. 10 Иштта шина шарахь хилира, цундела Асиа-махкахь бехачу берриг а жуьгташна а, грекашна а Везачу Элах долу дош хезнера. 11 Дала ПахІалан куьйгашца инзаре хІуманаш дора. 12 Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дІа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тІейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура. 13 ГІалара гІала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тІехІиттича, Везачу Элан Іийсан цІе йоккхуш хуьлура: «ПахІала Шех лаьцна дуьйцучу Іийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», – олий. 14 Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхІ кІанта а. 15 Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Іийса а къобалво, ПахІал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла. 16 И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хІуманаш, этІош, дІа а кхийсина, царна тІехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цІа чуьра аралилхира вежарий. 17 И хилларг Эпас-гІалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чІогІа кхерабеллера. Везачу Элан Іийсан цІе кхин а сов лорура цара. 18 Дуккха а Іийсах тешнарш богІура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а. 19 Ткъа бозбунчалла лелийначу дуккха а наха, шайн тептарш гул а дина, массарна а хьалха дагийра. Церан мах лерича, иза бара шовзткъе итт эзар драхма цІе йолу дато ахча. 20 И тамашийна хиламаш бахьана долуш Везачу Элах долу дош шуьйра даьржаш а, нуьцкъала хуьлуш а дара. 21 И хІума хиллачул тІаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахІала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла. 22 Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира. 23 Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира. 24 Дамарти цІе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Іаш. Цо детих Артеми цІе йолчу цІунна лерина кегийра цІенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура. 25 Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла. 26 Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахІала хІокху Эпас-гІалахь хилла ца Іаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш. 27 Вайна хІоьттина болу кхерам, хІара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Іа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цІа хІумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду». 28 И къамел а хезна, оьгІазбахана уьш маьхьарий хьекха хІиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш. 29 Ерриг а гІала карзахъелира. Адамаш гІалахь нах гуллучу метте – театре дІахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахІалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна. 30 ПахІал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза. 31 Цу хенахь Эпас-гІалахь Іаш болчу кхуьнан доттагІаша, Асиин маьІ-маьІІерачу меттигашкара куьйгалхоша шайн хьадалчаш бахкийтира нах гулбеллачу ма гІахьара аьлла. 32 Цу хенахь вовшахкхетта нах боьхна бара. Цхьаболчара, цхьаъ бохуш, маьхьарий деттара, вукхара – важа, ткъа дукхахболчарна шаьш хІунда гулделла а ца хаьара. 33 Жуьгташа аларца нахана юкъара Искандар цІе йолу цхьа стаг схьаваьккхира. Иза, куьг а айина, адамийн гІовгІа сацо гІоьртира, дерг дийцархьама. 34 Амма иза жуьгти вуй хиъча, наха цхьабосса маьхьарий хьаькхира. Шина сахьтехь гергга диттира цара маьхьарий: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш. 35 ГІалара йозанчас дІатедира адам: «Эпасера нах! Дуьнен чохь хьанна ца хаьа, Эпас-гІала сийлахьчу Артемин цІа а, стигалара охьабоьжна, беза лоруш болу тІулг а ларбеш юйла? 36 Цуьнан шеко йоцу дела шу синтеме а, сих ца луш а хила деза. 37 Аша кхуза хІара ши стаг валийна, амма кхара вайн Артемин цІа чуьра хІумма а ца лачкъийна, я цунна лен а ца лийна хІорш. 38 Нагахь санна Дамарти а, цуьнца болу кхин пхьераш а цхьаъ бехке хеташ белахь, царна кхел а ю, кхелахой а бу: вовшашка кхеле кхайкха, шайна лаахь. 39 Нагахь санна шун кхин ала а, хатта а хІума делахь, иза вай чІагІбинчу гуламехь къастор ду. 40 Тахана хиллачу хІокху гІовгІанашна вай бехке дарна кхерам бу. Цхьа а бахьана дац хІара хилларг нийса дара ала». Иза а аьлла, цо адам дІадахийтира.

Векалийн 20

1 Адамийн карзахдийларш дІасевцча, Іийсан мурдаш схьа а кхайкхина, цаьрга дог иракарахІоттош къамел а дина, церан Іодика а йина, Македоне дІавахара ПахІал. 2 Ша воьдучу новкъахь нахана тІекхаьч-кхаьчначохь Іийсах тешачийн дог ойуш дерг дуьйцура цо. Юха иза грекийн махка веара. 3 Цигахь цо кхо бутт баьккхира. Сири-махка иза дІаваха кечвеллачу хенахь жуьгташа къайлаха барт бира цунна дуьхьал. Цо сацам бира, Македонехула Сири-махка юхаваха. 4 Цуьнца бара накъостий: Берия-гІалара Пирран кІант Сопатар а, Тассалник-гІалара Арестах а, Секант а, Дерби-гІалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихІак а, ТрахІим а. 5 Уьш, хьалххе дІа а бахана, Трой-гІалахь тхоьга хьоьжуш Іаш бара. 6 Пилап-гІалара хІордан кеманца дІадахара тхо, совсазчу баьпкан деза денош дІадевлча. Пхи де даьлча, Трой-гІалахь царах дІа а кхетта, цигахь кІира даьккхира оха. 7 КІийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахІала къамел дира тхоьца. ШолгІачу дийнахь дІаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Іийра хьехамаш беш. 8 Лакха тІехь, тхо гулделлачу цІа чохь, дуккха а къуьданаш яра. 9 ПахІала шен хьехам бечу хенахь корехь хиъна Іачу Овтах цІе йолчу жимачу стагана наб озийра. Эххар а наб кхетта волу иза кхозлагІчу гІат тІера корехула чувуьйжира. Меттахъхьавича, иза велла карийра. 10 Чувоьссинчу ПахІала, тІе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», – аьлла. 11 Хьалаваьлла, царна бепиг а декъна, хІума йиира цо. Сахиллалц цаьрца къамел деш а Іийна, дІавахара иза. 12 Денвелла волу жима стаг цІа вигира. Массарна а цунах боккха синтем белира. 13 Тхо хІордан кеманца Асс-гІала дахара цигара ПахІал схьаэцархьама. ГІаш цига ваха ойла йолчу цо, и гІуллакх иштта кхочушде аьлла, тІедиллинера тхуна. 14 Асс-гІалахь тхаьш вовшахкхетча, иза тхешан кеманна тІе хьала а ваьккхина, Митилена-гІала дІадахара тхо. 15 ШолгІачу дийнахь цигара дІа а дахана, Хиос-гІайренна гена доццуш севцира тхо. КхоалгІачу дийнахь, хил дехьа а девлла, Самос-гІайрен юххехь севцира, ткъа кхин цхьа де даьлча, Милет-гІала кхечира. 16 Ша сиха хиларна, Асиа-махкахь кхин хан а ца йойуш, Эпас-гІалина чу а ца воьрзуш, тІехвала сацам хилира ПахІалан. Цунна лаьара, аьтто балахь, жуьгтийн ШавуІот цІе йолу ялта чудерзоран деза де тІекхачале Ярушалайме кхача. 17 Милет-гІалара Эпас-гІала нах бахийтира ПахІала цигарчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка кхайкха. 18 Уьш схьакхаьчча, цо элира цаьрга: «Асиа-махка схьавеъначу дийнахь дуьйна со шайца муха Іийна хаьа шуна. 19 Даггара Везачу Элана гІуллакх дина ас, Цунна муьтІахь а волуш, жуьгташа къайлаха барт бар бахьана долуш, баланаш а ловш, сингаттам тІебеача, бІаьрхиш а Іенош. 20 Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цІенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас. 21 Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Іийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга. 22 Ткъа хІинца Делан Синан лаамца Ярушалайме воьду со. Цигахь сайга хІун догІу а ца хаьа суна. 23 Цхьа хІума хаьа суна, хІора гІалахь а Делан Сино олу соьга сан халонаш а, набахти а лан дезарх лаьцна. 24 Амма сайн дахар цхьана а меха ца хета суна, Везачу Элера Іийсагара схьаэцна гІуллакх – нахана Делан боккхачу къинхетамах болу хаза кхаъ дІакхачор – кхочушдарца сайн дахаран некъ чекхбаьлчхьана. 25 Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а – со шен цІа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац. 26 Цундела ас тахана дІахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кІелхьара ца валахь, 27 хІунда аьлча, шеко а йоцуш, хІумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна. 28 Сема а, ларлуш а хила. Іуьно Іалашбо бажа санна, Дала Шен КІентан цІийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Іийсах тешачу нехан тоба Іалашъе. 29 Суна хаьа, со шуна юкъара дІавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац. 30 Шуна юкъахь а хир бу бакъдерг харцахьадаьккхина нах, Іийсан мурдаш шайн тІаьхьа хІитторхьама. 31 Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хІоранга а бІаьрхица дІахьедина хилар дагахь латтаде. 32 ХІинца ас шу дІало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Іалашдийр ду, хІунда аьлча цо шу чІагІдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега. 33 Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. 34 Шуна шайна а хаьа, сан а, соьца болчеран а хьашташ кхочушдинарш хІара куьйгаш дуйла. 35 Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гІийлачарна гІо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Іийсан дешнаш: „ХІума дІадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“». 36 Иза а аьлла, горахІоьттина, массаьрца а доІа дира цо. 37 Массо а воьлхура, иза мара а вуьхкуш, цунна барташ а дохуш. 38 Уьш сингаттаме бара, къаьсттина цо аьллачу дешнийн бахьаненна: «Со кхин гур вац шуна». Цул тІаьхьа цара иза хІордан кеманна тІе дІакхетийра.

Векалийн 21

1 Царах дІа а къаьстина, тхо нийсса Кос-гІайре тІе дахара. ШолгІачу дийнахь Родос-гІайре тІе кхечира, ткъа цигара Патару-гІала дахара. 2 Тхуна Пиника-махка доьдуш долу хІордан кема карийра. Цу тІе а девлла, дІадахара тхо. 3 Къилбаседехула Кипр-гІайрена тІех а девлла, тхо Сири-махка дахара. Цигахь Цора-гІалахь севцира, хІунда аьлча хІордан кема дассо дезаш дара. 4 Цу гІалахь Іийсан мурдаш а карийна, цаьрца цхьа кІира даьккхира оха. Делан Сино хьехарна цара элира ПахІале, Ярушалайме ма гІахьара аьлла. 5 Тхан цигара хан чекхъяьлча, тхо кхин дІа а дахара. Цара массара а шайн зударшца а, берашца а тхо гІалара новкъа дехира. ХІордан йистехь, гора а хІиттина, доІа дира оха. 6 Церан хІораннан Іодика а йина, тхо хІордан кеманна тІе девлира. Ткъа уьш шайн цІа бирзира. 7 Цора-гІалара кхидІа а тхайн некъ бира оха. Іаккхо-гІалахь севцина, динан вежаршка маршалла а хаьттина, цаьрца цхьа де даьккхира оха. 8 ШолгІачу дийнахь новкъа девлла Кхесрин-гІала кхечира тхо. Ярушалаймехь хаьржинчу ворхІ гІоьнчех цхьаннан, хаза кхаъ нахана юкъахь баржош болчу Пилапан хІусамехь севцира тхо. 9 Цуьнан маре яхаза йиъ йоІ яра. Уьш Делера болу хаам бовзуьйтуш бара. 10 ЯхІуд-махкара Агав цІе йолу пайхамар вале, оха масех де даьккхира цигахь. 11 Тхо долчу а веана, ПахІалан доьхка схьа а эцна, шен когаш а, куьйгаш а дихкина, элира цо: «Делан Сино боху: „ХІара доьхка долу стаг, иштта дІа а вихкина, кхечу къаьмнийн нахе дІалур ву Ярушалаймера жуьгташа“». 12 Иза а хезна, тхо а, цигахь болу нах а, ПахІале Ярушалайме ма гІахьара бохуш, дехарш дан хІиттира. 13 ТІаккха ПахІала элира: «ХІун до аша, хІунда доьлху шу, сан дог а дохош? ДІавехкарна хьовха, Везачу Элан Іийсан дуьхьа Ярушалаймехь вала а кийча ву со». 14 Цуьнан ойла хийца ницкъ а ца кхаьчна, оха, совца а севцина, элира: «Везачу Элан лаам кхочушхуьлда». 15 Юха, кечам а бина, Ярушалайме дахара тхо. 16 Кхесрин-гІалара цхьаболу мурдаш баьхкира тхоьца. Цара тхо дуьххьарлерчу мурдех волчу Кипрерачу Мансонна тІе дигира. Цуьнан хІусамехь севцира тхо. 17 Ярушалайме дІакхаьчча, динан вежарша дика тІеийцира тхо. 18 ШолгІачу дийнахь ПахІал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера. 19 Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахІала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна. 20 Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахІале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Іийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу. 21 Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Іаш болу жуьгтий ахь Іамабо, Муса-пайхамарах дІакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гІиллакхаш ма леладе бохуш. 22 ТІаккха хІун дан деза оха? Царна хуур ма ду хьо веанийла. 23 Оха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву. 24 Уьш схьа а эций, цІинваларан Іадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дІа а ло. ТІаккха хІоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла. 25 Ткъа Іийсах тешна болчу кхечу къаьмнийн нахе оха кехат яздина, цІушна сагІина деана жижиг а ма даа, цІийх а ларло, садукъдина дайинчу бежанийн жижиг а ма даа, нахаца а ма лела аьлла». 26 ПахІала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгІачу дийнахь цаьрца цІинваларан Іадат кхочушдира. Юха Делан цІийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цІиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хІораннах а сагІа маца доккхур ду а аьлла. 27 ВорхІалгІа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цІийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахІал схьалецира, 28 маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГІо дейша! ХІара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цІенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хІинца, Делан цІийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо». 29 (Хьалха, Ярушалаймехь, Эпас-гІалара ТрахІим гинера нахана, цундела моьттура царна цо иза Делан цІийне валийна.) 30 ГІала карзахъяьллера, массо а агІора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахІал Делан цІийнан кертара аратакхийра. НеІарш цу сохьта тІекъевлира. 31 Иза вен гІертара уьш. ТІеман коьрта хьаькамна тІе хаам кхечира, ерриг а Ярушалайм карзахъяьлла ю аьлла. 32 Цу сохьта тІемалой а, эпсарш а схьа а эцна, нахана тІевахара иза. ТІеман коьрта хьаькам а, тІемалой а гина, ПахІална еттачуьра севцира уьш. 33 ТІаккха тІеман коьрта хьаькам цунна тІевахара. ПахІал схьа а лацийтина, иза шина зІенаца дІавехка аьлла, омра дира цо. ПахІале иза мила ву, цуьнгара хІун даьлла аьлла, хаьттира цо. 34 Нахана юкъахь, цхьаболчара цхьаъ, вукхара важа дуьйцуш, маьхьарий девлира. ГІовгІа хиларна бакъдерг къаста а ца делла, ПахІал гІопе дІавигийтира тІеман коьртачу хьаькамо. 35 Лами улло иза вигича, тІемалойн иза айина вига дийзира, нах дукха оьгІазбахана, цунах лата гІерташ хиларна. 36 Цунна тІаьхьабогІучу наха маьхьарий хьоькхура: «Ве иза!» – бохуш. 37 ГІопана улло кхочуш, ПахІал тІеман коьртачу хьаькаме вистхилира: «Хьоьга хатта мегар дуй ас?» Вукхо элира: «Хьуна грекийн мотт хаьа? 38 ХІета, хьо виъ эзар талорхо яьссачу ара а ваьккхина, гІаттам айина мисархо вац-кх?» 39 ПахІала жоп делира: «Со Килик-махкара Тарс-гІалара жуьгти ву, евзаш йолчу гІалин вахархо. Ас доьху хьоьга, бакъо лохьа суна нахаца къамел дан». 40 Вукхо бакъо елча, ПахІала, ламин тІегІанаш тІе а хІоьттина, нах совцо куьг айира. Массо а дІатийначу хенахь иза Іебархойн маттахь къамел дан хІоьттира.

Векалийн 22

1 «Вежарий, ладогІалаш хІинца ас аьндолчуьнга». 2 ПахІала шайга арамхойн мотт буьйцу хезча, нехан къамелаш кхин а лагІделира. ТІаккха цо элира: 3 «Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гІалахь вина волу, амма кхузахь, хІокху гІалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Іамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гІуллакх деш вара со. 4 Іийсан некъа тІе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тІе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура. 5 Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гІаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таІзар дан нах схьабало. 6 Амма новкъа вогІуш, со Дамасакх-гІалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах. 7 Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?“ 8 Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“ Цо элира соьга: „Со Назартера Іийса ву, ахь эккхийна лелош волу“. 9 Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира. 10 Ас хаьттира: „ХІун де ас, Веза Эла?“ Везачу Эло элира: „Хьала а гІаттий, Дамасакх-гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“. 11 Суна хІумма а ца гора, хІунда аьлча къеггинчу серлоно бІаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дІавигира со. 12 Далла муьтІахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Іачу жуьгташа дика цІе йоккхуш волу Хьанас цІе йолчу стага, 13 тІе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“ Цу сохьта суна Хьанас гира. 14 Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. 15 ХІунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха. 16 ХІун деш Іа хьо? Хьала а гІаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цІанло, Везачу Эле Іийсага кхойкхуш“. 17 Со Ярушалайме вухавеача, Делан цІийнан кертахь доІа дечу хенахь суна шовкъ еара: 18 Суна Іийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хІунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тІеоьцур дац“. 19 Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цІеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а. 20 Хьан теш хиллачу Тапин цІий Іеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гІуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“. 21 ТІаккха Цо элира соьга: „ДІавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечи къаьмнийн нах болчу“». 22 И дешнаш аллалц ладугІуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хІиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» – бохуш. 23 Цара маьхьарий а хьоькхуш, тІера хІуманаш охьа а кхуьйсуш, оьгІазбахана хІаваэ чан кхуьйсучу хенахь, 24 тІеман коьртачу хьаькамо омра дира, ПахІал гІопе дІа а вигина, барт хатта, шед а етташ, наха кхунна тІе мохь мича бахьанина хьоькху хаархьама. 25 Амма шед етта доьхкаршца ша дІавихкинчу хенахь ПахІала элира цигахь лаьттачу тІеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?» 26 Иза хезна, тІеман хьаькамо, шел лакхарчунна тІе а вахана, элира: «Хьо хІун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву». 27 Лакхарчу тІеман хьаькамо, тІе а веана, хаьттира ПахІале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?» «Ву», – аьлла, жоп делира ПахІала. 28 Коьртачу тІеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила». ПахІала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо». 29 Ша Риман вахархо дІавихкинийла хиъча, цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа коьрта хьаькам кхеравелира. 30 ШолгІачу дийнахь жуьгташа ПахІал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тІера зІенаш дІа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахІал, схьа а валийна, царна хьалха хІоттийра тІеман хьаькамо.

Векалийн 23

1 Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахІала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цІеначу дагца ваьхна ву со». 2 Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахІалан бета тІе хІума тоха аьлла. 3 ПахІала элира цуьнга: «Дала таІзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хІетте а харцонца суна етта боху-кх ахь». 4 Уллохь лаьтташ болчара элира ПахІале: «Динан коьрта да сийсазво ахьа!» 5 ПахІала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тІехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла». 6 Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахІала чІоггІа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян». 7 Цо иза аьлча, парушхошна а, садукъошна а юкъахь къовсам а баьлла, гулам шина декъе бекъабелира. 8 (ХІунда аьлча садукъоша я денвалар а, я маликаш а, я жинаш а дац бохура, ткъа парушхоша и дерриг а ду бохура.) 9 Йоккха гІовгІа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Іеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХІун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла». 10 Амма къовсам кхин а чІогІа баларна тІеман коьртачу хьаькамо, наха ПахІал вовшахваккхарна кхоьруш, тІемалошка омра дира, лаха чу а диссий, царна юкъара схьа а ваккхий, иза гІопе дІавига аьлла. 11 Буьйсанна ПахІална хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧІагІлолахь, ПахІал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан». 12 Де тІекхаьчча, цхьаболчу жуьгташа, барт а бина, дуй биира ПахІал шаьш веллалц ца яа а, ца мала а. 13 И барт беш декъехь вара шовзткъа сов стаг. 14 Динан коьрта да а, баккхий нах а болчу а бахана, цара элира: «Оха дуй биъна ца яа а, ца мала а ПахІал веллалц. 15 Аша а, коьртачу кхеташоно а тІеман коьртачу хьаькаме дехар де, ПахІал шаьш долчу валавайта алий, цуьнан гІуллакх кхин цкъа а дикка таллархьама. Шуна тІекхачале, иза вен тхо кийчча ду». 16 Цара бинчу бартах лаьцна ПахІалан йишин кІантана хиира. Цо, гІопе а веана, ПахІале дІахаийтира и гІуллакх. 17 ТІаккха ПахІала, римхойн эскарера цхьана тІеман хьаькаме схьа а кхайкхина, элира: «ХІара жима стаг тІеман коьртачу хьаькамна тІевига, цуьнга цхьа хІума ала деза кхуьнан», – аьлла. 18 Цу хьаькамо, и кІант тІеман коьртачу хьаькамна тІе а вигина, элира: «Тутмакха ПахІала, соьга схьа а кхайкхина, хІара жима стаг хьуна тІевига элира. Кхуьнан хьоьга ала цхьа хІума ду боху цо». 19 ТІеман коьртачу хьаькамо, куьг лаьцна юьстаха а ваьккхина, хаьттира кІанте: «ХІун дара хьан соьга ала?» – аьлла. 20 КІанта элира: «Жуьгташа барт бина, хьоьга ПахІал кхана коьртачу кхеташоне валаве аьлла, дехар дан, цуьнан гІуллакх дикка толлучуха. 21 Цаьрга ла ма догІалахь, хІунда аьлча шовзткъа сов стаг ву цунна кІело йина Іаш. Цара дуй биъна ца яа а, ца мала а шаьш иза веллалц. Уьш хІинца кийчча Іаш бу, ахь ден долчу омре хьоьжуш». 22 ТІаккха тІеман коьртачу хьаькамо жима стаг дІавахийтира: «Айхьа соьга аьлларг цхьаьнгге а ма дийцалахь», – аьлла. 23 Цул тІаьхьа, шен тІеман хьаькамех шиъ схьа а кхайкхина, цо элира: «Кхесрин-гІала ваха ши бІе гІашло а, кхузткъе итт дин-бере а, ши бІе гоьмукълелорхо а кечве, буьйсанна исс сахьт долуш уьш дІа а хьовсабе. 24 Иштта, варраш а кечъе, тІе а хаавай, ПахІал мехкан куьйгалхо Пелакъ волчу дІавигийта». 25 Цул сов, иштта чулацам болуш кехат а яздира цо: 26 «Цуьнан сийлалле мехкан куьйгалхочуьнга Пелакъе маршалла доуьйту Калабди Лосас. 27 ХІара стаг, схьа а лаьцна, жуьгташа вуьйчуьра тІемалошца веанчу ас кІелхьарваьккхина ву, Риман вахархо вуй ма-хиъинехь. 28 Кхуьнан хІун бехк бу хаархьама, ас хІара церан коьртачу кхеташоне валийра. 29 Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хІара вен я дІалаца бахьана долуш хІума дацара. 30 Сайна кху стагана дуьхьал барт бинийла ма-хиъинехь, ас сихонца хІара хьо волчу дІахьажийра, ткъа кхуьнан кхелахошка, гІуллакх хьоьга къастадайта аьлла, омра дира». 31 ТІемалоша шайна деллачу омрица ПахІал, схьа а эцна, буьйсанна Анти-Патар-гІала дІавигира. 32 Ткъа шолгІачу дийнахь, иза говрашкахь болчаьрга кхидІа вига а аьлла, гІопе юхабирзира уьш. 33 Вукхара, Кхесрин-гІала схьакхаьчча, кехат мехкан куьйгалхочуьнга дІа а делла, ПахІал цунна хьалха хІоттийра. 34 Мехкан куьйгалхочо, кехат а дешна, ПахІале хаьттира, иза муьлхачу меттера ву аьлла. ХІара Киликера вуйла хиъча, цо элира: 35 «Ас хьан гІуллакхе ладугІур ду, хьо бехке веш берш схьакхаьчча». ТІаккха гІароле, иза кхел еш долчу ХІародан цІийнехь ларве аьлла, омра дира цо.

Векалийн 24

1 Пхи де даьлча, динан коьрта да Хьанас а, масех воккха стаг а, кхелан гІуллакх лелош волу Туртал а веара цига. Цара мехкан куьйгалхочуьнга ПахІална дуьхьал шаьш даьккхинарг дийцира. 2 ПахІал схьакхайкхича, Туртала, иза бехкевеш, бохура: «Массо а хенахь а, массо а меттехь а баркаллица тІечІагІдо оха, лоруш волу Пелакъ, хьо бахьана долуш тхо долчохь машар хилар а, ахь Іуналла дарца хІокху халкъан дахар толуш хилар а. 4 Амма, хьуна тІех новкъарло ца ярхьама, доьху хьоьга тхан доццачу къамеле ладогІар, хьайгахь гуттар а болчу къинхетамца. 5 Оха къастийна: хІара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а. 6 ТІехула тІе Делан цІа сийсаздан а воьллера хІара, амма оха сацийра. 8 Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хІара стаг бехкевар нийса дуйла». 9 Оцу бехкана тІетайра важа жуьгтий а, цо аьлларг дерриг а бакъ ду аьлла. 10 Мехкан куьйгалхочо пурба делча, ПахІала жоп делира: «Дуккха а шерашкахь кху халкъана тІехь хьо кхелахо вуй а хууш, со хазахетарца бехказавала хьожур ву. 11 Хьуна хаа хала хир дац, со шийтта де ца кхоччуш хьалха Ярушалайме Далла Іибадат дан веанийла. 12 Я Делан цІийнехь а, я жуьгтийн гуламан цІеношкахь а, я гІали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина. 13 Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо. 14 Амма цхьана хІуманна тІехь къера ву со: сайн дайн Далла гІуллакх деш вогІу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а – дерригенах а теша со. 15 Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хІорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан. 16 Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гІерта со Далла а, нахана а хьалха догцІена хилархьама. 17 Дуккха а шераш девллачул тІаьхьа Ярушалайме веана со, сайн халкъана юкъара къечарна хІума кховдорхьама а, сагІа даккхархьама а. 18 Со цІинваларан Іадатах чекхваьлча, Делан цІийнан кертахь карийра Асиа-махкара масех жуьгтичунна. Соьца адамийн тоба яцара, я гІовгІа а ца йора цхьаммо а. Уьш бара хьуна хьалха хІитто безарш, нагахь церан суна дуьхьал ала хІума делахь. 20 Я кхаьрга алийта, соьгахь хІун харцо карийна шайна, со коьртачу кхеташонна хьалха лаьттачу хенахь. 21 Кхарна юкъахь лаьттачу хенахь ас чІогІа аьлла цхьа дош бахьана долуш дуй те хІара: „Белларш денлуш хиларх теша аьлла, аша суна тахана кхел йо“, – аьлла». 22 Дерригене ла а доьгІна, цу хьехамах дерг шена дика хаьа дела, Пелакъа и гІуллакх тІаьхьатеттира. Цо элира: «ТІеман коьрта хьаькам Лоса схьавеача, ас къастор ду шун гІуллакх». 23 Юха цо тІеман хьаькаме омра дира, ПахІал ларве, амма паргІат а вита, накъосташна цуьнан гІайгІа бан новкъарло а ма е аьлла. 24 Масех де даьлча, жуьгти йолчу, шен зудчуьнца Дурсалица веанчу Пелакъа, ПахІале схьа а кхайкхийтина, Дала леррина къобалвинчу Іийсах долчу тешарх лаьцна цуьнга дийцийтира. 25 ПахІала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХІинца дІагІо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо». 26 Цул сов иза сатесна вара ПахІала ша дІахоьцург ахча лург хиларе, цундела, кест-кеста схьа а кхойкхуш, цуьнца къамел дора цо. 27 Ши шо даьлча, Пелакъан метта Порка Висита цІе йолу куьйгалхо веара. Жуьгташна там бархьама ПахІал чувоьллина витира Пелакъа.

Векалийн 25

1 Ша куьйгалхо хІоьттина кхо де даьлча, Кхесрин-гІалара Ярушалайме веара Висита. 2 Динан коьрта дай а, жуьгташна юкъара лоруш болу нах а баьхкира цунна тІе, ПахІална арз дахьаш. Цара дехарш дора, 3 къинхетам а бина, ПахІал Ярушалайме схьавалавахьара бохуш. Ткъа новкъахь иза вен къайлаха барт бира цара. 4 Виситас жоп делира, ПахІал Кхесрин-гІалахь чувоьллина ву, ша а кестта цига гІур ву аьлла. 5 «Шайна юкъара масех стаг ваийта соьца, – элира цо, – цаьрга хІара стаг бехке вайта, нагахь кхуьнан бехк белахь». 6 Цаьрца бархІ-исс де а даьккхина, Висита Кхесрин-гІала юхавеара. ШолгІачу дийнахь, кхелахочун метте а хиъна, ПахІал схьавалавайтира цо. 7 Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хІуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан. 8 ПахІала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цІенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», – бохуш. 9 Жуьгташна там болу агІо лоьхуш, Виситас элира ПахІале: «Ярушалайме ваха лаьий хьуна, соьга цигахь хьайна кхел яйта?» 10 ПахІала элира: «Со Рим-мехкан паччахьан кхелана хьалха лаьтташ ву хІинца, сайна кхел ян еззачохь. Ас жуьгташна цхьа а вониг ца дина, иза хьуна а дика хаьа. 11 Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Іожалла тІеэца а кийча ву со. Амма хІара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дІавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху». 12 Кхеташонца къамел а дина, Виситас элира: «Ахь паччахьан кхел йоьхуш хилча, Рим-мехкан паччахьна тІевохуьйтур ву хьо», – аьлла. 13 Масех де даьлча, Висита куьйгалхо хІоттор даздан Кхесрин-гІала паччахь АгІарипа а, цуьнан йиша Беруника а деара. 14 Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахІалан гІуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву. 15 Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана. 16 Амма ас элира цаьрга, римхойн Іедал дац бехке веш волу стаг дІалуш, цкъа хьалха шен довхошца юьхь-дуьхьал а кхетта, бехказа вала бакъо яллалц аьлла. 17 Цундела и жуьгтий кхуза схьакхаьчча, ас шолгІачу дийннехь, кхелахочун метте а хиъна, иза схьавалавайтира. 18 Суна моьттуш долчу цхьана а зуламехь иза бехке ца вира цуьнан довхоша. 19 Амма церан цхьацца къовсамаш бара шайн динах а, цхьана веллачу Іийсах а лаьцна, ткъа ПахІала-м Иза дийна ву бохура. 20 И гІуллакх муха къастор ду а ца хиъна, ас хаьттира ПахІале: „Ярушалайме а вахана, цигахь кхел яйта лаьий хьуна?“ – аьлла. 21 Амма ПахІала Рим-мехкан паччахьан сацам хиллалц ша Кхесрин-гІалахь вита аьлча, ас омра дира, иза Рим-мехкан паччахьна тІевиггалц чувоьллина вита аьлла». 22 АгІарипас Висите элира: «Суна сайна а лаьа оцу стаге ладогІа». «Кхана хьуна хезар ду иза вистхуьлуш», – аьлла, жоп делира Виситас. 23 ШолгІачу дийнахь АгІарипа а, Беруника а, кеч а делла, шайца тІеман хьаькамаш а, гІалара лоруш болу нах а болуш кхел ечу цІа чу баьхкича, Виситас омра дира, ПахІал схьавалаве аьлла. 24 Цул тІаьхьа Виситас элира: «АгІарипа-паччахь а, кхузахь тхоьца болу берриш а! Шуна гуш волчу хІокху стагана Ярушалаймехь а, кхузахь а вуно дукха жуьгташа аьрзнаш дина. Цара маьхьарий хьийкхира, хІара кхин ваха хьакъ вац бохуш. 25 Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хІара цига дІахьажо. 26 Амма кхунах лаьцна цу паччахье яздан хІумма а дац сан. Цундела ас хІара шуна, къаьсттина хьуна хьалха, АгІарипа-паччахь, валавайтина, гІуллакх къастийча, Рим-мехкан паччахье сайна яздан хІума хилийта. 27 ХІунда аьлча суна нийса ца хета чувоьллина стаг, иза бехке веш дерг хІун ду а ца хоуьйтуш, дІахьажор».

Векалийн 26

1 ТІаккха АгІарипа-паччахьо элира ПахІале: «Къамел дан мегар ду хьуна», – аьлла. ПахІала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира: 2 «Паччахь АгІарипа! Жуьгташа сайна дуьхьал дуьйцучунна тахана хьуна хьалха сайн бехказавала аьтто хиларна со ирс долуш хета суна, 3 хьо жуьгтийн гІиллакхаш а, къовсаме долу хІуманаш а девзаш хиларна муххале а. Цундела доьху хьоьга собарца сайга ладогІар. 4 Массо а жуьгташна хаьа, со жима волуш дуьйна а сайн халкъана юкъахь а, юха Ярушалаймехь а муха ваьхна. 5 Царна со вевза дуккха а хан ю, цундела церан тоьшалла дан йиш ю, шайна лиъча, со парушхо а хилла, вайн динаца догІуш долу уггар къовламе хьехамца вехаш Іаш хилар. 6 ХІинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна. 7 Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гІуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь. 8 Хила йиш йоцуш хІунда хета шуна Дала беллачуьра нах денбар? 9 Со а вара тешна, Назартарчу Іийсах лаьцна долчунна дуьхьал дуккха а хІума дан деза аьлла. 10 И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Іийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора. 11 Ас таІзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цІеношкахь, уьш шайн дина тІера юхабовлийта гІерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгІазалла сел чІогІа хиларна, кхечу гІаланашка а воьдура со уьш схьалеца». 12 «Оцу гІуллакхна цкъа Дамасакхе воьдуш вара со, динан коьртачу дайшкара бакъонаш а яьхна, цара тІедехкина декхарш а эцна. 13 Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогІуш, стигалара цІеххьана малхачул а чІогІа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хІоьттира. 14 Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хІунда до ахь?“ 15 Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“ Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Іийса ву. 16 ХьалагІатта когаш тІе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гІуллакх кхочушдархо а вина, дІахІотто. 17 Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кІелхьарвоккхур ву хьо. 18 Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». 19 «Цундела, АгІарипа-паччахь, ас дуьхьало ца йира стигалара сайна хІоьттинчу бІарлагІина. 20 Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхІуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тІе берзийтархьама, шайн гІуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама. 21 Цу бахьаненна, Делан цІа чохь волуш, схьа а лаьцна, со вен гІоьртира жуьгтий. 22 Амма Дала гІо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гІоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хІумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен: 23 Дала леррина Къобалвинарг, баланаш а хьегна, кхелхинчул тІаьхьа, беллачех гІаьттина хьалхарниг хир ву. Цо яхьар ю серло жуьгтийн халкъана а, кхечу къаьмнийн нахана а». 24 ПахІалан къамел чекхдалале Виситас чІоггІа элира: «ПахІал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!» 25 «Со хьераваьлла вац, лоруш волу Висита, – аьлла, жоп делира ПахІала. – Ас дуьйцург нийса а, хьекъале а ду. 26 АгІарипа-паччахьна дика девза хІара санна гІуллакхаш, цундела ас паргІат дуьйцу цуьнца. Со тешна ву, цуьнан тидамера хІумма а даьлла дац, хІунда аьлча хІара дерриг а ломал дехьа хилла дац, массеран а бІаьргашна хьалха хилла ду. 27 Паччахь АгІарипа, пайхамарех теший хьо? Хаьа суна, хьо теший». 28 ТІаккха АгІарипас элира ПахІале: «Иштта атта со Іийсах тешначех дІакхетар ву моьтту хьуна?» 29 «Хьесапе дац, атта я хала ду иза, – жоп делира ПахІала, – амма ас Деле доьху, хьо хилла ца Іаш, массо а тахана соьга ладугІушверг, со санна, хилийта бохуш, амма гІоьмаш тоьхна тутмакхаш ца хуьлуш». 30 ТІаккха паччахь хьалагІаьттира, цуьнца цхьаьна хьалагІевттира мехкан куьйгалхо а, Беруника а, берриш а цаьрца Іийнарш а. 31 Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина». 32 АгІарипас элира Висите: «И стаг хІинцца дІахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта лаьа шена ца аьллехь».

Векалийн 27

1 Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тІаьхьа ПахІал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цІе йолчу тІеман хьаькаме дІабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цІарахчу эскаран декъан эпсар вара. 2 Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гІалин хІордан кеманна тІе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цІе йолу Тассалник-гІалара македонхо а вара. 3 ШолгІачу дийнахь тхо ЦІадан-гІалахь охьадевлира кеманна тІера. Юлай ПахІале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тІехь гІо дийр долу накъостий болчу ваха. 4 Цигара хІорда тІе арадевлла, мох кІезиг болчу агІор, Кипр-гІайре йолчухьа дахара тхо, дуьхьал хьоькхуш мох хиларна. 5 Киликана а, Пампилна а дуьхьал болчу хІордал дехьа а девлла, Ликин-махкарчу Мир-гІала кхечира тхо. 6 Цигахь Искандар-гІалара Итале-махка догІу хІордан кема а карийна, цу тІе ховшийра тхо тІеман хьаькамо Юлайс. 7 Масех дийнахь меллаша дІадоьлхуш дара тхо. Мох дуьхьал хьоькхуш хиларна, Кинад-гІалина дуьхьал нисделча, цу агІор кхидІа даха а ца делла, Крит-гІайренна улло дахара тхо, Салмон цІе йолчу берда юххе а теІаш, цигахь мох кІезиг болу дела. 8 Халла цунна уллохула тІех а девлла, Ласи-гІалина гена йоцучу, шех Дика дІахІуттийла олучу метте кхечира тхо. 9 Дуккха а хан яьллера тхо новкъа девлла. КхидІа даха кхераме дара, хІунда аьлча гуьйренан чаккхе яра, жуьгтийн халкъ къинойх цІиндаларан деза де а чекхдаьллера. ПахІала, хьехар деш, бохура: 10 «ЛадогІийша! Со гуш ву хІара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тІерачу кирана а хилла ца Іаш, вайн дахарна а». 11 Амма хІорш эцна воьду тІеман хьаькам хІордан кема долахь долчух а, и дІадохуьйтуш куьйгалла деш волчух а алсам тийшира, ПахІала дуьйцучул а. 12 Кхеран кема дІахІоьттина меттиг Іа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гІайре тІехь йолчу Пиника-гІала хІордахула дІабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Іанера бовла лаьара царна. 13 Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гІайре йистехула дІабахара уьш. 14 Амма дукха хан ялале гІайре йолчу агІорхьара шех къилбаседа-малхбалера олу чІогІа мох хьаькхира. 15 ХІорд ловзабаьллачу юккъе а нисделла, мохана дуьхьал ца дахалора хІордан кема. Мохо шена луъучу агІор дІасакхуьссура тхо. 16 Кавда цІе йолчу жимачу гІайре тІе, мох кІезиг болчу агІорхьа, даьхьира тхан кема, цигахь дукха хала дІатесира оха пийсакаш хьокху жима кема. 17 Иза, хьала а даьккхина, стаммий машшашца дІа а доьхкуш, хІордан кема чІагІдира оха. Хинан кІоргалла жима йолчохь, Суьрти цІе йолчу меттигехь бохам хиларна кхоьруш, кеманан гата охьа а дахийтина, хІорда тІехула дІахецаделира тхо. 18 ШолгІачу дийнахь хІорд чІогІа ловзабаларна, кеманна тІера кира хи чу кхосса долийра. 19 Ткъа кхозлагІчу дийнахь хІордан кеманан цхьа боккха гІирс чукхоьссира кеманхоша шайн куьйгашца. 20 Масийтта дийнахь я малх, я седарчий гучу ца довлура, ткъа хІордан ловзабалар дІатуьйш дацара. Тхо кІелхьардевр ду аьлла йолу муьлхха а сатуьйсийла дІаяьллера. 21 Дукха хан яра цхьаммо а хІума яаза. ТІаккха ПахІала, хьала а гІаьттина, элира: «Нах, шу соьга ла а доьгІна, Крит-гІайре тІехь севцнехь, хІара зенаш а лан дезар дацара, хІумма а дІакхосса езар яцара вайн. 22 ХІинца собаре хиларе кхойкху ас шуьга, хІунда аьлча шух цхьа а лийр вац, кема бен хІаллакьхир дац. 23 Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гІуллакх дечу а Делан малик деара суна тІе. 24 Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахІал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта дезаш ву, Дала хьан доІанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тІехь берш а дийна буьсур бу“. 25 Цундела доха ма дохалаш, доттагІий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх. 26 Амма вай билггала цхьаьна гІайре тІе охьакхуьссур ду». 27 ЕйтталгІа буьйса тІекхаьчча, тхо Адира цІе йолчу хІорда тІехула хьош дара. Буьйса юккъе яхача, хІордан кеманхошна уллохь латта хааделира. 28 Хин кІоргалла юьстича, ткъа сажа юьйла хиира. Юха жимма дехьадевлла юьстича, пхийтта сажа карийра. 29 Хин бухулара тІулгаш тІе кхетарна кхоьруш, кема сацош, тІехьара йиъ кема сацориг хи чу а кхоьссина, де тІекхачаре сатуьйсуш Іара уьш. 30 Ткъа кеманхой, жима кема хи чу охьа а хецна, кеманан буьххьера кема сацориг чукхуссучуха, бовда гІоьртира. 31 Амма ПахІала элира тІеман хьаькаме а, тІемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тІехь ца совцахь, шу а кІелхьардевр дац». 32 ТІаккха тІемалоша, жима кема дІатесна долу машшаш а хедийна, иза чудожийра. 33 Сахуьлучу хенахь ПахІала дехар дира массаьрга а, хІума яахьара аьлла: «Тахана дейтталгІа де ду вай сатийсамехь долу, аша цу ерриге а хенахь хІума ца йиъна. 34 Цундела доьху шуьга хІума яа, хІунда аьлча иза шуна дахар лардан оьшу. Шу цхьаннен а коьрта тІера чо а бужур бац». 35 Иза а аьлла, бепиг, схьа а эцна, массарна а хьалха Далла хастам а бина, декъа а декъна, даа хІоьттира ПахІал. 36 ТІаккха массара а, дог иракарахІоьттина, хІума йиира. 37 Верриг а хІордан кеманна тІехь ши бІе кхузткъе ялхитта стаг вара. 38 Тоъал хІума а йиъна, кема дисина долчу киранах паргІатдаккха хІиттира уьш, кІа хІорда чу а кхуьссуш. 39 Іуьйре тІекхаьчча, царна латта ца девзира, амма гІамаран легІана берд гира. Аьтто балахь берда тІедовла барт хилира церан. 40 Кема сацорех, уьш хІорда чу дІа а хецна, паргІат а девлла, кеманан тІам бихкина машшаш а хедийна, буьххьера жима гата махаца а нисдина, бердехьа бахара уьш. 41 Амма гІамарла а дахана, меттах а ца далалуш дисира хІордан кема, ткъа цуьнан тІехье ондачу тулгІенаша йохош яра. 42 Тутмакхаш неканца ца бовдийта байа дог хилира тІемалойн. 43 Амма ПахІал ца вейтархьама тІеман хьаькамо совцийра уьш. Цо омра дира, нека хууш берш, чу а лелхий, лаьтта тІе кхача аьлла. 44 Ткъа вукхаьрга, карадеана у я кхин йолу хІума схьа а лоцуш, берда тІе гІо элира. Иштта, цхьанна а зе ца хуьлуш, массо а берда тІе хьалавелира.

Векалийн 28

1 Берда тІехь кІелхьардевлча, тхуна хиира гІайренан цІе Мелита юйла. 2 Цигарчу бахархоша чІогІа дика тІеийцира тхо. ДогІа а деана, шелъелча, цІе а латийна, цунна улло дохдала тІекхайкхира цара тхоьга. 3 ПахІала цхьа цІов чІийш гулдира. Цо уьш цІерга кхиссича, йовхонах бедда лаьхьа, цунна це а тоьхна, куьйгах хьаьрчира. 4 ПахІалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХІорда чохь иза ца веллехь а, хІинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза». 5 Амма ПахІална цхьа а тайпа лазош хІума ца хааделира, цо лаьхьа цІерга ластийра. 6 Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цІеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Іийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахІална хІумма а ца хилира. ТІаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла. 7 Цу меттигна гена боццуш Палаби цІе йолуш волчу гІайренан хьаькаман бахам бара. Тхо ша волчу а кхайкхина, кхаа дийнахь тхуна хьошалла лелош, комаьрша хІусамда хилира иза. 8 Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Іуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахІала, доІа а дина, цомгушниг товира, тІе куьйгаш а дехкина. 9 И хиллачул тІаьхьа гІайре тІера бисина болу цомгуш нах а богІура. Царна а дарба дора ПахІала. 10 ГІайре тІера бахархоша чІогІа ларам бира тхан. Тхо дІадаха кечлуш, цара тхуна дерриг а оьшург деара. 11 Цигахь кхо бутт баьккхинчул тІаьхьа, цу гІайре тІехь Іа доккхуш хиллачу, шех Диоскураш олучу Искандар-гІалара догІучу хІордан кеманна тІехь дІадахара тхо. 12 СуьракІоз-гІала а кхаьчна, цигахь кхо де даьккхира оха. 13 Цигара дІадахча, Риги олучу гІала кхечира тхо. Цхьа де даьлча, къилбера мох хьаькхира. ШолгІачу дийнахь тхо Путола-гІала кхечира. 14 Цигахь динан вежарий а карийна, церан дехарца кІира даьккхира оха цаьрца. Цул тІаьхьа тхо Рим-гІала даьхкира. 15 Цигара динан вежарий, тхо догІу аьлла хезна, Аппи цІе йолчу майданахь а, хьешан кхо цІенош долчохь а дуьхьалбаьхкира тхуна. Уьш гича, Далла хастам а бина, дог иракарахІоьттира ПахІалан. 16 Римехь ПахІална къаьстина Іе бакъо елира, амма тІемалочо ларвеш вара иза. 17 Кхин кхо де даьлча, жуьгташна юкъара куьйгалхой гулбира цо. Уьш схьабаьхкича, ПахІала элира цаьрга: «Вежарий! Вайн халкъана а, цуьнан гІиллакхашна а дуьхьал ас хІумма а ца диннашехь, Ярушалаймехь, схьа а лаьцна, римхошка дІавелира со. 18 Цара, барт а хаьттина, вел бахьана соьгара ца даьллий хиъча, со дІахеца сацам бира. 19 Жуьгтий дуьхьал бара цу сацамна, цундела Рим-мехкан паччахье кхел е аьлла, дехар дан дийзира сан. Амма ас цхьана а хІуманна тІехь бехке ца до сайн халкъ. 20 Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хІунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хІара гІоьмаш». 21 Цара элира ПахІале: «ЯхІуд-махкара хьох лаьцна цхьа а кехат ца кхаьчна тхоьга. Цигара баьхкинчу вайн вежарех цхьаммо а хьох хаам а ца бина, я вониг а ца аьлла хьох лаьцна. 22 Амма тхуна хьоьгара хаа лаьара хьуна хетарг, хІунда аьлча цу динан тобанах лаьцна массанхьа а дукха къийсамаш бу бохуш, хезнера тхуна». 23 Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахІал сецначу цІийне. Іуьйранна дІаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Іийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гІерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тІера а, пайхамарша дІаяздинчунна тІера а тоьшаллаш а далош. 24 Цхьаберш тешара цо дуьйцучух, вукхарна и бакъ ца хетара. 25 Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дІабаха гІерташ болчу хенахь, ПахІала элира хІара тІаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула шун дайшка: 26 „Цу халкъана тІе а гІой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугІур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бІаьргашца хьоьжур ду шу, амма хІумма а гур дац шуна. 27 ХІунда аьлча дегнаш чІагІделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бІаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бІаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тІебирзича, Ас дарба дийр дара царна“». 28 «ДІахоуьйла шуна, Дала кІелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду». 30 Дийнна шина шарахь ша мах лучу цІенош чохь Іийра ПахІал. ПахІала шена тІебаьхкинарш берриш а тІеоьцура. 31 Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Іийсах лаьцна хьехам бора цо.

Римхошка 1

1 Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тІекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дІакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахІала, яздо хІара кехат. 2 Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара. 3 И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву. 4 Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КІант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КІант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса ву. 5 Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгІат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтІахь хилийта а. 6 Шу а ду, римхой, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь хила тІекхайкхинчарна юкъахь. 7 Рим-гІалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 8 Уггар а хьалха шуна массарна а тІера Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хастамаш бо аса, хІунда аьлча дуьнен тІехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. 9 Сайн доІанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КІантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гІуллакх деш волу. 10 Сайн доІанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар, 11 хІунда аьлча суна чІогІа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чІагІдархьама а. 12 И бохург хІара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахІиттор ду: сан тешаро шу иракарахІиттор ду, ткъа шун тешаро – со. 13 Динан вежарий! Шуьга дІахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хІара хан тІекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна. 14 Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а – дешна болчарна а, боцучарна а – декхарийлахь ву со. 15 Цундела ву со шуна а, Рим-гІалахь дехарш, хаза кхаъ дІакхайкхо кийча. 16 Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. 17 Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву». 18 Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Іесаллина а, харцдолчунна а тІе стигалшкара Делан оьгІазло гучуйоккхуш ю. 19 Иза иштта ду, хІунда аьлча Делах лаьцна хаа тарлуш дерг массарна а хууш ма ду, Дала Ша иза царна хаийтина дела. 20 ХІунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хІуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна. 21 ХІунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Іаржделлера. 22 Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара. 23 Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цІушна Іамалъярх. И цІуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара. 24 Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догІмаш бехдира. 25 Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хІуманашна Іибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Іибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин! 26 Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера. 27 Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догІмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгІазло шайн коьрта тІе йоуьйтура цара. 28 Дела вовзар царна мехала хІума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара. 29 Массо а тайпана зуламех а, мекараллех а, бІаьрмецигаллех а, вочух а буьзна бу уьш. Иштта хьогІах а, адамаш дайа лаарх а, эмгараллах а, ямартлонах а, луьраллах а буьзна бу уьш. Цара эладитанаш леладо. 30 Вовшашна мотт бетта цара. Дела ца веза царна. КІоршаме а, кураллех буьзна а, дозаллаш деш а, зулам дар лоьхуш а, шайн дай-наношка ла ца дугІу цара. 31 Хьекъал долуш бац уьш. Тешаме а бац уьш, эсала а, къинхетаме а бац. 32 Ишттаниг лелораш хІаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Іаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.

Римхошка 2

1 Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хІунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела. 2 Ткъа вайна хаьа, иштта гІуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла. 3 Иштта гІуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кІелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг? 4 Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тІеверзо гІерташ хиларх? 5 Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таІзарш гулдо Делан оьгІазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна. 6 Дала хІоранна а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел. 7 Дика гІуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо. 8 Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дІа а тоттуш, харцдолчунна тІаьхьахІуьттучарна Делан луьралла а, оьгІазло а хир ю. 9 Зулам деш волчу хІоранна а гІайгІанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна! 10 Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргІато а хир ду дика деш волчу хІоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна! 11 ХІунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а. 12 Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хІаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггІу кхел йийр ю. 13 ХІунда аьлча товрат-хьехамашка ладегІарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу. 14 Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тІедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хІун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а. 15 Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дІаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху. 16 Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула кхел ечу дийнахь. 17 Ткъа хІинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хІун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа. 18 Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тІера Іамийна дела, дика долчух а кхета хьо. 19 БІаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо. 20 Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хІунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дІахІоьттира. 21 Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Іамавой те? ХІума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа? 22 Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦІуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цІенош чохь айхьа къола дой те? 23 Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогІург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа? 24 Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха». 25 Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву. 26 Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тІедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа? 27 Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг? 28 ТІехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тІера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу. 29 Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.

Римхошка 3

1 Жуьгти хилар гІолехь хІунда ду, я сунтварх хІун пайда хуьлу? 2 Иза массо а агІор гІолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Іалашдан делла хилар ду. 3 Ткъа и хІун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар? 4 Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву». 5 Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дІадоьллуш хилча, хІун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таІзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.) 6 Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло? 7 Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хІета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хІинца а хІунда ян еза? 8 Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хІунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина. 9 ТІаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хІунда аьлча ас дІагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар. 10 Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац. 11 Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац. 12 Массо а адамаш Делах дІадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац. 13 Церан къамкъаргаш дІаделладелла кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дІовш ду церан багахь. 14 Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю. 15 ЦІий Іано уьш сиха арабовлу. 16 Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хІаллакдар а дахьа. 17 Машаран некъ ца бевза царна. 18 Церан бІаьргаш чохь Делах кхерар дац». 19 Ткъа хІинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш – жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу. 20 Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета. 21 Ткъа хІинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а. 22 Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Іийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц, 23 хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. 24 Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш. 25 Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. 27 Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хІуманах дац! Делахь хІун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Іийсах тешарехула бен бакъ ца во! 28 Иштта, оха жамІ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу. 29 Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву. 30 Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха. 31 ТІаккха Іийсах тешарна товрат-хьехамаш дІабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тІечІагІбо.

Римхошка 4

1 Вайн дайн да волчу ИбрахІимах лаьцна хІун эр дара вай? Далла хьалха нах бакъбарх хІун Іемина цунна? 2 Ша дина гІуллакхаш бахьана долуш, ИбрахІим Далла хьалха бакъвина хиллехьара, цуьнан дозалла дан йиш хир яра. Делахь а Далла хьалха дозалла дан йиш яцара цуьнан. 3 Ткъа Делан Йозанаша хІун боху? «ИбрахІим тийшира Делах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира». 4 Болх бечунна луш дерг, цунах къинхетам бар ца лоруш, цунна дІадала леринарг санна дІало. 5 Нагахь санна Далла хьалха ша бакъвина хилархьама стага дика гІуллакхаш ца дахь а, ткъа Іеса нах бакъбечу Делах иза тешаш велахь, Дала иза Шена хьалха бакъвийр ву, цуьнан тешар бахьана долуш. 6 Иштта динчу дика гІуллакхашца доьзна а доцуш, Дала Шена хьалха бакъвина лоручу стагах Дауд-паччахьо а декъала волу стаг олура: 7 «Декъала бу Дала гечдина а, къинош Цо дІадаьхна а берш. 8 Декъала бу Везачу Эло церан къинош цкъа а царна дуьхьал ца лоруш берш». 9 Ткъа и декъалалла сунтбиначарна бен ца хуьлу теша? ХІан-хІа, иза кхечу къаьмнех болчарна а ду, уьш сунтбаза белахь а. Вай олуш ма-дарра, ИбрахІим Делах тешарна, Цунна хьалха бакъвина лерина. 10 Маца хилла иза? Иза сунтвале лерина я сунтвиначул тІаьхьа лерина? Сунтвинчул тІаьхьа а доцуш, иза сунтвале бакъвина лерина. 11 Ткъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дІахІоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору. 12 Иштта, ИбрахІим вукху тобанан а да хилла дІахІоьттина. Сунтдар тІеэцна хилла а ца Іаш, вайн да волчу ИбрахІиман сунтвале дуьйна долчу тешаран ларашца лела массо а сунтбинарш цу тобанна юкъабогІу. 13 ИбрахІиман а, цуьнан тІаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахІима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара. 14 Нагахь санна лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбечарна догІуш хилча, Делах тешар а мехала хир дацара, лур ду аьлларг эрна а хир дара. 15 Товрат-хьехамаша, уьш кхочуш ца бича, Делан оьгІазло хуьлуьйту. Ткъа бакъонаш ца хиллехьара, бакъонаш йохор а нислур дацара. 16 Ткъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахІиман массо а тІаьхьенна, чІагІо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахІиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахІим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву, 17 Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вина». ИбрахІим вайн да хилира ша тешна волчу а, белларш денбеш волчу а, гуш доцург гуш деш волчу а Далла хьалха. 18 Сатийса бахьана доццушехь, ИбрахІим Дала йинчу чІагІонах кхидІа а тешаш а, сатуьйсуш а вара. И тешар бахьана долуш, дуккхачу а къаьмнийн да хилира иза. Яздина ма-хиллара: «Оццул дукха хир ю хьан тІаьхье». 19 Тешарх ца вухуш, бІе шо кхоччуш долчу шен дегІе, веллачун дегІе санна, бераш далург цахилар а, Сарат доьзалхо хуьлуш цахилар а дагахь латтадора цо. 20 Дала шена лур ду аьллачу тешарна тІера ойла ца керчира цуьнан, мелхо а, шен тешар тІехь чІагІвелла Іийра иза, сийлалла Далла дІа а делла. 21 Иза кІоргге тешна вара дийр ду аьлларг кхочушдан Делан ницкъ хиларх. 22 Цундела «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». 23 Бакъду, яздинарг цунна цхьанна пайденна хилла ца Іа – «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира», 24 амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала. 25 Іийса вайн къиношна тІера сагІина дІа а веллера, вай Далла хьалха бакъдархьама ден а винера.

Римхошка 5

1 Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргІато а йолуш деха вай. 2 Вай Цунах тешар бахьана долуш, Іийсас Делан доккхачу диканна тІекхочийла хилийтина вайна. ХІинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай. 3 Цунах даккхийдийна а ца Іаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла. 4 Доьналла долуш хиларо къобалдар дахьа, ткъа къобалдаро сатийсар ло. 5 Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хІунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Іанийна. 6 Ваьшна гІо дан вай де доцуш дисича, Дала билгалъяьккхинчу хенахь, Іесачеран метта Дала леррина Къобалвинарг жІара тІехь велла. 7 Наггахь бен, бакъахьара волчун метта цхьана а стагана вала ца лаьа. Делахь а дикачун метта вала цхьаъ реза хила а там бу. 8 Амма, вай хьарамлонаш лелош долчу хенахь, вайн дуьхьа велла Дала леррина Къобалвинарг. Цу тайпана Шен вайга болу безам мел боккха бу гойту Дала. 9 Іийсан цІийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кІелхьардевр ду вай Делан оьгІазлонах. 10 Вай Шен мостагІий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КІентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хІинца муххале а Цуьнан КІантехула кІелхьардевр ду, КІант дийна волу дела. 11 Цунах тоам бина а ца Іаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай. 12 Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Іожалла а еана. Иштта Іожалла а хІора адамна тІееана, массара а къа латийна дела. 13 Товрат-хьехамаш юкъабале а, къа дуьнен чохь долуш дара. Амма хьехамашна юкъайогІу бакъонаш ца лелачохь къалатор бехке ца лору. 14 Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тІехь Іожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агІор хьаьжча, шел тІаьхьа вогІу Волчух тера вара Адам. 15 Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хІаллакьхуьлуш хилча, тІаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула – Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула – маьхза луш долу совгІат дуккха а адамна кхочур ду! 16 Дала делла хІара совгІат цхьана адамо латийначу къинах тера дац. ХІунда аьлча цхьана адамо динчу зуламна йинчу кхело таІзар хилийтина, ткъа дуккха а къинош латорна Дала динчу дикано адамаш Цунна хьалха бакъдар хилийтина. 17 Цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, оцу цхьана адамехула Іожалло олалла дар дІадоладелла. Амма цхьана адамехула, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула, хилийтинарг кхин а дукха ду. Делан шорта долу дика а, Далла хьалха бакъдина хиларан совгІат а тІе мел эцнарш Іийсагахула олалла деш хир бу дахарехь. 18 Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тІедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гІуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло. 19 Цхьа адам Далла муьтІахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтІахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду. 20 Товрат-хьехамаш тІаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира. 21 Къиноша, адамаш Іожаллина тІе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш.

Римхошка 6

1 ТІаккха, хІун ала вай? Къинош а летош Іей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама? 2 Дера ма Іе! Къинах лаьцна аьлча, вай делла ду. Делахь, къинош а летош, кхидІа вай муха дахалур ду те? 3 Ца хаьа те шуна, Дала леррина Къобалвинчун дола а девлла, шаьш хих чекхдахийтина долчу вай Цуьнан валар а тІеэцна хилар? 4 Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. 5 Иза валаре терра, вай, дала а делла, Цуьнца цхьаьнакхетта хилча, Иза денваларе терра, ден а делла, юха цхьаьнакхетар ду. 6 Вайна хаьа, шира адам Іийсаца цхьаьна жІарах дІатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хІаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидІа ца хилийтархьама а, 7 хІунда аьлча велларг къинан олаллех паргІатваьлла. 8 Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а. 9 Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хІунда аьлча Іожалло Цунна тІехь кхин олалла дойла дац. 10 Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дІакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду. 11 Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар – Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна. 12 Лийр долчу шайн догІмашна тІехь кхидІа къине олалла ма дайта. Къинан Іалашо ю сийсаза лаамаш шуьга кхочушбайтар. 13 КхидІа а шайн догІмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гІирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дІало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догІмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гІуллакхаша лело гІирсаш санна, Цуьнан караяхийта. 14 Къино шуна тІехь олалла дан ца деза: шу товрат-хьехамийн олаллехь дац, ткъа Делан диканан олаллехь ду. 15 ТІаккха иштта къинош летор дуй те вай, товрат-хьехамашна долахь а доцуш, Делан доккхачу диканан олаллехь хилча? Дера дац! 16 Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтІахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хІаллакдийр ду, я Далла муьтІахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду. 17 Далла бу хастам! ХІетахь къинан леш шу хиллехь а, хІинца шаьш муьтІахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу. 18 Къинойх паргІатдевлла долу шу, хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла. 19 Шун адамийн синош гІийла долу дела, шу кхетар доллучу маттахь боху ас. ХІетахь шайн дегІан меженаш сийсаза леларан а, зулам даран а лолле дІаеллера аша, ткъа цунах кхин а дукха зулам хилира. Ткъа хІинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран лолле дІало уьш, иштта шу Далла герга кхочур ду. 20 Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара. 21 Шаьш хІинца юьхьІаьржачу хІиттош, хІетахь лелийначу гІуллакхех шуна хІун пайда баьлла? Цу гІуллакхийн чаккхе Іожалла ма ю! 22 Ткъа хІинца, къинан олаллех паргІат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун. 23 Къинош леторна луш йолу ял Іожалла ю, ткъа Дала луш долу совгІат Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна хир долу хедар доцу дахар ду.

Римхошка 7

1 Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хІара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тІехь олалла дойла? 2 Товрат-хьехамийн бакъонаша тІе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргІатйолу. 3 Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору. 4 Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама. 5 Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегІан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Іожаллина гІуллакхаш дойтура. 6 Ткъа хІинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргІатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гІуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до. 7 Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамІ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хІун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХІунда аьлча кхечу стеган хІума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хІума шуна ма дезийла». 8 Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хІума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду. 9 Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тІедиллича, къа денделира, 10 ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тІевалийра. 11 Къино, хІара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Іехавалийтира, тІаккха оццу весетаца со вен а вийра. 12 Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду. 13 ТІаккха и дика дерг кхочушдар хилла те суна Іожаллина? Дера ца хилла! Къино дира иза. Дика дерг бахьана долуш, со Іожаллина тІе а валош, къинан къилахь йолу амал гучуяьккхира. Иштта и весет бахьана долуш, къа кхин а чІогІа къилахь хилар гучудоккху. 14 Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох. 15 Со ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бІаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо. 16 Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тІеоьцу аса. 17 Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду. 18 Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХІунда аьлча дика хІума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга. 19 Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса. 20 Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тІаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх. 21 Иштта суна хаало хІара массо а ханна лелаш дерг: хІоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар. 22 Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Іедалца хазахетар карадо. 23 Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Іедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Іедалан йийсархо во цо сох. 24 Ма миска адам ду со! Хьан кІелхьарвоккхур ву со Іожаллина со тІевалош долчу хІокху дегІах? 25 Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агІор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Іедалан лай ву, ткъа вукху агІор сайн адаман синца къинан Іедалан лай а ву.

Римхошка 8

1 Делахь, хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц, 2 Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу дахар тІедалочу Делан Синан Іедало къиношна а, Іожаллина а тІевалочу Іедалех хьо паргІатваьккхина дела. 3 Вайн адаман са эгІаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тІе Шен КІант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагІа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. 4 Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама. 5 Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу. 6 Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Іожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргІато а ю. 7 И хІунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагІа хуьлу. Делан хьехамийн Іедална муьтІахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтІахь ца хилало иза. 8 Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало. 9 Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац. 10 Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегІ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду, Дала шу бакъдина долу дела. 11 Іийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Іийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догІмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула. 12 Иштта, динан вежарий, Делан Синан лаамца даха декхарийлахь ду вай, амма вайн синан лаамца даха ца деза вай. 13 ХІунда аьлча шайн синан лаамашца дахахь – шу лийр ду, ткъа Делан Синан гІоьнца шайн дегІо летош долу къинош аша хІаллакдахь – шу Дела волчохь дехар ду. 14 ХІунда аьлча Делан Сино лелош дерш Делан бераш ду. 15 Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!» 16 Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна. 17 Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. 18 Вайна гойтур йолу сийлаллица дуьстича, вай хІинца ловш йолу халонаш хІумма а доцург лору ас. 19 Дала кхоьллина мел долу хІума сатийсарца ладоьгІуш ду, Делан бераш муьлханаш ду шайна дІаделладаларе. 20 Дала мел кхоьллинарг цу хІуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю, 21 Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргІатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргІатонехь хилийтархьама. 22 Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хІума хІинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна. 23 Дала мел кхоьллинчо дина а ца Іаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгІуш. Оцу хенахь Дала вайн догІмаш паргІатдохур ду. 24 ХІунда аьлча вай кІелхьардаьхна а дара, вайн сатуьйсийла а ю, амма вай сатуьйсуш дерг гуш делахьара, тІаккха иза сатийсар хир дацара. Хьан сатуьйсур ду шена гуш долчуьнга? 25 Ткъа вай хІинца ваьшна гуш доцучуьнга сатуьйсу, собар хиларца ла а доьгІуш. 26 Цу кеппара гІорасиза долчу вайна Делан Сино а гІо до. Вайна ца хаьа дан ма-деззара доІанаш дан. Ткъа Делан Сино, вайл хьалха а долий, вайна тІера Деле доьху дешнашца вайга дІа ца алалучу узаршца. 27 Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тІера Делан лаамца Цо доьху дела. 28 Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тІекхайкхинчеран дуьхьа. 29 Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. 30 Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тІекхайкхина, ткъа, тІе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина. 31 ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал? 32 Шен КІант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДІавеллачо, шеко яц, Шен КІантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгІатна лург хиларх! 33 Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш. 34 Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза. 35 ДІакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Іожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац! 36 Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хІора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагІий санна хета царна». 37 ХІетте а, и дерриг а гІуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту. 38 Со теша, я Іожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша, 39 я цхьана а вайна тІехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хІумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула болчу Делан безамах вай дІакъасто йиш цахиларх.

Римхошка 9

1 Дала леррина Къобалвинчуьнца а волуш, билггал бакъдерг боху Аса. Со харц ца лоь. Делан Синан карахь долчу сан даго а тоьшалла до суна: 2 Исраилан халкъах йоккха гІайгІа а, лазам а бу сан даг чохь. 3 Дала леррина Къобалвинчух со дІакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу 4 исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Іибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваІданаш. 5 Вайн сийлахьчу дайн тІаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хІуманна тІехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин! 6 Ша йина чІагІо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамІ дойла дац, хІунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой. 7 Дала ИбрахІим а, цуьнан тІаьхье а къастийна елахь а, ИбрахІиман тІаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тІаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю». 8 И бохург хІара ду: ИбрахІиман дегІах а, хотІах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваІданца схьабевлларш бен. 9 ХІунда аьлча Дала дина ваІда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогІур ву, тІаккха Саратан кІант хир ву». 10 И хилла а ца Іа: изза хилира Ребикхица, иза вайн да волчу Исхьакхах, кийрахь цхьаьний ши кІант а волуш, берах йолчу хенахь. 11 Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». И ши кІант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Іалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Іалашо. Динчу гІуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза. 13 Делан Йозанаш тІехь яздинчуьнца догІуш ма ду иза: «Якъуб Суна везавелира, ткъа Іесав ца вийзира». 14 ХІун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац! 15 ХІунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху: «Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу, Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду». 16 И бохург хІара ду: стеган лааме я цо гІуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг. 17 Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирІуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дІахІоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тІехь массо а адамашна Сайн цІе йовзийтархьама а». 18 Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо. 19 Аша хатта там бу соьга: «Кхин стенна бехке во те Иза? Мила вер ву Цуьнан Іалашонна дуьхьал?» 20 Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?» 21 Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегІа лараме долчу гІуллакхна, ткъа важа пхьегІа ларамаза долчунна ян? 22 Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгІазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгІазлонах хІаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо. 23 И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тІаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тІеэца кечдинера. 24 Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду – жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Іаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а. 25 ХІушаІ-пайхамаран тептар тІехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах – „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а – „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса. 26 „Шу Сан халкъ дац“ аьллачу меттехь, царах „дийна волчу Делан кІентий“ аьлла, цІе а йоккхур ю». 27 Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХІордан гІум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кІелхьардер дац. 28 ХІунда аьлча лаьтта тІехь дехаш долчу адамашна ян йогІу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю». 29 ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тІаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гІалин бахархой санна а хир дара, Іамор-гІалин бахархойх дІа а тарлур дара». 30 ХІун эр вай хІинца? Вайна хІара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар. 31 Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало. 32 Ткъа хІунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гІуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тІулгах» тасабелира уьш, 33 Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».

Римхошка 10

1 Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кІелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле. 2 Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гІуллакх деш бу уьш. 3 Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гІиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтІахь ца хилира уьш. 4 Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хІоранна а хилийтархьама. 5 Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». 6 Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ – бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама). 7 «Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ – бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама). 8 ХІан-хІа! ХІун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тІехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду. 9 «Іийса Веза Эла ву!» – бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кІелхьарваьккхина хир ву. 10 ХІунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тІевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кІелхьарваьккхина хиларна тІевалаво. 11 Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». 12 Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хІунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хІорра а алссам декъалво Цо. 13 Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХІорра а, Везачу Элан цІе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кІелхьарвоккхур ву». 14 Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дІакхайкхош ца хилча? 15 Ткъа наха муха дІакхайкхор ду, дІакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Мел хаза бу хаза кхаъ кхайкхош болчеран когаш!» 16 Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тІе. ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?» 17 Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша. 18 Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тІехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дІакхаьчна церан тоьшалла». 19 Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагІ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гІоьнца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю шуьгахь». 20 Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна Со карийна, Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса». 21 Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаІ-ЯхІугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Іийра Со Сайн куьйгаш дІакховдийна муьтІахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».

Римхошка 11

1 Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дІатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахІиман хІух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо. 2 Дала дІа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хІун боху ЭлияхІу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо: 3 «Веза Эла! Хьан пайхамарш хІаллакбина, Хьан сагІа доккху кхерчаш дохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара». 4 Ткъа хІун жоп делира Дала цунна? «Аса цІу волчу БаІална горахІоьттина воцу ворхІ эзар стаг витина Сайна», – элира Цо. 5 ХІинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Іийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина. 6 Делан диканца иза хилча, адамаша динчу дикачу гІуллакхашца доьзна дац иза. Иштта ца хилча, Делера долчу диканах дика хир дацара. 7 Иштта жамІ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера. 8 Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама». 9 Дауд-паччахьо боху: «Цара шаьш-шайна хІиттийначу тойнашкахь гуро а, речІано а лоцийла уьш. Гал а бевлла, охьаэгийла уьш, бекхам а бойла царна. 10 Бода богІийла церан бІаьргашна хІумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а». 11 Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кІелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагІ хилийтархьама. 12 Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча! 13 Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса. 14 Цаьрга хьагІ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кІелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш? 15 Сан къомах берш дІатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тІаккха сан къомах берш тІеэцар кхин хІун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?! 16 Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина. 17 Зайт-диттана тІе, шен долу гаьннаш дІа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тІедогІаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тІедоьгІна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дІакхетта. 18 Амма дІахедийначу гаьннашна хьалха куралла ма елахь. Дагадаийталахь хьайна, орам латтош верг хьо ца хилар, ткъа хьо оцу орамо латтош хилар. 19 Ахьа ала там бу: «И гаьннаш со тІедогІийтархьама хадийна ма ду». 20 Нийса ду. Делахь а, Дала леррина Къобалвинчух тешар церан ца хиларна, уьш дІахедийна, ткъа хьо Цунах тешар хьайн хиларна бен лаьтташ вац. Цундела куралла ма е, ткъа кхоьруш хила. 21 ХІунда аьлча диттан шен долу гаьннаш а Дала кхоош ца хилча, ойла ехьа: хьо кхоор вуй те Цо? 22 Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дІабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидІа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дІахадийна. 23 Ткъа вуьш а, зайт-диттана гаьннаш тІедогІаре терра, церан хьалхалерчу меттиге юхахІиттор бу, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчух ца тешаш уьш ца бисахь, хІунда аьлча Дела ницкъ болуш ву, уьш юха а шайн меттиге дІахІитто. 24 Акхачу зайт-диттах дІахедийна долу гаьннаш, Іаламна дуьхьал иза делахь а, дикачу зайт-диттана тІе доьгІна хилча, тІаккха дикачу зайт-диттах дІахедийнарш кхин а дика дугІур ма ду шайн долчу дитта тІе. 25 Динан вежарий! Суна ца лаьа, хІара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Іайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хІуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тІедерззалц. 26 Цул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кІелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КІелхьардохург Цийонера вогІур ву. Якъубан тІаьхьенан ерриг а Іесалла дІайоккхур ю Цо. 27 Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича». 28 Хаза кхаъ тІе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагІий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХІетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваІда бахьана долуш. 29 Дала Шена тІебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгІатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу. 30 Уьш Далла муьтІахь ца хиларна, мацах Далла муьтІахь хилла доцучу шух Цо къинхетам бина. 31 Иштта хІинца уьш Далла муьтІахь боцуш хилла, Ша шух къинхетам бинчу тайпана, царах Цо хІинца къинхетам бархьама. 32 ХІунда аьлча массо а адам Дала Шена муьтІахь ца хиллачу йийсаре далийна, царах массарах а къинхетам бар тардалийтархьама. 33 ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! 34 Делан Йозанашкахь ма аьлла: «Делан хьекъал хьанна девзар ду, я мила хир ву Цуьнга хьехамаш бан йиш йолуш? 35 Хьан елла Цунна цхьа хІума, цунна Иза декхарийлахь а волуш?» 36 ХІунда аьлча массо а хІума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин!

Римхошка 12

1 Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагІанаш санна, шайн догІмаш Далла дІало. Далла деш долу и тайпа гІуллакхаш товш ду шуьгахь. 2 ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. 3 Аса шух хІорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хІоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. 4 Вайн дегІ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гІуллакхаш кхочушдеш яц. 5 Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегІ ду, ткъа вайх хІора а цу дегІан вовшахтоьхна меже ю. 6 Вайна хІоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похІма делла. Делера болу хаамаш баран похІма хьайна деллехь, иза дІакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. 7 Дала хьуна кхечарна гІуллакх даран похІма деллехь, и гІуллакх дІакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха. 8 Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де. 9 Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш. 10 Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш. 11 Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гІуллакх делаш. 12 Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доІанаш делаш. 13 Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тІеэцалаш. 14 Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш. 15 Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш. 16 Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш. 17 Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш. 18 Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гІерталаш. 19 Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам бар Сан карахь ду. Аса-Айса доькхур ду“, – боху Везачу Эло». 20 Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагІа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца ахьа иза юьхьІаьржачу хІоттаво». 21 Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тІехь толам баккха.

Римхошка 13

1 ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу. 2 Цундела Іедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тІе кхел йоуьйту. 3 ХІунда аьлча дика гІуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гІуллакхаш дечарна бу. Іедалах ца кхоьруш Іен лаьий хьуна? Дика де, тІаккха Іедало хьо хастор ву. 4 Урхалчаш Далла гІуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХІунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гІоьнчий бу, зулам дечарна догІу таІзар цаьргахула деш ву Дела. 5 Иштта, таІзарх кхерарна хилла а ца Іаш, вайн дог цІена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтІахь хила деза. 6 Цундела урхалчашна йогІу ял дІало, уьш и гІуллакх даим кхочушдан дІахІиттийна Делан белхалой болу дела. 7 ХІоранна а хьакъ дерриг дІало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара. 8 Цхьанна а цхьа а хІума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дІабала беза безам боцург, хІунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина. 9 Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьо санна веза хьайна уллораниг а». 10 Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар – товрат-хьехамаш кхочушбар ду. 11 И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тІекхаьчнийла а хууш, хІунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хІинца герга ду Дала вай кІелхьардахарна. 12 Буьйса дІаяьлла, де тІекхаьчна. Цундела боданан гІуллакхех дІа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай. 13 Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тІера а ца довлуш, малар тІех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хІума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагІ а йоцуш. 14 Иштта долу гІуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.

Римхошка 14

1 Тешар тІехь чІагІвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тІеэца. 2 ХІунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хІума яа магадо цунна. Тешар тІехь чІагІвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу. 3 Муьлхха а йолу яа хІума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хІунда аьлча иза а Дала тІеэцна ву. 4 Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта. 5 Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХІора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх. 6 Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хІунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу. 7 Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Іа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Іа. 8 Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай. 9 ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тІехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла. 10 Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дІахІитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама. 11 Яздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, боху Везачу Эло, хІора а адам, гора а хІоьттина, Суна хьалха суждане гІур ду, ткъа Со Дела хиларх лаьцна хІора маттахь тоьшалла дийр ду». 12 Иштта, Далла хьалха вайх хІораммо а ша-шех жоп лур ду. 13 ХІинца чул тІаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а. 14 Веза Эла волчу Іийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц. 15 Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХІаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дІаделларг. 16 Шайна дика хетачух бахьана ма хилийта кхечарна шух лаьцна вониг дийца. 17 ХІунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргІатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза. 18 Иштта а вехаш, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх деш верг Далла тамехь а ву, наха лоруш а ву. 19 Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тІехь иракарахІиттор а леха вай. 20 Юуш ерг бахьана долуш, Дала динарг ма дохаде вай. Массо а хІума яа хьанал ю, амма хьайн ваша галволуьйту хІума яар вон ду. 21 Жижиг цадаар а, чагІар цамалар а, динан ваша галволуьйтуш долу цхьа а хІума цадар гІолехь ду. 22 Цу хІуманех лаьцна долу хьан тешар хьайн даг чохь а, Далла хьалха а хилийта. Декъала ву шена дика хетачунна тІехь ша бехке цавийриг. 23 Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хІума цо яахь, хІунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хІума къилахь ду.

Римхошка 15

1 Тешар тІехь чІагІделлачу вай чІагІбелла боцучарна гІо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Іаш. 2 Вайх хІораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахІотторна а хуьлуьйтуш. 3 ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тІедоьжна». 4 Ткъа хьалха яздина мел долу хІума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахІитторца а вешан сатийсар хилийтархьама. 5 Доьналлин а, иракарахІитторан а хьоста волчу Дала шуна лойла, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дахаран масале хьажарна, вовшашна юкъахь цхьа ойланаш хилар. 6 Иштта хилча, цхьана синца а, цхьана дешнашца а хаставан тарло аша Дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да. 7 Цундела, Дала леррина Къобалвинчо шаьш тІеэцаре терра, аша а тІеэца вовшийн, Дела хаставархьама. 8 Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваІда кхочушдархьама а, 9 кхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара: «Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву, иллешкахь ас Хьан цІе язйийр ю». 10 Кхин а аьлла ду: «Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш, Делан халкъаца цхьаьна». 11 Кхин а боху: «Хаставе Веза Эла кхечу къаьмнех мел болчара, хастам бе Цунна массо а халкъаша!». 12 ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро а иштта боху: «Юшайн тІаьхьенах цхьаъ гучувер ву. Иза къаьмнашна тІехь олалла дан гІоттур ву, ткъа уьш цунах дегайовхо йолуш хир бу». 13 Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргІатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама. 14 Сан динан вежарий, со тешна ву дикачу ойланех шу дуьзна хиларх а, шун кхетам кхоччуш хиларх а, вовшашна хьехамаш балур болуш шу хиларх а. 15 Амма цхьадолчу гІуллакхех лаьцна аса майрра яздора шуьга, динан вежарий, уьш шуна диц ца далийтархьама. Аса иза дора, Дала Шен диканца со къобалвина дела, 16 кхечу къаьмнех болчу нахана юкъахь Дала леррина къобалвинчу Іийсан гІуллакх дан. Динан дас санна, Ас Делера болу хаза кхаъ кхайкхабо, кхечу къаьмнех болу нах, Делан Синехула Далла хьалха дІа а къастийна, Далла тамехь долу сагІа санна хилийтархьама. 17 Иштта Дала леррина Къобалвинчуьнца со волуш, Делан дуьхьа динчу сайн гІуллакхех сан дозалла дойла ду. 18 Кхечу къаьмнех болу нах Далла тІеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсас соьгахула дина доцу цхьа а хІума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гІуллакхашца а 19 тамашийнчу билгалонийн а, инзаречу хІуманийн а ницкъаца а, Делан Синан ницкъаца а. Иштта, Ярушалайм-гІалара Иллирик-махкана тІекхаччалц, аса, массо а меттигашкахула чекх а волуш, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ кхоччуш дІасабаржийна. 20 Айса хаза кхаъ дІакхайкхош, суна лаьара Дала леррина Къобалвинчун цІе евзаш йоцучу меттигашкахь а дІакхайкхо, иза кхечо дІахІотийначу бух тІехь ца дархьама. 21 Амма яздина ма ду: «Цунах лаьцна хаам цахилларш а Цунах кхетар бу, цахезначарна а вевзар ву». 22 Цу бахьаненна мосуьйттазза новкъарло йира суна шу долчу дІаван. 23 Ткъа хІинца хаза кхаъ кхачаза меттиг кху мехкашкахь йоцу дела а, дукха хенахь дуьйна шу долчу дІаван сан дагахь долу дела а, 24 со шу долчу ван ойла йолуш ву, Испани-махка новкъа а волуш. Сан дегайовхо ю, цига а воьдуш, шу долчу хьошалгІа кхача. Хазахетарца ас шуьца жимма хан яьккхинчул тІаьхьа, суна новкъа вала гІо дан тарло аша. 25 Ткъа хІинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гІуллакх дан. 26 Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гІалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагІина ахча дахьийта. 27 И сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Іийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш. 28 И гІуллакх чекх а даьккхина, сагІина гулдинарг царна билггал дІакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гІала чувоьрзур ву. 29 Со тешна ву, шу долчу веача, Дала леррина Къобалвинчуьнгара шортта долчу декъалдаршца со вахарх. 30 Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тІера Деле чІогІа доІанаш дар. 31 Аса Деле доьху, ЯхІуд-махкахь Іийсах ца тешачарах со ларвар а, Ярушалаймехь болчу Делан нахана ас до гІуллакх тамехь хилийтар а. 32 Нагахь санна Делан лаам белахь, воккхаверца дІа а веана, паргІат шуьца хан йоккхур ю аса. 33 Вайна синпаргІато луш волу Дела хуьлийла шуьца массаьрца а. Амин.

Римхошка 16

1 Аса шуьга дІахоуьйту, вайн динан йиша йолу Пойбат дика зуда хилар. Иза Кенахари олучу гІаларчу динан тобанан гуламехь динан куьйгалхочун гІоьнча ю. 2 Везачу Элан долахь йолу иза, Делан наха ма-эццара, оьзда тІеэцахьара аша. Шаьш долчохь цунна оьшучунна тІехь гІо а дейша, хІунда аьлча дуккха а болчу нахана а, суна-сайна а гІо дина цо. 3 Маршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Іийсана гІуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскІилате а, Іакхиле а. 4 Шайна кхераме доллушехь, цара со кІелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Іа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и. 5 Маршалла ло церан цІахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тІебирзинчарах хьалхарниг ву. 6 Маршалла ло шун дуьхьа чІогІа къахьегна йолчу Мареме а. 7 Маршалла ло Іандарнике а, Юнига а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу. 8 Маршалла ло Везачу Элан долахь волчу сан хьомечу Іампале. 9 Маршалла ло вайца цхьаьна Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дечу Урбане а, иштта сан хьомечу Стахига а. 10 Маршалла ло Дала леррина Къобалвинчух тешарна тІехь зийна волчу Апа-Лесе. Маршалла ло Арти-Сабулан цІийнах болчаьрга. 11 Маршалла ло сан къомах волчу ХІарудига. Маршалла ло Нару-Касин цІийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга. 12 Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю. 13 Маршалла ло Везачу Элана къаьсттина гІуллакх дечу Рупе а, цуьнан санна, сан а йолчу цуьнан нене а. 14 Маршалла ло Асинкарите а, Пелигане а, ХІермига а, Пата-Рубе а, ХІармига а, иштта цаьрца болчу динан кхечу вежаршка а. 15 Маршалла ло Пилалаге а, Юлига а, Нере а, цуьнан йише а, Олу-Мапига а, цаьрца болчу Делан нахе массаьрга а. 16 Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша. 17 Динан вежарий, аса чІогІа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гІертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна. 18 ХІунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх ца до. Цара шайн гайна гІуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцІена долу адамаш Іехадо цара. 19 Хазачу кхоана шун муьтІахь хилар массарна а гІарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна – хьекъалалла долуш, ткъа вочунна – догцІена долуш. 20 СинпаргІато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кІелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Іийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин. 21 Маршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гІуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а. 22 Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун волчу сан хІара кехат дІаяздинчу Тертис. 23 Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тІеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гІалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а. 25 Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тІехь шу чІагІдан. БІешерашкахь дуьйна дІакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогІуш бу и хаза кхаъ. 26 И бакъдерг хІинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дІакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Іийсах уьш тешийтархьама. 27 Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Іийсагахула! Амин.

1 Коринтхошка 1

1 Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал хила тІекхайкхийнчу ПахІала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хІара кехат. 2 ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву. 3 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. 4 Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тІера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла. 5 ХІунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агІор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а. 6 Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чІагІдаларе терра, 7 Делан Синера долчу совгІаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса гучувоккхучу дийне ладоьгІуш шу хиларна. 8 ТІаьххьара де тІекхаччалц Цо шу тешарехь чІагІдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волчу дийнахь шу ала хІума доцуш цІена хилийтархьама. 9 Шен КІантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца, уьйр хила шу тІекхайкхина волу Дела тешаме ву. 10 Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа ас чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу. 11 ХІунда аьлча Халайн цІерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар. 12 Со ала гІертарг хІара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахІалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Іийсагахьа ву». 13 Ткъа Дала леррина Къобалвинарг векъавелирий те? ПахІал дІатоьхнерий те шун дуьхьа жІарах? Я ПахІалан дола довлархьама чекхдахийтира те аша шаьш хих? 14 Аса Далла хастамаш бо, Крисп а, Гаяс а воцург, шух цхьа а айса хих чекх ца ваккхарна. 15 Цу тайпана, шух цхьаннан а дац ша сан дола валархьама хих чекхваккхийтина олийла. 16 (Иштта Сетипанан цІеранаш а хих чекхбаьхна ас. Ткъа айса кхин цхьа а хих чекхваккхар суна дага ца догІу.) 17 Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жІарах дІатохар эрна ца хилийтархьама. 18 ХІаллакьхуьлуш болчарна Іийса жІарах дІатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кІелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу. 19 Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хІаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса». 20 Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Іилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла? 21 Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Іийсах тешнарш кІелхьарбахар. 22 Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла, 23 ткъа оха дІакхайкхабо кхаъ хІара бу: Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Іесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета, 24 ткъа Дала тІекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьІна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар. 25 ХІунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгІазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю. 26 Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тІекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а. 27 Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хІуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгІаза хеташ долу хІуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа. 28 Кху дуьненахь кІезиг хета хІуманаш а, сийсаза хета хІуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хІумма а доцу хІума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хІуманаш хІумма а доцург хилийтархьама. 29 Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало. 30 Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргІат а доху. 31 Цундела ма яздина Делан Йозанаш тІехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де».

1 Коринтхошка 2

1 Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах лаьцна сайн хьекъалца а, Іилманчин къамелашца а дийца ца веанера со, 2 хІунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хІума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Іийсах а, Цуьнан жІара тІехь валарх а лаьцнарг доцург. 3 Сайн дегІан эгІазаллица а, кхерамца а, чІогІа вегаварца а Іийра со шу долчохь. 4 Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера. 5 И хьехам ас бинера, шун Іийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама. 6 Тешарна тІехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац. 7 Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хІара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла. 8 И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хІунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жІарах дІатухур вацара. 9 Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала Ша везначарна кечдинарг бІаьргана а ца гина, лергана а ца хезна, адамна дага а ца деана». 10 Ткъа вайна Дала Шен Синца дІадиллина иза, хІунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кІоргенаш а. 11 Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен. 12 Вай тІеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама. 13 Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хІуманех Синах буьзна берш кхетабо вай. 14 Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хІуманаш тІе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гІоьнца бен уьш къаста ца ло дела. 15 Делан Синца волчунна массо а хІуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц. 16 ХІунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?» Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.

1 Коринтхошка 3

1 Динан вежарий, аса къамел дечу хенахь, сан йиш яцара Делан Синах буьзна болчаьрца санна шуьца къамел дан. Аса кху дуьненара болчаьрца санна а, Дала леррина Къобалвинчуьнца йолчу шун уьйре хьаьжжина, кегий берашца санна а къамел дира шуьца. 2 Іовша хала йолу яа хІума а ца луш, шура малайора аса шуна, хІунда аьлча цкъачунна онда юург яа ца лора шуьга. Шуьга-м хІинца а яалур яц иза, 3 шу хІинца а шайн синан лаамашца дехаш долу дела. Нагахь шуна юкъахь вовшашка хьагІ а хилча, шун вовшашца къийсарш а хилча, тІаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах? Аша а ца леладо кху дуьненарчу адамаша леллорг? 4 Нагахь шух цхьаммо «Со ПахІална тІаьхьахІиттинчарах ву», ткъа вукхо ша «Апа-Лесинчарах ву» бохуш хилча, тІаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах? 5 Ткъа мила ву Апа-Леса? Я мила ву ПахІал? Тхайгахула шу тешаре далийна долу ялхой бен дац тхо. Везачу Эло тхаьшна хІоранна тІедиллина доллучул гІуллакх кхочушдина оха. 6 Аса хІу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хІу хьалакхиийнарг Дела ву. 7 Цундела и хІу дІадийнарг а, цунна хи тоьхнарг а цхьа а воцург ву. Ткъа Дела ладаме ву, хІунда аьлча Иза – и хІу хьалакхиош Верг ву. 8 ХІу дІадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Іалашо ю. ХІоранна а, динчу гІуллакхе хьаьжжина, цунна доггІург дІалур ду. 9 Тхойшиъ цхьаьна Далла гІуллакх дийриг ву, ткъа шу Делан аре а, Цуьнан гІишло а ю. 10 Говзачу гІишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похІме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тІехь гІишло йо. Амма хІорра а ша и гІишло муха еш ю хьажа веза. 11 ХІунда аьлча цхьаннан а йиш яц, ша хІинцале болуш болу, Дала леррина къобалвина Іийса волу бух боцург, кхин бух билла. 12 Оцу бух тІехь деших, я детих, я дезачу тІулгех, я дечигах, я алах, я чех цхьаъ гІишло еш хила тарло. 13 Царах хІораннан а гІуллакх къематдийнахь гучудер ду, хІунда аьлча цу дийнан цІеро и гІуллакх, зен а зуьйш, серла а доккхур ду, цуьнан мах а гойтур бу. 14 Нагахь санна цхьаммо дина долу гІуллакхаш, цІеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгІат хир ду. 15 Ткъа нагахь цхьаммо динарг цІергахь дагахь, цунна эшам хир бу. Иза ша-м кІелхьарвер ву, амма цІерах чекхволуш санна вер ву. 16 Шуна ца хаьа ткъа, шух хІорра а Делан цІа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а? 17 Нагахь цхьаммо Делан цІа хІаллакдахь, Дала иза хІаллаквийр ву, хІунда аьлча Делан цІа Цуьнан долахь бен дац. Ткъа и Делан цІа шу шаьш ду. 18 Шу Іеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тІаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама. 19 ХІунда аьлча кху дуьненан хьекъалалла Далла хьалха «сонталла» ю. Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хІилланца схьалоцу». 20 Кхин а яздина ду: «Далла хаьа, хьекъалалла долчеран ойланаш эрна юйла». 21 Цундела цхьаммо а ша цхьана адаман долахь хиларх дозалла дан ца деза, хІунда аьлча массо а хІума шун долахь ду, 22 хІуъа а иза делахь а: я ПахІал, я Апа-Леса, я Кипа, я хІара дуьне, я дахар, я валар, я хІинца долуш дерг, я хиндерг. И дерриг а шун долахь ду. 23 Шу Дала леррина Къобалвинчун долахь ду, ткъа Иза – Делан ву.

1 Коринтхошка 4

1 Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх дийраш санна тІеэца деза тхо хІораммо а. 2 Ткъа, шех теша а тешна, и гІуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза. 3 Сан кІезиг бала бу я аша, я кхечу адамаша суна кхел ярца. Аса-м айса а ца йо сайна кхел. 4 Сан дог цІена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо. 5 Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Іалашонаш а гучуйохур ю. ТІаккха Дала хІоранна а хастам дІалур бу. 6 Динан вежарий! Шуна диканиг хилийтархьама, оцу массо а хІуманна тІехь аса со а, Апа-Леса а валийра масална, оцу масалшца шу кхеторхьама «Яздинчунна тІера довла мегар дац» бохучух а, вовшашна юкъахь цхьаммо вукхунна хьалха дозаллаш дан ца дезарх а. 7 Хьан боху хьо кхечарал гІоле ву? Хьан хІун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хІунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгІат доцуш санна? 8 ХІинца-м шайна оьшург долуш ду моьтту шуна шайн. ХІинца-м шаьш хьал долуш а хета шуна. Тхо ца хиллехь а, шайх паччахьаш хилла моьтту шуна. Суна-м лаьара, хІинцале а шу билггал паччахьаш хилла хилар, тІаккха тхан а шуьца цхьаьна паччахьалла дойла хир дара! 9 Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дІахІиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хІаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха. 10 Тхо сонтанаш санна хилла Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа, ткъа шаьш Цуьнца оццул хьекъале ду моьтту шуна! Тхо гІорасиза, ткъа шу ницкъ болуш хета. Шун сий до, ткъа тхо сийсаздоху. 11 Оха-м тахханалц а лов мацалла а, хьогалла а, тІехь хІума цахилар а, тхайна еттар а, даха хІусам цахилар а. 12 Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха. 13 Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а. 14 Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хІара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна. 15 ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох. 16 Цундела ас доьху шуьга: сох масал а эций, хилийша сох тера. 17 И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кІант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хІорра динан тобанехь а муха хьоьху а. 18 Со шу долчу вогІур вац моттарна, шуна юкъара цхьаболчарна даг чу куралла тесна. 19 Амма Везачу Элан лаам белахь, со кестта вогІур ву шу долчу. ТІаккха аса, курабевллачеран хазачу дешнашка а ца хьоьжуш, церан ницкъ зуьйр бу. 20 ХІунда аьлча Делан Олалла хазачу дешнех доьзна дац, амма ницкъах доьзна ду. 21 Шуна хІун лаьа? Со гІожаца я безамца а, эсалчу амалца а вогІийла лаьий шаьш долчу?

1 Коринтхошка 5

1 Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хІума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху. 2 Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гІолехь дара шуна, гІайгІанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дІаваьккхина хилар а. 3 Со дегІаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна. 4 Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тІаккха вайн Веза Эла волчу Іийсан олаллица 5 цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама. 6 Аша дозалла дан хІумма а дац. Шуна хууш дац ткъа: «КІеззиг болчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо»? 7 Шаьш а керла бод санна хилархьама, ширбелла болу муьста бод дІабаккха. ХІунда аьлча шу Іийсах тешаш долу дела, совсоза дина бепиг санна ду. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг Пасахьан Іахар санна сагІина дІавелла. 8 Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцІена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца. 9 Аса сайн кехата тІехь, сийсаза лелачаьрца тІекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга. 10 Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цІушна Іамал еш болчаьрца а тІекаре ма е. ТІаккха-м хІара дуьне дита дезар дара аша. 11 Ткъа аса шуьга яздинарг хІара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цІушна Іамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тІекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа. 12 ХІунда аьлча сан хІун гІуллакх ду динан тобанан юкъа ца богІу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогІург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дІаваккха».

1 Коринтхошка 6

1 Нагахь санна динан вешица шайн къовсам хилча, шух мила гІур вара, Делан нах а битина, Делан лаамехь боцучаьрга шайна кхел яйта? 2 Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кІезиг долчу гІуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун? 3 Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТІаккха дахаран гІуллакхашна тІехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю. 4 Ткъа аша цу гІуллакхашна тІехь а динан тобанна юкъахь цхьа а ларам боцучу арахьарчу нахах шайн кхелахой бо! 5 Шуна эхь хетийтархьама боху ас хІара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь? 6 Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тІехь кхел йойту аша! 7 Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кІорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Іад хІунда ца Іа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Іад хІунда ца Іа шу? 8 Аша-м шаьш а йо кхечарна харцо, царна эшам а бо, уьш шайн динан вежарий боллушехь! 9 Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Іеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цІушна Іамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а, 10 къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу. 11 Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина. 12 Цхьаммо ала тарло: «Сан хІуъа а дан бакъо ю». Иза бакъ хила там бу, амма дерриг а дац хьуна пайдехь. «Сан хІуъа а дан бакъо ю». ХІаъ, амма цхьана а хІумане сайна тІехь олалла ца дойту аса. 13 Цхьаммо ала тарло: «Яа хІума а – ген дуьхьа ю, ткъа ге а – яа хІуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хІаллакдийр ду». Делахь а вайн дегІ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догІмаш Іалашдийр ду. 14 Веллачуьра Веза Эла денвина а ца Іаш, Дала Шен ницкъаца вай а дендийр ду деллачуьра. 15 Ткъа шуна ца хаьа, вайн догІмаш Дала леррина Къобалвинчун дегІан меженаш юйла? ТІаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХІан-хІа, иштаниг хуьлийла а дац! 16 Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дІакхетча, шайн цуьнца цхьа дегІ хуьлийла. ХІунда аьлча аьлла ма ду: «ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду». 17 Ткъа Делах дІауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу. 18 Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегІах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегІана къилахь долу хІума до. 19 Я шуна ца хаьа те, шайн догІмаш шуна чохь долчу а, Дала делла долчу а Делан Синан цІа дуйла? Шу шайн долахь ма дац! 20 ХІунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догІмашца Делан сий делаш!

1 Коринтхошка 7

1 Аша соьга яздинчух лаьцна аьлча, аша боху: «Стагана зудчух ца хьакхавелча гІолехь ду». 2 Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хІора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХІора зудчун а шен майра хила веза. 3 Майрачо шен зудчун дегІан лаам кхочушбан беза. Иштта зудчо а кхочушбан беза майрачун дегІан лаам. 4 Зудчун дегІ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегІ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду. 5 Вовшашца бинчу бартаца шаьш доІа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тІаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама. 6 Иза аса шуна тІе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хІума ду аьлла боху аса. 7 Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хІоранна а Дала шен-шен похІма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа. 8 Ткъа зударий белла бисинчаьрга а, бисина Іаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Іер гІолехь ду». 9 Амма шаьш иштта ца Іалахь, цара зуда яло еза. ДегІан лаамашка ша хьийза а войтуш вехачул, зуда ялаяр гІолехь ду. 10 Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тІедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дІа ма къаста аьлла. 11 Ша дІакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагІо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита. 12 Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Іийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дІакъаста ца веза и стаг. 13 Иштта, Іийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дІакъаста ца еза и зуда. 14 ХІунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цІена хир дацара, ткъа хІинца уьш Дала даздина ду. 15 Нагахь Іийсах тешар доцург шен зудчух дІакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дІакъаста лууш елахь, уьш дІакъастийта. ХІунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гІуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина. 16 Хьанна хаьа, зудчо шен майра кІелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кІелхьаръяккха мега. 17 ХІорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тІекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тІедуьллу аса массо а динан тобанашна а. 18 Нагахь Дала керлачу дахаре тІекхайкхале хьо сунтвина хиллехь – и билгало дІаяккха ма гІерта. Ткъа нагахь хьо цу хенахь сунтвина ца хиллехь – сунтвайта ца оьшу. 19 Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хІумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар. 20 ХІорра а, Дала керлачу дахаре тІекхайкхале, ша хиллачу хьолехь виса веза. 21 Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хІумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргІатвала хьайн аьтто белахь, паргІатвала а хьажа. 22 ХІунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхинчул тІаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргІат ву. Ткъа тІекхайкхале паргІат хилларг – хІинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву. 23 Шайх адамийн леш ма хилийталаш, хІунда аьлча шух беза мах белла. 24 Динан вежарий! Далла хьалха хІорра а Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхале ша хиллачу хьолехь виса. 25 Ткъа зуда ялоза я маре бахаза болчаьрга, Везачу Эло тІедиллина ду аьлла, тІетоха хІумма а дац сан. Амма Везачу Эло сох къинхетам барна, тешаме хила таро йолчу аса сайна хетарг боху. 26 Суна схьахетарехь, адаман хІинца хуьлуш болу массо а баланашка хьаьжча, цунна ша хІинццалц хиллачу хьолехь висар гІолехь ду. 27 Айхьа зудчуьнга захало дийцинехь, цунах дІакъаста ма гІерта. Ткъа айхьа зудчуьнга захало ца дийцинехь, хьайна зуда ма леха. 28 Делахь а ахьа зуда ялаяхь а – иза къилахь дац. ЙоІ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чІогІа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара. 29 Динан вежарий! Аса хІара боху шуьга: хан кІезиг йисна, цундела хІинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза. 30 Шух боьлхуш берш а ца боьлхуш санна хила беза. Хазахетар хилларш а хаза ца хетча санна хила беза. ХІума оьцурш а и эцнарг шайн долахь доцуш санна хила беза. 31 Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хІунда аьлча тахана долуш долу дуьне дІадолуш ду. 32 Суна-м шун цхьана а хІуманна тІехь гІайгІа ца хила лаьа. Зуда ялоза верг, Везачу Элан лаам кхочушбан лууш, Цунна дечу гІуллакхна гІайгІанехь ву. 33 Ткъа зуда ерг дуьненан гІуллакхийн гІайгІанехь ву. Иза шен зудчун лаамаш кхочушбан гІерта. 34 Цу тайпана цуьнан гІайгІанаш екъало. Маре яхаза ерг, Везачу Элан лаам кхочушбан гІерташ, Цунна гІайгІанехь хуьлу, шен дегІаца а, шен синца а Цунна тешаме хила лууш. Ткъа марехь йолу зуда кху дуьненан гІуллакхийн гІайгІанехь хуьлу, шен майрачун лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш. 35 Аса и дерриг а шуна пайденна дуьйцу, шуна иза дехкархьама а доцуш. Мелхо а, суна лаьа, шун лелар оьзда хила а, Везачу Элана тешаме хила а, кхечу хІуманна тІе ойла ца йохуьйтуш. 36 Нагахь ша захало дийцина йоІ цІахь йитар бегІийла ца хетахь, цуьнца хиларан лаам цуьнан сов боккха белахь, и захало хила мегар ду. Цу стаге и йоІстаг ялаяйта, иза къилахь дац. 37 Амма нагахь цу стага ша захало дийцина йоІ ца яло шен дагахь кхин хийцалур боцучу тайпана сацам а бинехь, нагахь цхьаммо а и гІуллакх цунна тІедиллина а дацахь, нагахь цу тІехь цуьнан лаам а белахь, и сацам даггара а белахь, цо дийриг дика гІуллакх ду. 38 Ша захало дийцина йоІ ялош волчо дийриг а дика хІума ду, ткъа иза ялош воцчо дийриг кхин а гІолехь ду. 39 Марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, бакъонашца йихкина ю. Нагахь майра веллехь, шена луъучуьнга маре яха магош ду цунна, амма и стаг Везачу Элан долахь хила веза. 40 Кхин а дика ду, иза маре а ца йоьдуш Іийча. Иштта ю сан цунах йолу ойла, ткъа сайна чохь долчу Делан Сино со цунна тІе валаво аьлла хета суна.

1 Коринтхошка 8

1 ЦІушна сагІина еана йолчу яа хІуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чІагІдо. 2 Нагахь цхьанна шена цхьа хІума девза моттахь а, цунна хІинца а довза ма-деззара хІумма а ца девза. 3 Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина. 4 Цу тайпана цІушна сагІина еанчу юучу хІуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цІу хІумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а. 5 Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а, 6 вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хІума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Іийса ву, Цуьнгахула массо хІума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду. 7 Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦІушна Іамал яран Іадат цхьаболчарна хІинца а чулацам болуш хета. ЦІушна сагІина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кІеда дегнаш Далла хьалха бехло. 8 Юучу хІумано вай Далла улло ца даладо. Юург цаяарца вай хІумма а ца дойу, ткъа иза йиъча а, вайна гІолехь а ца хуьлу. 9 Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чІагІделла доцурш, шаьш паргІато лелочу хІуманна тІехь, Іеха а делла, къинош летадарх. 10 ХІунда аьлча нагахь оцу кІеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цІушна Іамал ечу цІа чохь юург юуш гича, тІаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цІушна сагІина еана йолу юург? 11 ТІаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кІеда дог долуш волу хьан динан ваша хІаллакьхир ву. 12 Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кІедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо. 13 Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта.

1 Коринтхошка 9

1 Со паргІат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Іийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тІе далийнарш? 2 Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХІунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду – шу Везачу Элаца хилар. 3 Сайн мах хадош болчарна дуьхьал даккха хІара ду сан. 4 Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо? 5 Кхиболчу векалша а, Іийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а? 6 Я аса а, Бар-Нааба а бен болх бан безаш бацара ткъа? 7 Муьлххачу тІемалочо, ша эскарехь гІуллакх дечу хенахь, ша-шен гІайгІа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дІа а йоьгІна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Іуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу? 8 Адамаша олучу тайпана хилла Іай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а? 9 ХІунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ду: «Оручу стеран бага дІа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза? 10 Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хІунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш. 11 Шун синошна оьшуш долу хІу оха тесна хилча, тІех зен дой те оха шуна, тхайн дегІана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча? 12 Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тІе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама. 13 Шуна хууш дац ткъа, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагІа доккхучу кхерчана тІехь гІуллакх деш болчара а цу сагІина деанчух дакъа шайна дІаоьций? 14 Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тІедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла. 15 Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хІара дешнаш. Суна валар а гІолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дІадоккхучул. 16 Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хІунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара! 17 Аса, сайн лаам а болуш, и гІуллакх деш делахьара, Делера совгІат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тІаккха сайна тІедиллина долу гІуллакх кхочушдо аса. 18 Ткъа сан совгІат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дІакхайкхабарна дуьхьал хІумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гІуллакх тІехь сайна йогІуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса. 19 Массарах а паргІат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тІеберзорхьама. 20 Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тІеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тІеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь. 21 Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца – и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тІеберзорхьама. ХІетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтІахь волу дела. 22 Тешарехь чІагІбелла боцучаьрца чІагІвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чІагІбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кІелхьарбахархьама. 23 И дерриг а хазачу кхоан дуьхьа до аса, со а цунах хиндолчу диканан декъахь хилийтархьама. 24 Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгІат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгІат шайна кхачийтархьама. 25 Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хІуманна тІехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дІадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама. 26 Цундела со, шена хьалха цхьа Іалашо хІоттийна воцург санна, вада а ца воду, хІаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета. 27 Мелхо а, аса, сайн дегІ кхоа а ца деш, цунна тІехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.

1 Коринтхошка 10

1 Динан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бІогІамо ларбина хилар а, хІорда бухарчу лаьтта тІехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна. 2 Уьш берриш а, мархах а, хІордах а чекх а бевлла, Мусаца цхьаьнакхетийтина. 3 Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна. 4 Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хІунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийнчу тІулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТІулг бара – Дала леррина Къобалвинарг. 5 Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дІасадаржийна хилла. 6 И дерриг вайна масална хилла дара, вайн а, церан санна, вониг дан лаам ца хилийта. 7 Вайн дайх цхьаберш санна, цІушна Іамал еш ма хилалаш. Делан Йозанаш тІехь царах лаьцна яздина ду: «Адамаш яа а, мала а охьахевшира, тІаккха шайн самукъадаккха хьалагІевттира уьш». 8 Царах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хІаллакьхилира. 9 Дела зе а гІоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гІерта Дала леррина Къобалвинарг зе. 10 Инкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш – уьш мулкалмото хІаллак ма бина. 11 Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тІекхаьчначу хенахь Іен долчу вайга, дІахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза. 12 Цундела ша когаш тІе ондда дІахІоьттина ву моьттуш верг охьавожарх ларвала веза. 13 Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама. 14 Иштта, сан хьоменаш, цІушна Іамалъярх ларлолаш! 15 Аса кхетам болчаьрга санна боху шуьга. Шаьш а ойла ел аша, аса бохург нийса ду я дац. 16 Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цІийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегІаца вайн дакъалацар дийриг? 17 Бепиг цхьаъ долу дела, дуккха а долу вай а цхьа дегІ санна ду. Вай массо а цхьана баьпках дакъалоцуш ма ду. 18 Хьовсал Исраилан халкъе – царах сагІина еана хІума юуш берш а ца хуьлу ткъа берриге а цу сагІа доккхучу кхерчана тІейиллинчу сагІина еанчу хІуманан декъашхой? 19 ТІаккха аса бохург хІун ду? Дуй те иза цІу цхьа хІума ю бохург? Я цІунна сагІина еанарг а юй те цхьа хІума ю аьлла хІума? 20 Дац! Амма дин доцучара сагІина яхьа хІума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила. 21 Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тІаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а. 22 Вай даьхьар дуй те Везачу Элан вайга эмгаралла хилийта? Цул а ницкъ болуш ду ткъа вай? 23 «Дерриг а дан бакъо ю вайн» – олуш ду. Иза бакъ хила там бу, амма массо а хІума дац вайна пайдехь. «Дерриг а дан бакъо ю вайн». ХІаъ, ю, амма оцу дерригено а синца чІагІ ца во. 24 Цхьаммо а ма лахалаш шайна пайдехь дерг, амма хІораммо а кхиболчарна пайдехь дерг лахалаш. 25 Шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш, базарахь духкуш долу муьлхха а жижиг даа мегар ду аша. 26 Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тІехь мел дерг а Везачу Элан ду». 27 Нагахь Делах тешаш воцучу накъосто дуьйла а аьлла, шу и волчу дахча, цо шайга яа аьлларг, шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш яа. 28 Амма цхьаммо и юуш ерг цІушна сагІина еанчух ю алахь, тІаккха шайга и аьллачун дуьхьа а, деган паргІатонан дуьхьа а и юург ма яа. 29 Шун деган паргІатонах а доцуш, ткъа вукхун паргІатонах лаьцна боху аса иза. Ткъа сан паргІато хІун бахьанехь емалйина хила еза кхечун даго? 30 Нагахь аса, Далла баркалла а бохуш, и юург тІеоьцуш хилча, аса баркалла баьхнарг бахьана долуш со емал хьан вийр вара? 31 Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гІуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де. 32 Дуьхьало ма елаш жуьгташна а, грекахошна а, Делан долахь йолчу ерриге а Іийсах тешаш болчеран тобанна а, 33 амма, аса массарна а, массо а хІуманна тІехь царна луъург даре терра, лелалаш шу а. Сайна пайдехь дерг а ца лоьхуш, дукхахболчарна пайдехь дерг до аса, уьш а кІелхьарбовлийтархьама.

1 Коринтхошка 11

1 Сох тера хила гІерталаш, со а Дала леррина Къобалвинчух тера хила ма-гІерттара. 2 Аса хастадо шу, даим а со шуна дагаварна а, аса шайна ма-даллара, аша ламасташ лардарна а. 3 Амма суна шуьга дІахаийта лаьа, хІора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь – майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву. 4 ДоІа дечу я Делера болу хаам бовзуьйтучу хенахь боьршачу стага коьрта тІе хІума тиллинехь, цо шен коьртана юьхьІаьржо тІейоуьйту. 5 Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тІехь хІума а йоцуш, доІа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьІаьржо тІейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло. 6 Нагахь зудчунна шен коьрта тІе хІума тилла ца лаахь, цо шен корта баша а мегар ду. Амма нагахь зудчунна шен корта баьшна я лергина хилча эхь хетахь, цо шен коьрта тІе хІума тилла еза. 7 Цхьана агІор боьршачу стага шен коьрта тІе хІума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агІор зуда шен майрачун сийлалла ю. 8 ХІунда аьлча стаг зудчух вина вац, ткъа зуда ю стагах йина. 9 Стаг зудчун дуьхьа кхоьллина вац, амма зуда ю стеган дуьхьа кхоьллина. 10 Цундела зудчун коьрта тІе тиллина хІума хила еза, шена тІехь долу олалла билгалдаккха а, маликашна хьалха а. 11 Делахь а, Везачу Элаца долчу вайн дахаре хьаьжжина, зуда а стаг воцуш хиларх хІумма а дац, ткъа стаг а зуда йоцуш хиларх хІумма а дац. 12 ХІунда аьлча зуда стагах йина ма-хиллара, стаг а ву зудчо вина. Ткъа и дерриг а – Делера ду. 13 ТІаккха шаьш а ойла ел аша: оьзда хир дуй те, зудчо Деле доІа дечу хенахь, цуьнан коьрта тІе тиллина хІума ца хилча? 14 Дуьненан Іаламо ша а ца хьоьху вайна, боьршачу стага шен месаш яхъялийтича, иза цунна шена юьхьІаьржонна дуйла? 15 Ткъа зудчо еха месаш лелийча – цунна сийлахь ду, хІунда аьлча еха месаш елла ю цунна, коьрта тІе тиллина хІума санна. 16 Цхьаболчарна-м цунах лаьцна соьца къовса а луург хир дара, амма, аса аьлларг доцург, кхин тайпана ламасташ дац я тхан а, я Делан долахь йолчу массо а Іийсах тешначийн тобанийн а. 17 Аса кхин а цхьа хІума тІедуьллу шуна. ХІинца хаста а ца до ас шу, хІунда аьлча шун гуламаша, диканиг дахьачун метта, вониг дахьа. 18 Цкъа хьалха аса сайна хезначух лаьцна эр ду. Шу цхьаьна гулделлачу хенахь шуна юкъахь декъадаларш хуьлу боху. Цунах со цхьажимма теша а теша. 19 (Цу тайпана долу декъадаларш хила а деза шун, шайна юкъара билггал тешаш берш гучубахархьама.) 20 Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу. 21 ХІунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хІума яа сихло. ТІаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагІаро бахабо. 22 Юург яа а, мерг мала а шайн цІенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Іийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХІун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гІуллакхаш бахьанехь хастор дац шу. 23 ХІунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Іийсас, бепиг схьа а эцна, 24 Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХІара Сан дегІ ду, шун дуьхьа дІалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама». 25 Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш». 26 ХІунда аьлча шаьш хІара бепиг мосазза доу а, хІара кад мосазза молу а, Веза Эла схьаваллалц, Цуьнан валар кхайкхадо аша. 27 Цундела нагахь цхьаммо хІара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегІана а, Цуьнан цІийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву. 28 Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тІаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла. 29 ХІунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегІ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву. 30 Цундела шух дукхахдерш гІораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле. 31 Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел. 32 Ткъа вайна тІехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таІзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама. 33 Иштта, сан динан вежарий, шаьш Везачу Элан пхьор даа гулделча, вовшашка ладогІалаш, и даа сих а ца луш. 34 Нагахь санна шух цхьаъ меца велахь, шайн цІахь яа юург, гуламехь иза шуна кхелъярна ца хилийтархьама. Ткъа дисна гІуллакхаш со дІавеанчу хенахь нисдийр ду аса.

1 Коринтхошка 12

1 Ткъа хІинца, динан вежарий, Делан Сино луш долчарах лаьцна эр ду ас. Суна ца лаьа, царах лаьцна дерг шуна ца хууш дуьсийла. 2 Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цІуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла. 3 Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеІалт хуьлийла Іийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Іийса – Веза Эла ву». 4 ПохІманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург – цхьа Са ду. 5 ГІуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург – цхьа Веза Эла ву. 6 Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг – цхьа Дела ву. 7 Амма Делан Са гучудаккхар хІоранна а луш ду, массарна а диканна хилийта. 8 Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. 9 Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похІма ло. 10 Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. 11 Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш. 12 Адаман дегІ масех меженах лаьтташехь, иза цхьа дегІ хиларе терра, иштта Дала леррина Къобалвинарг цхьаъ хуьлу, Цуьнан дегІ масех меженах лаьтташехь. 13 ХІунда аьлча вайх хІора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегІ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргІат адамаш делахь а, вайга хІоранга а цхьана Синах малийтина дара. 14 Адамийн дегІ, цхьана меженах хилла а ца Іаш, дуккха а йолчу меженех вовшахтоьхна ду. 15 Нагахь кого: «Со-м бац дегІах, со куьг доцу дела», – алахь а, хІетте а оцу дегІан меже ца хилча ма ца болу иза. 16 Ткъа лерго: «Со бІаьрг боцу дела, со-м дац оцу дегІах», – аьлча а, оцу дегІан меже ца хилча долий иза? 17 Нагахь дерриг а дегІ беккъа бІаьргех дина делахьара, муха хир дара цуьнан хазар? Ткъа дегІ деккъа лергех дина делахьара, муха йогІур яра хьожа? 18 Амма Дала дегІан массо а меже Шена хила еза аьлла хеттачу меттехь дІанисйина. 19 Нагахь дегІ еккъа цхьана меженах дина делахьара, тІаккха дегІ муха хир дара? 20 Ма-дарра аьлча, дегІан меженаш дуккха а ю, ткъа дегІ – цхьаъ ду. 21 БІаьрган а олийла дац куьйге: «Хьо суна ца оьшу». Я коьрто а когашка олийла дац: «Суна шу ца оьшу». 22 Мелхо а, адамна эгІаза хеташ йолу дегІан меженаш уггаре а оьшуш хуьлу. 23 Оцу кІезиг хеташ йолчу дегІан меженийн вай чІогІа ларам бо. Вешан бехке йолу меттигаш вай, эхь-бехк а хетий, дІахьулйо. 24 Ткъа важа йолу меженаш дІахьулъян а ца оьшу. Амма Дала шатайпа вовшахтесна дегІан меженаш, сий дан оьшучу меженийн алссам сий а деш. 25 Иза ду, дегІана чохь къастамаш ца байтархьама. Мелхо а, дегІан меженаша вовшийн цхьатерра гІайгІа бан беза. 26 Нагахь дегІан цхьана декъан лазам хилча, дерриг а дегІан а лазам хуьлу. Нагахь дегІан меженех цхьана меженна хастам бахь, вукхеран а цуьнца цхьаьна самукъадолу. 27 Цу тайппана, шу Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду, ткъа шух хІора а цу дегІан меже ю. 28 Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагІнаш динан хьехамчаш бина дІахІиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похІма делла. Иштта уллорачарна гІо дан похІма а, урхаллин похІма а, тамашийна мотт бийцаран похІма а делла Цо. 29 Массо а буй те векалш? Берриш а буй те пайхамарш? Массо а хуьлий те хьехархой? Я массарах а хуьлий те тамашийна гІуллакхаш дийраш? 30 Массеран ду ткъа адамаш тодаран похІма? Массара а дуьйций те Делан Синерачу тамашийнчу меттанашкахь? Массеран дуй ткъа и меттанаш гочдаран похІма а? 31 Оцу похІманел а сов долчу похІманашна тІекхийда шу. Ткъа аса оцу дерригенал а лакхара болу некъ гойтур бу шуна.

1 Коринтхошка 13

1 Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурма я бекаш болу горгали санна хуьлу. 2 Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похІма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хІумма а вац. 3 Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дІабекъахь а, ур-атталла сайн дегІ ас дагадайтахь а, амма сан безам бацахь, суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу. 4 Безам собаре а, дика а хуьлу. Безамца хьагІ а ца хуьлу. Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу. 5 Безамо лело ца дезарг ца леладо, шена пайден дерг ца лоьху, атта оьгІаз ца оьху, шена дина вон дагар ца до. 6 Безам харцдолчух боккха ца боь, ткъа цунна бакъдерг хазахета. 7 Безамо доллу хІума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу. 8 Безам цкъа а хедар бац. Делера болчу хаамех аьлча, уьш кхачор бу. Синера долчу меттанех аьлча, уьш совцор ду. Дала беллачу кхетамах аьлча, иза дІабоккхур бу. 9 ХІунда аьлча вайн кхетам кхоччуш болчу барамехь ца хуьлу, ткъа Делера болу хаамаш кхоччуш буьззина ца хуьлу. 10 Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дІадоккхур ду. 11 Со жима бер долчу хенахь, аса жимачу беро санна дийца а дуьйцура, ойланаш а йора. Жимачу беран санна кхетам а бара сан. Ткъа хІинца со стаг а хилла дІахІоьттича, берийн хІуманаш дитина аса. 12 Цкъа хІинца-м вайна дерриге а гІийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хІинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара. 13 Цкъа хІинца долуш дерг хІара кхоъ ду: тешар, сатийсар, безам. Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу.

1 Коринтхошка 14

1 Шайна чохь безам хилийта гІерта. Делан Сино луш долчунна тІекхийда – уггаре а чІогІа дезаш хилалаш Делера болу хаамаш бар. 2 ХІунда аьлча тамашийнчу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву. 3 Делера хаамаш бечо адамашка дуьйцу, уьш синца чІагІбархьама а, иракарахІитторхьама а, тебархьама а. 4 Тамашийнчу маттахь къамел дийриг шен синца чІагІло, ткъа Делера болу хаамаш бечо динан тоба чІагІйо. 5 Аша массара а тамашийнчу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хІунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чІагІъяйтархьама. 6 Динан вежарий, нагахь со шу долчу а веана, аса тамашийнчу меттанашкахь дийцича, шуна хІун пайда хуьлу, нагахь и дуьйцуш дерг Дала довзийтина хІума а дацахь, я Дала белла кхетам иза бацахь, я Цуьнгара болу хаам иза бацахь, я хьехам бацахь? 7 Ойла ехьа, са доццушехь, чуьра аз долучу хІуманийн. Масала, дечиг-пондаро я шедаго тайп-тайпана аьзнаш долуьйтуш ца хилча, локху мукъам муха къасталур бу те? 8 Нагахь санна турби чуьра долу аз къаьсташ ца хилча, хьан бийр бу тІамана бан беза кечам? 9 Иштта аша а, тамашийна мотт а буьйцуш, кхетаме хаам ца бича, муха кхетор ву шаьш дуьйцучух? Аша дуьйцург, мохе дуьйцуш санна, эрна хир ду. 10 Мел дукха ду-кх дуьнен чохь тайп-тайпана меттанаш, царах цхьа а бац шен маьІна доцуш. 11 Цундела суна оцу меттан маьІна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна. 12 Иштта шу а, Делан Са шайгахула гучудаккха шаьш гІерта дела, динан тобанна чІагІонна Цо луш долчу похІманийн дикалла совъяккха хьовсалаш. 13 Цундела тамашийнчу меттанашкахь дуьйцуш волчо, ша дуьйцург гочдан хаар деха Деле. 14 ХІунда аьлча аса тамашийнчу маттахь доІа деш хилча, Делан Сино сан синехула доІа до, амма сан хьекъална иза пайденна дац. 15 ТІаккха аса хІун дан деза? Аса сайн синца доІа дийр ду, амма сайн хьекъалца а дийр ду ас иза. Сайн синца а, иштта сайн хьекъалца а эр ду аса Далла иллеш. 16 ХІунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хІун ду ца хиъча, хІокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: «Амин»? 17 Ахьа Далла олу баркалла тоъал дика хила а там бу, амма гуламехь волчу кхечунна цунах синца чІагІвалар ца хуьлу. 18 Тамашийнчу меттанашкахь аша массара а дуьйцучул сов айса дийцарна, аса хастам бо Далла. 19 Амма суна гІолехь хета, динан тоба гулъеллачу хенахь, сайн хьекъалца пхи дош алар кхечарна хьехам бархьама, тамашийнчу маттахь итт эзар дош олучул. 20 Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тІехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша! 21 Товрат-хьехамаш тІехь яздина ду: «Кхин меттанаш дуьйцуш болчаьргахула а, хийрачу махкахойн баганехула а къамел дийр ду Аса цу халкъаца – боху Везачу Эло, – амма тІаккха а ладугІур дац-кх цара Соьга». 22 Иштта, тамашийнчу меттанашкахь дийцар – билгало ю, амма и билгало, Іийсах тешаш болчарна а йоцуш, тешаш боцучарна ю. Ткъа Делера болу хаамаш хилар а цхьа билгало ю, амма и билгало, тешар доцучарна а доцуш, тешаш болчарна ю. 23 Нагахь берриг а динан гулам цхьаьна а кхетта, аша массара а тамашийнчу меттанашкахь къамел дечу хенахь, шу долчу хийра нах я Іийсах цатешарш чубаьхкича, шу хьерадевлла аьлла хетар-м дац те царна? 24 Нагахь массара а Делера болу хаамаш бечу хенахь, шу долчу Іийсах цатешарг я хийра стаг чувеача, цунна хезначу дерригено а цунна къинош гучу а дохур ду, кхел а йийр ю. 25 Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТІаккха цо, гора а хІоьттина, Далла Іибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!» 26 Сан динан вежарий! ЖамІ а деш, суна ала луург хІара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хІораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хІума, я тамашийнчу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьІна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чІагІонна хуьлийла. 27 Нагахь шух цхьаъ тамашийнчу маттахь дийца воллуш велахь, тІаккха аша шиммо, я уггар дукха кхааммо роггІана дийца, ткъа кхечу цхьаммо аьлларг гочде. 28 Нагахь санна гочдийриг шайна юкъахь вацахь, тамашийнчу маттахь дуьйцуш верг динан тобанан гуламехь вист ма хилийта, цуьнга шена а, Далла а бен ма дийцийта. 29 Пайхамарех шиммо я кхааммо Делера болу хаам бан беза, ткъа вукхара цара бохург талла деза. 30 Нагахь шух хиъна Іаш волчу цхьанна Дала хІума довзуьйтуш делахь, хІинцца дуьйцуш хилларг, вист а ца хуьлуш, саца. 31 ХІунда аьлча массеран а йиш ю Делера болу хаам рогІехь ала. Цу тайпана массо а Іемар а бу, уьш иракарахІиттор а бу. 32 Пайхамаршна чуьра синош цу пайхамаршна муьтІахь хуьлу. 33 ХІунда аьлча Дела низам цахиларан Дела вац, Иза синтеман Дела ву. Иштта хуьлу Делан долахь болчеран ерриге а динан тобанашкахь. 34 Зударий гуламашкахь тийна хила беза. Царна бистхила ца магадо. Товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, уьш муьтІахь хила беза. 35 Нагахь санна шайна цхьа хІума хаа лаахь, цара цІахь шайн майранашка хатта деза цунах лаьцна, хІунда аьлча эхье ду зуда динан тобанийн гуламашкахь йистхилар. 36 Делан дош шуьгара схьадаьлла ткъа? Я шуна бен ца довзийтина иза? 37 Ша пайхамар ву бохучунна я Делан Сино луш дерг шен долчунна хаа деза, аса шайга яздеш дерш Везачу Элан весеташ дуйла. 38 Нагахь цхьаммо иза тІе ца эцахь, иза ша а тІеэцна хир вац. 39 Иштта, динан вежарий, Делера болу хаамаш бар дезаш хилалаш! Тамашийнчу меттанашкахь дийцар а ма дехка. 40 Дерриге а оьзда а, низам долуш а леладе.

1 Коринтхошка 15

1 ХІинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тІе а эцна, цу тІехь дІахІиттира. 2 Цу хазачу кхоэхула шу а кІелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера. 3 ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла. 4 Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира. 5 Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира. 6 Цул тІаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бІеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дІахІоьттира. Царах дукхахберш хІинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дІа а кхелхина. 7 ТІаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. 8 Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. 9 Ткъа векалех уггаре а кІезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хІунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Іийсах тешначийн тоба хІаллакьян тІаьхьаваьлла леллера со. 10 Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) 11 Иштта, иза я со велахь а, я важа векалш белахь а, оха массара а шуна хьоьхург цхьаъ ду, ткъа шу цунах теша а тешна. 12 Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу? 13 Веллачуьра денвалар хуьлуш ца хилча, Дала леррина Къобалвинарг а ма ца хуьлу веллачуьра денвина? 14 Дала леррина Къобалвинарг денвина ца хилча, тхан хьехамаш а эрна хуьлу, шун тешар а хуьлу эрна. 15 Цул сов, оха Делах лаьцна харцтоьшаллаш деш хилар гучудер дара. ХІунда аьлча оха Делах лаьцна тоьшалла дира, Ша леррина Къобалвинарг Цо веллачуьра денвина аьлла. Амма нагахь санна белларш денбийр бацахьара, Цо Иза веллачуьра денван ца тарлора. 16 Нагахь белларш денбеш ца хилча, тІаккха Дала леррина Къобалвинарг а денвина ца хуьлу. 17 Ткъа нагахь Дала леррина Къобалвинарг денвина вацахьара, шун тешар а эрна хир дара, шу а шайн къиношлахь хир дара. 18 ТІаккха, Дала леррина Къобалвинчуьнца а болуш, белларш а ма хуьлу хІаллак? 19 Нагахь Дала леррина Къобалвинчух долу вайн тешар вай кху дуьнен чохь дехаш долччу ханна бен дацахьара, массо а адамал уггаре а декъаза адамаш хир дара вай. 20 Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. 21 Валар адамехула деана долу дела, веллачуьра денвалар а хуьлу адамехула. 22 Дерриг а адам, Адамца доьзна хиларна, лийриг хиларе терра, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна хиларна дерриг а адам дендийр ду. 23 Амма хІораннан а шен-шен рагІ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТІаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу. 24 Цул тІаьхьа, Дала леррина Къобалвинчо стигалара массо а куьйгалхой а, ницкъаш а, олахой а хІаллак а бина, Да волчу Деле паччахьалла дІаделча, дуьненан чаккхе хир ю. 25 ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. 26 Ткъа валар уггаре а тІаьххьара мостагІа санна хІаллакдийр ду. 27 ХІунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хІума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хІума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хІума дуйла. 28 Массо а хІума Дала леррина Къобалвинчун дола дІаделча, КІанта Ша а дІалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хІуманна тІехь Олахо хилийтархьама. 29 Иштта, белларш денлуш ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих чекхдохуьйтучара дийриг хІун ду? Нагахь белларш баккъалла а денбийрг ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих стенна чекхбохуьйту цара? 30 Вай а хІора сахьтехь ваьш кхерамечу хьола хІунда хІуьттуьйту? 31 Ва динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца шу хиларна, сайн долчу дозаллица чІагІо йо ас, со хІора дийнахь леш ву аьлла. 32 Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хІун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тІаккха: «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела!» 33 Ма Іехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо». 34 Шаьш хила ма-дезза метта а дуьйлий, къинош леточуьра совца. Ткъа шуна эхь хетийта эр ду ас: шух цхьаболчарна Дела вовза а ца вевза. 35 Цхьаммо хатта тарло: «Белларш муха денбо? Церан дегІ муха хир ду?» – аьлла. 36 ХІай сонтаниг! Ахьа дІадийна хІу дендийр ма дац, иза цкъа ша делча бен. 37 Ахьа лаьттах хІу дІадоьчу хенахь, ялтин хиндолчу куьцехь дІа ма ца доь ялта. Амма дерзина тІедолу хІу дІадоь ахьа, иза муьлхха делахь а, я кІен, я кхечу ялтин. 38 ТІаккха оцу хІух хиндерг, Шена хеттачу куьцехь, Дала Ша кхуллу. Цо хІора а хІуьнан цуьнан шен бен доцу куц кхуллу. 39 ХІора шена чохь са долчу хІуманан дегІ тайп-тайпана ду. Адамийн дегІ шатайпана ду. Дийнатийн дегІ кхечу тайпана ду. ЧІерийн а, олхазарийн а церан шайн бен доцу дегІ ду. 40 Иштта стигалшкахь а, лаьттахь а шатайпана догІмаш хуьлу. Амма стигалшкарчу догІмийн хазалла шатайпана ю, ткъа лаьттарчу догІмийн хазалла кхечу тайпана ю. 41 Малхан шен хазалла ю, ткъа беттан, седарчийн хазалла шатайпана ю. Седарчий а шен-шен хазаллица вовшех къастало. 42 Иштта белларш а хуьлу, уьш денбелча. Лаьттах дІадийна долу дегІ телхина дІадолу, ткъа дендийр долу дегІ телхар дац. 43 Лаьттах а дохуьйтуш, дІадоьчу хенахь дегІ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДІадоьчу хенахь дегІ эгІаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду. 44 Кху дуьненахь денделла дегІ дІадуьйш ду, ткъа вукху дуьненна лерина долу дегІ дендийр ду. Нагахь кху дуьненна лерина долу дегІ хилча, вукху дуьненна долу дегІ а хуьлу. 45 Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тІаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду. 46 Кху дуьнен чу дуьххьара деанарг дендийриг дац. Мелхо а, кху дуьненахь денделларг цкъа хьалха деана ду, ткъа цул тІаьхьа дендийриг деара. 47 Дуьххьарлера адам, поппарх дина а долуш, кху дуьненара ду. ШолгІа адам стигалшкара ду. 48 Кху дуьненара массо а адам лаьттарчу поппарх дина адам санна ду. Амма стигалшна билгалдаьккхина массо а адам Стигалшкарниг санна ду. 49 Лаьттарчу поппарх вина волчун вастехь вай ма-хиллара, стигалшкарчун вастехь а хир ду вай. 50 Динан вежарий! Аса хІара эр ду шуьга: шайна чохь дилха а, цІий а долуш долу вайн догІмаш Делан Олалле кхача йиш яц. Ткъа иштта телхина дІадолург телхар доцучуьнга кхача йиш яц. 51 ЛадогІалаш, къайлаха долу цхьа бакъдерг довзуьйту ас шуна: вай дерриш а лийр дац, амма вай дерриш а хуьйцур ду. 52 Иза хир ду цІеххьана, бІаьрган негІар а тохале, турбано тІаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду. 53 ХІара телхар долу дегІ телхар доцучу тайпана хила дезар ду. Ткъа лен долу дегІ, цкъа а лийр доцуш хилла, дІахІотта дезар ду. 54 ТІаккха хІара телхар долу дегІ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хІара лен долу дегІ цкъа а лийр доцуш дІа а хІоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тІехь яздинарг: «Іожалла дІа а кхаьллина, толам баьккхина». 55 «Іожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Іожалла, хьан ю?» 56 Іожаллин ю къино ло. Ткъа къинан ницкъ товрат-хьехамашкахь бу. 57 Хастам бу Дала леррина къобалвинчу вайн Веза Эла волчу Іийсагахула вайна толам лучу Далла! 58 Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла.

1 Коринтхошка 16

1 Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гІуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе. 2 ХІора кІиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хІораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Іалашде, со дІавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама. 3 Со дІавеанчул тІаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дІахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дІадалийтархьама. 4 Нагахь сан Ярушалайме дІавар диканца хилахь, уьш соьца дІабогІур бу. 5 Македон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогІур ву, хІунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю. 6 Шу долчохь со жимма соцур ву, аса Іа даккха а тарло шуьца. Цул тІаьхьа аса шуьга со новкъа воккхуьйтур ву, мичча ваха дезаш иза делахь а. 7 ХІунда аьлча тІехволлушехь шу гина Іа ца лаьа суна. Везачу Эло сайна пурба лахь, шуьца дикка хан яккха лаьа суна. 8 Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолу ялта чудерзоран дезде тІекхаччалц Іийр ву со Эпасехь. 9 Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дІакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неІ дІайиллина ю суна. 10 Нагахь шу долчу Тимапи вагІахь, цунна цхьанна а агІор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хІунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гІуллакх ду. 11 Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТІаккха иза гІоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со. 12 Вайн динан ваша волу Апа-Леса шу долчу кхочийла чІогІа лиира суна. Амма иза кхоччуш къар ца велира, цкъа хІинца шу долчу дІа ца веача. Иза, шен йиш ма-хилли, дІавогІур ву. 13 Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чІагІлой Іелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш. 14 Аша массо а хІума безамца деш хила деза. 15 Шуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Іийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гІуллакх дарна тІедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий, 16 уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гІуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтІахь хилалаш. 17 Сетипан, Партунат, Ахайк со волчохь хилар суна чІогІа хазахета. Шу суна юххехь ца хиларна, цара, шун метта гІо дора суна. 18 Цара сан а, шун а синош иракарахІиттийра. Уьш санна болчеран ларам белаш. 19 Асиа-махкарчу динан тобанаша маршаллаш доуьйту шуьга. Іакхилас а, ПхьаьрскІилата а, церан цІерачу динан тобанехь болчара а мерза маршаллаш доуьйту шуьга, шаьш, шу санна, Везачу Элан долахь хиларна. 20 Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. Доггах вовшашка маршалла хатта. 21 Аса, ПахІала, сайн куьйган йозанца дІадоуьйту шуьга и маршаллаш. 22 Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неІалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла! 23 Веза Эла волчу Іийсан дика хуьлийла шуьца. 24 Сан безам а хуьлийла шуьца массаьрца а, Дала леррина Къобалвинчу Іийсан долахь вай долу дела.

2 Коринтхошка 1

1 Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. 2 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. 3 Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву. 4 Цо вайн муьлххачу а гІайгІанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гІайгІанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама. 5 Дала леррина Къобалвинчуьнца вай боькъуш болу Цуьнан лазамаш алсамбийларе терра, Цо вайна луш болу синтем а алсамбуьйлу. 6 Оха баланаш хьоьгуш хилча – иза шун синтеман а, кІелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча – иза шун синтеман дуьхьа ду, хІунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама. 7 Тхо чІогІа тешна ду шух, хІунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца. 8 Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. 9 Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама. 10 Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо. 11 Тхуна тІера доІанаш а деш, цу гІуллакха тІехь аша гІо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доІанашка Дала ладогІарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу. 12 Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тІехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцІена а, хІумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара. 13 Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хІума ца яздо оха. Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хІинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Іийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх. 15 Ишттачу тешарца со дагахь вара уггар хьалха шу долчу ван, шун шолгІа а декъалалла хилийтархьама. 16 Со Македоне воьдучу хенахь шу долчухула а ваьлла, тІаккха, юхавоьрзуш, юха а шу долчу ван ойла яра сан, шуьга со ЯхІуд-махка новкъа а воккхуьйтуш. 17 И Іалашо сайна хьалха хІоттош, аса ойла а ца еш-м ца дина те иза? Я аса, кху дуьненарчара санна, сайгара олу ткъа цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІа»? 18 Дела тешаме хиларх чІагІо а еш, боху аса, оха шуьга бохург дацара цхьана метта цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІа». 19 ХІунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха – аса а, Салис а, Тимапис а – хьехамаш бина волу Делан КІант, Дала леррина къобалвина Іийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІан» олуш. Цуьнгахула Делан «хІаъ» хилла дІахІоьттира. 20 ХІунда аьлча Дала мел дина ваІданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хІаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай «Амин» олу. 21 Шуьца цхьаьна тхо Ша леррина Къобалвинчух тешаш чІагІдина лоттуьйтуш Верг – Дела ву. Цо вай къобал а дина, 22 Шен мухІар тІетохарца вай къаста а дина, Ша лур ду аьлла динчу закъалтана Шен Са делла Цо вайн дегнаш чу. 23 Далла хьалха сайн дахарх чІагІо йо ас, со хІинццалц Коринте цаваран бахьана шу кхоош хилар ду аьлла. 24 Иза дац шун тешарна тІехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гІуллакх деш ду тхо, хІунда аьлча шайн тешар тІехь чІагІо йолуш ду шу.

2 Коринтхошка 2

1 Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогІуш, юха а шун дог дохош ца ван. 2 ХІунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара? 3 Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла. 4 Аса боккхачу дегалазамца, дегаІаткъамца, дуккха а долу сайн бІаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тІех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза. 5 Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тІех луьра ца олуш дитича. 6 Дукхахболчара дина таІзар тоьар ду иштта волчунна. 7 Цундела шуна гІолехь ду, хІинца цунна къинтІера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гІайгІане ца вахийта. 8 Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар. 9 Иза аса яздинера, шу зийначул тІаьхьа, шу массо а хІуманна тІехь соьга ладугІуш дуй те хьажархьама. 10 Шу къинтІера девллачунна со а ваьлла, хІунда аьлча со хІуманна къинтІера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха, 11 иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тІехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу. 12 Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дІакхайкхо Троя-гІала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неІ дІайиллира. 13 Амма со синтем байна вара, хІунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Іодика а йина, со Македоне вахара. 14 Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тІехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дІасаяржайо Цо. 15 КІелхьарбовларан некъа тІе бевллачарна а, хІаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду вай. 16 ХІаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Іожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кІелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а? 17 Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цІарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш.

2 Коринтхошка 3

1 Тхо юха а тхаьш хесто дуьйладала деза те? Цхьаболчу нахана юкъахь ма-хиллара, вайна юкъахь а лела деза те шуьга дІа я шуьгара схьа долу хестадаран кехаташ? 2 Шу шаьш ду тхан дегнаш чохь дІаяздина долу тхан хестадаран кехат. Иза массо а адамна девзаш а ду, массара доьшуш а ду. 3 Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза. 4 Оцу тайпана болу Делах тешам бу тхан Дала леррина Къобалвинчуьнгахула. 5 Цхьа хІума дан похІма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похІма Делера ду. 6 Цо Ша делла тхуна похІма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гІуллакх дан. ХІунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо. 7 Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тІулга тІехь яздина дерг хилла дІахІоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тІе ца хьажалора, и нур лагІлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, 8 цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?! 9 Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тІех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург. 10 ХІунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хІинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту. 11 Нагахь дІадер дерг а сийлалла долуш хилча, тІаккха хІара цкъа а дІадер доцург кхин а сийлалла долуш ду. 12 Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан. 13 Исраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай. 14 Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дІадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дІадоккху. 15 Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тІехь пардо хуьлу. 16 Йозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дІадоккхура». 17 Веза Эла – Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь – паргІато а ю. 18 Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дІагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло.

2 Коринтхошка 4

1 Делан къинхетамца оцу тайпана долу гІуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац. 2 Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гІуллакхаш. Нах Іеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дІаделларна, Далла хьалха хІора адаман эхь-бехкана оха дІагойту тхаьш муьлш ду. 3 Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хІуттуш делахь, иза валаран некъа тІехь болчарна ду иштта. 4 Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. 5 Оха беш болу хьехамаш тхайх лаьцна бац, амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсах бу. Ткъа тхо Іийсан дуьхьа шун ялхой ду. 6 ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама. 7 Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тІех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама. 8 Тхуна массо а агІор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дІа ца даьхна. Наггахь холчу хІиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу. 9 Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хІаллак ца хуьлу. 10 Іийсан валар гуттара а тхешан догІмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догІмашкахула гучудаккхархьама. 11 ХІунда аьлча дийна долуш Іийсан дуьхьа хІора денна а Іожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догІмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама. 12 Цу тайпана Іожалла шен Іалашо тхуна тІехь кхочушъян гІерта, дахар шуна кхачийтархьама. 13 Йозанаш тІехь яздина ду: «Со тешаш хиларна, со вистхилира». Тхешан тешаран дух цу дешнашца цхьаьнадогІуш долу дела, тхо а, теша а тешаш, дистхуьлу, 14 тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дІа а хІиттош. 15 Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дІакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш. 16 Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догІмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу. 17 Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел. 18 Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХІунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.

2 Коринтхошка 5

1 Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хІара догІмаш хІаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цІа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цІа ду. 2 Вешан хІинца долчу догІмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цІа, бедар санна, ваьшна тІедухар лууш. 3 И духар ваьшна тІедухийтинчул тІаьхьа, вай дерзина карор ма дац! 4 Лаьттара четарш санна долчу хІокху догІмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХІунда аьлча вайна ца лаьа тІеюьйхина хІума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тІедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дІакхаллийтархьама. 5 Оццу гІуллакхна кхоьллина ду вай Дала. Цо Шен Са делла вайна закъалтана. 6 Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цІенош санна долчу оцу догІмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цІеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь. 7 ХІунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду. 8 Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегІана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Іаш хилар гІолехь ма хета тхуна. 9 Цундела тхуна, догІмашна чохь долуш я царна чуьра кхелхина долуш, Везачу Элана тамехь дерг хилийта лаьа. 10 ХІунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дІахІитта дезаш ду. Вайх хІораммо а ваьш кху дегІа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггІург схьаоьцур ду. 11 Везачу Элах кхерар хІун ду тхайна хаьа дела, адамаш кхето гІерта тхо. Далла тхох лаьцна дерриг а хаьа. Тхох лаьцна долу дерриг а шуна а хууш хиларе сатуьйсуш ву со. 12 Оха юха а хестош дац тхаьш шуна хьалха. Ткъа оха тхайх дозалла дан таро ло шуна. Иза оха ло, даг чохь долчух дозаллаш ца деш, ткъа тІехула долчу хІуманех дозаллаш деш болчаьрга дуьхьал ала шун хІума хилийтархьама. 13 Тхо хьекъалх девлча, иза Делан дуьхьа ду. Ткъа тхо хьекъале даьхкича, иза шун дуьхьа ду. 14 ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун безамо лелош ду тхо. Нагахь Цхьаъ массеран а дуьхьа велла хилча, тІаккха, массо а адам делла аьлла, жамІ ма дина оха. 15 Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хІинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама. 16 Цундела хІинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хІинца оха иштта кхин ца лору Иза. 17 Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дІадаьлла, хІинца керланиг хилла дІахІоьттина! 18 Ткъа и массо а хІума Делера схьа ду. Дала Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вай Шеца тайтира. Цо тхуна тІе диллина адамаш Шеца таран гІуллакх. 19 Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тІедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дІакхайкхор. 20 Тхо Дала леррина Къобалвинчун цІарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!» 21 Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.

2 Коринтхошка 6

1 Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чІогІа дехар до шуьга, Делера шаьш тІеэцна долу дика эрна ма хилийтийша. 2 ХІунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кІелхьардоккхучу дийнахь Аса гІо дира хьуна». Ткъа хІинца тІееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хІинца ду и кІелхьардовларан де. 3 Цхьана а хІуманна тІехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гІуллакх емал ца дайтархьама. 4 Мелхо а, массо а агІор Далла гІуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш. 5 Иза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш. 6 Иштта, тхайн цІеначу дахарца, кхетамца, собарца, эсала хиларца, Делан Синца, шалхонаш йоцучу цІеначу безамца, 7 билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду. 8 Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела. 9 Тхо гІарадевлла доцуш лору, амма тхо массарна а девза. Тхо делла лору, ткъа тхо лан а ца ле. Тхуна луьра таІзар до, ткъа тхо дайа а ца дойу. 10 Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хІумма а яц, амма массо а хІуманан дай ду тхо. 11 Коринтхой! Оха цІеначу дегнашца къамел до шуьца. Тхан дегнаш дІаделладелла ду шуна. 12 Тхо шух дІа ца къехка, ткъа шу шайн дегнашкахь тхох дІакъехка. 13 Аса сайн берашка санна боху шуьга: «Шайн дегнаш дІа а деллий, тхо шайца ма-хиллара, хилийша шу а тхоьца». 14 Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? 15 ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? 16 ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». 17 Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу». 18 «Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кІентий а, йоІарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».

2 Коринтхошка 7

1 Сан хьоме доттагІий! Дала вайна и ерриге а чІагІонаш йина дела, вешан догІмаш а, синош а бехдеш мел долчух цІанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дІало вай. 2 Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна. 3 Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду. 4 Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахІитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тІех а даьлла. 5 Тхо Македоне даьхкинчу хенахь, цхьана а тайпана синтем бацара тхан. Массо а агІор ницкъ хиллера тхуна, арахула тІебеана цатемаш а, тхешан чохь болу кхерамаш а бахьана долуш. 6 Амма Шена муьтІахь болчарна синтем луш волчу Дала, Тита схьа а кхачийна, тхан синош паргІатдехира. 7 И синтем хилар, Тита схьакхачарна хилла а ца Іаш, аша цуьнан догъэцарна а дара. Цо дийцира, шу тхо ган лууш хиларх а, шайгара мел даьллачунна шу дохкодовларх а, со ларван шу кийча хиларх а лаьцна. Цундела со кхин а чІогІа дог айаделла вара. 8 Сайн кехатца айса шуна халахетийтарна со дохковаьлла хиллехь а, хІинца айса и яздарна дохко ца волу со, цу кехато шуна халахетар кІеззиг йолчу ханна бен ца дина дела. 9 Сан хІинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тІедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна. 10 Делан дуьхьа хиллачу гІайгІано кІелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тІеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гІайгІано Іожалла тІейоуьйту. 11 Хьовсийша, Делан дуьхьа шуна хиллачу халахетаро шу мел доггах дІагІоьртуьйту. Иза дина а ца Іаш, шу бехке цахилар шуна дІахаийта лаар дойту цо. Ткъа, цул сов, мел эргІаддевлла а, аша мел орца доху а, со ган шун мел боккха лаам бу а, мел чІогІа шу тІедирзина а, царна таІзар хиларна шу мел кийча ду а хаийтина цо. Массо а оцу хІуманна тІехь шаьш цІена хилар гайти аша. 12 Айса иштта яздинехь а, вониг далийтинчун я шена вониг хиллачун дуьхьа ца яздинера аса шуьга, амма Далла хьалха аша тхан мел гІайгІа бо шуна дІаделладалийтархьама яздинера. 13 Цундела тхуна синтем хилира. Тхуна, синтем хилла а ца Іаш, кхин а доккха хазахетар хилира Титин хазахетар бахьана долуш, аша массара а цуьнан са иракарахІотторна. 14 Цу тайпана аша юьхьІаьржачу ца хІоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тІехь. Мелхо а, массо а хІуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили. 15 Шун массеран а муьтІахь хилар а, кхерамца а, дегадарца а аша ша тІеэцар а дагадеача, кхин а чІогІа шух дог дІаийна хуьлу цуьнан. 16 Со чІогІа воккхавеш ву, массо а хІуманна тІехь а шуна тІетовжа сайн йиш хиларна!

2 Коринтхошка 8

1 Ткъа хІинца, динан вежарий, оха дІахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна. 2 Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. 3 Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца 4 цара чІогІа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гІуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш. 5 Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Іаш, уьш хьалха Везачу Элана тІе а боьрзура, тІаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора. 6 Цундела оха Тите чІогІа дийхира, ша долийна долу и дика гІуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гІо де аьлла. 7 Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гІуллакхашца шу тІехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гІуллакхна тІехь а тІехдовлуш хуьлийла шу. 8 Иза шуна тІедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со. 9 ХІунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза. 10 Цу тІехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хІунда аьлча стохка и дика гІуллакх долийна а ца Іаш, и доло лаам а хилла шун. 11 Шаьш дан долийна гІуллакх хІинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хІетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гІуллакхна аша дакъа дІадалар. 12 Нагахь цхьаъ шен хІума дІадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тІеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош. 13 Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду. 14 ХІинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахІоттор ду. Ткъа тІаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду. 15 Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кІезиг гулдиначунна тІеоьшуш а ца хуьлура». 16 Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гІо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха. 17 Тхан дехар тІеэцна а ца Іаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дІавогІу шу долчу. 18 Хаза кхаъ дІакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дІавоуьйту оха цуьнца. 19 Цул сов, и дика гІуллакх дарна тІехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гІо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гІуллакх. 20 ХІара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тІехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо. 21 ХІунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Іаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо. 22 Тхайна юкъара кхоолгІа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гІуллакхашна тІехь зийча, иза чІогІа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хІинца кхин а чІогІа лууш ву шу долчу ван, ша шух кІорггера теша дела. 23 Титех лаьцна аьлча – иза сан юххера стаг ву, шуна гІуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча – уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу. 24 Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш.

2 Коринтхошка 9

1 Бакъдерг аьлча, аса-м шуьга яздан а ца оьшу Делан нахана гІо дан дезарх лаьцна. 2 Шун доггах хилар а гуш, шух дозалла до аса македонхошна хьалха: «Стохка дуьйна а Ахаера динан тобанаш доггах хІума яларан гІуллакхна кийча ю» – бохуш. Шун доггах хиларо царах дукхахберш иракарахІиттабора. 3 Ткъа шу долчу аса динан вежарий бохуьйту, оха шух дина дозалла эрна а ца хуьлуьйтуш, амма, аса ма-аллара, шу кийча хилийтархьама. 4 Соьца шу долчу македонхой бахкар а нисделла, ткъа шу кийча ца хилар царна дІахиънехьара, шу хІиттина а ца Іаш, шух тешна Іаш долу тхо а юьхьІаьржачу хІуьттур ма дара! 5 Цундела оцу динан вежаршка дехар дан деза аьлла хийтира суна, уьш сол хьалха шу долчу дІа а баьхкина, аша хьалххехь ваІда а деш, лур ду аьлла совгІат цаьрга кечдайтархьама. Цу тайпана и совгІат, ницкъаца даьккхина а доцуш, ткъа шун-шайн лаамца делларг санна кийча хир ду. 6 Цу тІе аса боху: кІезиг дІадуьйчо – кІезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дІадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду. 7 ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза. 8 Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хІуманна тІехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гІуллакх дан. 9 Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Кхоа а ца деш, Цо мискачарна дІадоькъу. Цуьнан нийсо гуттара а лелар ю». 10 ДІадуьйш волчунна хІу а, юуш волчунна юург а Кхочуьйтучо шуна а хІу кхочуьйтур ду, иза алсам а доккхур ду, ткъа шун нийсонца леларехула Цо шортта ялта лур ду. 11 Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хІума дІакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТІаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дІакховдийнарг тхоьгахула дІа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду. 12 ХІунда аьлча аша кхочушдечу хІокху гІуллакхо, Делан нахана оьшург хилийтина а ца Іаш, Далла олу баркаллаш дуккха а тІехдовлуьйтур ду. 13 Оцу шун гІуллакхо шух до тоьшалла бахьана долуш, Далла хастамаш бийр бу, нахана хьалха шу тешна болчу Дала леррина Къобалвинчун хазачу кхоана шу муьтІахь хиларна а, шайн долахь дерг цаьрца а, кхиболчу массаьрца а комаьршаллица доькъуш шу хиларна а. 14 Шайн дегнашкахь шу дага а дохкуьйтуш, шуна тІера доІанаш дийр ду цара, Дала шуна дина инзаре доккха дика бахьана долуш. 15 Далла баркалла олийла вай, Цуьнан дийцалур а доцу совгІат бахьанехь!

2 Коринтхошка 10

1 Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахІала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу. 2 Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тІех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тІех йолу майралла гайта ваьхьар ву со. 3 ХІунда аьлча оха, массо а адам санна, кху дуьнен чохь тхаьш доллушехь, цара санна, тІемаш ца бо. 4 Тхайн тІемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гІепаш хІаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а, 5 Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь ярхьама. 6 Дала леррина Къобалвинчунна шун муьтІахь хилар ма-бохху кхочушхилла даьлча, тхо кийча ду, цунна дуьхьал долчу муьлххачу хІуманна а таІзар дан. 7 Ткъа гІуллакх билггал муха ду, шу-шаьш хьовсал! Ша Дала леррина Къобалвинчуьнца ву аьлла тешна волчунна хаа деза, тхо а шаьш санна, Цуьнца дуйла. 8 Нагахь аса, шун гІуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тІаккха а юьхьІаьржачу хІуттур вацара со. 9 Амма шуна ма моттийла, со кехаташца шу кхеро гІерта аьлла. 10 ХІунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьІна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгІаза ву, цо до къамел дегаза а ду». 11 И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тІехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла. 12 Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хІуьттуш, шайн сонталла гойту. 13 Дала тхуна билгалдаьккхинчу гІуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гІуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду. 14 Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тІех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дІа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча. 15 Дала тхайна деллачу дозанал тІех а девлла, тхаьш дина доцучу гІуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чІагІ а луш, Дала тхаьшна тІедиллинчул тІех а ца довлуш, кхин а дуккха а гІуллакхаш шуна юкъахь дан. 16 ТІаккха шу долчохь кхайкхийна ца Іаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гІуллакхех дозалла дийр дац оха. 17 Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла деш волчо Везачу Элах дозалла дан деза». 18 ХІунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.

2 Коринтхошка 11

1 Со жимма сонта хиларна, сатохахьара аша суна. Билггал сатохийша суна! 2 Дикачу агІор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цІена йоІстаг санна, шу дІахІитто лаьа суна. 3 Амма со кхоьру, шен хІилланца лаьхьано Іехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцІена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла. 4 ХІунда аьлча аша самукъадаларца тІеоьцу оха шуна хьехнарг а воцуш, кхин Іийса шайна хьоьхуш верг. Иштта, тхоьгара схьаэцначу Синах а, хазачу кхоах а тера доццушехь, кхин тайпана долу са а, хаза кхаъ а атта тІеоьцу аша! 5 ХІунда аьлча оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хІуманна тІехь а оьшуш ца хета суна. 6 Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тІехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хІуманна тІехь шу тешийна. 7 Хаза кхаъ айса шуна дІакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса? 8 Шуна гІуллакх дархьама, кхечу динан тобанашкара лечкъош верг санна хуьлура со, цаьргара ахча схьа а оьцуш. 9 Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хІуманна тІехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХІунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хІуманна тІехь шуна сайх бала ца бан гІиртира со, хІинца чул тІаьхьа гІертар а ву. 10 Дала леррина Къобалвинчун бакъдерг билггал сайна чохь хиларца аса чІагІо йо, Аса дозалла дар Ахай-махкахь цхьаммо а соьгара дІадоккхур дац аьлла. 11 ХІун бахьана ду те цуьнан? Дуй те иза, суна шу ца деза бохург? Далла хаьа, суна шу мел деза! 12 Амма хІинццалц леллачу тайпана кхидІа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта. 13 ХІунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гІуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту. 14 Иза инзарвала хІума дац, хІунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду. 15 Цундела доккха хІума а дац, нагахь цуьнан гІуллакх деш тІаьхьахІиттинчара шаьш Делан лаамна гІуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гІуллакхашка хьаьжжина хир ю. 16 Аса юха а боху: цхьанна а со сонта ву ма мотталаш. Ткъа шайна со иштта хеташ велахь а, со сонтаниг санна тІеэцийша, сан жимма а сайх дозалла дан йиш хилийта. 17 Айса дуьйцург Везачу Элаца волуш санна ца дуьйцу аса, ткъа шен къамелах тешна Іаш волчу сонтачо санна дуьйцу. 18 Кху дуьнен чуьра болчара санна, дукхахболчара дозалла деш хилча, аса а дийр ду дозалла. 19 ХІунда аьлча аша, кхетам болуш долчу адамаша, дог дарца садетта оцу сонтачарна. 20 Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тІе йиттича а. 21 Сайн эхьана эр ду аса, цу тайпана долу гІуллакхаш лело тхан ницкъ ца кхочура. Нагахь цхьана хІуманна тІехь цхьаъ дозалла дан ваьхьаш велахь – аса сонтачо санна боху – со а ваьхьар ву дозалла дан. 22 Уьш Іебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахІиман хІух буй? Со а ву. 23 Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Іожаллин кхерамехь хуьлура со. 24 ЯхІудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хІоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш. 25 Кхузза гІожмаш йиттина суна. Цкъа тІе тІулгаш кхиссина суна. Со тІехь а волуш, хІордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хІорда чохь а даьккхира. 26 Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТІедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГІалахь а, яьссачу аренгахь а, хІорда тІехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса. 27 Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тІеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса. 28 Кхузахь хьахийна хІуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Іаткъам кхочу суна. 29 Мила ву гІело хьоьгуш, аса а шеца гІело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш? 30 Айса дозалла дан дезахь, сайн гІорасиза хиларх дозалла дийр ду аса. 31 Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Іийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла. 32 Со Дамасакхехь волчу хенахь, ХІарти-паччахьан мехкадас Дамасакх-гІалин Іуналла дора, со схьалаца дагахь. 33 Ткъа со корехула тускар чохь пенаца охьаваийтира. Иштта кІелхьарвелира со цуьнан карара.

2 Коринтхошка 12

1 КхидІа дозалла дан деза сан, цунах бала цхьа а тайпана пайда бацахь а. Везачу Эло сайна хьалха хІиттийначу суьртех а, дІадиллинчу хІуманех а лаьцна дуьйцур ду аса. 2 Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегІаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгІачу стигала хьалаваьккхина хилла. 3 И стаг, (дегІаца я синца делахь а, суна иза ца хаьа, цхьана Далла бен) 4 ялсамане кхачийна. Цигахь цхьаьнгге а алалур доцу дешнаш хезна цунна. И дешнаш цхьаммо а ала мегар дац. 5 Ишттачу стагах дозалла дойла ю сан. Ткъа сайх дозалла дойла яц сан, сайн гІорасизаллех доцург. 6 Нагахь сайна дозалла дан лиъча а, со сонта хир вац, аса бакъдерг дуьйцу дела. Амма айса сайх дозаллаш дарх юхауьйзу аса со, шух цхьанна соьгара гиначул а, соьгара хезначул а совдерг ца хетадалийтархьама. 7 Делера долу даккхий дІаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегІах цхьа кІохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера! 8 Везачу Эле кхузза дехнера аса, и кІохцал сох дІакъастаде аьлла. 9 Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хІунда аьлча Сан ницкъ хьан гІорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гІорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. 10 Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гІорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тІаьхьабовларна а, цатемашна а, хІунда аьлча со гІорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу. 11 Сайх сонтаниг вира аса, амма иза аша дайтира соьга. Сох дозаллаш аша дан дезара, хІунда аьлча со хІумма а воцург велахь а, оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хІуманна тІехь а оьшуш вац. 12 Шуна юкъахь а хуьлуш, мел долчу собарца со векал хиларан тоьшалла дора ас: аса тамашийна гІуллакхаш а, инзаре хІуманаш а, нуьцкъала гІуллакхаш а дора. 13 Шуна сайх бала ца бар доцург, кхечу динан тобанашца чул шуьца хІун вон хилира со? Оцу бехкана къинтІерадовлалаш суна. 14 ХІинца кхозлагІа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хІумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза. 15 Лаа а лууш, сайн мел болу бахам а, ур-атталла со-со а дІалур вара ас шун дуьхьа. Шуьга болу сан безам сов а болуш, соьга болу шун безам лагІлур буй те? 16 Шу реза хир ду аьлла хета суна, шуьгара хІума сайна схьа ца эцна ас. Амма цхьаболчара боху, аса иза сайн мекарлонашца а, хІилланашца а шуьгара схьаяьккхина. 17 ТІаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух? 18 Аса Тите шу долчу вахар дийхира, цуьнца цхьаьна динан вежарех цхьаъ вохуьйтуш. Шуьгара хІумма а схьаийцирий цо? Дийриг цхьана синехула деш дацара оха, цхьана новкъахула лелаш дацара тхо? 19 Тхо шайна хьалха бехказадуьйлу-м ца моьтту те шуна хІинца а? ХІан-хІа! Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, оха Далла хьалха боху шуьга. Ткъа и дерриге а, хьоменаш, шу синца чІагІдархьама деш ду. 20 Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагІ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар. 21 Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хІинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дІа ца бирзина болчу дукхахболчарна тІехь сайн велха дезарх кхоьру со.

2 Коринтхошка 13

1 Со кхозлагІа а вогІу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «Шиннан я кхааннан тоьшалло муьлхха а дош чІагІдо». 2 Со шозлагІа веанчу хенахь, аса дІахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хІинца, со шу долчу дІавале, ас кхин цкъа а дІахоуьйту цаьрга: со юха дІавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса. 3 Соьгахула бохуш верг Дала леррина Къобалвинарг хиларан тоьшалла лоьху те аша? Шуьца ларош волу Иза гІорасиза вац. Мелхо а, Цо Шен ницкъ шуна юкъахь гойту. 4 ХІунда аьлча Иза гІорасизниг санна жІарах дІатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гІорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна. 5 Баккъалла а тешарехула шаьш дехаш дуй те аьлла, шаьш-шайн зелаш. Шаьш-шайн талла. Я шуна ца хаьа те, Дала леррина Къобалвина Іийса шуьца вуйла? Я зерах чекх ца девлла те шу? 6 Зерах чекх ца довлалуш тхо ца диснийла шуна хуур ду аьлла, со тешна ву. 7 Оха Деле доІанаш до, шуьга цхьана а тайпана зулам ца дайтар доьхуш. Иза оха ца доьху, тхаьш зерах чекхдевлла хилар гайтархьама, амма тхо зерах чекх ца девлла шуна моьттушехь, шуьга дика дайтархьама доьху. 8 ХІунда аьлча билггал бакъдолчунна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан, амма цунна гІоле хІума дан ницкъ болуш ду. 9 Тхо гІорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доІанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш. 10 Со шу долчу вале, яздо аса шуьга, шу долчу веача, Везачу Эло сайна хІаллакдан а доцуш, синца чІагІдарна деллачу олаллица со шуьца тІех буьрса ца хилийтархьама. 11 Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гІерталаш, сан кхайкхамашка ладогІалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Іелаш. ТІаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву. 12 Доггах вовшашка маршаллаш хатта. Делан долахь болчу массара а маршаллаш доуьйту шуьга. 13 Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика а, Делан безам а, Делан Синан тІекаре а хуьлийла шуьца массаьрца а.

Галатахошка 1

1 ХІара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахІала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дІахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Іийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а. 2 Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Іийсах тешначу нехан тобанашка. 3 Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна. 4 Вайн къинош бахьана долуш Ша дІавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кІелхьардахархьама. 5 Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин. 6 Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тІе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дІа а дирзина, кхечу хьехамна тІаьхьахІитта дохку. 7 Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш. 8 Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неІалт хуьлийла царна. 9 Айса хьалха ма-аллара, хІинца юха а боху ас: нагахь аша тІеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неІалт хуьлийла цунна тІехь. 10 Ткъа хІинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хІинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх деш верг хир вацара со. 11 Аса дІахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла. 12 ХІунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тІеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Іийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тІеийцира. 13 Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тІаьхьаваьллера со Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хІаллак а еш. 14 Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Іадаташ лардар тІехь хьалхе йоккхуш стаг вара со. 15 Со дуьненна тІе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца, 16 суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а, 17 я Ярушалайм-гІала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тІе. Амма со Іаьрби-махка а вахана, тІаккха Дамасакх-гІала юхавирзира. 18 Цул тІаьхьа, кхо шо даьлча, ШамІа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гІала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира. 19 Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна. 20 Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву. 21 ТІаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со. 22 Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тІера ца вевзара. 23 Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хІаллакдан тІаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дІадаккха гІиртина долу дин хІинца кхайкхош лелаш ву», – аьлла. 24 ТІаккха суна тІера цара Далла хастамаш бора.

Галатахошка 2

1 Цул тІаьхьа дейтта шо даьлча, со юха а Бар-Наабаца, сайца Тита а вуьгуш, Ярушалайме вахара. 2 Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТІаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дІабовзийтира, айса хьалха дина а, хІинца до а гІуллакх эрна ца хилар хаархьама. 3 Ур-атталла соьца волу Тита а, грекахо воллушехь, сунтван ца дийзира. 4 Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХІунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хиларна тхан йолчу паргІатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама. 5 Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тІехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама. 6 Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хІунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хІумма а тІе ца туьйхира. 7 Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра. 8 ХІунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал. 9 Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла. 10 Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чІогІа гІертара. 11 Ткъа Кипа Антиох-гІала веанчу хенахь, иза суна юьхь-дуьхьал волуш, со дуьхьалвелира цунна, и бехке волу дела. 12 ХІунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хІума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура. 13 Цуьнца цхьаьна кхиболу жуьгтий а буьйлабелира моттаргІанаш ян. Цундела ур-атталла Бар-Нааба а дІакхийтира моттаргІанаш лелочарех. 14 Амма, уьш хазачу кхоан тІера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гІертор бу уьш жуьгтийн Іадаташ тІе? 15 Вайшиъ дуьнен чуволуш дуьйна а жуьгти ву. Шайна тІехь къинош долчу къаьмнашна юкъа ца вогІу вайшиъ. 16 Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешнера, товрат-хьехамаш тІера гІуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХІунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца кІелхьардер дац. 17 Нагахь, Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларна, Далла хьалха ваьш бакъдар лоьххушехь вайшиъ а къинош летораш санна лелча, Дала леррина Къобалвинарг вуй те вайга къилахь долу гІуллакхаш дойтуш верг? Дера вац! 18 ХІунда аьлча, цкъа хІаллакдинарг юха меттахІоттош хилча, аса товрат-хьехамашна дуьхьал а ваьлла, со зуламхо хилар гойту. 19 Товрат-хьехамаша со хІаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа вāхархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жІарах дІатоьхча санна, велла. 20 Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар. 21 Сайна Дала маьхза делла дика дІа ца тотту ас. ХІунда аьлча бакъвар товрат-хьехамо кхочушдеш делахьара, Дала леррина Къобалвинарг валар эрна хир дара!»

Галатахошка 3

1 Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохаран сурт ма-хІуттура шун бІаьргашна дуьхьал! 2 Цхьа хІума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? 3 Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал? 4 Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх! 5 Шен Са а, шуна юкъахь дина Іаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?! 6 Делан Йозанаш тІехь ИбрахІимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». 7 Иштта хаалаш, билггала ИбрахІиман тІаьхьенах берш Делах тешарш бу. 8 Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахІиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла. 9 Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахІимца а декъала хуьлу. 10 Ткъа товрат-хьехамашна тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неІалтана кІел бу. ХІунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тІехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. 11 Ткъа товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хІунда аьлча: «Дала бакъвинарг Цунах тешарца вехар ву». 12 Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». 13 Дала леррина Къобалвинчо кІелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неІалтах, и неІалт Шена тІе а лаьцна. ХІунда аьлча Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Дечиг тІе дІатоьхначу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. 14 И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахІиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чІагІо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а. 15 Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чІагІбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хІумма а цунна я тІетоха, я иза бохо а. 16 Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг. 17 Ас бохург хІара ду: диъ бІе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чІагІо дІа а ца яьккхира Дала. 18 Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чІагІо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахІимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чІагІо ярна делла. 19 ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца. 20 Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву! 21 ТІаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чІагІонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХІунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара. 22 Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Іалашо яра Дала чІагІо еш лур ду аьлларг Іийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш. 23 Ткъа и тешаран зама тІекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц. 24 Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тІе хІоттийна волу тІехьожург санна, дара товрат, тІаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама. 25 Ткъа хІинца, и тешар деана дІахІоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин. 26 Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца шу массо а Делан кІентий ду. 27 ХІинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Іийсан бедарш тІеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша. 28 Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду. 29 Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тІаккха шу ИбрахІиман тІаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чІагІо еш, лур ду аьлларг.

Галатахошка 4

1 Амма аса боху шуьга: тІаьхьенах дакъа кхочун долу кІант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хІуманна тІехь лех къаста ца ло. 2 Цу берана тІехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тІехьожуш хІоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тІекхаччалц. 3 Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Іадатийн а долахь. 4 Ша билгалъяьккхина зама тІекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тІе ваьккхина волу Шен КІант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь, 5 цу хьехамийн долахь берш паргІат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама. 6 Ткъа хІинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КІентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Іийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» – бохуш. 7 Цундела хьо хІинца, лай а воцуш, Делан кІант ву. Ткъа хьох, кІант хилча, хьо Делехула Цуьнан тІаьхьенах а ву. 8 ХІетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара. 9 Ткъа хІинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Іадаташна а тІе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна? 10 Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша! 11 Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна. 12 Хилийша, вежарий, со санна! ХІунда аьлча со а ма хилира, шу санна. Аша хьалха-м цкъа а цхьа а вониг ма ца дира суна. 13 Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегІаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дІа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Іийса волуш санна, тІеийцира. 15 Ткъа хІинца стенга дахана шун хазахетар? Со тешна ву, хІетахь, шайн йиш хиллехь, шайн бІаьргаш схьа а даьхна, уьш суна дала а шу кийча хилла хиларх. 16 Ткъа хІинца, аса шуьга бакъдерг дийцича, сох шун мостагІа хилла? 17 Суна хаьа и шаьш хаза кхаъ бахьа болчух леларш шуна верасалла дан гІертий. Уьш шу шайгахьа даха лууш бу. Амма цара шу дикане далор дац. Царна, шу тхох дІа а къастийна, шун озабезам шайгахьа хила лаьа. 18 Гуттар а озабезамехь хилар дика ду, со шуьца волччу хенахь бен хилла а ца Іаш. 19 Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц. 20 Лаьар-кха суна, хІинца шу долччохь а волуш, кхечу озаца шуьца дийца, хІунда аьлча со инзар а вуьйлу шух, со кхеташ а вац-кх шух. 21 Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугІу те цу тІехь долчуьнга? 22 Цу тІехь яздина ма-ду, ИбрахІиман ши кІант хилла аьлла. Цхьаъ гІарбаш йолчу ХІажара винарг ву, важа паргІат йолчу ИбрахІиман зудчо винарг ву. 23 ГІарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргІат йолчо винарг Дала чІагІо еш аьллачуьнца вина ву. 24 Иза шен кхин маьІна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тІехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХІажар санна хуьлу. 25 Ткъа Іаьрби-махкахь болу Синай-лам «ХІажарца» боьзна бу. Иза хІинца а лаьттахь йолуш йолу Ярушалайм санна лору. ХІунда аьлча Ярушалайм а, Цуьнан бераш санна лоруш болу бахархой а лоллехь бу. 26 Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргІат ю. 27 Яздина ма-ду: «Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул». 28 Ткъа шу, динан вежарий, Исхьакх а санна, Делан чІагІонца хилла бераш ду. 29 ХІетахь стеган лаамца дуьнен чу ваьллачо Делан Са бахьана долуш ваьлларг эккхош хилла. Иза хІинца а ду иштта. 30 Ткъа хІун боху Делан Йозанаша? «ДІаэккхае гІарбаш шен кІантаца, хІунда аьлча гІарбашо винчу кІанта паргІат йолчо винчу кІантаца тІаьхьадисинарг цхьатерра доькъур дац». 31 Цундела, динан вежарий, вай гІарбашан бераш а доцуш, паргІат йолчун бераш ду.

Галатахошка 5

1 Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта. 2 Аса, ПахІала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна. 3 Аса кхин а цхьа тоьшалла до хІора ша сунтвойтуш волчуьнга, цо товрат-хьехамаш тІера дерриге а гІуллакхаш кхочушдан деза аьлла. 4 И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дІа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла. 5 Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш. 6 ХІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсаца тхо хІинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьІна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьІна долу хІума цхьаъ ду: безаман гІуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар. 7 Шу хаза догІуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тІаьхьахІитта новкъарло? 8 Шу бакъдолчунна тІера дІадохуш болу кхетам шуьга Шена тІекхойкхучу Делера бац. 9 «КІеззигчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо». 10 Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а. 11 Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хІинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тІаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жІарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара! 12 Шу гІалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Іаш, баьІна а хилахьара! 13 Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргІатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргІато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гІуллакхаш вовшашка безам болуш. 14 ХІунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьІна хІокху дешнаш чохь ду: «Хьайна уллораниг, хьо санна, веза». 15 Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хІаллак ца хилийта! 16 Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тІаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша. 17 Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама. 18 Ткъа Делан Сино шу лелош делахь, шу товрат-хьехамийн долахь дац. 19 Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хІума дар, 20 цІушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагІалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгІазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар, 21 цабезам хилар, малар тІехдаккхар, лар тІера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хІуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хІинца а боху аса шуьга, и гІуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац. 22 Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хІара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар, 23 эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац. 24 Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жІарах дІатоьхна. 25 Вайн дахар Делан Синца хилча, тІаккха Делан Сино ма-бохху лела вай. 26 Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгІазъоьхуш а, вовшашка хьагІ йолуш а.

Галатахошка 6

1 Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта. 2 Дала леррина Къобалвинчо тІедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гІо де. 3 Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Іехаво. 4 ХІораммо а дечу гІуллакхашца ша-шен зе, тІаккха цуьнан дозалла дан а йиш хир ю, ша кхечаьрца а ца вустуш. 5 ХІора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла. 6 Ткъа Делан дош тІеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга. 7 Шу Іеха ма лолаш! Дела-м Іехалур вац, хІунда аьлча адамо ша дІадийнарг хьокхур а ду. 8 Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хІу тосучо хІаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хІу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду. 9 Дика дан кІад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тІейогІур ю и хан, ваьш динчу гІуллакхийн кхиамаш вайна карош. 10 Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна. 11 Гой шуна мел даккхийчу элпашца яздо ас шуьга сайн куьйгаца?! 12 Шу сунтдан тІетеІош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта. 13 Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тІаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама. 14 Суна-м ца лаьа цхьана а хІуманна тІехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Іийсан, жІарах дІатохаран тІехь бен! И жІара бахьана долуш хІара дуьне суна дІадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дІаваьллера. 15 Я сунтвар а, я сунт ца вар а хІумма а доцу хІума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург! 16 И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла. 17 ТІаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хІунда аьлча Іийсан чевнаш аса сайн дегІаца лелош ю. 18 Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас, дина маьхза долу дика хуьлийла шун синошца, сан вежарий. Амин.

Эпасхошка 1

1 Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала яздо, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе. 2 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 3 Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Дела а, Да а. Цо Іийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца. 4 Дуьне а кхоллале, вай Іийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цІена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела, 5 хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Іалашо, иштта бара Цуьнан лаам. 6 Цунна везаш волчу Цуьнан КІантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна. 7 Іийсас Шен цІий Іанорца вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. 8 И дика тІех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а. 9 Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. 10 Ткъа Делан Іалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тІехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш. 11 Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хІума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Іалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта. 12 Дала леррина къобалвинчу Іийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза. 13 Шаьш кІелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тІе Шен мухІар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца. 14 Шен долахь берш кхоччуш паргІатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина. 15 И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Іийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана, 16 сайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тІера Далла баркаллаш боху аса. 17 Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Іийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кІоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла. 18 Шун дегнашна тІера пардо дІадоккхийла Цо, шу тІекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хІун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ 20 Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. 21 Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина. 22 Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта. 23 Іийсах тешачийн ерриге а тоба – Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хІума массанхьа а Шеца дузадо.

Эпасхошка 2

1 Ткъа шу хІетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш. 2 Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. 3 Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай. 4 Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, 5 къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна ду шу. 6 Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларехула. 7 Цо иза дина, тІейогІун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду. 8 Іийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгІат ду. 9 Аша дика гІуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де. 10 Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гІуллакхаш вайга кхочушдайтархьама. 11 Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догІура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цІе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара. 12 Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара. 13 Шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хІинца Цуьнан цІийца гергара хилла. 14 Іийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагІалла вайна юкъара дІадаьккхина Цо, 15 Шен дегІ сагІина дІадаларца. Цу тайпана, товрат тІехь долу тІедиллинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш. 16 ЖІарах дІатохар бахьана долуш, цхьана дегІа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагІалла дІадаьккхира Цо. 17 Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Іийсас, 18 хІунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Іийсагахула Дена тІекхочийла долу дела. 19 И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду. 20 Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу. 21 Иза бахьана долуш, и ерриге а гІишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цІа цунах хьала а хІоттош. 22 Иза бахьана долуш, шу а дІахІиттош ду, Дела Шен Синехула Іаш волу меттиг хилийтархьама.

Эпасхошка 3

1 Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахІала, доІа до. 2 Сан шеко яц, Дала Шен доккхачу диканца шун дуьхьа суна тІедиллинчу гІуллакхах лаьцна шуна хезна хиларх. 3 И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара. 4 Цундела, дІаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу. 5 Хьалхалерчу адамийн тІаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хІинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира. 6 Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегІан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала йинчу чІагІонийн декъахой а бу уьш. 7 Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гІуллакхдархо хилла сох. И Делан совгІат суна делла Цуьнан ницкъаца. 8 Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгІат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кІорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхор а, 9 Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хІума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле. 10 И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хІинца дІадовзийтархьама. 11 Абаденехь дуьйна билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула иза кхочушдина Дала. 12 Іийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тІекхочийла ду вайн. 13 Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор. И баланаш – шун сийлалла ду. 14 Цундела со сайн голашна тІе хІутту стигаларчу Дена хьалха. 15 Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тІехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу. 16 Ас доІа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чІагІбар доьхуш. 17 Иштта доІа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цІахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доІа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тІехь шу чІагІделла хилар а доьхуш. 18 Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кІорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам. 19 Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама. 20 Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна, 21 Цунна хастам бу динан ерриге а тобанера а, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца мел волчуьнгара а массо а тІаьхьенашкахь а, абаденналц а! Амин.

Эпасхошка 4

1 Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тІекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. 2 Вовшашна муьтІахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш. 3 Делан Сино луш йолу цхьаалла ларъян хьовсалаш, вовшашца уьйр хуьлуьйту барт а болуш. 4 Массо а тешачийн цхьа дегІ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тІекхайкхина ма-хиллара. 5 Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду. 6 Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тІехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву. 7 Ткъа вайх хІоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара. 8 Цундела Делан Йозанаша боху: «Лакхенга хьала а ваьлла, Ша йийсар биначарна хьалхахІоьттира Иза. Адамашна Цо совгІаташ делира». 9 Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хІун ду, цкъа хьалха лаьтта тІе охьавеанера Иза бохург дацахь? 10 Охьавеанарг а, Шеца массо а хІума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву. 11 Цо Ша дІахІиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгІанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Іуьно жа санна, динан тоба Іалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина. 12 Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гІуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегІ дІахІотто а. 13 Тешарехь а, Делан КІант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц. 14 Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгІенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Іехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хІилланца вай тиладолуьйту. 15 Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хІуманна тІехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта – Дала леррина Къобалвинарг ву. 16 Цуьнан дегІ хилла лаьтташ йолу ерриге а динан тоба а Цунах хьалакхуьу. Цуьнан олаллехь йолу массо а тайпана дегІан меженаш хьорзамашца вовшах а тосу, цхьаьна а латтайо. ХІора межено, шен-шен похІме хьаьжжина, болх а беш, дерриг а дегІ безамца хьала а кхиадой, дІахІоттадо. 17 Цундела, Везачу Элан цІарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хІинца чул тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Іелаш. 18 Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хІунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хІуъа а бен ца хеташ а ду. 19 Дерриг эхь а дайина, шайн догІмийн боьхачу лаамашна тІаьхьа а бевлла, шаьш лелош долу тайп-тайпана маьттаза хІуманаш ца Іебаш кхочушдо цара. 20 Амма Дала леррина Къобалвинарг иштта ца вевзинера шуна. 21 Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна хезнера. Цуьнца доьзна шу хиларе терра, Іийсах лаьцна долу билггал бакъдолчуьнца догІуш ма-хиллара шу Іамийнера. 22 Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Іехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам. 23 Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта. 24 Билггал нийса а долуш, цІена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дІахІитта. 25 Вай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дІа а таттий, хІораммо а шен уллора волчуьнга билггал бакъдерг дийца. 26 Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дІа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш. 27 Ма йита иблисана цхьа а меттиг. 28 ХІума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТІаккха мискачунна кховдо хІума а хир ю цуьнан. 29 Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хІиттош, ладугІуш болчарна тамехь а долуш. 30 Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тІе тоьхна мухІар ма ду Иза, паргІатдахаран денна тІекхаччалц. 31 Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тІера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгІазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дІадаккха. 32 Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтІера довла.

Эпасхошка 5

1 Иштта, Далла дезна долу бераш шу хиларна, Делах тера хилалаш. 2 Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна. 3 Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бІаьрмециг хилар а – и хІуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цІе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь. 4 Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргІада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гІоле ду шуна. 5 ХІунда аьлча хІара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бІаьрмециг верг (иза цІушна Іамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац. 6 Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча уьш бахьана долуш тІейогІу муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло. 7 Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь. 8 Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хІинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш. 9 ХІунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо. 10 Везачу Элана тамехь дерг хІун ду те бохуш, зуьйш хилалаш. 11 Стом ца лучу боданечу гІуллакхашна юкъа ма гІерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш. 12 ХІунда аьлча цара къайлаха лелош дерш дийца а эхь долуш ду. 13 Ткъа нагахь и дерриг а серлонга даккхахь, церан бакъйолу амалш гучуевр ю. 14 Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагІатта, вижина Іуьллург, беллачарна юкъара денло, тІаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо серлавоккхур ву». 15 Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш. 16 Мел хуьлучу таронах пайда эца, хІара зама мекара йолу дела. 17 Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гІерталаш. 18 Сийсаза лелар долуьйту чагІар тІех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш. 19 Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тІера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш. 20 Даим а, массо а хІуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Іийсан цІарах. 21 Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтІахь хилалаш. 22 Зударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтІахь хилалаш. 23 ХІунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегІ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КІелхьарйоккхург ма ву Иза. 24 Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтІахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хІуманна тІехь шайн майранашна муьтІахь хила беза. 25 Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дІаделла Цо. 26 Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а, 27 динан ерриге а тоба цхьа а томмагІа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хІума а доцуш, амма цІена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дІахІотторхьама. 28 Иштта, майранаш, шайн догІмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза. 29 ХІунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегІ ца дезаш. Мелхо а, шен дегІ цо кхаба а кхобу, Іалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна. 30 Вай Цуьнан дегІан меженаш ма ю. 31 «Цундела стаг, шен да а, нана а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху. 32 Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду. 33 Амма и дешнаш шуьга а ду: шух хІоранна а шен зуда, ша-шена ма-веззара, езаш хила еза, ткъа зудчо шен майра лара веза.

Эпасхошка 6

1 Бераш, шу Везачу Элаца хиларна, шайн дай-наношна муьтІахь хилалаш, хІунда аьлча иза нийса ду. 2 «Шайн да а, нана а лара» – чІагІо тІетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза: 3 «хьайна дика дайтархьама а, хьо лаьтта тІехь дукха вахийтархьама а». 4 Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгІаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Іама а беш. 5 Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цІеначу дагца муьтІахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь шаьш ма-хиллара. 6 Царна муьтІахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргІанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш. 7 Хазахетарца, Везачу Элана деш санна, гІуллакх делаш, адамашна деш санна а доцуш. 8 Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг. 9 Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тІехь а, шайна тІехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо. 10 Ткъа тІаьххьара а бохург хІара ду: чІагІло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а. 11 Иблисо деш долчу вонашна дуьхьалхІитта шайн ницкъ хилийтархьама, Делан дерриге а герзаца кечлой хила. 12 ХІунда аьлча вай адаман дилхана а, цІийна а дуьхьал беш бац тІом, амма стигалшкахь болчу хьаькамашна а, олалла дечарна а, кху боданечу дуьненан куьйгалхошна а, харцжинашна а дуьхьал беш бу. 13 Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тІедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хІума кхочушдича, кхидІа а латтархьама а. 14 Цундела иштта дІахІитталаш: шайн гІодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дІа а ехкий, нийсонан гІагІ шайна тІе а духий, 15 машарах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхо кийча хиларан мачаш шайн кога а юхий. 16 Цу массо а хІуманна тІе тешаран турс схьаэца – цІе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дІадайа таро хир ю шун. 17 КІелхьардовларан гІем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду. 18 Муьлххачу а хенахь Делан Синан гІоьнца доІанаш делаш, массо а тайпана доІа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тІера кхидІа доІанаш а делаш. 19 Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш. 20 Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Іийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дІакхайкхабайта алий. 21 Ткъа сох лаьцна а, сан гІуллакхех лаьцна а – шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гІуллакхдархочо ТихІака дІадуьйцур ду шуна. 22 Шу долчу, тхан гІуллакхех лаьцна шуна дІахаийта а, шун дегнаш тедархьама а, аса леррина вохуьйтуш ву иза. 23 СинпаргІато а, тешарца болу даггара безам а хуьлийла динан вежаршна Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. 24 Делан дика хуьлийла хедар боцучу безамца вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвина Іийса везачаьрца массаьрца а.

Пилапхошка 1

1 Дала леррина къобалвинчу Іийсан ялхоша, ПахІала а, Тимапис а, яздо Пилап-гІалахь Іаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гІайгІабийраш а, динан куьйгалхойн гІоьнчаш а болчаьрга. 2 Делан доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. 3 Шу дага мосазза догІу, аса хастамаш бо сайн Деле. 4 Шуна массарна тІера айса мел до доІа даим хазахетарца до аса, 5 шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дІасабаржор тІехь аша дакъалоцу дела. 6 Со теша, шуна чохь и дика гІуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волу де тІекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла. 7 Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гІуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чІагІбечу а хенахь а. 8 Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Іийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан. 9 Аса доьху Деле шун даггара болу безам хІума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар, 10 шайна гІоле дерг хІун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шу цІена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а, 11 Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гІуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а. 12 Динан вежарий, шуна дІахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дІакхайкхорна тІехь кхин а сов аьтто баьлла хилар. 13 Дала леррина Къобалвинчунна со тІаьхьахІоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цІенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дІахиънера. 14 ХІинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чІагІделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш. 15 Бакъду, цхьаболчара хьагІ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна. 16 Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дІахІоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела. 17 Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цІена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш. 18 Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргІанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву. 19 ХІунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доІанашца а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Синан гІоьнца а со паргІатвалийта суна диканна дуйла. 20 Сайн кІорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хІуманна тІехь юьхьІаьржачу хІуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хІинца а соьгахула лакхавалийтархьама – со вехар велахь а, я лийр велахь а. 21 ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Іожалла – суна пайда хилар ду. 22 Нагахь сан дахар кхидІа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза. 23 Шинна а агІор Іожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хІунда аьлча иза дуккха а гІолехь хир дара. 24 Ткъа со кху дуьненахь вехаш Іар шуна пайдехь ду. 25 Оцу тІехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама. 26 ТІаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца шу доьзна а долуш. 27 Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. 28 Цхьана а хІуманна тІехь мостагІех ма кхера: иза уьш хІаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кІелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кІелхьардовлар Делера хир ду. 29 ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Іаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна. 30 Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тІамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тІом бара. Ткъа хІинца, шуна ма-хаззара, со кхидІа а оццу тІамехь лаьтташ ву.

Пилапхошка 2

1 Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахІуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тІекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун? 2 Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Іалашо а йолуш. 3 Цхьа а хІума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хІораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш. 4 ХІораммо а, шен-шен бен гІайгІа йина ца Іаш, кхечун а гІайгІа е. 5 Шайн дегнаш чохь Дала леррина къобалвина Іийса санна хилалаш. 6 Делан вастехь Ша велахь а, Цунна ца хетара, Ша Делах тера хиларх Ша пайда эца беза аьлла. 7 Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза. 8 Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза. 9 Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дІа а хІоттийна, 10 стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Іийсан цІе лоруш, гора а хІиттина, суждане бахийтархьама а, 11 Да волчу Делан сийлаллина Цо леррина къобалвина Іийса Веза Эла хиларх лаьцна хІора адаман матте тоьшалла дайтархьама а. 12 Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтІахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чІогІачу кхерарца а, дегІе зуз дарца а кхидІа къахьегалаш, шайн кІелхьардовлар кхочушхилийтархьама. 13 ХІунда аьлча Шен дикачу Іалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гІуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву. 14 Дерриг а шаьш дийриг, яппарш а ца еш, къийса а ца луш, делаш, 15 Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цІена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу, 16 дахар луш болу кхаъ царна дІа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хІунда аьлча тІаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар. 17 Со вен там бу. Ткъа сан валар чагІаран сагІанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гІуллакхдаран сагІина тІе Іанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со. 18 Оцу хІуманна а соьца цхьаьна даккхийде шу а. 19 Веза Эла волчу Іийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахІотторхьама. 20 Цуьнга кхочуш а, цо санна доггах шун гІайгІа бийр болуш а сан цхьа а вац. 21 Массара а, Дала леррина къобалвинчу Іийсана луург а ца лоьхуш, шайна пайдехьа дерг лоьху. 22 Ткъа Тимапи, зийначул тІаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КІанта шен деца ма-дарра, цо соьца гІуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа. 23 Сайх хиндерг ма-къаьсттина, иза шу долчу дІахьажо дагахь ву со. 24 Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дІавогІур ву. 25 Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дІавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тІемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гІуллакх дан ваийтина ма вара. 26 Шен цамгарх лаьцна шуна хезна дела, шу массо а ган лууш, воьхна хьийзаш вара иза. 27 Иза дІакхалха там болуш вара. Дала къинхетам бира цунах. Ткъа цунах бина а ца Іаш, сох а бина къинхетам, сан сингаттамашна тІе и сингаттам тІе ца кхоьтуьйтуш. 28 Цундела суна кхин а чІогІа лаьа иза шу долчу дІахьажо: иза юха а ган а гина, шуна хазахетар хилийта а, сайн сингаттамаш лахбалийта а. 29 Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тІеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш. 30 ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх бахьанехь вала гергга вара иза. Шу суна гІуллакх дан йиш йоцуш хиларна, цо, шен дахар а ца кхоош, шун метта, суна гІо дора.

Пилапхошка 3

1 Ткъа хІинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду. 2 Ларлолаш зуламаш дечарах! Уьш жІаьлех тера бу, цара шайн бехке меттиг хадорца шаьш сакхт до! 3 ХІунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гІуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Іаш а дац. 4 Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Іен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Іен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду. 5 ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со. 6 Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Іийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъваре хьаьжжина, ала цхьа а хІума доцуш вара со. 7 Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса. 8 Цул сов, кхидолу массо а хІума эрна хета суна, хІунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хІуманах ваьлла. Кхидолу массо а хІума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а, 9 Цуьнца цхьаьна хилархьама а. Ас-айса, товрат-хьехамаш кхочушбарца а доцуш, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешарца Далла хьалха бакъвина ву со. Иштта Дала Ша со бакъвира, Іийсах тешарна. 10 Дала леррина Къобалвинарг кІоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Іожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна, 11 Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса. 12 Аса ца боху, оцу массо а хІумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас со дола ваьккхинчу Іалашоне кхача гІерташ ву со. 13 Динан вежарий! Оцу Іалашоне со кхаьчна ваьлла аьлла ца хета суна. Делахь а цхьа хІума кхочушдо ас: сайна тІехьа дерг диц а деш, хьалха долчунна тІекхача гІерташ ву со. 14 Иштта, сан Іалашо ю, къовсамехь санна, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула со стигала тІекхайкхинчу Дала суна лун долчу совгІатна хьалха тІекхача. 15 Іийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тІехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дІадоьллур ду. 16 Вуьшта, хІинца ваьшна девзина долчуьнца кхидІа а даха деза вай. 17 Динан вежарий! Кхиберш санна, сох масал оьцуш хилийша. Оха шуна гайтинчу масалца бехачаьрга хьовсалаш. 18 ХІунда аьлча дукхахберш Дала леррина Къобалвинчун жІаран мостагІий санна лелаш бу. Аса сих-сиха дуьйцура шуьга царах лаьцна, ткъа хІинца-м, бІаьрхиш а Іенош, дуьйцу аса. 19 Церан кхоллам – хІаллакьхилар ду. Церан дела – гайна там бар ду. Эхьечу гІуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хІуманийн бен, ойла ца йо. 20 Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КІелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай. 21 Вайн сий доцу догІмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегІах а тардина. И дийр ду Цо массо а хІума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.

Пилапхошка 4

1 Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хІинцца ма-дийццара, чІогІа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь. 2 Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву! 3 Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагІ, гІо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тІехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина ю. 4 Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде! 5 Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву. 6 Цхьана а хІуманан гІайгІа ма е, амма мел дечу доІанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дІахаийта. 7 ТІаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогІучу синпаргІатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна долу дела. 8 Ткъа хІинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цІена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е. 9 Соьгара шайна Іеминарг, дІаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТІаккха синпаргІатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву. 10 Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гІайгІа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хІинццалц а дара сан гІайгІа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта. 11 Сайна цхьа хІума оьшу дела, ца боху аса иза. ХІунда аьлча сайна хІуъа а тІедеача а, со Іемина ву сайн долчух тоам а беш Іен. 12 Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хІума долуш я хІума оьшуш велахь а. 13 Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хІума лан хаьа. 14 Делахь а аша дика гІуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна. 15 Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дІакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хІума ца кховдийра, аша суна гІо ма-дарра. 16 Аша-м со Тассалник-гІалахь волуш а, суна хІума эшча, мосуьйттазза гІо динера. 17 Сайна совгІаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гІуллакхийн кехатна тІе кхин а хІуманаш дІаяздина хилар лоьху ас. 18 ХІинца шортта хІума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгІаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду и совгІат, Дела цунна реза а ву. 19 Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду. 20 Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин. 21 Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. 22 Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цІерачара. 23 Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а.

Ковлусихошка 1

1 Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, динан вашас Тимапис а яздо 2 Ковлуси-гІалахь бехачу Дала базбинчу а, Далла тешамечу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна а болчу динан вежаршка. Вайн Да волчу Делера долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 3 Шуна тІера доІанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волчу Далла. 4 ХІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсах шун тешар хиларх а, массо а Делан долахь берш шуна безарх а лаьцна хезна тхуна. 5 Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна. 6 Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тІехь шен стом луш а, дІасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара. 7 И хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гІуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву. 8 Делан Сино шуна беллачу безамах лаьцна тхоьга хаам бинарг а иза вара. 9 Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. 10 Иза иштта хилахь, массо а хІуманна тІехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гІуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тІехь кхиамаш а бохур бу аша. 11 Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чІагІдина хуьлийла, массо а хІума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца 12 стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву. 13 Вай, боданан олаллех кІелхьара а даьхна, Шен везаш волчу КІентан олалле даьхна Цо. 14 Цуьнгахула вай паргІатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала. 15 Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хІуманал тоьлуш а волуш. 16 Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хІума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду. 17 Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту. 18 Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегІ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хІуманна тІехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама. 19 ХІунда аьлча Далла тамехь дара Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар. 20 Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хІума Шеца тайта. ЖІара тІехь Іанийначу Шен КІентан цІийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо. 21 Аша дечу вочу гІуллакхаша гойтура, цхьана хенахь шу а Далла херадевлла хилар. Шайн кхетамехь Делан мостагІий дара шу. 22 Ткъа хІинца, Ша леррина Къобалвинчун дегІан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цІена а, ала хІума доцуш а дІахІитторхьама. 23 Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. 24 Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хІинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегІа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьахІиттинчара Цуьнан дегІан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегІ – Іийсах тешачу массеран а тоба ю. 25 Дала суна тІедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гІуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта. 26 Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бІешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дІакъевлина яра. Ткъа хІинца иза Шен долахь болчарна дІайовзийтина Дала. 27 Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дІахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле. 28 Дала леррина Къобалвинарг вай дІакхайкхаво, хІора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Іама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дІахІотторхьама. 29 Сайна чохь болх беш болчу Цуьнан ницкъаца оцу Іалашонна къахьоьгуш ву со.

Ковлусихошка 2

1 Суна шуьга дІахаийта лаьа, мел чІогІа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а. 2 Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахІитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чІогІа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву. 3 Цунна чохь къайлаяьккхина ю кІоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна. 4 Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Іеха ца далийтархьама. 5 ХІунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чІогІа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со. 6 Дала леррина къобалвина Іийса шаьш Веза Эла санна тІеэцарна, Цуьнца доьзна а долуш, дахалаш. 7 Шайн тешаран орамаш Цунах дІа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чІагІлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш. 8 Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Іадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тІехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац. 9 ХІунда аьлча адаман сибат тІеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Іаш ву. 10 Шу а ду кхачам боллуш дуьзна, шу Цуьнца доьзна долу дела. Стигалийн мел болчу хьаькамел а, куьйгалхойл а коьрта ву Иза. 11 Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дІабаьхна. 12 Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дІадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца. 13 Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина. 14 Цо дІадайина вайн декхар тІеяздина долу йоза. Оцу кехат тІехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖІарах дІа а тоьхна, Дала и кехат дІадаьккхина. 15 Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дІадаьккхина Цо. Іийса жІарах дІатохарехула царна тІехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьІаьржачу хІиттийра Цо. 16 ХІинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла. 17 ХІунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегІан ІиндагІ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду. 18 Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Іамал ян а деза бохучо шу Іеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тІе а чІагІдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган. 19 ДегІан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тІе ца гІерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегІ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду. 20 Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Іадатийн а долара схьадевлла хилча, хІунда гІерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна, 21 «хІокхунах ма хьакхалолаш», «хІара ма яалаш», «кхунах куьг ма Іотталаш» бохучу сацамашна тІе? 22 Диина даьлча, телхина дІадер долчу хІуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац. 23 ТІехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Іамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догІмашна тІехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац.

Ковлусихошка 3

1 Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агІор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла. 2 Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза. 3 ХІунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дІахьулдина ду. 4 Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догІур ду. 5 Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хІаллакбелаш: нахаца лелар, цІена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хІунда аьлча сутара хилар цІушна Іамал яр санна ду). 6 Иштта дерг лелорна муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло тІейогІур ю. 7 Мацах шу а ма дара иштта лелаш, шайн дахар цу хІуманех дуьзна долчу хенахь. 8 Ткъа хІинца и шадерг дІадаккха: дералла, оьгІазалла, хьагІ, вониг дийцар, боьха бага леяр. 9 Вовшашка харц ма ле, хІунда аьлча шайн шира адам цуьнан гІуллакхашца цхьаьна аша дІа ма тесна. 10 Керла адам а хилий, дІахІитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц. 11 Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву. 12 Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш. 13 Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра. 14 Даггара вовшашка болу безам дерриг а цу хІуманашна тІетоха. Массо а хІума кхачаме цхьаьна доьхкург безам ма бу. 15 Дала елла йолу синпаргІато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегІ а дина, синпаргІатоне тІекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила. 16 Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала. 17 Дашца я гІуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Іийсан цІарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш. 18 Зударий, шайн майранашна муьтІахь хила, хІунда аьлча иза шун декхар ду, Везачу Элаца шу доьзна хиларна. 19 Майранаш, шу а шайн зударий безаш хила, цаьрца буьрса ма хила. 20 Бераш, массо а хІуманна тІехь шайн дас-нанас боххург деш хила, хІунда аьлча иза Далла хазахетарг ду. 21 Дай, шайн бераш оьгІаз ма эхийта, дог доьхна уьш ца хилийтархьама. 22 Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хІуманна тІехь муьтІахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Іаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцІена а лела. 23 Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна. 24 Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгІатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гІуллакх деш волу Эла ма ву. 25 Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таІзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.

Ковлусихошка 4

1 Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тІехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла. 2 Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доІанаш делаш. 3 Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. 4 Дехалаш Деле, и къайле дІакхайкхо еззачу тайпана дІакхайкхо суна хаийта алий. 5 Арахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегІийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш. 6 Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хІоранга а жоп муха дала деза а хууш. 7 Сох лаьцна шадерг ТихІака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гІуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза. 8 Тхоьгахь хІун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахІитто а воуьйту аса иза шу долчу. 9 Шу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна. 10 Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тІедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.) 11 Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаІа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чІогІа догъоьцура цара. 12 Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тІера дечу доІанашкахь, шайн тешарна тІехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а. 13 Лаудика-гІалахь а, ХІерапал-гІалахь а долчу шуна Эпарпис чІогІа къахьоьгуш хиларх тоьшалла до аса. 14 Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а. 15 Маршаллаш ло Лаудикехь болчу динан вежаршка а, Нумпате а, цуьнан цІерачу динан тобане а. 16 ХІара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дІадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша. 17 Арихупе иштта дІаала: «Варелахь, Везачу Элаца волуш айхьа тІелаьцна долу деза гІуллакх кхочушделахь». 18 Аса сайн куьйгаца яздо шуьга хІара тІаьххьара долу маршалла. Со набахтехь хилар диц ма делаш. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

1 Тассалникьхошка 1

1 ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешачийн Тассалник-гІалара тобане. Делан дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 2 Тхайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тІера даим Далла хастам бо оха. 3 Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гІуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Іийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. 4 Далла безна болу динан вежарий, шу Дала хаьржина хилар хаьа тхуна. 5 Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Іаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Іара. 6 Делан дош тІе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дІахІитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна. 7 Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Іийсах тешаш болчарна шух масал хилла. 8 Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Іаш, массо а кхечу меттигашка а дІасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хІумма дац. 9 ХІунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тІе муха даьхкира а, иштта шу, цІуйх дІа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гІуллакх дархьама. 10 Цара дуьйцу, Делан КІант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгІуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тІейогІу йолчу Делан оьгІазлонах вай кІелхьардоху волу а Іийса ма ву и КІант.

1 Тассалникьхошка 2

1 Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тІедахкар эрна ца хилар. 2 Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гІалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гІиртира. 3 ХІунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гІертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хІилла дар. 4 Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш, бо оха и хьехамаш. 5 ХІунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх! 6 Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тІе ца дуьллу оха. 7 Тхаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш хиларе терра, тхаьш лоруьйтуш дахка йиш яра тхан, делахь а, бераш кхобург шен берашца кІеда-мерза ма-хиллара, шуна юкъахь тийна Іийра тхо. 8 Иштта тхо шух дІаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Іаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дІадала лиира тхуна. 9 ХІунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогІу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а. 10 Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цІена а, Делан лаамехь а, ала хІума а ца дуьтуш тхо муха Іара. 11 Шуна хууш ду-кх, шух хІора а, дас шен бераш санна, лелавора оха. 12 Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хІиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама. 13 Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тІеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хІара дош болх беш а ду. 14 Динан вежарий, шу ЯхІуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. 15 Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса а, пайхамарш а яхІудхоша байинера. Тхо а дІалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагІий хилла царах. 16 Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кІелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тІехбоккху, амма Делан оьгІазло эххар а тІекхаьчна царна. 17 Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гІертара тхо. 18 Цундела тхуна шу долчу дахка лаьара. ПахІал волу со цкъа а, шозза а гІоьртира шу долчу ван, амма иблисо тхуна массарна а новкъарло йора. 19 Ткъа мила ву хІинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Іийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогІуш, хиндерш? 20 Шу ду тхан сийлалла а, хазахетар а.

1 Тассалникьхошка 3

1 Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гІалахь севцира тхо. 2 Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гІуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чІагІдалийта а, Делах тешаран гІуллакхна тІехь шун дегнаш иракарахІитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла. 4 Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дІахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира. 5 Цундела, шун Іийсах тешаран гІуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера. 6 Ткъа хІинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга. 7 Ткъа мел баланехь а, халонашкахь а тхаьш делахь а, Везачу Элах шу тешар бахьана долуш, динан вежарий, шух синтем хилла тхуна. 8 Шу Везачу Элаца чІагІделла долу дела, тхо хІинца ирсе деха. 9 Шуна тІера Далла тоъал баркаллаш муха эр дара те оха? Шу бахьана долуш Далла хьалха даккхийдеш ма ду тхо. 10 Шун юьхь гархьама а, шун тешар кхочушхилийтархьама а, дийнаххьий, буьйсанний доггах доІанаш дийр ду оха. 11 Вайн Да волчу Дала Ша а, Вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а некъ боккхийла тхуна шу долчу дахка. 12 Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла. 13 Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чІагІдархьама. ТІаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Іийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогІучу хенахь. Амин.

1 Тассалникьхошка 4

1 Ткъа хІинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тІехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар. 2 Веза Эла волчу Іийсагара шайна оха хІун весеташ делла, шуна хаьа. 3 Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догІмаш лардан деза аша, хІунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дІакъасто. 4 Шух хІоранна а хаа деза, цІена а, шен сий лардеш а, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегІ цІена латто хІун дан деза. 5 Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу. 6 Цхьана а хІуманна тІехь шайн вешина хьарам долу гІуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агІо лоьхуш ма хила, хІунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таІзар до. Шуьга иза дІахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара. 7 Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цІена лелийтархьама хаьржина. 8 Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу. 9 Шуна вовшийн деза Дала Ша Іамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хІума дийца оьшуш дац. 10 ХІунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чІагІдар тІедуьллу оха шуна. 11 Шу чІогІа гІерта деза тийна даха. Шайн гІуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха. 12 Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тІехь а цхьаннан а гІо оьшуш а хир дац шу. 13 Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гІайгІанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Іа ца лаьа суна. 14 Вай Іийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Іийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша. 15 Везачу Элан дашца боху хІара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. 16 ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. 17 Цул тІаьхьа вай, далаза диснарш, царах дІа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТІаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду. 18 Иштта, хІокху дешнех вовшашна синтем а беш Іе.

1 Тассалникьхошка 5

1 Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хІумма а яздан оьшуш дац. 2 Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цІеххьана вогІу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тІекхочур ду Везачу Элан де. 3 «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац. 4 Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тІекхача. 5 Шу массо а серлонан кІентий а, дийнан кІентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кІентий дац. 6 Цундела вай дийшина Іан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. 7 ХІунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха. 8 Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза. 9 Вай Дала оьгІазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна кІелхьардовлар далархьама хаьржина ду. 10 Іийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогІучу хенахь вай дийна я делла делахь а. 11 Цундела, хІинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чІагІдала гІо а де. 12 Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гІуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар. 13 Церан болх бахьана долуш уьш тІехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Іелаш. 14 Кхин а чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гІийлачарна гІо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а. 15 Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гІорталаш. 16 Гуттара а самукъане а хилалаш, 17 даим а доІанаш деш а хилалаш, 18 массо а хІуманна Далла хастам а белаш, хІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела. 19 Йовш йолу цІе санна, Делан Са дІа ма дайталаш. 20 Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш. 21 Массо а хІума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш. 22 Муьлххачу а зуламах ларлолаш. 23 Вайн синна паргІато луш волчу Дала Ша цІан а дина, массо а агІор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегІ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу хенахь дуьззина къинойх цІена латтадойла. 24 ТІекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хІара. 25 Динан вежарий! ДоІанаш делаш тхуна тІера. 26 Массо а динан вежаршка доггах маршалла ло. 27 Везачу Элах дуй баарца доьху хІара кехат массо а динан вежаршна дешар. 28 Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда.

2 Тассалникьхошка 1

1 ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо Тассалник-гІалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешначийн тобане. 2 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 3 Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Іийсах тешарехь шу чІагІлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хІунда аьлча шуна массарна а юкъахь хІораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу. 4 Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх. 5 Цу дерригено а гойту Делан кхел нийса хилар. Делан олалла бахьана долуш аша хІинца баланаш ловш болу дела, шу хьакъ долуш хетар ду Цуьнан олалле кхача. 6 Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо, 7 ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь. 8 Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо. 9 ТаІзар а дина, уьш гуттаренна а хІаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дІабаьхна хир бу уьш. 10 И таІзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тІеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Іийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела. 11 Цундела шуна тІера оха даим доІанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гІуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха. 12 Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Іийсан цІе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гІарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долчу диканца хир ду иза.

2 Тассалникьхошка 2

1 Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен тІе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна: 2 шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогІу де тІекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тІехь дІаязбина бу аьлла. 3 Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча адам, Іеса а даьлла, Далла дуьхьал эргІаддаьлча а, хІаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тІедогІур доцу дела. 4 «Дела» аьлла, цІе йоккхучу а, адамаша Іибадат дечу а массо а хІуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цІа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза. 5 Дага ца догІу шуна, шу долчохь со волуш, аса шайга и дийцар? 6 Ткъа хІинца шуна хаьа, иза сецош дерг хІун ду. И бахьана долуш шен хеннахь бен иза гучувоккхур вац. 7 Къайлаха долу зулам хІинцале а къахьоьгуш ду. Амма хІинца а иза сецош волчо кхин дІа а сецор ву, новкъара иза Дала дІаваккхалц. 8 ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву. 9 Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Іаламаташ а гойтуш лелар ву иза. 10 Шаьш кІелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тІе ца эцарна а, иза ца дезарна а хІаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза. 11 Цундела Дала чІогІа Іехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш. 12 ТІаккха билггал бакъдолчух а ца тешна, харцдерг дезначарна Дала кхел йийр ю. 13 Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кІелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тІера Деле даим баркаллаш баха деза оха. 14 Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама. 15 Цундела, динан вежарий, чІагІлой Іелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тІехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха. 16 Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахІиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна. 17 Муьлххачу а аша олуш долчунна тІехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гІуллакхашна тІехь а, иракара а хІиттош, Дала чІагІдойла шу.

2 Тассалникьхошка 3

1 Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дІасабаржийта а, лоруш тІеэцийта а тхуна тІера доІанаш делаш. 2 Кхин а дехалаш мекара а, вон а нах вайх дІакъастор, хІунда аьлча берриш а ма бац цу кхоах тешаш. 3 Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чІагІ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду. 4 Оха шайна хьоьхург аша кхочушдеш хиларх а, кхин дІа а кхочуш дийриг хиларх а Везачу Элаца хиларна, шух лаьцна долчух шеко йоцуш тешар ду тхан. 5 Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тІехьажадойла. 6 Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. 7 Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора. 8 Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха. 9 Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама. 10 Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хІара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хІума а ма яа», – аьлла. 11 Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Іаш бу бохуш, хеза тхуна. ХІумма а ца деш болу уьш нехан гІуллакхашна чу юкъагІерта. 12 Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарах тІедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догІу рицкъа даккха а, синна паргІат хила а. 13 Ткъа аша, динан вежарий, дарх кІорда а ца деш, диканиг де. 14 Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта. 15 Иза мостагІа санна ма лара, амма, шайн ваша хиларе терра, иза кхетаве. 16 Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хІуманна тІехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а! 17 Аса, ПахІала, сайн куьйгаца яздечу маршаллица чекхдоккху хІара кехат. Соьгарчу хІора кехатан билгало ю иза. Аса иштта яздо: 18 Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

1 Тимапига 1

1 Со, ПахІал, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КІелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а. 2 ХІара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кІант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хуьлда хьуна. 3 Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь. 4 Къийсаршна тІе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Іалашонна тІе ца балабо уьш. 5 ЦІеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дІабехкаран Іалашо. 6 Оцу хьехамашна тІера дІа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла. 7 Товрат-хьехаман Іелам-хьехамчаш хила лаьа царна. Делахь а уьш шаьш а ца кхета я шаьш дуьйцучух я шаьш тешарца хьоьхучух. 8 Ткъа вайна-м хаьа, товрат-хьехамаш дика буйла, нагахь санна уьш лело ма-беззара лелош белахь. 9 И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Іедална муьтІахь боцучарна, Іесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу. 10 Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догІуш лелочу массо а хІуманна бина бу и товрат-хьехамаш. 11 Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш. 12 Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гІуллакх дан со билгалваьккхина Цо. 13 Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела. 14 Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тІеІаьнна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна. 15 «Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кІелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву. 16 Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Іийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тІехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тІеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза. 17 Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин. 18 Хьехам бо ас хьуна, сан кІант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тІемалочо санна, къовсам латтабойла, 19 хьайн тешар а, сий а лардеш. Цхьаболчара уьш юхатеттинера, цундела церан тешар хІаллакьхилла, бохам баьлча доьхна хинкема санна. 20 Ишттачех бу ХІуьманай а, Искандар а. Іеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дІабелла.

1 Тимапига 2

1 Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доІанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а, 2 паччахьашна а, массо а олалла дечарна а тІера. Иштта доІанаш де, вай ваьш мел хилало суьпа а, оьзда а хуьлуш, иштта тийна а, маьрша а дахар хилийтархьама. 3 ХІунда аьлча вайн КІелхьардохург волчу Далла хьалха иза дика а, Цунна тамехь дерг а ду. 4 Цунна лаьа массо а адамаш кІелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а. 5 Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Іийса ву. 6 Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дІаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла. 7 Кхечу къаьмнашна Іийсах долчу тоьшаллина векал а, хаза кхаъ кхайкхорхо а вина сох. Царна бакъдолчу тешарх лаьцна хьеха дІахІоттийна со. Билггал бакъдерг боху ас, аьшпаш а ца бутту ас. 8 Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доІанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доІа деш болу уьш цІена а, Далла тешаме а оьгІазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза. 9 Иштта зударий а доІа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхІарех йина хІуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза. 10 Амма уьш шайн дикачу гІуллакхашца хаза хила беза, Дела лоручу зударшца иза догІуш ма-хиллара. 11 Зуда Іемачу хенахь тийна а, хьоьхучунна кхоччуш муьтІахь а хила еза. 12 Ца магадо ас зуда хьехамаш беш хилар. Божаршна тІехь куьйгалла а ца деш, тийна хила еза иза. 13 ХІунда аьлча Дала хьалха кхоьллинарг Адам вара, тІаккха Хьава яра. 14 Іехавелларг а Адам вацара, ткъа зудчо, Іеха а елла, зулам динера. 15 Нагахь санна кхидІа а Делах а тешаш, адамаш а дезаш, цІена а, оьзда а и хилахь, бер дарца кІелхьаръер ю иза.

1 Тимапига 3

1 Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гІуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду. 2 Іийсах тешачийн тобанан гІайгІабийриг цхьанна а стеган ала хІума доцуш цІена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тІеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. 3 Малар тІехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. 4 Шен цІа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтІахь хила а, нах лара а Іамо деза. 5 Шен цІа лело а ларош воцург лелар вуй те Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гІайгІа беш? 6 Іийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. 7 Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Іиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а. 8 Динан куьйгалхойн гІоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагІар малар тІех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш. 9 Іийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цІеначу дагца лардан хууш хила беза уьш. 10 Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тІаьхьа, ала хІума доцуш уьш цІена белахь, динан куьйгалхошна гІо дайта мегар ду цаьрга. 11 Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хІуманна тІехь тешаме а хила беза церан зударий а. 12 Динан куьйгалхойн гІоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тІехь а, шен цІа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза. 13 Далла гІуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан. 14 ХІара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш. 15 Нагахь санна со хьелахь а, Делан хІусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хІусам дийна волчу Делан долахь йолчу Іийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бІогІам а, бух а. 16 Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чІогІа йоккха ю: Иза адаман дегІехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дІакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.

1 Тимапига 4

1 Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш. 2 Харц а луьйш, шалхо лелочу нахера бу и хьехамаш. Ткъа цу нехан эхь-бехк дайна. 3 Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. 4 Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хІума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тІеоьцуш делахь, 5 хІунда аьлча Делан дашца а, вайн доІанашца а иза Далла хьалха цІанло. 6 И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика гІуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тІаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо. 7 Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дІататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чІогІа къахьега деза. 8 ХІунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегІ чІагІдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Іамар массо а агІор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хІинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чІагІо. 9 И дош бакъ а ду, муьлххачу а агІор тІелаца хьакъ долуш а ду. 10 Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХІунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Іийсах тешаш болчеран, КІелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша. 11 ХІара хьехамаш адамашна дІа а кхайкхабе, хьеха а хьеха. 12 Цхьа а стаг хьан къоналлех ца вешаш ма хуьлийла. Іийсах тешачарна массарна а хьайх дика масал гайта айхьа дуьйцучуьнца, оьзда леларца, безамца, тешам хиларца, дог цІена хиларца. 13 Со хьо волчу дІакхаччалц, нахана юкъахь Делан Йозанаш а доьшуш, Делан дош дІа а кхайкхош, нахана хьеха а хьоьхуш, дикка хан яккха. 14 Хьайгахь долу Делан Синан похІма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тІедахкарца а хьуна делла ду иза. 15 И гІуллакхаш а деш, яккха хьайн ерриг а хан, хьан кхиамаш массарна а гуш хилийтархьама. 16 Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХІара ас аьлла долу гІуллакхаш даим а де, хІунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кІелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгІуш берш а кІелхьарбохур бу.

1 Тимапига 5

1 Воккхачу стагана Іиттарш а ца еш, цунна хьайн дена санна хьехам бе, кегийчарна а, вежаршна санна, хьеха. 2 Хьайн ненаца санна, лараме хила баккхийчу зударшца, хьайн йижаршца санна, лараме хила зудаберашца. Массо а агІор догцІена хила цаьрца. 3 Бисина Іаш болу зударий лара – царах билггал бисина Іаш берш боху ас. 4 Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Іамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза. 5 Билггал цхьа йисина Іаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доІанаш а деш, сих-сиха Деле гІо доьхуш хуьлу. 6 Ткъа шен дегІана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю. 7 Царна ала хІума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш. 8 Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цІерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Іесачу стагал а оьшуш ву. 9 Кхузткъа шарал тІехъяьлла хан а йолуш, цхьана стеган цІарна тІехь бен хилла а йоцуш, хила еза динан тобано дІаязйина йолу йисина зуда. 10 Шен дикачу гІуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тІе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гІуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гІо а деш, муьлхха а дика гІуллакх дан а гІерташ елахь, иза дІаязъян тарло. 11 Ткъа къона болуш бисина Іаш болу зударий ма харжа, хІунда аьлча шайн дегІан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло. 12 Иштта леларца шаьш бехкебойту цара, хьалха дина нигат дІатеттина дела. 13 Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгІа эха а Іема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Іаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хІуманна юкъа а гІерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш. 14 Цундела лаьа суна бисина къона зударий маре гІойла а, цара бераш дойла а. Шайн цІа а лелош, шайна дуьхьал волчунна шайх лаьцна вониг ала цхьа а бахьана ца дуьтуш, Іан беза уьш. 15 ХІунда аьлча цхьаберш хІинцале а иблисана тІаьххье харц новкъа бевлла. 16 Нагахь санна Іийсах тешачу цхьана зудчун доьзалехь йисина зуда елахь, цо кхаба еза иза. Іийсах тешначийн тобанна хало ян ца еза, баккъалла а бисина Іаш болчу зударшна оцу тобанан гІо дан таро хилийтархьама. 17 Іийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тІехь а, хьехамаш барна тІехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза. 18 ХІунда аьлча Делан Йозано хІара боху: «Оруш болчу стеран бага дІа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догІу алапа схьаэца хьакъ долуш ву». 19 Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тІе ма лаца. 20 Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама. 21 Далла а, Цо леррина къобалвинчу Іийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хІара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ. 22 Сихлой, цхьанна а тІе доІанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цІеналлехь латтаве. 23 ХІинца чул тІаьхьа, деккъа хи а малий, ма Іе. Хьайн лозучу зорхан дуьхьа а, хьайна сих-сиха хуьлу цамгарш дІаялийта а жимма чагІар мала. 24 Цхьаболчу нехан къинош гуш хуьлу, уьш бехке хиларх массо а кхета кхел а яле. Ткъа цхьаболчеран къинош тІаьхьо бен гучу ца довлу. 25 Иштта дика гІуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.

1 Тимапига 6

1 Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цІе а, вайн хьехамаш а емал ца байта. 2 Шаьш санна Іийсах тешачу шайна тІехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гІуллакх дан деза цара. ХІунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Іийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе. 3 Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара. 4 Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хІумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагІ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар. 5 Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна. 6 Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь. 7 ХІунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хІума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хІума кху дуьнен чуьра вайга дІадахьалург ца хилар а. 8 Юург а, тІеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай. 9 Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо. 10 Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара. 11 Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хІуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь. 12 Тешарца боьзна болчу дикачу тІамехь хьуьнарца тІом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тІеэца гІерта. Цу дахарна Дала хьо тІекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича. 13 Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Іийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хІуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хІара тІедуьллу: 14 ала хІума доцуш цІена кхочушбе хІара хьехам, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен чу схьаваллалц. 15 Іийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тІекхаьчча гойтур ду Дала – декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза. 16 И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин. 17 Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тІедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХІунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама. 18 Хазаниг дар а, дика гІуллакхаш шортта дар а тІедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна. 19 Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло. 20 Ва Тимапи! Дала хьайга Іалашдан дІаделларг ларде. Іесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догІучу хІуманех а дІаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду. 21 Цхьаберш, оцу хьекъална тІаьхьабовлар бахьана долуш, динан некъах тилабелла. Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.

2 Тимапига 1

1 Тимапи, хІара кехат яздо хьоьга ПахІала. Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву со Делан лаамца. Со Дала ваийтина Ша леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна вай долчу хенахь лур ду аьлла долу бакъдолу дахар дІакхайкхо. 2 Ас яздо хьоьга, сайн хьоме кІант волчу Тимапига. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хуьлда хьуна. 3 Дийнахь а, буса а сайн доІанашкахь хьо дукхазза а дагавогІуш, сан дайша ма-барра, цІеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас. 4 Деана долу хьан бІаьрхиш дагахьдохку суна. Хьо ган лууш кийра богу сан. Хьо а гина, сан хазахетар кхочушхуьлийла. 5 Хьо цІеначу даггара Іийсах тешар дагадогІу суна. Хьалха хьан бабин Лусин а, хьан ненан Эвникин а даг чохь иштта тешар лаьттара. Ткъа хІинца хьан даг чохь а и тешар латтарх шеко яц сан. 6 Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тІедахкарехула, Дала хьайна деллачу похІмин алу кхин а йовха ягийталахь. 7 ХІунда аьлча Дала вайна кІиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла. 8 Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега. 9 Дала кІелхьардаьхна вай. Цо Шена тІекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гІуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Іалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика. 10 Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо. 11 И хаза кхаъ дІакхайкхо Іийсан векал а, хьехархо а дІахІоттийна со. 12 Цундела хІара массо а баланаш дІакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тІедогІур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву. 13 Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цІеначу хьехамех масал а дай, Іелахь. 14 Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гІоьнца ларделахь. 15 Хьуна хууш ма-хиллара, Асиа-махкахь берш массо а сох дІабирзина. Царна юкъахь бу Пигал а, ХІарми-Гена а. 16 Везачу Эло къинхетам бойла Анисапаран цІийнах. Цо дукхазза а догъэцна сан. Со набахтехь хиларх эхь ца хийтира цунна. 17 Рим-гІалахь ша нисвелча, леррина лехча, со халла карийра цунна. 18 Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тІедогІур долчу оцу дийнахь. Эпас-гІалахь цо суна мел дина долу дика гІуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа.

2 Тимапига 2

1 Ткъа хьо, сан кІант, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца вай хиларна, вайна делла долчу диканца доьналла долуш хилалахь. 2 Дуккха а тешаш а болуш, хьайна соьгара хезна болу хьехамаш дІалолахь тешамечу нахе, кхечарна хьеха хьуьнар долчаьрга. 3 Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дикачу тІемалочо санна. 4 Цхьа а дика тІемало шен цІерачу гІуллакхашна тІера ца хуьлу, эскаре кхайкхинчу хьаькамна муьтІахь хила лууш. 5 Ткъа къийсадаларшкахь дакъалоцучунна толаман таж кхочур дац, нагахь санна иза, бакъонаш лар а еш, къовса ца веллехь. 6 Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дІакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа. 7 Ойла елахь аса дуьйцуш долчун. И массо а хІума хаа кхетам лур бу хьуна Везачу Эло. 8 Беллачарна юкъара денвина волу, Дауд-паччахьан тІаьхьенах ваьлла волу Дала леррина къобалвина Іийса даим дагахь латтавелахь. Ас кхайкхош болчу хазачу кхоан чулацам иштта бу. 9 Хаза кхаъ кхайкхорхьама тІеэцна ас хІара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш. 10 Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хІара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула луш долу кІелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта. 11 Нийса аьлла ду: «Нагахь санна вайн Іийсаца далар хиллехь, Цуьнца цхьаьна дахар а хир ду вайн. 12 Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дІакъастахь, тІаккха Иза а вайх дІакъаьстар ву. 13 Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а, Иза-м хІетте а тешаме хир ву, хІунда аьлча Ша-Шех дІакъаьстийла дац Цуьнан». 14 И хІуманаш нахана дагадаийта. Далла хьалха дІахьеде цаьрга, дешнаш тІехула къийсамаш ма бе алий. ЛадоьгІурш галбахар бен, иза цхьанна а пайденна дац. 15 Делан къобалдар хьайна хилийтархьама, хьайн ницкъ кхочург дерриг а делахь. Цхьанна а агІор эхь хетийла доцу дика белхало санна хилалахь, билггал бакъдолчух лаьцна долу дош ма-дарра нийса а хьоьхуш. 16 Іеса а, сонта а долчу хабаршна генна валалахь, хІунда аьлча цара адамаш Далла уллора гена доху. 17 Ткъа иштта хьехамаш, вочу цамгаран ун санна, сихха дІасабаьржа. И Іеса а, сонта а хабарш хьоьхучарна юкъахь бу ХІуьманай а, Пилти а. 18 Уьш билггал бакъдолчунна тІера дІабевлла. Цара хьоьху, белла болу нах денло де чекхдаьлла бохуш. Иштта долчу хьехаршца цара цхьаболчу нехан тешар галдоккху. 19 Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза». 20 Муьлххачу а доккхачу цІа чохь дашо а, дато а пхьегІаш хилла а ца Іаш, дечигах а, кхийра поппарх а йина йолу пхьегІаш а хуьлу. Царах цхьаерш дезачу гІуллакхна лерина хуьлу, вуьш ларамазчу гІуллакхна лелош хуьлу. 21 Иштта массо а вон долчух цІанвелларг а хир ву лакхарчу гІуллакхна хаьржина, язйина йолу и пхьегІа санна. Иштта стаг а ма хуьлу шен Олахочунна тешаме а, пайден а, массо а дикачу гІуллакхна кийча а. 22 Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦІеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргІато а. 23 Сонтачу а, кхетамбоцучу а къийсарех къахка, хІунда аьлча хьуна хьайна а хаьа-кх уьш девне довлий. 24 Везачу Элан лай товш вац къийсалуш. Массаьрца а кІеда-мерза, хьехамаш бан дика хууш, собар долуш хила веза иза. 25 Шен мостагІашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло. 26 ТІаккха и мостагІий а, дохко а бевлла, меттабогІур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дІалаьцначу цуьнан речІанах паргІатбевр бу.

2 Тимапига 3

1 Хаалахь, тІаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю. 2 Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтІахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш. 3 Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш. 4 Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кІоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах. 5 Дин лелорехь тІехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дІатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь. 6 Къайлаха нехан хІусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КІеда дог долу зударий кІелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий. 7 Динах лаьцна хьехамаш даим Іамо гІерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга. 8 Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу. 9 Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна. 10 Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Іалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь. 11 Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гІалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кІелхьарваьккхира со. 12 Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тІаьхьа а хІоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар. 13 ХІилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу. 14 Хьох лаьцна-м хІара эр ду ас: хьайна Іемина долу а, хьо тешна волу а и гІуллакх кхидІа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна. 15 Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула луш долчу кІелхьарваларна тІевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша. 16 Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Іаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гІалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш. 17 Цу дерригенан Іалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гІуллакх дан кийча хилийтар.

2 Тимапига 4

1 Дала леррина къобалвина волу Іийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чІагІо а еш, ас хІара весет до хьоьга: 2 дІакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегІийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дІакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гІалаташ нисде, уьш галдевлча, дІахаийта царна, уьш иракарахІиттаде. 3 ХІунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугІур доцу хан тІейогІур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта. 4 Билггал бакъболчу хьехамах дІа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш. 5 Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гІуллакх а деш, хьайна тІедиллинарг дерриге а чекх а даккха. 6 Сайх лаьцна хІара эр ду ас: сан дахар Далла хьалха сагІа даккха дуттуш долу чагІар санна ду – со дІакхалха веза хан тІееана. 7 Дикачун дуьхьа бечу тІамехь ас хьуьнарца тІом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди. 8 Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж. Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза. 9 Тимапи, хІуъа а дай, суна сихха тІекхачахьара хьо. 10 ХІара дуьне шена дезарна, сох дІа а къаьстина, Тассалник-гІала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана. 11 Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тІехь суна пайден хир ву иза. 12 ТихІак Эпас-гІала вахийтина ас. 13 Трой-гІалахь Карпу волчохь ас йитина сан тІеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тІаьрсигна тІехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогІуш. 14 Дукха зуламаш дина суна цІестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таІзар дийр ду цунна. 15 Хьо а ларвала веза цунах. Вайн хьехамашна чІогІа дуьхьалваьлла иза. 16 Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гІо даккха цхьа а ца веара, массара а дІатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала! 17 Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дІакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дІахазийта а. Иштта кІелхьарваьккхинера со лоьман багара. 18 Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кІелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дІа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин. 19 Маршаллаш ло соьгара ПхьаьрскІилате а, Іакхиле а, Анисапаран цІерачаьрга а. 20 Арсати Коринт-гІалахь висира. Ткъа ТрахІим Милет-гІалахь витира ас, иза цомгуш волу дела. 21 ХІуъа дай а, Іа тІедале, схьакхача гІортахьара хьо. Маршаллаш доуьйту хьоьга Іевала а, Пудас а, иштта Ланас а, Калабдата а, массо а вежарша а. 22 Веза Эла хуьлийла хьан синца. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

Тите 1

1 ХІара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу а ПахІалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а. 2 И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера. 3 Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КІелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дІакхайкхор суна тІедиллира. 4 Іийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кІант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла хьуна. 5 Аса Критехь хьо витар хІара Іалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гІуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тІедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гІаланашкахь тхьамданаш дІахІиттабар а. 6 Ишттанаш дІахІиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хІума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Іийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтІахь дац ала. 7 Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хІума доцуш хила веза динан тобанан гІайгІабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгІазе а, сиха а воцуш, маларна тІера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза. 8 Безамца хьеший тІе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда. 9 Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тІегІерташ хила а веза иза. ТІаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахІитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан. 10 ХІунда аьлча кІезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Іехабо. Къаьсттина Іийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хІара. 11 Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хІаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза. 12 Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хІара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тІингар юзу малончаш а». 13 И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама. 14 Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тІера дІабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга. 15 Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду. 16 Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дІабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтІахь бац. Цхьана а тайпана дика гІуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.

Тите 2

1 Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догІуш дерг хьеха. 2 Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цІена хила безар а хьеха баккхийчу нахана. 3 Иштта баккхий зударий а кхетабе, цІена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх. 4 Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар. 5 Собаре а, цІена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтІахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама. 6 Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила 7 массо а хІуманна тІехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцІена а, оьзда а хила. 8 Хьайн хьехам цІена хилийта, тІехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагІа, юьхьІаьржачу а хІоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хІума доцуш витархьама. 9 Лешна а хьеха шайн олахошна муьтІахь хила безарх а, цара олахошна массо а хІуманна тІехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна. 10 Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КІелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама. 11 ХІунда аьлча массо а адамашна кІелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира. 12 Іесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дІа а тесна, собаре а, догцІена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло. 13 Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар. 14 Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а. 15 ХІара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хІиттабе уьш, шен-шен метта а хІиттош, дІанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта.

Тите 3

1 Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтІахь хила безар а, муьлхха а дика гІуллакх дан шаьш кийча хила безар а. 2 Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кІеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш. 3 ХІунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтІахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегІана там лехаран а леш а хилла, оьгІазаллах а, дераллах а, хьогІах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай. 4 Вай КІелхьардохург волчу вайн Делан дика а, адамашка болу Цуьнан безам а гучубаьлча, 5 вай дина долу бакъахьара гІуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кІелхьардаьхна вай. Шен Дезачу Синехула Цо вай цІан а дина, юха а кхоьллина, карла а даьхна. 6 Ша леррина къобалвина волчу, вайн КІелхьардохург волчу Іийсагахула Дала шортонца тоьхна вайна Шен Синан Іаь. 7 Шен маьхза долчу диканца Цо вай бакъдина, Ша волчохь хедар доцучу дахаре кхача сатуьйсучех вай хилийтархьама. 8 И дош бакъ ду. Цундела суна а лаьа оцу тІехь хьо латта, Делах тешнарш дика гІуллакхаш дарна тІехь кхиамаш баха гІертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду. 9 Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду. 10 Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Іадвита, 11 и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела. 12 Артем я ТихІак аса хьайна тІеваийтича, со волчу Никупола-гІала схьаван хьажа сихо елахь, хІунда аьлча цигахь Іа даккха сацам бина аса. 13 Іедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хІуманна тІехь ледарло ма елахь. 14 Вайнаш а Іама беза шайн хан дикачу гІуллакхашна яйа, дахарна оьшург тоъал хилийтархьама а, царах пайденна боцурш ца хилийтархьама а. 15 Соьца болчара массара а хьоьга маршаллаш доуьйту. Тхо санна Делах а тешаш, тхо дезачаьрга массаьрга а маршаллаш ло тхоьгара. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

Пхьалмане 1

1 Оха, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахІала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гІуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а, 2 иштта динан йише Апияте а, тхоьца цхьаьна динан тІемало волчу Арихупе а, Пхьалманан цІерачу динан тобане а. 3 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 4 Даим сайн доІанашкахь хьо дага а лоьцуш, Далла хастамаш бо аса. 5 Іийса-Элах хьан тешарх а, массо а Делан нахе хьан болчу безамах а лаьцна хезна суна. 6 Аса доІа до Іийсах тешачаьрца хьан йолу юкъаметтиг кхин а кхоччуш хилар доьхуш, Дала леррина Къобалвинчун сийдархьама вай дан мегаш мел долу дика хьуна хаа а хууш. 7 Динан ваша, хьан безамах боккха синтем а, хазахетар а хилла суна, хьан доггах леларо Делан нехан дегнаш дендина дела. 8 Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цІарах хьоьга майрра дІахьедан йиш ю сан. 9 Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахІал ву. Цул сов, хІинца, Дала леррина Къобалвинчунна Іамал ярна, со тутмакх а ву. 10 Сайн кІант айса лоручу Онисамах лаьцна дехар до ас. Со набахтехь лаьцна волуш, иза бакъдолчу дахаре ваьккхира аса. 11 Цхьана хенахь-м хьуна пайденна вацара Онисам. Ткъа хІинца иза хьуна а, суна а пайденна ву. 12 Аса юхавоуьйту хьуна иза, хьан кара аса сайн дог дІалуш санна. 13 Хаза кхаъ кхайкхорна со лаьцна волчохь, хьан метта сайна гІуллакх а дойтуш, иза сацо лиира суна. 14 Делахь а хьан пурба доцуш хІумма а дан ца лаьа суна. Ахь деш долу дика гІуллакхаш, ца ваьлла дина а доцуш, ахьа хьайн лаамца дина хуьлийла лаьа суна. 15 Хьанна хаьа: хьо волчуьра цуьнан цхьана ханна дІавахар гуттаренна а иза юха хьоьга тІелацийтархьама нисдина хила а ма тарло. 16 Лай тІеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тІеэцахьара ахьа иза. Суна чІогІа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву. 17 Нагахь ахь со хьайн юххера стаг лоруш велахь, со тІеоьцуш санна, тІеэцахьа иза а. 18 Нагахь санна цо хьуна цхьа халахетар динехь, я иза хьуна декхарийлахь велахь, иза аса сайна тІелоцу. 19 Аса, ПахІала, сайн куьйга яздо хьоьга: аса дІатокхур ду и декхар. Ткъа хьайн дахарца хьо суна декхарийлахь хилар-м ас хьехош а дац. 20 Цундела, сан ваша, хьо Везачу Элаца волу дела, и гІуллакх дар доьху ас хьоьга. Синтем бехьа сан дагна Дала леррина Къобалвинчуьнца хьо хиларна. 21 И ас дехнарг ахьа дийриг хиларх со тешна волу дела, яздо аса хьоьга. Суна хаьа, аса дехначул а сов ахьа иза дийр дуйла. 22 Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга. Хьайн хьешан чоь кечъелахь суна. Шун доІанашна жоп а луш, со шу долчу дика дІакхочур ву аьлла, дегайовхо ю сан. 23 Маршаллаш доуьйту хьоьга соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа тутмакх хиллачу Эпарпис а, 24 соьца цхьаьна динан гІуллакх дІакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а. 25 Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара долу дика хуьлийла шуьца.

Іебархошка 1

1 Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула, 2 ткъа кху тІаьхьарчу деношкахь Шен КІантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КІант ву дІахІоттийна. Цуьнгахула массо хІума а кхоьллина. 3 КІант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цІандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агІор охьахиина Иза. 4 Цунна тиллина цІе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза. 5 ХІунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КІант ву, тахана Сох Хьан Да хилла»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КІант а хир ву?» 6 Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьІийла». 7 Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Іаьнарх Шен маликаш до, цІеран алунех Шен ялхой бо». 8 КІантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гІант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду. 9 Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тІедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла». 10 Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигал а йина. 11 Уьш дІадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Дерриг а тишлур ду, бедар санна. 12 ТІеюху хІума санна, Ахьа дІахьарчор ду уьш, тІаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац». 13 Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»? 14 Далла гІуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кІелхьардовлар кхочун долчарна гІуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?

Іебархошка 2

1 Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чІогІа тидам тІебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама. 2 Нагахь маликашкахула аьлла дош чІогІа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогІарна а таІзар деш а хилча, 3 таІзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кІелхьардовларх ца дашахь? И кІелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дІакхайкхийра, цул тІаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чІагІдира. 4 И дерриге а тамашийнчу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тІе а чІагІдира, Шен лаамца Шен Са дІаса а даржош. 5 Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне. 6 Мелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина: «Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кІант мила ву, Ахьа цуьнан гІайгІа бан? 7 Цхьана ханна маликашна хьалха лахви Ахьа иза. Юха, сийлаллин таж а делла, вазвина иза. 8 Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа». Дерригенна а тІехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хІумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар. 9 Амма тхуна гург Іийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хІинца, Іожалла тІеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама. 10 ХІунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тІебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кІелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар. 11 Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала. 12 Цо боху: «Хьан цІе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса, Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха». 13 Кхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву». Кхин а: «ХІара Со а, Дала Суна делла бераш а ду». 14 И бераш дилханах а, даьІахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Іожаллина тІехь ницкъ болу иблис эшорхьама а, 15 Іожаллех кхоьруш, дерриге а шайн дахарехь лоллехь баьхкинарш паргІатбахархьама а. 16 ХІунда аьлча, гуш ду-кх, маликашна гІо ца до Цо, амма ИбрахІиман тІаьхьенна гІо до. 17 Цундела дерригенна а тІехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан. 18 Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гІо далур ду Цуьнга.

Іебархошка 3

1 Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Іийса дагахь латтавелаш. 2 Ша ДІахІоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цІентІехь Муса тешаме ма-хиллара. 3 Іийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цІа дийриг ша дечу цІийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара. 4 ХІунда аьлча муьлхха а цІа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву. 5 Делан дерриге а цІийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо. 6 Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цІентІехь куьйгалла деш волу тешаме КІант ву. Ткъа Цуьнан цІа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тІехь латтахь. 7 Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, 8 дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара. 9 Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь. 10 Цундела, царна оьгІаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна". 11 Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». 12 Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дІа ца къастийтархьама. 13 Амма хІора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чІагІлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хІуманах Іеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта. 14 Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь. 15 Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара». 16 Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш? 17 Хьанна оьгІазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьІахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгІаз? 18 Ла ца доьгІначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»? 19 Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар.

Іебархошка 4

1 Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чІагІо хІинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тІаьхьа ца висийта. 2 Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тІе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо. 3 Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хІунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь. 4 Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхІалгІачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира». 5 Кхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш». 6 Иштта, цхьаберш Дала лучу синтеме кхочур бу, ткъа хаза кхаъ хьалха хезна болу вуьш цига кхочур бац, шаьш ла ца догІарна. 7 Цундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш». 8 Нагахь санна ЮшаІа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хІумма а аьлла хир дацара. 9 Делан халкъана ворхІалгІачу дийнан синтем хІетте а буьсу. 10 ХІунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гІуллакхех паргІатваьлла, Дела Шен гІуллакхех паргІат ма-валлара. 11 Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догІарна Делах ца къастийта. 12 Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. 13 Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай. 14 Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КІант Іийса, ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай. 15 ХІунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тІехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а. 16 Іийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гІантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гІо дайтархьама.

Іебархошка 5

1 Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хІоттаво адамийн дуьхьа Далла Іамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагІанаш даха а. 2 Динан коьрта да хІума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кІеда хила тарло, хІунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь. 3 Цундела нахана а, шена а тІера даха деза цо сагІанаш шаьш летийначу къинойх. 4 Цхьа а шен лаамца хІуттур вац динан коьрта да. Дала тІекхайкхина хила веза иза, АхІарон санна. 5 Иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тІе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга: «Хьо Сан КІант ву, тахана Хьан Да хили Сох». 6 Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦІадакъин даржехь». 7 Лаьтта тІехь долчу Шен дахарехь Іийсас чІогІачу белхарца а, бІаьрхишца а доІанаш а, дехарш а дора Ша Іожаллех кІелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дІахезира Цуьнан доІанаш, хІунда аьлча Іийсан Деле болу ларам боккха бара. 8 Ша Делан КІант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Іемина Иза Далла муьтІахь хила. 9 Кхачаме хилла, дІахІоттийна вара Иза, гуттаренна а кІелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтІахь болчарна массарна а. 10 Малки-ЦІадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дІакхайкхийра Иза Дала. 11 Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хІунда аьлча шу хІуманах иштта меллаша кхета. 12 ХІинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Іамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хІинца а шура оьшу, чІогІачу кхачанан метта. 13 ХІинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хІунда аьлча иза бер долу дела. 14 Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чІогІа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Іемира дика а, вон а къасто.

Іебархошка 6

1 Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дІахІотто: къинах дІакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тІе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тІе сихлойла вай. 3 Вай иза дийр ду, Дала вайна магийтахь. 4 Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тІе кхеттарш, стигаларчу совгІатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш, 5 Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш, 6 тешарх дІа а къаьстина, юха а Далла тІеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тІе цхьаьнгге а бāхалур бац, хІунда аьлча цара юха а жІарах дІатуху Делан КІант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш. 7 Кест-кеста шена тІедогІуш долу догІа дІа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду. 8 Ткъа баьІаш а, къух а бен шена тІехь ца кхуьу латта Дала неІалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цІаро дагор ду. 9 Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх – и некъ кІелхьардовларна тІебоьду. 10 ХІунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гІуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хІинца а гІодарца Цуьнга гайтина болу безам а. 11 Тхуна лаьара, шух хІораммо иштта шайн тІедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама. 12 Мало еш а доцуш, шайн тешарца а, собарца а лур ду аьлларг схьаоьцучарах шу тера хила лаьара тхуна. 13 ИбрахІимна Ша ваІда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела. 14 Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тІаьхье а лур ю». 15 Собарца хьоьжуш а Іийна, Дала шена лур ду аьлларг схьаийцира ИбрахІима. 16 Наха шайл а доккхачу хІуманах дуй боу, цу дуйно, аьлларг чІагІ а дой, муьлхха а къовсам дІабоккху. 17 Цундела Дала а дуй биъна, Шен лаам хийцалур боцийла Ша ваІда динарг кхочун долчарна дІахаийта лууш. 18 Дала ваІда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хІума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дІадахана долу вай чІогІа иракарахІиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тІехь латтархьама. 19 И дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зІе ю. Делан стигалийн цІа чохь йолчу кирхьанна тІехьа дІайоьду иза. 20 Оцу езачу меттиге вайл хьалха Іийса вахана, Малки-ЦІадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.

Іебархошка 7

1 Малки-ЦІадакъа Шалейм-гІалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тІехь толам а баьккхина, цІа вогІуш волчу ИбрахІимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦІадакъас. 2 Ша тІамехь мел даьккхинчух уьтталгІа дакъа цунна дІаделира ИбрахІима. Малки-ЦІадакъин цІе ши маьІна долуш ю: цкъа-делахь, «нийсонан паччахь», шолгІа-делахь «Шалейман паччахь», ткъа иза «машаран паччахь» бохург ду. 3 Делан Йозанаша хІумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КІант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза. 4 Шуна го, шен тоьллачу хІонсах уьтталгІа дакъа ИбрахІима делларг мел сийлахь ву. 5 Левин тІаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгІа дакъа схьаэца, ИбрахІимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь. 6 Малки-ЦІадакъас, ша Левин тІаьхьенах вацахь а, ИбрахІимера уьтталгІа дакъа схьа а эцна, Дала чІагІо йина волу иза декъалвира. 7 Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан. 8 УьтталгІа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦІадакъах – иза дийна ву аьлла. 9 Ала мегар ду, уьтталгІа дакъа схьаоьцуш волчу Левис ша а ИбрахІимехула и уьтталгІа дакъа делла. 10 ХІунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахІиман цІийца вара, Малки-ЦІадакъа цунна дуьхьалвеача. 11 Левин тІаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дІабелла), Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхІаронан даржехь а ца хуьлуш? 12 Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гІуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу. 13 Вай Вуьйцург кхечу тайпанна юкъавогІуш ву, царах цхьа а сагІа доккхучу кхерчана уллохь гІуллакх деш ца хилла. 14 Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхІудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хІумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна. 15 Иза кхин а чІогІа билгалдолу, Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча. 16 Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву. 17 ХІунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦІадакъин даржехь». 18 Цхьана агІор хьалха тІедиллина хилла парз дІадоккху, иза ледара а, пайден доцуш а хиларна, 19 (Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хІума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агІор хІинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо. 20 Дала чІагІо ярца хилла ду и гІуллакх. Вуьш, цхьа а чІагІо ца еш, динан дай хиллехь а, 21 Іийса чІагІо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чІагІо йина, ткъа цунна тІера юха ца волу Иза: „Гуттаренна а динан да ву Хьо"». 22 Цунах гуш ду Іийса тоьллачу бертан закъалт хилар. 23 Динан дай дуккха а хилла, хІунда аьлча Іожалло кхидІа шайн гІуллакх ца дойтура цаьрга. 24 Ткъа Іийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гІуллакх дар а хедар доцуш ду. 25 Цундела Шегахула Далла тІевогІург Цуьнга кхоччуш кІелхьарваккхало, хІунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доІанаш дийр ду Ша кІелхьарбохучарах. 26 Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цІена а, къинош летийначарах дІакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а. 27 Динан вукху коьртачу дайн санна, хІора дийнахь цкъа хьалха Шена тІера, юха нахана тІера сагІанаш даха ца деза Цуьнан, хІунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагІа, Ша дІа а велла. 28 Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хІиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тІаьхьа еанчу дуйнан чІагІоно динан коьрта да хІоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КІант.

Іебархошка 8

1 Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хІара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гІантана аьтту агІор Іаш динан коьрта Да ву вайн. 2 Адамо дина а доцуш, Везачу Эло динчу Делан бакъдолчу четар чохь динан коьрта Да ву Иза. 3 Динан муьлхха а коьрта да тайп-тайпана сагІанаш даха дезаш ву, цундела вайн динан коьртачу Ден а хила деза сагІина схьадан хІума. 4 ХІинца Иза лаьтта тІехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хІунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагІанаш дохуш болу динан дай. 5 Цара Далла деш долу гІуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ІиндагІ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тІехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а». 6 Кхечу динан дайшка деллачул а Іийсага делла динан гІуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гІолехь бу, иза тоьллачу чІагІонашна тІехІоттийна болу дела. 7 Нагахь санна хьалха бина барт кхачамбацар доцуш хиллехьара, шолгІаниг оьшур а бацара. 8 Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан цІийнаца а, ЯхІудан цІийнаца а керла барт бен долу. 9 Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза. ХІунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира, цундела со дІавирзина царна тІера, – боху Везачу Эло. 10 Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тІехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. 11 ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а хьоьхур дац: „Веза Эла вовза", – бохуш. ХІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву. 12 Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». 13 Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дІадолу.

Іебархошка 9

1 Хьалха бинчу бертан Далла Іамалъяран бакъонаш а, лаьтта тІехь долу Делан цІа а дара. 2 Дина, дІахІоттийнера деза четар. Цуьнан хьалхарчу, «еза чоь» олучу декъехь стогар а, даздина баьпкаш тІехь долу стол а яра. 3 ШолгІачу декъехь кирхьанна тІехьа «уггар еза чоь» цІе йолу чоь яра. 4 Хаза хьожа йогІу хІума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тІорказ а дара цу чохь. ТІорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегІа а, маргІалш хецна хилла йолу АхІаронан Іаса а, бартбаран экъанаш а яра. 5 ТІорказна тІехула тІемаш а даржийна, къинош дІадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХІинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн. 6 Цу кепара динчу четаран хьалхарчу цІа чу Далла Іамал ян динан дай боьлху гуттар а. 7 ШолгІачу цІа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цІий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тІера даьккхина долу. 8 Цу хІуманца Делан Сино гойту Делан четар чу боьду некъ схьабиллина цахилар, хьалхара четар лаьтташ мел ду. 9 И четар хІинцалерчу заманан билгало ю: совгІаташа а, сагІанаша а Далла Іибадат дечун дог цІандан ца тарло, 10 уьш даарш а, маларш а кхехьарца а, дегІан меженаш тайп-тайпана йиларца а доьзна бен цахиларна. И дерриг а парзаш, Дала массо а хІума нисдаран зама тІеяллалц, тІедиллина дара. 11 Дала леррина Къобалвинарг веара, хІинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац). 12 Гезарийн а, эсийн а цІий доцуш, Шен цІий а Іанийна, цкъа Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргІатдовлар даьккхина Цо. 13 Нагахь эсийн а, гезарийн а цІийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тІетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цІанбеш хилча, 14 цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама. 15 Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дІадаха Цо тІеэцна Іожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама. 16 Нагахь весет делахь, иза диначун кхалхар а дІагайта дезаш ду, 17 хІунда аьлча весет стаг веллачул тІаьхьа бен лелош дац. Иза бакъо йолуш дац, нагахь весет динарг дийна велахь. 18 Цундела хьалха бина барт а цІийца чІагІбина бара. 19 Товрат-хьехам тІера парзаш дерриг а халкъана хьалха дІа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цІий а, цІен тІаргІа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тІе цинцаш туьйхира Мусас. 20 Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цІий ду хІара». 21 Иштта Делан четарна а, Далла Іамал ечу хенахь мел лелочу пхьегІашна а тІе цІийн цинцаш туьйхира цо. 22 Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хІума цІийца цІандеш ду, цІий ца Іанийча, гечдар ца хуьлу. 23 Стигалахь долчух тардина кхоьллинарг иштта цІандан деза. Ткъа стигалахь дерг ша а хІокхарал а тоьллачу сагІанашца цІандан деза. 24 ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цІа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хІинца вайн дуьхьа Далла хьалха хІотта. 25 Дукхазза а Ша сагІина дІавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хІора шарахь а шен доцу цІий а оьций, Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна. 26 Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тІаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагІанца адамийн къа дІадаккха. 27 ХІора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хІоттар тІехь ма-хиллара, 28 иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагІина дІавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тІеэцархьама. Ткъа Иза шолгІа, къинош дІадаха а ца вогІуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кІелхьардахар тІеэцархьама вогІур ву.

Іебархошка 10

1 Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ІиндагІ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хІора шарахь гуттар а дохучу сагІанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогІу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу. 2 Кхечу тайпана хилча, цара и сагІанаш дохур дацара, хІунда аьлча цкъа къинах цІан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна. 3 Амма сагІанаш дахарца хІора шарахь а къинош дагадохкуьйту. 4 ХІунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цІийно къинош дІадохур дац. 5 Цундела дуьнен чу вогІучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегІ кечди Ахьа. 6 Дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагІанаш ца тайна Хьуна. 7 ТІаккха Ас элира: „Хьан Йозанаш тІехь Сох яздина ма-хиллара, Хьан лаам кхочушбан вогІу Со, Дела"». 8 Цкъа хьалха Цо боху: «Я сагІанаш а, совгІаташ а, я дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагІанаш а Хьуна деза а ца дийзи, тан а ца тай» (товрат-хьехамаша иза тІедуьллуш делахь а). 9 Цул тІаьхьа Цо тІетуху: «Хьан лаам кхочушбан вогІу Со». Хьалхарниг дІадоккху Цо шолгІаниг чІагІдархьама. 10 Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дегІ цкъа гуттаренна а сагІина даларна. 11 Муьлхха а динан да хІора дийнахь Далла Іамал еш ву, цкъа а къинош дІадахалур доцу цхьатерра сагІанаш мосуьйттазза а дохуш. 12 Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагІа а даьккхина, Далла аьтту агІор охьахиъна, 13 Шен когашка Шен мостагІий Дала охьабахккалц, хьоьжуш. 14 Цкъа даьккхинчу сагІанца Цо гуттаренна а кхачаме бина базбеш берш. 15 Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца: 16 «Иштта барт бийр бу Аса цаьрца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду, церан кортош тІехь яздийр ду Аса». 17 ТІаккха Цо тІетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса». 18 Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагІанаш даха кхин ца оьшу. 19 Иштта, вежарий, Іийсан цІий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цІийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн. 20 Іийсас, Шен дегІ сагІина дІадаларца, керла некъ схьабиллина вайна цига. Дийна волу Іийса Ша бу и некъ, ткъа и некъ Делан цІийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долчу кирхьанах чекхболуш бу. 21 Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цІенна тІехь хІоттийна ву вайн. 22 ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина. 23 Ваьш сатуьйсург чІогІа лардан деза вай, хІунда аьлча ваІда Динарг тешаме ву. 24 Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гІуллакхашна а ваьш иракара а хІиттош. 25 Вешан гуламаш дІатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гІо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш. 26 Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагІа кхин ма ца дуьсу вайн. 27 Дуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагІий дІакхоллу йолу цІе а тІеяре кхерамца хьежар. 28 Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь. 29 Ойла ел, мел чІогІа таІзар дийр ду Делан КІант емалвинчунна, Делаца бина барт чІагІбина а, ша вазвина а долчу цІийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна? 30 Вайна хаьа, хІара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю». 31 Мел кхераме ду дийначу Делан буйна вахар! 32 Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тІаьхьа, шу, чІогІа баланаш а лайна, чекхдевлира. 33 ЦкъаццІа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дІахІиттош хилла. ЦкъаццІа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу. 34 Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дІадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хІунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дІаер йоцу а хазна шайн юйла. 35 Иштта шайн доьналлех ма доха, хІунда аьлча цунах шуна доккха совгІат лур ду. 36 Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца. 37 ХІунда аьлча: «Йиснарг кІезиг хан бен ма яц, тІаккха и ван везаш верг вогІур ма ву – иза хьелур вац. 38 Амма Аса бакъвинарг Сох тешарца вехар ву, ткъа иза юхавалахь, Со цунна реза хир вац». 39 Юха а девлла, хІаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кІелхьардохучарах ду.

Іебархошка 11

1 Тешар сатуьйсуш долчунна тІехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду. 2 Церан тешар хиларна, Дала хастийна хьалхалерчу заманахь баьхнарш. 3 Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх. 4 Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагІа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгІаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хІинца а. 5 Тешар хиларна, валар хІун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХІанох: «...иза ца карийра, Дала иза дІаэцна дела». ХІанох дІаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша. 6 Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тІевогІуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгІат луш хиларх а. 7 Тешар хиларна, цу хенахь хІинца а ган йиш йоцуш долу хІума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кІелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тІаьхьало елла цунна Дала. 8 Тешар хиларна, Дала шена тІедиллинарг кхочушдеш, шен дола доккхур ду аьллачу лаьтта тІе вахара ИбрахІим. Ша стенга воьду а ца хууш, дІавахара иза. 9 Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тІехь Іийна иза, тІевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Іийна иза, цуьнца цхьатерра ваІданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Іарра. 10 Дела суртдиллархо а, гІишлоярхо а волуш, ондачу бух тІехь гІала схьаяре хьоьжуш Іара ИбрахІим. 11 Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тІеийцира ИбрахІима, хІунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла. 12 Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хІордан берда тІера гІум а санна, дукха нах. 13 Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хІуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тІедаьхкина нах а ду лаьтта тІехь. 14 Иштта шайх лаьцна бохучара шаьш чубогІу болу мохк шаьш лоьхуш хилар гойту. 15 Нагахь церан дагахь шаьш дІатесна даймохк хиллехьара, церан хан яра цига юхадерза. 16 Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу – стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гІала кечйина. 17 Тешар хиларна, ИбрахІима, ша зийча, сагІа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тІеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кІант сагІина дІавала резахилла иза. 18 Цу кІантах лаьцна аьлла хилла: «Исхьакхах хир ю хьан тІаьхье». 19 ИбрахІимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла – ткъа цо шен кІант веллачуьра санна схьаийцира. 20 Тешар хиларна, Исхьакха декъалвира Якъуб а, Іесав а, церан хиндолчуьнга хьаьжжина. 21 Тешар хиларна, ша леш, Якъуба декъалбира Юсупан кІентий, шен Іасанна тІе а вазлуш, Далла Іамал йора цо. 22 Тешар хиларна, Юсупа, ша лечу хенахь, исраилхой Мисарара арабевр бу аьлла а дийцира, шен даьІахкех весет а дира. 23 Тешар хиларна, Муса вича, цуьнан дас-нанас кхаа баттахь лечкъош лелийра иза, хІунда аьлча царна гора бер хаза хилар. Паччахьан омранах кхера ца белира уьш. 24 Тешар хиларна, ша воккха хилча, пирІунан йоІан кІант ву ала дуьхьал хилира Муса. 25 Делан халкъаца халонаш лан резахилира иза, йоццачу ханна долу къилахь самукъадалар лелочул. 26 Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгІате хьоьжура. 27 Тешар хиларна, Мисар-мохк дІатесна цо, паччахьан оьгІазаллех а ца кхоьруш, хІунда аьлча, ца гуш Волчуьнга хьоьжуш санна, доьналла долуш вара иза. 28 Тешар хиларна, нахе Пасахьан деза де кхочушдайтира цо, цІийн цинцаш неІаран гурашна тІе а деттийтира цо, исраилхойн дуьххьара хилла бераш мулкалмоте хІаллак ца дайта. 29 Тешар хиларна, лаьтта тІехула санна, ЦІечу хІорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гІоьртина мисархой хи буха бахара. 30 Тешар хиларна, Ерихон-гІалин пенаш охьаийгира, исраилхоша царна ворхІ дийнахь гонаш даьхча. 31 Тешар хиларна, Далла муьтІахь боцучу кхечу нахаца хІаллак ца хилира гІалане хьовса къайлаха баьхкина исраилхой тІелаьцна йолу, нахаца лела Рахьаб. 32 Кхин хІун эр дара ас? Хан тоьар яц суна ГадІанах а, Баракхах а, Шамшонах а, Яптахьах а, Даудах а, Шамъалах а, пайхамарех а лаьцна дийца. 33 Тешар хиларна, пачхьалкхашна тІехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хІуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дІа а къовлуш, 34 буьрса цІе а йойуш, ирачу туьрах кІелхьар а довлуш, гІелделча, дегІе ницкъ а богІуш, тІамехь онда а хуьлуш, мостагІийн эскарш а лохкуш, хилла уьш. 35 Тешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла. Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргІато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама. 36 Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тІехь. 37 Царна тІулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цІа а доцуш, уьстагІийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш. 38 Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Іаннашкахула бевлла лелара. 39 Тешар хиларна, Делера баркалла хилла царна, амма лур ду аьлларг схьа ца эцна цара. 40 Дала вайна цхьа тоьлла хІума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.

Іебархошка 12

1 Цундела, гонах тешийн бІо хиларна, ваьшна тІера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дІадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дІадовдийла вай, 2 тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Іийсана тІе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жІари тІехь валар лайра, эхь тІе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хІинца Иза Делан паччахьан гІантана аьтту агІор, баьрччехь, хиъна Іаш ву. 3 Къинош летийначу нахера сел чІогІа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а. 4 Къинна дуьхьал а девлла, цІий Іаннол чІогІа латар ца хилла шун хІинца а. 5 Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант! Везачу Эло дечу таІзарх ца вешаш ма хила, гІайгІане а ма вожа, Цо хьо харцвахь. 6 ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо». 7 Шаьш нисдеш долу таІзар ла, хІунда аьлча оцу таІзар даро гойту, Далла шу кІентий санна хетар. ХІунда аьлча дас нисдеш долу таІзар даза кІант хир а вуй? 8 Ткъа массо а кІантана деш долу таІзар шуна деш дацахь, шу кІентий дац, шу къотІалгІадина бераш ду. 9 Нагахь вайна таІзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чІогІа муьтІахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама? 10 Вукхара шайна дика хетачу агІор кІезигчу ханна таІзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до. 11 Карарчу хенахь муьлххачу а таІзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тІаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу. 12 Цундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чІагІъе шайн малъелла голаш. 13 Нийсачу новкъахула лела, астагІа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта. 14 Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цІена хила хьовса. ЦІеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац. 15 Къаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дІа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дІаьвше маргІал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта». 16 Шуна юкъахь, боьха хІуманаш лелош а, Іесаваьлла а стаг ца хилийта, Іесав санна, цкъа юучу хІуманах хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дІалуш. 17 Шуна хаьа, цул тІаьхьа Іесавана лиира дас ша декъалван, амма иза дІатесна хилира. Цуьнга хІумма а ца хийцаделира, воьлхуш, цо дехарш дича а. 18 Шу герга ца даьхкина куьг Іоттал уллохь болчу а, цІе летта богучу а ламанна а, Іаьржачу боданна а, чІогІачу махана а, 19 локхучу маІан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш. 20 ХІунда аьлча цаьрга лан ца лора шайна тІедожош дерг: «Нагахь хьайба а ломах дІахьакхалахь, цунна тІулгаш кхисса деза, иза хІаллакьхиллалц». 21 Царна гуш дерг сел буьрса хиларна, Мусас ша а элира: «Со кхоьруш а, вегош а ву». 22 Амма шу тІедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гІала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн 23 самукъанечу гуламна, стигалшкахь цІераш дІаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна, 24 керлачу бертан Юкъарлонча волчу Іийсана, Хьабулан цІийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тІехьорсучу цІийн цинцашна. 25 Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дІа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тІехь къамел дечуьнга ла а доьгІна, уьш а кІелхьара ца бевллехь, вай муххале а кІелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дІадерзахь. 26 Цу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хІинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Іаш, стигал а егор ю». 27 «Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дІадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама. 28 Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тІеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Іамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш, 29 хІунда аьлча «вайн Дела массо а хІума дІахьулъеш йолу цІе ю».

Іебархошка 13

1 Шайн динан вежаршка болу безам даим латтабе. 2 Хьаша тІеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тІе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш. 3 Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Іазапехь бохкурш, шайн догІмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна. 4 Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дІадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а. 5 Ахчанна тІаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со». 6 Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гІоьнча, со хІуманах а кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага?» 7 Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта. 8 Дала леррина къобалвина Іийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву. 9 Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чІагІдар гІоле ю, хІума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу. 10 Вайн сагІа доккху кхерч бу, цу тІера хІума яа бакъо яц кху дуьненахь долчу Делан цІа чохь гІуллакх деш болчеран. 11 Къинах долчу сагІина дайинчу дийнатийн цІий динан коьртачу дас Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо. 12 Иштта Іийсас а, Шен цІийца нах базбархьама, гІалин кевнал арахьа бала лайра. 13 Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тІе а лоцуш. 14 Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гІала яц, вай хин йолу гІала лоьхуш ду. 15 Іийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагІа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цІе хастош болу вешан бертан стом лойла вай. 16 Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хІунда аьлча иштта сагІанаш Далла тамехь ду. 17 Шайн куьйгалхоша бохург а де, царна муьтІахь а хила, хІунда аьлча уьш массо а хенахь шун гІайгІа беш бу, Далла хьалха шайн шух жоп дала деза дела. Шаьш деш дерг хазахетарца дойла цара, даккхий синош а ца дохуш. Иза иштта ца хилахь, шуна цхьа а пайда бац. 18 Тхох лаций доІанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цІена хиларх, хІунда аьлча массо а хІуманна тІехь хьанал хила гІерта тхо. 19 Къаьсттина доьху шуьга доІа дар, Дала со сиха шайна тІе юхаверзорах лаций. 20 Шен цІийца гуттар а болу барт чІагІбина волу вайн Веза Эла Іийса, уьстагІийн сийлахь Іу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала, 21 Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хІума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин. 22 Ас доьху шуьга, динан вежарий, хІокху иракарахІотторан даше собарца ладогІар, яздинарг башха дукха а дац. 23 Цхьа кхаъ бу шуна: вайн ваша Тимапи паргІатваьккхина. Иза кестта схьавагІахь, цуьнца цхьаьна суна шу гур ду. 24 Шайн массо а куьйгалхошка а, берриге Делан нахе а маршалла ло. Италерчу динан вежаршкара маршалла ду шуьга. 25 Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.

Якъуба 1

1 Делан а, Цо леррина къобалвинчу Іийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дІасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду. 2 Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тІе мосазза хІуьтту. 3 Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла. 4 И собар кхачаме хилла дІахІотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта. 5 Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду. 6 Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хІунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгІенах тера ву. 7 Иштта волчу стага, Везачу Элера цхьаъ тІеоьцур ду алий, дог а ма даха. 8 Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хІуманна тІехь чІагІо а йоцуш. 9 Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза, 10 ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хІунда аьлча иза дІавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна. 11 Малх хьала а гІоттий, йовхо йогІу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дІайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гІуллакхаш а деш, дІаволу. 12 Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло. 13 Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хІуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь. 14 Амма хІора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Іеха а вой, дІалоцу. 15 Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Іожалла кхуллу. 16 Шаьш Іеха ма дайта, сан хьомсара вежарий. 17 Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац. 18 Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта. 19 Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогІарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгІазаллина а собаре хила веза, 20 хІунда аьлча адаман оьгІазалло стаг Далла хьалха бакъ ца хуьлуьйту. 21 Цундела муьлхха а хьарам хІума а, вон мел лелар а дІадаккха. Далла муьтІахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кІелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тІеэца. 22 Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугІурш бен а ца хилла, шаьш Іехочарах тар а ца луш. 23 ХІунда аьлча, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву. 24 Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло. 25 Амма Делан кхачаме болчу а, паргІато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидІа а тидам а беш, вицлуш волу ладогІархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гІуллакхашна тІехь декъалвина хир ву. 26 Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Іехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду. 27 Да волчу Далла хьалха цІена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Іачу зударшна а гІо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.

Якъуба 2

1 Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Іийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш. 2 Нагахь шун гуламе, дашо мухІар а доьллина, деза духар дуьйхина хьалдолу стаг веача а, беркъа духар дуьйхина къен стаг веача а, 3 аша, деза духар дуьйхина волчу стаге а хьаьжна, цуьнга ала мега: «Кхузахь дика хир ду хьуна, охьахаа», ткъа къечуьнга ала мега: «Хьо хьуьлла дІахІотта, я кхуза, сан когашка, охьахаа». 4 Иштта дича, шайна юкъахь къестамаш кхуллий те аша? Харц-ойланаш йолу кхелахой хуьлий те шух? 5 ЛадогІийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те? 6 Ткъа аша къениг дІатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш? 7 Шуна елла сийлахь цІе сийсазъеш бац уьш? 8 Нагахь Делан Йозанашна тІера болу паччахьан хьехам: «Уллораниг веза, хьо санна», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду. 9 Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо. 10 Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хІуманна тІехь къалатийнарг массо а хІуманна тІехь а бехке хуьлу. 11 «Нахаца ма лела», – Аьллачо аьлла: «Адам ма де», цундела, нагахь хьо нахаца лелаш вацахь, амма ахь адам дехь, хьо Дала тІедиллинарг дохош волу зуламхо ву. 12 ПаргІато лучу хьехамашка хьаьжжина, Дала кхел ен йолчу наха санна, ала а ала, гІуллакх а де. 13 ХІунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу. 14 ХІун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гІуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кІелхьарвоккхур вуй иза? 15 Нагахь вешина я йишина тІеюху хІума а, кхача а эшахь, 16 ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дІагІо, дох а ло, дуззалц хІума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хІун пайда бу цуьнан? 17 Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гІуллакхаш дацахь, иза делла ду. 18 Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гІуллакхаш ду». ГІуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гІуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна. 19 Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо! 20 Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гІуллакхашца доцу тешар эрна дуйла? 21 Шен гІуллакхашца Далла хьалха бакъхилла вац вайн да ИбрахІим, шен кІант Исхьакх сагІа доккхучу меттиган тІулгашна тІе а виллина? 22 Гой хьуна, цуьнан тешар гІуллакхашца цхьаьнадогІуш хилла, и гІуллакхаш бахьана долуш и тешар кхачаме хилла. 23 Делан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахІим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагІа элира. 24 Гой шуна, стаг Далла хьалха бакъхуьлу шен гІуллакхашца, тешарца хилла а ца Іаш. 25 Иштта, нахаца лела Рахьаб ша дина гІуллакх бахьана долуш Далла хьалха бакъхилла, бахкийтина нах тІе а лаьцна, уьш кхечу новкъахула дІа а хьовсийна. 26 Цундела, шена чохь са доцу дегІ делла ма-хиллара, гІуллакхашца доцу тешар а делла ду.

Якъуба 3

1 Сан вежарий! Шуна юкъара кІеззиг нах бен ма хила хьехархой. Шуна хаьа, вайна еш йолу кхел мел чІогІа хир ю, 2 хІунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегІан дола дало. 3 Вай говрийн бага гаьллаш йохку, уьш вайга ладугІуш хилийта, тІаккха церан догІмаш леладо вай. 4 Масала, хІордан кеманаш а, мел даккхий уьш делахь а, ондачу мехаша лелош делахь а, жимачу тІомаца дІадохуьйту хІордахочо шена луъучу. 5 Иштта, матто а, кІезиг меже елахь а, доккхачу гІуллакхашна тІехь куралла йо. Хьажал, жимачу цІаро мел йоккха хьун ягайо! 6 Мотт а цІе ю. Иза дегІан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегІ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цІарах хьалалеташ бу иза. 7 Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хІордан дийнат а стага караІамадан тарло (баккъалла а, уьш караІамийна ду). 8 Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Іамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Іожаллин дІовшах буьзна бу. 9 Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неІалт а олу вай. 10 Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неІалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий. 11 Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи? 12 Сан вежарий, инжиран дитта тІе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тІе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац. 13 Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гІуллакхашца а гайта ца деза иза? 14 Амма шун даг чохь къаьхьа хьагІ а, шена пайда лехар а делахь, дозаллаш ма де, бакъдолчунна дуьхьал харцо ма лелае. 15 Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду. 16 ХІунда аьлча хьагІ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду. 17 Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цІена ду, цул тІаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду. 18 Барт кхуллуш болчара бертахь дийначу хІух нийсонан ялта схьадолу.

Якъуба 4

1 Къийсамаш а, девнаш а мичара ду шун? Шун меженашкахь вовшашца тІом бечу а, дуьненан хІума тІех дезачу а лаамех схьадуьйлуш дуй те уьш? 2 ХІума деза шуна, амма иза ца хуьлу шуна. Адам дел чІогІа хьагІ хуьлу шуьца, амма дезачуьнга ца кхачало шу. Вовшашца а къуьйсу, девнаш а доху аша, амма дезарг ца хуьлу шуна, хІунда аьлча аша, Деле доьхуш, доІа ца до. 3 Дехча а, ца хуьлу шуна иза, хІунда аьлча аша дикачу хІуманна ца доьхуш, дуьненан хІума тІех дезачу шайн лаамийн дуьхьа доьху. 4 Тешам боцурш! ХІара дуьне дезар Делаца мостагІалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагІа хила лууш верг Делан мостагІа хуьлу. 5 Шуна моьтту хир ду Делан Йозанашкахь эрна аьлла: «Дала вайна чохь Іан деллачу Синна вай Шен хила лаьа»? 6 Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, ткъа муьтІахь болчарна Шен дика ло Цо». 7 Цундела Далла муьтІахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тІаккха иза шух додур ду. 8 Далла улло гІо, Иза а шуна улло вогІур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цІанде. 9 Халахета, делха, тийжа. Шун деларх делхар хуьлийла, хазахетарх сингаттам хуьлийла. 10 Везачу Элана муьтІахь хила, Цо ойур ду шу. 11 Вежарий, лен ма ле вовшашна. Шен ваша вон вуьйцуш, я цунна кхел еш волчо Делан хьехамна кхел а йо, иза вон а буьйцу. Нагахь хьо Делан хьехамна кхел еш велахь, хьо иза кхочушбеш вац, ткъа цуьнан кхелахо ву. 12 Хьехам Белларг а, Кхелахо а цхьаъ ву, Цо кІелхьарваккха а, хІаллакван а тарло. Ткъа хьо мила ву кхечунна кхел ян? 13 Ткъа хІинца аша ладогІалаш, хІара къамел дийраш: «Тахана я кхана оцу гІала а дахана, цигахь цхьана шарахь Іийр ду вай, мах а лелийна, пайда бийр бу вай». 14 Шуна ца хаьа, кхана хІун хир ду. ХІун ду шун дахар? КІеззигчу ханна деана а, юха дІадолу а дохк ду иза. 15 «Везачу Элана лаа а лиъна, вай дийна дисахь, хІара я кхин дийр ду вай», – аларан метта, 16 шу дозаллаш деш ду, шаьш дегала долу дела. Ткъа муьлхха а иштта дозалла вониг ду. 17 Цундела, дан дезаш долу диканиг а хууш, и ца деш волчунна къа хир ду.

Якъуба 5

1 ЛадогІалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хІунда аьлча бохамаш бу шуна тІехІуьттуш. 2 Шун хьал, телхина, дІадаьлла, шун духарш нецано диина. 3 Шун деши а, дети а мекхадоьлла. Церан мекха шуна дуьхьал тоьшалла деш хир ю, цо, цІаро санна, дагор ду шун дилха. Ткъа аша дуьненан тІаьххьарчу деношкахь шайна хазна гулйина. 4 Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду. 5 Шу, хьал а долуш, даьхна дуьнен тІехь, зовкх а хьоьгуш. Шаьш дарстийна аша, сагІа даккха кечдина бежанаш санна. 6 Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло. 7 Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тІаьхьара а догІа даре. 8 Иштта шу а чІогІа собаре хилалаш, шайн дегнаш чІагІделаш, хІунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду. 9 Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хІунда аьлча Кхелахо неІарехь лаьтташ ву. 10 Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цІарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий. 11 Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хІунда аьлча Веза Эла чІогІа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву. 12 Уггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хІуманах а чІагІонаш ма елаш, амма шун «хІаъ» «хІаъ» хила деза, «хІан-хІа» «хІан-хІа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама. 13 Шух цхьаъ бала хьоьгуш велахь, цо доІа дан деза, самукъадаьлла велахь, хастам баран йиш лакха еза. 14 Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Іийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доІа дан деза цунна тІехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш. 15 Тешаран доІано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тІе хІоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду. 16 Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доІа де, шайна гІоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доІано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна. 17 ЭлияхІу вай санна стаг вара. Цо, догІа ма даийта аьлла, чІогІа доІа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тІе догІа ца деара. 18 Юха цо доІа дича, стигалара догІа а деара, лаьтто шен стом а белира. 19 Вежарий, нагахь шух бакъдолчун новкъара ваьлларг цхьаммо нисвахь, 20 цунна дІахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кІелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дІа а къовлур ду.

1 Кипин 1

1 Дала леррина къобалвинчу Іийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадонехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дІасабекъабеллачаьрга. 2 Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Іийсана муьтІахь а хилла, Цуьнан цІийца шу цІиндалийта. Делан дика а, синпаргІато а шорта хуьлда шуна! 3 Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю, 5 ткъа шу, тІаьхьара зама а еана, хиндолу кІелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Іалашдеш ду. 6 Шу цунах даккхийдеш ду, хІинца кІеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а. 7 Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама. 8 Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хІинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чІогІа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хІунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Іалашо: шайн кІелхьардовлар. 10 Пайхамарша леррина талла а теллина, Іама а дина оцу кІелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара. 11 Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гІиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тІаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а. 12 Цаьрга хаийтира, шайна а доцуш, ткъа шуна гІуллакх деш уьш хилар. Стигалара даийтинчу Делан Сино хаза кхаъ кхайкхош болчаьргахула хІинца шуна дийцийтинарг кхайкхадора цара. Стигалара маликаш а тІехь ду и къайле хаа лууш. 13 Сема а, дечу гІуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш. 14 Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта. 15 Мелхо а, шаьш а цІена хила, шайн лелар а цІена хилийта, шаьш ТІекхайкхинарг цІена ма-хиллара. 16 Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву». 17 Нагахь хІораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха. 18 Хаалаш, телхина дІадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргІато, шун дайх дисинчу гІийлачу дахарх шу мукъадохуш, 19 амма цІеначу а, бехк боцучу а Іахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цІий делла ю. 20 Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тІаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа. 21 Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу. 22 Бакъдолчунна муьтІахь хиларна, шайн синош а цІандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хІинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш! 23 Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хІу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду! 24 ХІунда аьлча аьлла ду: «Адамаш буц санна ду, церан хазалла аренан зезаг санна ю. Буц якъаелча, зезаг а дужу, 25 ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха». Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!

1 Кипин 2

1 Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагІ, лер дІадаккха! 2 Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цІеначу дашах хьага, цуьнан гІоьнца шу даккхий а хилла, шун кІелхьардовлар чекхдалархьама, 3 хІунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна». 4 Цунна тІе дуьйла. Наха дІатесна болу дийна ТІулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу. 5 Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха. 6 ХІунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тІулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». 7 Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхІар ду, ткъа ца тешачарна: «ГІишлош еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина». 8 Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тІулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтІахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан. 9 Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама. 10 «Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хІинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хІинца Дала къинхетам бина шух». 11 Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тІом бечу дегІан лаамех ларлолаш. 12 Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тІаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гІуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь. 13 Везачу Элан дуьхьа адамна тІехь урхалла дечу Іедална муьтІахь хилалаш: паччахьна, хІунда аьлча цуьнгахь лаккхара Іедал ду, 14 куьйгалхошна, хІунда аьлча уьш зуламхошна таІзар дан а, дика гІуллакх дечарна совгІат дала хІиттийна бу. 15 ХІунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гІуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дІасовцадо. 16 ПаргІат даха, амма цу паргІатона тІехьа а лечкъаш, вон гІуллакхаш ма леладе, хІунда аьлча шу Делан леш ду. 17 Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де. 18 Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтІахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Іаш, шайца буьрса болчарна а. 19 Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таІзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш. 20 ХІун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таІзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду. 21 Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тІаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву. 22 «Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла». 23 Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дІалора. 24 Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна. 25 Цхьана хенахь, тиладелла уьстагІий санна, лелла шу, ткъа хІинца шу шайн синойн Іуьнна а, шаьш Іалашдечунна а тІе юхадаьхкина.

1 Кипин 3

1 Зударий, шу а шайн майранашна муьтІахь хила. Нагахь цхьаболу майранаш Делан Даше ладугІуш ца хилахь, шайн дахарх масал а луш, дист а ца хуьлуш, Делах тешарна тІебалабе уьш, 2 шайн цІена а, Делах кхоьруш а долу дахар а гайтий. 3 Гуш долчу хІуманашца хаздала ма гІерта: месаш Іалашъярца, дашо хІуманашца, хазачу духаршца. 4 Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду. 5 Хьалхарчу заманчохь иштта хазлора Делан дикане сатуьйсуш болу сийлахь зударий, шайн майранашна муьтІахь хуьлуш. 6 Масала, ИбрахІиме массо а хІуманна тІехь ладугІуш а, цунах шен эла олуш а яра Сарат. Нагахь шу диканиг а деш, дагахь кхерам хиларна сингаттам а боцуш Іаш делахь, шу Цуьнан йоІарий ду. 7 Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гІорасиза хилар а хууш. Уьш лара хІунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгІат кхочу цаьрга. ТІаккха шун доІанашна дуьхьало еш хІумма а хир дац. 8 Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза. 9 Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХІунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду. 10 Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе. 11 Вочунах дІавирзина, диканиг дойла цо, машар лохийла, цуьнгахьа къуьйсуш. 12 ХІунда аьлча Делан лаамехь болчаьргахьа ду Везачу Элан хьажар, церан доІанашка схьадиллина ду Цуьнан лергаш. Амма оьгІазе ю Везачу Элан юьхь иза зуламхошка хьожучу хенахь». 13 Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гІерташ хилча? 14 Амма шаьш дина дика хІума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!» 15 Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта. Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу. 16 Ларам болуш а, таьІна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тІаккха шуна тІехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цІена ду гича. 17 Делан лаам белахь, диканиг дар бахьана долуш хало лар гІолехь ду, вониг а дина ловчул! 18 ХІунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тІе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегІ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера. 19 Оцу Синан кепехь набахтехь долчу синошна кхайкхам бан вахара Иза. 20 Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгІна синош дара уьш. Дукха синош кІелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархІ стаг бен. 21 ХІинца шу кІелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тІера мода дІаяккхар дац, амма цІеначу дагца Деле йина чІагІо ю. Дала леррина къобалвина Іийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кІелхьардоху. 22 Іийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агІор Іаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.

1 Кипин 4

1 Дала леррина Къобалвинчо Шен дегІана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХІунда аьлча дегІана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дІа а къаьстина, 2 дуьнен чохь яккха йисина хан, дегІан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву. 3 Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цІушна хьарам Іибадат деш. 4 Ткъа хІинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гІуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш. 5 Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна. 6 Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогІмех аьлча – царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча – уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь. 7 Дерригенан а чаккхе тІекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тІаккха шуьга доІанаш далур ду. 8 Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хІунда аьлча безамо дукха къинош дІахьулдо. 9 Шайн хІусамашкахь вовшийн тІеэца, яппарш а ца еш. 10 Шуна хІоранна а ша тайпа похІма кхаьчна. Вовшийн гІуллакх де цу похІмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хІусамдас санна. 11 Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гІуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гІуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Іийсан бІеннаш шерашкахь, амин! 12 Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хІума хуьлу аьлла. 13 Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду. 14 Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела. 15 Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таІзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а. 16 Нагахь шуна дина таІзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цІе лелорна! 17 Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тІера йолалур ю иза. Ткъа вайна тІера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тІе ца эцначу нахана хІун таІзар хир ду?! 18 «Делан лаамехь верг халла кІелхьарволуш хилча, Іеса лелачунна а, къинош летийначунна а хІун хир ду?» 19 Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дІадала деза.

1 Кипин 5

1 ХІинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас. 2 Шайга белла Делан бажа бажабе. Шаьш декхарийлахь долу дела а доцуш, даггара иза Іалашбе, Далла иза ма-лаъара. Шайна цунах цхьа пайда хир бара аьлла а доцуш, даггара къахьега. 3 Шайн куьйга кІелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе. 4 ТІаккха, коьрта Іу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна. 5 Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачу нахана реза вац, амма муьтІахь берш безаш ву». 6 Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кІел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу. 7 Берриг а шайн гІайгІанаш Цунна тІе яхка, Иза шун бала болуш ву! 8 Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш. 9 Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чІагІде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу. 10 Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КІеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чІагІо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду. 11 БІеннаш шерашкахь хуьлийла Цуьнан олалла, амин. 12 ХІара доца кехат ас (сайга хаьттича) тешаме волчу вешин Салин гІоьнца яздина, шу иракарахІитторхьама а, иза билггала долу Делан диканиг дуйла хаийтархьама а. Цу тІехь чІоггІа латта! 13 Шу санна, Бавел-гІалара Дала хаьржиначара а, ткъа иштта сан кІанта Марка а маршалла доуьйту шуьга. 14 Доггах, маршалла хатта вовшашка. Маьрша хуьлда шу Дала леррина Къобалвинчуьнца долу дерриш а.

2 Кипин 1

1 Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай а, векал а волчу ШамІа-Кипас яздо хІара кехат. Вайн Дела а, КІелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тІеэцначаьрга яздо ас. 2 Дела а, вайн Веза Эла волу Іийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргІато а совйолийла шун. 3 Іийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хІунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна. 4 Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгІаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама. 5 Цундела аша берриг а ницкъ тІебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха. 6 Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха. 7 Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха. 8 Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу. 9 Ткъа иза шеца доцург бІаьрзе ву. Цунна хІумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цІанвар. 10 Цундела, вежарий, кхидІа а хьовсалаш Дала шаьш тІекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу. 11 Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КІелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Іийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ. 12 Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тІехь шу чІагІдина делахь а. 13 Суна нийса хета, хІара дегІан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар. 14 Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегІах къаста дезаш хилар. 15 Со шух къаьстинчул тІаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас. 16 ХІунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Іийса-Эла вогІур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду. 17 ХІунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тІе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кІант ву, Цуьнца бу Сан лаам!» 18 Стигалара деана и аз тхуна хезира, Іийсаца безачу лам тІехь тхо долуш. 19 Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тІе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Іуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц. 20 Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар. 21 ХІунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.

2 Кипин 2

1 Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дІабелла волу Хьалдолу Эла дІа а тесна, стаг хІаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн чехка хІаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха. 2 Дукхахберш, царах дІа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу. 3 Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХІаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац. 4 ХІунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тІехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. 5 Хьалха заманахьлера Іеса адам хІаллакдина Дала, тІе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархІ са кІелхьардаьккхина Цо. 6 ХІаллакьян кхел а йина, чим бина дІаяьхна Цо Седам а, Іамор а цІераш йолу гІаланаш, Іесачу нахана хиндолчун масал гойтуш. 7 Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутІа кІелхьарваьккхина Цо. 8 (ХІунда аьлча царна юкъахь Іийна и Делан лаамехь волу стаг хІора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гІуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.) 9 Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кІелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таІзар а деш, латто а, 10 къаьсттина шайн догІмийн хьарамчу лаамашна тІаьхьахІиттинарш а, шайна тІехь Деле олалла ца дойтурш а. КІоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру. 11 Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу. 12 Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тІе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хІаллакьхир бу. 13 Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар – дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хІума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь. 14 Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бІаьргаш. Сина кІезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Іемина ду саьхьара гІуллакхаш лело. НеІалт хилла нах бу уьш. 15 Нийса некъ дІатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеІаран кІентан БалиІаман новкъа бевлла. 16 Амма шен харцонна тІехь бехке вина БалиІам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар. 17 Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Іаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина. 18 Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хІинцца дІакъаьсташ берш дегІана там лохучу а, телхина долчу а хІуманашка марзбо цара. 19 Цу нахана паргІато яла ваІда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву. 20 Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хІуманех къаьстинехь, ткъа цул тІаьхьа уьш, юха а вочу хІуманна тІе а тевжина, цунна кІел биснехь, шолгІа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал. 21 Нийсонан некъ бевзина цахилар гІолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тІедиллинарг дІа а тесна, хьалхалерчунна тІе юхабоьрзучул. 22 Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖІаьла шен Іеттораш тІе юхадогІу», кхин а: «ЦІанйина хьакха хоттала йижа йоьду».

2 Кипин 3

1 ХІара шолгІа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тІехь шун цІена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца. 2 Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КІелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тІедиллинарг а. 3 Уггар хьалха шуна хаа деза, тІаьхьарчу деношкахь богІур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш, 4 цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогІур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хІума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара». 5 Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а. 6 Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хІаллакдина. 7 Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хІинцалера стигалш а, латта а даго Іалашдеш ду, къематан а, Іеса нах хІаллакбен а де тІекхаччалц. 8 Цхьа хІума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду. 9 Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна. 10 Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду. 11 Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цІена а, суьпа а хила деза, 12 Делан де тІекхачаре сатуьйсуш а, и тІедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цІе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду. 13 Амма, Дала динчу ваІдане а хьаьжна, нийсонан цІа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай. 14 Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дІахІитта а, Цуьнца бертахь хила а. 15 Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кІелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахІала шуьга яз-ма-дарра. 16 Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тІехь. Кхета хала хІуманаш ду царна тІехь, цундела кІорггера хаарш доцучу а, динехь чІогІа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хІаллак а хуьлуьйтуш. 17 Иштта, хьоменаш, хІара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дІа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тІера ца дохийтархьама а. 18 Вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тІейогІу йолчу ерриге хенахь а. Амин.

1 Яхьъяс 1

1 Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. 2 И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хІинца тхуна довзийтина иза. 3 Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КІантаца Іийсаца а. 4 ХІара яздо оха, вайн хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама. 5 Тхуна Цуьнан КІантера хезна болу а, оха шуна дІакхайкхош болу а кхаъ хІара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац. 6 Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела. 7 Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КІант волчу Іийсан цІийно вай массо а къинойх цІандо. 8 Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. 9 Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву. 10 Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тІаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.

1 Яхьъяс 2

1 Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хІара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГІодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Іийса – Делан лаамехь Верг. 2 Иза вайн къинош дІадахаран сагІа ду. Ткъа и сагІа, вайн къиношна тІера тоьъна а ца Іаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тІера тоьар ду. 3 Ткъа вайна Дела вевзина хиларан тоьшалла до вайна Цо тІедехкина парзаш вай лардаро. 4 Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац. 5 Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю: 6 шен Делаца уьйр ю бохург Іийса ма-леллара лела веза. 7 Сан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац – иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз – Дош ду, шуна хезна долу. 8 ХІетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хІунда аьлча бода дІаболу, ткъа билггал йолу серло хІинцале а къегаш ю. 9 Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хІинца а боданехь лела. 10 Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Іаш ву – стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца. 11 Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гІерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хІунда аьлча цу бодано иза бІарзвина. 12 Ас яздо шуьга, сан хьоме бераш, Дала леррина Къобалвинчо динарг бахьана долуш шун къиношна гечдина дела. 13 Ас яздо шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевза дела. Ас яздо шуьга, къонахошка, иблисал шу тоьлла дела. 14 Ас яздина шуьга, сан динан бераш, стигалара Да шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, къонахошка, шу доьналла долуш долу дела а, Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а, иблисал шу тоьлла долу дела а. 15 ХІара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хІара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац. 16 ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а. 17 Дуьне а, дуьненан лаамаш а дІабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду. 18 Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. 19 И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хІинца вайна юкъара дІабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогІуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дІабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогІуш ца хилар. 20 Ткъа шу Дала Вазвинчо къобалдина ду, цундела шуна массарна а бакъдерг хаьа. 21 Шуна билггал долу бакъдерг ца хаьа аьлла, ца яздо ас шуьга. Мелхо а, ас яздо шуьга, шуна и бакъдерг хаьа дела а, иштта цу бакъдолчуьнца цхьа а харцдерг доцийла шуна хаьа дела а. 22 Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Іийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тІе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КІант а тІе ца лоцу цо. 23 Делан КІант къобал ца вечу хІораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КІант къобалвечо стигалара Да а къобалво. 24 Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КІантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю. 25 Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваІда ду: хедар доцу дахар. 26 ХІара ас яздина шу ледан лууш болчарах лаьцна шуьга дІахьедан. 27 Амма шу Делан КІанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу – цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац – иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара. 28 Иштта, сан хьоме бераш, кхидІа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а. 29 Нагахь шайна Иза Делан лаамехь Верг вуй хууш хилча, хаалаш, хІора Делан лаамехь лелаш верг Делах схьаваьлла вуйла а.

1 Яхьъяс 3

1 Хьовсийша, мел кІоргге дезна вай стигаларчу Дена. Вайх Делан бераш ду аллал боккха бу Цуьнан безам. Иштта, вай билггал Цуьнан бераш ду. Амма дуьненна вай ца девза, хІунда аьлча стигалара Да ца вевзина цунна. 2 Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. 3 Иштта Цунах сатийсар долуш Іаш волчу хІораммо а ша цІанво, И санна цІена хилархьама. 4 Къинош летош мел верг Іеса лелаш ву, ткъа къинош летор Іесалла ду. 5 Шуна ма хаьа, Иза къинош дІаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац. 6 Цуьнца волчо цхьаммо а къа ца латадо. Ткъа къа латош болчех цхьанна а Иза ган а ца гина, Иза вовза а ца вевзина. 7 Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тІера шу дІа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг – Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара. 8 Къа латориг иблисах схьаваьлла, хІунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КІант веана цу иблисан гІуллакхаш дохорхьама. 9 Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало. 10 Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац. 11 Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу. 12 Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хІунда вийра цо иза? Шен гІуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гІуллакхаш Делан лаамехь долу гІуллакхаш хилла дела. 13 Динан вежарий, цец ма дийлалаш, нагахь дуьненна шаьш ца дезалахь. 14 Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хІинца а Іожаллин карахь ву. 15 Шен динан ваша цавезарг адам дуьйш верг санна ву. Ткъа шуна-м хаьа, адам дуьйш долчу цхьана а адаман Делаца долу дахар ца хуьлийла. 16 Амма Іийсас вайн дуьхьа Шен са дІадалар бахьанехь, бевзина вайна безам. Вай а кийча хила деза вешан динан вежарийн дуьхьа са дІадала. 17 Нагахь цхьаннан, ша дика хьал долуш вехаш воллушехь, халла воллучу шен веше къинхетам бацахь, тІаккха Делан безам муха хир бу цуьнца? 18 Сан хьоме бераш! Дашца а, маттаца а доцуш, гІуллакхца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а дезийла вайна вовшийн. 19 Иштта вайна хаа тарло, ваьш билггал бакъдолчух дуйла. Цундела Цунна хьалха вешан дегнаш тедан тарло вай, 20 вешан дегнаша вайна кхел еш елахь а. Дела вайн дегнел а сов ву, Цунна дерриг а хаьа. 21 Сан хьоменаш! Нагахь санна вайн дегнаша ваьшна кхел еш ца хилча, Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. 22 ТІаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хІуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна. 23 Ткъа Делан весет ду: Цуьнан КІант волчу, Цо леррина къобалвинчу Іийсан цІарах а тешаш, Цо вайна тІе ма-диллара, вайна вовшийн дезар. 24 Делан весеташ кхочушдеш верг Делаца ву, Дела а ву цуьнца. Ткъа Иза вайца хилар вайна хаьа, Цо вайна деллачу Синехула.

1 Яхьъяс 4

1 Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХІунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина. 2 Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Іийса, адам санна, веана хилар къобалдо са – Делера ду. 3 Ткъа Іийса къобалвеш доцу са – Делера дац, иза – Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догІур ду аьлла, иза хІинцале а долуш а ду дуьнен чохь. 4 Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хІунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул. 5 Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугІу цаьрга. 6 Амма вай Делера ду. Дела шена вевзачо вайга ла а дугІу. Ткъа ша Делера воцучо вайга ла ца дугІу. Иштта къастало вайга билггал бакъдолу са а, адам тилош долу са а. 7 Сан хьоменаш! Вай вовшийн дезийла, хІунда аьлча безам Делера бу. ХІора шеца безам болуш верг Делах схьаваьлла ву, цунна Дела а вевза. 8 Шеца безам боцучунна Дела ца вевза, хІунда аьлча Дела Ша а безам бу! 9 Дала Шен вайга болу безам гайтина, Шен цхьаъ бен воцу КІант кху дуьнен чу а ваийтина, Цуьнгахула вайн бакъдолу дахар хилийтархьама. 10 Бакъболу безам иштта бу: вайна Дела везар бахьанехь а доцуш, амма Далла вай дезарна, Цо Шен КІант ваийтира вайн къинош дІадахаран сагІа санна. 11 Сан хьоменаш! Далла вай оццул дукха дезаш хилча, вай вовшийн дезаш хила а деза. 12 Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу. 13 Вайн Делаца хилар а, Иза вайца хилар а вайна хаьа, Цо вайх Шен Синан декъашхой дина дела. 14 Ткъа вайна ган а гира, вай тоьшалла а до Дас Шен КІант дуьнен чуьра адамаш КІелхьардохург санна ваийтина хиларх. 15 Нагахь цхьаммо Іийса Делан КІант хиларх тоьшалла дахь, цуьнца Дела а ву, ткъа иза Делаца а ву. 16 Ткъа вайна Делан ваьшга болу безам бовза а бевзина, вай цунах теша а тешна. Дела Ша а безам бу. Безамца верг Делаца а ву, Дела цуьнца а ву. 17 Вайна чохь безам буьззина хилар иштта гучудолу: вай къематан дийнахь доьналла долуш хир ду, вай кху дуьнен чохь Иза санна лела дела. 18 Безамца кхерам а бац. Ткъа буьззина бакъболчу безамо кхерам дІатотту, хІунда аьлча кхерам гуттар а таІзарца боьзна хуьлу. Кхоьруш волчун буьззина бакъболу безам бац. 19 Вайна Иза веза, дуьххьара Цунна ваьш дезна дела. 20 Суна Дела веза а бохуш, ткъа шен динан ваша цавезарг аьшпаш буттуш ву. ХІунда аьлча шена дуьхьал лаьтташ волу шен динан ваша цавезачунна, шена гуш воцу Дела а везалур вац! 21 Цо вайна дитина долу весет иштта ду: «Дела везаш верг шен динан ваша а везаш хила веза».

1 Яхьъяс 5

1 Іийса Дала леррина Къобалвинарг хиларх тешаш волу хІора а Делах схьаваьлла ву. Ткъа динан бераш кхуллуш волу Дела везачу хІоранна а Делах даьлла долу бераш а деза. 2 Делан бераш вайна дезаш хилар вайна гойту, Дела а везаш, Цуьнан весеташ вай кхочушдаро. 3 ХІунда аьлча Деле безам хилар – Делан весеташ кхочушдар ду. Ткъа Делан весеташ кхочушдан тІех хала а дац, 4 хІунда аьлча ша Делах схьаваьлла мел волчо дуьненна тІехь толам боккху. Ткъа дуьненна тІехь баьккхина болу и толам вайн тешар бахьана долуш баьккхина бу. 5 Іийса Делан КІант ву аьлла, тешаш волчо бен кхин хьан боккхур бара кху дуьненна тІехь толам? 6 ХІара ву хица а, цІийца а Веанарг: Дала леррина къобалвина Іийса. Иза хица веана а ца Іаш, амма хица а, цІийца а веана ву. Ткъа Делан Сино тоьшалла до цунах, хІунда аьлча Делан Са билггал долу бакъдерг ду. 7 Кхо теш ву: 8 Делан Са а, хи а, цІий а. Цу кхааммо а оцу цхьана хІуманах цхьатерра тоьшалла до. 9 Вай теша адамаша дечу тоьшаллех, ткъа Делан тоьшалла дуккха а нуьцкъала ду. Дала Ша тоьшалла дина Шен КІантах лаьцна. 10 Делан КІантах тешаш волчун и тоьшалла даг чохь ду. Ткъа ша Делах цатешачо Дела аьшпаш буттург во, хІунда аьлча иза Дала Шен КІантах аьллачух ца теша. 11 И тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КІантаца ду. 12 КІантаца уьйр йолчун бакъдолу дахар ду. Ткъа КІантаца уьйр йоцучун бакъдолу дахар дац. 13 Аса хІара яздина шуьга, Делан КІантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дІахаийтархьама. 14 Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хІума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дІахезар ду. 15 Вай деххнарг хІуъа а Цунна дІахезаш хилар хууш хилча, вайна хаьа, доьхуш дерг вайн долуш дуйла. 16 Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тІаккха цо доІа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тІера деха ца боху аса. 17 Муьлхха а харцдерг къилахь ду. Амма валаре далош доцу къинош а ду. 18 Вайна хаьа, ша Делах схьаваьлла волчу цхьаммо а къа ца латадойла. Ткъа Делах схьаваьлла Волчо иза ларво – иблисе зе ца дало цунна. 19 Вайна хаьа вай Делан долахь хилар а, дерриге а дуьне иблисан карахь хилар а. 20 Иштта вайна хаьа, Делан КІанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Іаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КІантаца Іийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а! 21 Сан хьоме бераш! ЦІуйх ларделаш шаьш.

2 Яхьъяс 1

1 Тхьамда волчу аса яздо хаьржина зуда йолчу хьоьга а, хьан берашка а. Суна шу баккъал а деза, ткъа суна дезна а ца Іаш, билггал долу бакъдерг девзинчу массарна а дезаш ду шу. 2 ХІунда аьлча билггал бакъдерг вайца долуш а ду, абадехь хир а ду. 3 Да волчу Делера а, Ден КІант волчу Цо леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хир ю билггал долу бакъдерг девзаш а, вовшийн дезаш а долчу вайца. 4 Суна чІогІа хазахийтира, вайга стигаларчу Дас весет ма-дарра, хьан берех цхьадерш билггал бакъдолчуьнца лелаш хилар. 5 Ткъа хІинца ас яздо хьоьга, зуда, керла а доцуш, амма юьхьанца дуьйна а хиллачу весетах лаьцна. И весет вай вовшийн дезаш хила деза аьлла ду. 6 (Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама. 7 ХІунда аьлча адамаш Іехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Іийса, адам санна, дуьнен чу валар тІе ца дуьту. Иштта волу хІора стаг адамаш Іехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву. 8 Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш. 9 Дала леррина Къобалвинчун хьехамаша бохучунна тІе а детташ, уьш лар а ца беш волчу муьлххачун а Делаца уьйр яц. Дала леррина Къобалвинчун хьехамаш лар а беш, Іаш волчун Деца а, КІантаца а уьйр ю. 10 Нагахь шеца и хьехамаш а боцуш, ткъа кхин хьехамаш бахьаш цхьаъ шу долчу вагІахь, аша цІа чу а ма вита иза, цуьнга маршалла а ма хатта. 11 ХІунда аьлча цуьнга маршалла хоттуш верг цуьнан зуламечу гІуллакхийн декъашхо хуьлу. 12 Дуккха а дара сан шуьга яздан, амма иза шекъанца кехата тІехь яздан ца лаьа суна. Ткъа аса сатуьйсу, шу долчу а веана, юьхь-дуьхьал а волуш, дерриг а дІадийцаре, вай даккхийдер кхоччуш дуьззина хилийтархьама. 13 Маршалла доуьйту хьоьга хаьржина йолчу хьан йишин бераша а.

3 Яхьъяс 1

1 Тхьамда волчу аса яздо хьоьга хІара кехат, сан хьоме Гаяс. Суна хьо билггал дукхавеза. 2 Сан хьоме доттагІа, ас доІа до, хьо могуш-маьрша хилийтар а, массо а агІор хьан дика хилийтар а доьхуш, хьан синан агІо дика ма-хиллара. 3 Суна чІогІа хазахийтира, цхьаболчу динан вежарша, кхуза а баьхкина, тоьшалла дича, хьо билггал долчу бакъдолчунна тешаме а ву, цуьнца хьо кхидІа а лелаш ву аьлла. 4 Суна массо а хІуманал хазахеташ дерг ду, сан динан бераш гуттара а билггал бакъболчу некъахула лелар. 5 Сан хьоме доттагІа, динан вежаршна дечу гІуллакхашна тІехь хьо чІогІа тешаме ву, уьш хьайна бевзаш а боццушехь! 6 Кхузахь йолчу динан тобанна хьалха цара тоьшалла дира хьан безамах. Далла хазахетачу тайпана уьш новкъа бахар дика хир дара хьуна. 7 Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа буьйлабелла лелаш ма бу уьш, дин доцучу нахе гІо а ца доьхуш. 8 Цундела вай, динан вежарша, ишттачу нахана оьшшург дІадала деза, вай ваьш а бакъдолчун дуьхьа цара дечу гІуллакхийн декъахь хилархьама. 9 Хьо вехачохь йолчу динан тобане кехат яздинера ас, амма Дайтарпана со къобал ца во, хІунда аьлча цунна динан тобанан коьртехь ша хила лаьа. 10 Цундела со шу долчу веача, аса динан тобане ма-дарра дІадуьйцур ду Дайтарпана лелочух лаьцна. Цо тхох лаьцна харцдерг дуьйцу, ткъа, иза дина а ца Іаш, тхан динан вежарий тІе а ца оьцу цо. Иштта цо новкъарло йо оцу тобанехь болу и динан вежарий тІеэца лууш болчарна а. Цо уьш динан тобанна юкъара дІа а боху. 11 Хьоме доттагІа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гІуллакхаша гойту – иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гІуллакхаша гойту – цунна Дела гина ца хилар. 12 Динан тобанна юкъарчу хІораммо а тоьшалла до Дамарти дика стаг хиларх. Бакъдолчо а тоьшалла до цунах. Иштта оха а тоьшалла до иза дика стаг хиларх. Ткъа шуна-м хаьа, оха до тоьшалла бакъ дуйла. 13 Кхин дуккха а хІума дара сан хьоьга яздан, амма шекъанца кехата тІехь яздан ца лаьа суна иза. 14 Аса дог доху, кестта хьо гаре, юьхь-дуьхьал а волуш, вовшашца къамел дархьама. 15 Маьрша Іойла хьо! Хьан доттагІаша маршаллаш доуьйту хьоьга. Хьан тобанехь волчу хІоранга а шен-шен цІарах маршалла далар доьху ас.

ЯхІуда 1

1 Дала леррина къобалвинчу Іийсан лено, Якъубан вашас, ЯхІуда Дала тІекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас ларбечу а нахе: 2 Делан къинхетам а, синпаргІато а, безам а совболийла шуна юкъахь. 3 Хьоменаш! Вайн массеран а кІелхьардовларх яздан кІорга лаам боллушехь, шуьга, цкъа массо а ханна Дала Шен нахана делла долу дин чІагІдарехьа къийсам латтабе аьлла, яздан дезаш хийтира суна, 4 хІунда аьлча шуна уллохь хІилланца нисбелла цхьа Іеса нах. Дукха хенахь дуьйна Делан Йозанашкахь дІаяздина ду, Дала царна кхел йийр ю аьлла. Вайн Делан маьхза долчу диканах лаьцна болу кхаъ харцахьа берзийна цара, шайн маьттаза лелар бакъдархьама. Ткъа цхьаъ бен воцу вайн Хьалдолу а, Веза а Эла, Дала леррина къобалвина Іийса, тІе ца оьцу цара. 5 Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тІаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хІаллакбар а. 6 Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хІусам дІатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама. 7 Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Іамор а, царна гонахара гІаланаш а. Маьттаза хІуманаш лелийна йолу а, боьха гІуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цІеран таІзаран кхелана йитина ю кхечарна масална. 8 Иштта сатийсаре бевллачу кху наха шайн догІмаш а бехдо, хьаькамаш а ца лору, стигалан сийлаллин бахархой а емалбо. 9 Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Іоттар еш бехке хІума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таІзар дойла хьуна». 10 Амма кху наха шайна цахуург емалдо. Шайн амалшка хьаьжжина, шаьш, луьра дийнаташ санна, кхета хІуманаш бахьана долуш цара шаьш хІаллакбо. 11 Къа ду церан, хІунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиІам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гІевттира уьш, ткъа иза санна, хІаллак а хир бу уьш. 12 Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьІаьржачу хІиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Іаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догІа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу. 13 Шайн эхьечу гІуллакхийн чопа тІеяьлла йолу хІордан буьрса тулгІенаш ю уьш, кхерста седарчий ду уьш, гуттар а лаьттачу Іаьржачу боданехь меттиг кечйина долу. 14 Адаман ворхІалгІачу тІаьхьенах волчу ХІаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогІуш 15 массарна а кхел ян а, адамашна юкъара Іеса нах цара дина Іеса гІуллакхаш бахьанехь а, Далла дуьхьал аьлла кІоршаме дешнаш бахьанехь а уьш бехке бан а». 16 Цхьана а хІуманна реза а боцуш, шайн вочу лаамашка хьаьжжина а лелаш, хамталлаш еш болу нах бу уьш. Дегала дешнаш ду церан багахь. Шайн аьттонна нахана хьестало уьш. 17 Амма аша, хьоменаш, дагахь латтаде вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векалша хир ду аьлларг. 18 Цара бехира шуьга, тІаьхьарчу хенахь богІур бу шайн Іесачу лаамашка хьаьжжина лелаш, кхаьрдаш болу нах. 19 Шу вовшах а къоьстуьйтуш, шайн синойн лаамашна тІаьхьабевлла лела нах бу уьш. Цаьрца Делан Са дац. 20 Ткъа аша, хьоменаш, шайн уггар дезачу динехь чІагІ а луш, Делан Синан гІоьнца доІанаш а деш, 21 Делан безамехь шаьш Іалашде, вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас, Шен къинхетамца Дела волчохь хедар доцу дахар даларе а хьоьжуш. 22 Шеко йолуш болчаьрца къинхетаме хила, 23 вуьш, цІергара схьа а бохуш, кІелхьарбаха, ткъа кхечаьрца, лар а луш, къинхетаме хила, амма церан хьарамчу сино сийсазйина бедар ма еза. 24 Шу охьаэгарх лардан а, цІена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хІотто а ницкъ бу Делан. 25 Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вай кІелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хІинца а, абаденналц а. Амин.

Довзийтинарг 1

1 Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дІахаийтира, цунна тІе Шен малик а дахийтина. 2 Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг. 3 Декъала ву хІара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугІуш, хааман тептар тІехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела. 4 Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхІ тобане яздо: Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогІун волчу Делера а, иштта Цуьнан Іаршана хьалха лаьтташ долчу ворхІ синера а, 5 билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цІийца вай кІелхьара а даьхна, 6 Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гІуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тІейогІучу заманна. Амин. 7 Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин! 8 «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогІун волу а Нуьцкъалниг». 9 Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Іийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а, таІзар а деш, Патмас цІе йолчу гІайренна тІе вахийтинера со. 10 Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тІе доьссира, тІаккха сайна тІехьа чІогІа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна. 11 Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тІе дІа а яздай, динан ворхІе а тобанийн гуламашка дІадахьийта. И тобанаш ю хІокху гІаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь». 12 И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхІ стогар. 13 Ткъа оцу ворхІ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кІантах тера цхьаъ» вара. Цунна тІехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара. 14 Цуьнан коьрта тІера месаш, тІаргІа а, ло а санна, кІайн яра. БІаьргаш а дара Цуьнан йогу алу санна. 15 Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цІастанах тера бара. Чухчарин гІовгІа санна дара Цуьнан аз. 16 Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра. 17 Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а. 18 Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хІинца Со ерриг а тІейогІучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Іожаллин а, эхартан а догІанаш. 19 Иштта, дІаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна. 20 Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхІ седанан а, ворхІ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхІ седа – уьш Іийсах тешначийн динан ворхІ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхІ стогар – уьш ворхІе а динан тобанийн гулам бу».

Довзийтинарг 2

1 «Эпас-гІаларчу динан тобанан малике дІаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхІ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхІ стогарна юккъехула лелаш Волчо: 2 „Девза Суна шун гІуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна. 3 Шу доьналла долуш ду, Сан дуьхьа аша баланаш хьийгира, амма шу ца дуьйхира. 4 Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хІума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дІатесна. 5 Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гІуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дІа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар. 6 Делахь а цхьа дика хІума ду шун: никласхойн гІуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар. 7 Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“». 8 Симран-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хІинца дийна волчу хьалхара а, тІаьххьара а Волчо: 9 „Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду. 10 Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду. 11 Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгІа валар хир дац’“». 12 «Паргам-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шен карахь шинна а агІор ира долу тур Долчо: 13 „Девза Суна иблисан олаллин гІантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цІе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дІа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гІалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а. 14 Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка. 15 Иштта, никласхойн хьехамаш ларбеш болу цхьаболу нах а бу шуна юкъахь. 16 Метта а дуьйлий, Соьгахьа юхадерза! Нагахь Ас бохург аша ца дахь, Со кестта вогІур ву шу долчу. ТІаккха Сайн багара схьадолучу туьраца летар ву Со царах. 17 Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу „манна“ олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кІайн тІулг а лур бу Ас, тІеязйина керла цІе а йолуш. И цІе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“». 18 «Иштта Тхьайтир-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху бІаьргаш цІеран алу санна а, когаш къегачу цІастанах санна а болчу Делан КІанта. 19 „Суна девза шун гІуллакхаш а, безам а, тешар а, аша гІо дар а, шу доьналла долуш хилар а. Иштта Суна хаьа шун тІаьххьарлера гІуллакхаш хьалха дина долчу гІуллакхел сов дуйла а. 20 Ткъа шуна дуьхьалдаккха иштта хІума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цІе йолчу зудчунна дан магош доцу гІуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хІуманаш а леладойтуш, цІушна сагІина еана хІума а йоуьйтуш. 21 Аса Сайна тІеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гІуллакхех дІаерза. 22 ХІинца Ас цамгарийн Іазап хьоьгуьйтур ду цуьнга. Цуьнца цхьаьна къилахь долу гІуллакхаш лелийнарш а боккхачу баланехь хир бу, шаьш цуьнца лелийначу гІуллакхашна дохко а бевлла, уьш Суна тІе ца берзахь. 23 Цуьнан бераш а хІаллакдийр ду Ас. ТІаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хІоранна а, шун гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІалур ду Ас. 24 Ткъа, кхечу наха туьдуш ма-хиллара, «иблисан къайленийн кІоргенаш» шайна евзина доцучу а, Изабалан хьехамашна тІаьхьахІиттина доцучу а шуьга, тхьайтирхойх кхиболчаьрга, Ас боху: «Лан ницкъ кхочур боцу кхийолу халонаш тІе ца йохку Ас шуна. 25 Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела». 26 Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, «кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш». Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа. 29 Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».

Довзийтинарг 3

1 «Сардис-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхІ Са а, ворхІ седа а Болчо: „Девза Суна шун гІуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цІераш лелайо, амма шу делла ду. 2 Сама а довлий, шайна чохь дисина долу тешар чІагІде, иза хІаллакьхилале. ХІунда аьлча Суна карийна, аша деш долу гІуллакхаш Сан Далла хьалха кхоччуш чекхдевлла цахилар. 3 Шаьш тІеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогІур ву Со. 4 Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гІуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кІайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хІунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. 5 Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. 6 Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“». 7 «Палидалпи-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догІа Долчо. Цо неІ дІаястахь, цхьаьнгге а иза дІакъовлалур яц. Цо неІ дІакъовлахь, цхьаьнгге а иза дІаясталур яц. 8 „Девза Суна шун гІуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дІакъовлалур йоцу неІ дІайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кІезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дІа а ца тесна. 9 Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дІахІиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоІуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла. 10 Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тІебоуьйтур болчу заманах. 11 Кестта вогІур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дІа ца даккхийта. 12 Толам баьккхинарш Сан Делан цІа чохь бІогІам хилла дІахІуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тІехь Сайн Делан цІе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гІалин цІе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогІуш йолчу Ярушалайм-гІалин цІе хир ю. Сайн керла цІе а язйийр ю Ас царна тІехь. 13 Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“». 14 «Лаудика-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо: 15 „Девза Суна шун гІуллакхаш – шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу! 16 Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дІадохур ду шу. 17 ХІунда аьлча аша боху: «Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хІумма а дац». Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бІаьрзе а, дерзина а хиларх! 18 Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама! 19 Сайна везарг, метта а валош, таІзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тІедерза! 20 Хьовсал! Со, неІарах пІелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неІ дІайиллинчун цІа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хІума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву. 21 Толам а баьккхина, Сайн Ден Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе охьахаа. 22 Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».

Довзийтинарг 4

1 Цул тІаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дІаеллаелла неІ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тІаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна». 2 Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. 3 Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цІе йолу деза тІулгаш санна, можачу а, цІечу а басахь лепара. Цуьнан гІантана гонах, «изумруд» цІе йолу тІулг санна, лепаш стелаІад дара. 4 Іаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гІант дара. Царна тІе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тІехь кІайн духар дара. Церан кортош тІе диллина дашо таьжнаш дара. 5 Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду. 6 Цу Іаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хІорд бара. Ткъа Іарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Іаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалхā а, тІехьā а шорта бІаьргаш дара церан. 7 Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгІа дийнат старгІанах тера дара. КхозлагІчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгІаниг тІемаяьллачу аьрзунах тера дара. 8 Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш. 9 Цу дийнаташа Іаршана тІе хиъна волчу, ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а, 10 и ткъе виъ къано Іаршана тІехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тІейогІучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Іаршана хьалха охьа а дохкуш, олу: 11 «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дІаэца. ХІунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».

Довзийтинарг 5

1 ТІаккха Іаршана тІехь охьахиъна Іаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агІор йозанаш дара. И тептар, ворхІ мухІар а тоьхна, дІакъевлина дара. 2 Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чІогІачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хІокху тептар тІера мухІарш дІа а даьхна, иза дІаделла хьакъ верг?» 3 Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь цхьаннан а йиш яцара и тептар дІаделла а, я цу тІе хьажа а. 4 И тептар дІа а диллина, иза деша а, я цу тІе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира. 5 Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХІара ду ЯхІудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тІера ворхІ мухІар дІадаккха а, иза дІаделла а». 6 ТІаккха со дІахьаьжча, суна гира и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Іахар. Иза, сагІина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхІ маІа а, ворхІ бІаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тІедахийтина долу Делан ворхІ Са дара уьш. 7 Іахаро Іаршана тІе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира. 8 ТІаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Іахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хІорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогІучу хІуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доІанаш дара. 9 Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа. 10 Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа, цаьрга Хьайна гІуллакх дайтархьама. Ткъа цара кху Лаьтта тІехь паччахьалла дийр ду». 11 Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Іаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш. 12 Цара, аз чІагІ а деш, олура: «Бийна болу Іахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чІагІо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дІаэца». 13 Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хІорда тІехь а Дала кхоьллинчу хІора хІумано а – царна чохь долчу массо хІумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тІейогІучу заманна хуьлийла Іаршана тІехь хиъна Волчун а, Іахаран а». 14 Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.

Довзийтинарг 6

1 ТІаккха суна гира Іахаро ворхІ мухІарх цхьаъ дІадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!» 2 Со дІахьаьжча, суна кІайн дин гира. Цу тІехь, карахь Іад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТІаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара. 3 Іахаро шолгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира шолгІачу дийнато олуш: «Схьавола!» 4 ТІаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тІе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира. 5 Іахаро кхоалгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира кхоалгІачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дІахьаьжча, суна Іаьржа дин гира. Цу тІехь бере вара, цуьнан карахь терза дара. 6 Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кІен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагІар а талха ма де!» 7 ТІаккха Іахаро доьалгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира доьалгІачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!» 8 Со дІахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тІехиъна «Іожалла» цІе йолу бере вара, шена тІаьхьахІоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгІа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а. 9 Цо пхоьалгІа мухІар дІадаьккхича, сагІа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна. 10 Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Іийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цІий Іанорна царна таІзар ца деш а?» – аьлла. 11 ТІаккха царна хІоранна а кІайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кІеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Іийсана гІуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц. 12 Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира. 13 ЦІеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тІера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тІе охьаийгира. 14 Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дІа а хьаьрчина, дІахьулъелира. ХІора лам а, гІайре а меттахъяьккхира. 15 Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тІеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргІат берш а хьехашна чохь а, чІажашна чохь а дІалевчкъира. 16 Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а. 17 Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»

Довзийтинарг 7

1 Цул тІаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агІор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьІІера хьоькху биъ мох дІалаьцнера, иза я лаьттана тІе, я хІордана тІе, я цхьанна а диттана тІе ца бахийтархьама. 2 ТІаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухІар дара. Оцу малико лаьттана а, хІордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира: 3 «Вайн Далла гІуллакх деш болчеран хьаьжнаш тІе мухІар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хІордашна, я дитташна». 4 И мухІар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тІаьхьенах волу цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара. 5 Иштта, ЯхІудан тІаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тІе а мухІар тоьхна; Раабанан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Гадин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; 6 Ашаран тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Напталан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Маннашан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; 7 ШимІин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Левин тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Иссарханан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; 8 Забулан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Юсупан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана; Бен-Яманан тІаьхьенах а – шийтта эзар стагана. 9 Цул тІаьхьа со дІахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Іаршана хьалха а, Іахарна хьалха а лаьтташ. Царна тІехь кІайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара. 10 Цара айдинчу озаца бохура: «КІелхьардовлар ду Іаршана тІе хиъна Іаш волчу Делера а, Іахарера а!» 11 Паччахьан гІантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Іаршана хьалха бертал а эгна, Далла Іибадат дора цара. 12 «Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чІагІо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тІейогІучу заманна! Амин!» – бохура оцу маликаша. 13 Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кІайн обанаш тІеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?» 14 Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТІаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цІан а дина, Іахаран цІийца кІайдина. 15 Цундела уьш Делан олаллин гІантана хьалха лаьтташ бу хІинца. Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цІа чохь Далла гІуллакх до. Іарша тІе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Іийр ву, Цо уьш лар а бийр бу. 16 ХІинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац. 17 ХІунда аьлча и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Іахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дІадохур ду церан бІаьрхиш».

Довзийтинарг 8

1 Іахаро ворхІалгІа мухІар тептар тІера дІадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дІахІоьттира стигалахь. 2 Далла хьалха лаьтташ долу ворхІ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхІ турба еллера. 3 ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама. 4 ТІаккха оцу хьожа йогІучу хІуманах баьлла кІур Делан долахь болчеран доІанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара. 5 Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тІера йогуш йолчу цІеран кІегийх буьзира. ТІаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гІовгІа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра. 6 Шайн карахь ворхІ турба йолу ворхІ малик турба лакха кечделира. 7 Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира. 8 ШолгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хІума хІорда чу а кхоьссина, хІордийн кхоалгІа дакъа цІий хилла дІахІоьттира. 9 ХІордашна чохь йолчу садолчу хІуманийн кхоалгІа дакъа а хІаллакьхилира. Иштта хІаллакьхилира хІордкеманийн кхоалгІа дакъа а. 10 КхоалгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгІачу декъа тІе охьабуьйжира и седа. 11 Цу седанан цІе «сагал-буц» ю. ТІаккха Лаьттан хийн кхоалгІа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира. 12 ДоьалгІачу малико а турба лекхира. Цул тІаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгІа дакъа дІахьулделира. Цундела церан кхоалгІа дакъош кхоьлина дІахІиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгІа дакъа, серло ца луш а хилла, дІахІоьттира. 13 Со дІахьаьжча, стигална юккъехула тІемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»

Довзийтинарг 9

1 ПхоьалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа. 2 Бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа цо дІадаьстича, цу некъа тІера, йоккхачу пешана чуьра санна, кІур схьатесира. Оцу баьллачу кІуьро малх а, хІаваъ а кхолийра. 3 ТІаккха лаьтта тІе цу кІуьра юкъара цІоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цІазана. 4 Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна. 5 ЦІазана тІедиллира, адамаш дайа а ца дойуш, пхеа баттахь цаьрга хала баланаш хьегийтар. Цара хьоьгуьйту баланаш сту лоцучу гезгаша адамашка, шайн юнаш а йиттина, хьоьгуьйту баланех тера дара. 6 Цу деношкахь адамаша шайна Іожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дІадовла луур ду, амма Іожалла царах йодур ю. 7 ТІехьаьжча, и цІоз тІамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тІехь дашо таьжнаш санна йолу хІуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра. 8 Цу цІазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра. 9 Цу цІазана тІехь, аьчка долуш санна, гІаьгІнаш дара. Церан тІемийн гІовгІа вуно дукха йолчу, тІаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гІудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра. 10 ЦІазан, сту лоцучу гезгийн санна, цІогарчий дара, цІогарчех йохкуш юнаш яра. Пхеа баттахь адамашна зен дан белла ницкъ цу цІазан цІоганашкахь бара. 11 Бух боцучу Іинан малик цу цІазан паччахь дара. Іебархойн маттахь цуьнан цІе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хІаллакьхуьлуьйтург» бохург ду). 12 Цхьа бала дІабаьлла. Ткъа цунна тІаьххье тІебогІуш кхин а ши бала бу. 13 ЙолхалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха Далла хьалха лаьтташ болчу деших бинчу кхерчан еа маІа чуьра цхьа аз хезира суна. 14 Цо шен карахь турба йолчу йолхалгІачу малике бохура: «Доккхачу Эпрат-хина йистехь дІадихкина долу диъ малик дІахеца!» 15 ТІаккха и диъ малик дІахийцира. Адамийн кхоалгІа дакъа хІаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш. 16 Церан дошлойн эскарийн долу терахь хезира суна. Иза ши бІе миллионан барамехь дара. 17 Иштта сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь суна дой гира, тІехь дошлой а болуш. Царна тІехь дара цІарула-цІечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гІаьгІнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цІе а, кІур а, саьмгал а. 18 Адамийн кхоалгІа дакъа хІаллакьхилира хІокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цІерах а, кІуьрах а, саьмгалх а. 19 Цу говрийн ницкъ церан батошкаххьий, цІогарчашкаххьий боллура. Церан цІогарчий лаьхьанех тера дара. Цу лаьхьанийн кортош дара, цаьрца зенаш дора цара. 20 Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Іибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хІуманех дІа ца дирзира. Цара Іамал йора жинашна а, деших а, детих а, цІастанах а, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушна а, царна хІумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а. 21 И адамаш дІа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хІума лелоран а, къоланаш даран а некъа тІера.

Довзийтинарг 10

1 ТІаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тІе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тІехула стелаІад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цІерах богу бІогІамаш санна, бара. 2 Ткъа цуьнан карахь дІаделладелла долу хьарчийна жима тептар дара. Цу малико шен аьтту ког хІорда тІе биллира, аьрру ког лаьтта тІе биллира. 3 Цо, лоьмо санна, чІогІа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тІаьхьа, ворхІе а ткъес туьйхира, церан гІовгІанаша къамел а деш. 4 Цу ворхІе а озо къамел дича, со дІаяздан волавелира, амма цу хенахь суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «Оцу ворхІе а ткъесо дийцинарг къайла а даккха, иза дІа а ма язде». 5 Суна хІордана тІехь а, лаьтта тІехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна, 6 стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел долу хІума а кхоьллина волчу, ерриг а тІейогІучу заманна волуш Волчун цІарах чІагІо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан. 7 ВорхІалгІачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Іалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла. 8 Стигалара суна хезначу цу озо, юха а соьца къамел а деш, элира: «Ваха а гІой, и делладелла долу хьарчийна тептар хІорда тІехь а, лаьтта тІехь а лаьтташ долчу маликан карара схьаэца». 9 Аса, оцу маликана тІе а вахана, цуьнга дийхира: «Лохьа соьга и тептар», – аьлла. Малико соьга элира: «ДІа а эций, и тептар даа. Хьан кийрахь иза къаьхьа хир ду, амма хьан багахь, моз санна, мерза хир ду и». 10 Маликан карара тептар схьа а эцна, аса и диира. Моз санна, мерза дара иза сан багахь. Ткъа аса и тептар диъча, сан кийра къахьбелира. 11 Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».

Довзийтинарг 11

1 Йохалла юстархьама Іасанах тера болу эрз белира сан кара. ТІаккха соьга элира: «Хьала а гІаттий, Делан цІа а дуста, сагІа доккху кхерч а буста, цу цІа чуьра Далла Іамал ян догІу адамаш а дагарде. 2 Ткъа Делан цІенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хІунда аьлча и кхечу къаьмнашна дІаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гІала хьоьшур ю. 3 Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тІедеача тІеюхуш йолу бедарш тІе а юьйхина, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дІакхайкхор бу цара». 4 Дерриг а Лаьтта тІехь олалла Дечунна хьалха лаьтташ долу ши зайт-дитт а, ши къуьда а бу и ши теш. 5 Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цІаро мостагІий дІакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хІаллакван везаш ву. 6 Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дІакхайкхочу деношкахь лаьтта тІе догІа ца даийтархьама, стигал дІакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цІий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дІасадаржо. 7 Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Іин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву. 8 Церан декъий сийлахьчу гІалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гІаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жІарах дІатоьхна хилла. 9 ТІаккха кхаа дийнаххьий, эха дийнаххьий массо а халкъашна а, тайпанашна а, меттанашна а, къаьмнашна а юкъара дукхах долчу адамашна и декъий гур ду. И ши дакъа къубба чу дуьллуьйтур дац. 10 Лаьттахь дехаш долу адамаш, цу хиллачух даккхий а деш, самукъадаьлла хир ду. Наха вовшашка совгІаташ а кхийдор ду, оцу шина пайхамаро лаьттахь дехаш долу адамаш дукха хьийзина хилла дела. 11 Ткъа кхо дей, ах дей дІадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Іаь юьйлира. ТІаккха и шиъ шайн когаш тІе хьалахІоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чІогІа кхерабелира. 12 Шина пайхамарна стигалара чІогІа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТІаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагІий цаьрга хьоьжуш бара. 13 Цу сохьта чІогІа мохк бегийра. ГІалин уьтталгІа дакъа доьхна дІадахара. Мохк бегочу хенахь ворхІ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чІогІа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира. 14 ТІебеана болу шолгІа бала а дІабелира, амма кестта тІебогІуш кхоалгІа бала а бу. 15 ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду». 16 Далла хьалха долчу паччахьан гІанташна тІе хиъна Іаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Далла Іибадат дора. 17 Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, Хьуна бу хастам, волуш волу а, хилла волу а Веза Эла, Ахьа, Хьайн доккха олалла тІе а лаьцна, паччахьалла дан доладарна. 18 Къаьмнаш дарделла дІахІиттира, амма хІинца Хьан оьгІазло а тІееана, Ахь беллачарна тІехь кхел ен хан а тІекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цІеяхана болчарна а хьакъ дерг дІало хан а тІееана. Латта хІаллакдеш берш хІаллакбо хан а тІееана!» 19 Стигалшкара Делан цІа дІаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тІорказ дара гуш. ТІаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.

Довзийтинарг 12

1 Стигалахь цхьа йоккха билгало дІахІоьттира. Цигахь малхах дина духар тІехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кІел бутт бара. Ткъа коьрта тІехь шийтта седа болу таж дара. 2 И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура. 3 Кхин а цхьана билгалонан сурт а хІоьттира стигалахь. Боккха цІен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра, хІора коьрта тІехь таж а дара. 4 Стигалахь долчу седарчийн кхоалгІа дакъа, шен цІоганца дІа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дІакхаллархьама. 5 Оцу зудчо кІант вира. Иза аьчка гІожаца массо а халкъашна тІехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦІеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Іаршана тІе дІадигира. 6 Ткъа и зуда яьссачу аренга дІаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера. 7 Стигалахь тІом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тІом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира. 8 Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна. 9 И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагІа а олу. Цо дерриг а дуьне Іехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира. 10 ТІаккха стигалахь чІогІа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХІинца Дала вай кІелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тІекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тІедеана! ХІунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна. 11 Вайн динан вежарша Іахаран цІийца а, шайн тоьшаллин дашца а иза эшийна. Шаьш делла дІадовллалц шайн са а ца кхоийна цара. 12 Иштта, яккхийэлаш стигалш а, стигалш тІехь дехаш дерш а! Декъаза ду-кх лаьтта тІехь а, хІорда чохь а дехаш дерш! ХІунда аьлча, шен йисина хан кІеззиг юйла а хууш, дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!» 13 Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кІант винчу зудчунна тІаьхьабелира. 14 Ткъа зудчунна йоккхачу аьрзун ши тІам белира, яьссачу аренга шена кечйинчу метте иза тІема ялийтархьама. Цигахь, саьрмикна уллора дІа а яьккхина, зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц, цуьнан дола дийр долуш дара. 15 ТІаккха зудчунна тІаьхьабаьллачу саьрмико шен багара хи туьйхира, цуьнга и зуда дІаяхьийтархьама. 16 Амма Лаьтто гІо дира цу зудчунна. Саьрмико багара схьатесна долу и хи, дІасадаханчу лаьттан кийрано дІахуьйдира. 17 Саьрмик чІогІа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тІаьхьенах болчу кхечаьрца тІом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.

Довзийтинарг 13

1 ХІордан гІамар тІехь хІоьттина Іара и саьрмик. Суна хІорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра. МаІаш тІехь итт таж дара. Цуьнан кортош тІехь Дела сийсазвеш йолу цІераш яра. 2 И суна гина долу экха цІокъбергах тера дара. Цуьнан когаш чен когех тера бара. Ткъа цуьнан бага лоьман баганах тера яра. Саьрмико шен ницкъ а, шен олаллин меттиг а, доккха олалла а делира цу экханна. 3 ТІаккха суна гира цуьнан кортойх цхьанна йина иза лийр долуш санна йолу Іожаллин чов, амма и чов дІайирзира. Дерриг а дуьне, цец а даьлла, цу экханна тІаьхьаделира. 4 Адамаша цу саьрмикна Іибадат дора, цо шен олалла цу экханна делла дела. Наха, цу экханна Іибадат а деш, олура: «Кху экхане кхочуш мила ву? Мила ву цуьнца къовсалур волуш?» 5 Кура а, Іеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Іан бакъо елира цунна. 6 Дела а, Делан цІе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Іеса къамелаш дан долийра цо. 7 Цунна бакъо елира Делан нахаца тІом бан а, царна тІехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тІехь олалла дан бакъо елира цунна. 8 Бийначу Іахаран карахь долчу дахаран тептар тІе шайн цІераш дуьне кхуллуш дуьйна а дІаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Іамал еш хир ду. 9 Лергаш долчо ладугІийла хІокхуьнга. 10 Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тІехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а. 11 Иштта суна гира лаьттан кийрара схьадолу кхин а цхьа экха. Цуьнан, Іахаран санна, ши маІа яра. Цо, саьрмико санна, къамел дора. 12 Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгІачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тІехь дехачу адамашка, а Іожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Іибадат дайтира. 13 Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тІе цІе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха. 14 ШолгІачу экхано вукху экханна хьалха Іаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Іехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тІедуьллура, туьрах Іожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тІедиллийтар. 15 ШолгІачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хІора оцу экханан суьртана хьалха Іибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. 16 ШолгІачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цІеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргІат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тІе я хьаьжа тІе мухІар таІор тІедиллира. 17 Цу экханан мухІар таІийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хІумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухІар тІехь цу экханан цІе я цуьнан цІеран терахь дара. 18 Цу тІехь хьекъалалла оьшу. Хьекъал шен долчо цу экханан терахь, талла а теллина, билгалдаккха. ХІунда аьлча иза адамийн терахьца догІуш ду. Цуьнан терахь ду ялх бІе кхузткъе ялх.

Довзийтинарг 14

1 Со дІахьаьжча, суна Цийон-лам тІехь лаьтташ болу и Іахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тІехь Цуьнан цІе а, Цуьнан Ден цІе а дІаязйина яра. 2 Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гІовгІа чухчарин гІовгІанах а, чІогІа къекъачу стигалан гІовгІанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тІехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна. 3 Цу нехан тобано стигаларчу Іаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кІелхьарваьккхинчу, цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Іамалора. 4 Уьш, зудчух куьг тохаза, кІантстегарий бара. Уьш бара, Іахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дІабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргІатбаьхна бара уьш, Далла а, Іахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дІабалархьама. 5 Церан багара цхьа а харцдерг ца долура, уьш бехк буьллийла доцуш бара. 6 ТІаккха суна стигална юккъехула тІемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хІора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дІакхайкхорхьама. 7 Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХІунда аьлча Цо кхел ен хан тІекхаьчна. Стигал а, латта а, хІорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Іамал елаш». 8 Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна». 9 КхоалгІа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Іибадат а дахь, я шен хьаьжа тІе, я шен куьйга тІе цу экханан мухІар а таІадайтахь, 10 Делан оьгІазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагІар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Іахарна а хьалха цІергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву. 11 Уьш хьийзош йолчу цІеран кІур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Іибадат а деш, цуьнан цІеран мухІар тІеэцначийн». 12 Кхузахь, Делан хьехамаш лар а беш, Іийсана тешаме дуьсуш долчу Делан адамашна доьналла долуш хилар оьшу. 13 ТІаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДІаязде: „ХІинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“». «Билггал бакъ ма ду, – боху Делан Сино, – Шаьш дечу гІуллакхех садоІур ду цара. Церан гІуллакхаш а царна тІаьххье дІагІур ду». 14 Со дІахьаьжча, суна кІайн марха гира. Цу мархина тІехь «адамийн кІантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тІехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара. 15 Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тІе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХІунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тІе а кхаьчна». 16 ТІаккха стигаларчу мархина тІехиъна волчо, лаьттана тІехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира. 17 Стигалахь долчу Делан цІа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара. 18 Ткъа сагІа доккхучу кхерчана уллора цІарна тІехь олалла деш долу кхин а цхьа малик тІедеара. Цо куьйгахь ира марс болчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн ира марс схьа а эций, лаьттарчу кемсийн таьллангашна тІера кемсийн хорханаш схьаяха, хІунда аьлча и кемсаш хилла яьлла». 19 ТІаккха малико шен ира марс лаьтта тІехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо. 20 ГІалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Іаьвдира. ТІаккха цу чуьра цІий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тІе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бІе чаккхарма хиллал гонах дІасадаьржира.

Довзийтинарг 15

1 ТІаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тІаьххьара бисина ворхІ бала болу ворхІ малик а дара цигахь. Уьш тІаьххьара баланаш бара, хІунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла. 2 ТІаккха цІерах дІаийна долчу ангалин болуш санна, хІорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тІехь – шен цІеран терахь долчу цхьанна тІехь – толам баьккхинарш цу ангалин хІордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара. 3 Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь! 4 Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цІе а хьан язйийр яцара? ХІунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тІе а даьхкина, Хьуна хьалха Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гІуллакхаш тхуна гучу ма девлла». 5 Цул тІаьхьа со дІахьаьжира. ТІаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дІаеллаелира. 6 Цу чоьнна чуьра, тІаьххьара хир болу ворхІ бала а бахьаш, ворхІ малик араделира. Царна тІехь яра дуткъачу кІадих йина цІена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара. 7 Цул тІаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхІ дашо бога делира. Ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш. 8 ТІаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кІуьрах дуьзира и Делан цІа. Ткъа оцу ворхІ малико беана ворхІ бала дІабаллалц, цхьанна а стеган цу цІа чу ваха йиш яцара.

Довзийтинарг 16

1 Суна Делан цІа чуьра аз хезира. Цо ворхІ малике бохура: «ГІой, Делан оьгІазлонан ворхІе а боган чохь дерг лаьтта тІе охьадотта». 2 Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тІе охьадоьттира. ТІаккха шайна тІехь экханан мухІар а долуш, цуьнан суьртана Іибадат деш долчу адамашна тІехь чІогІа дера а, ирча а ноткъа оьху даьІнаш даьржира. 3 ШолгІачу малико шен боган чохь дерг хІорда чу охьадоьттира. ТІаккха хІорд, деллачу адамийн цІийх а тарлуш, цІий хилла дІахІоьттира. Ткъа хІорда чуьра массо а дийна мел долу хІума делира. 4 КхоалгІачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цІий хилира. 5 ТІаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна. 6 Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цІий Іанорна, Ахь цаьрга цІий малийти. Царна и дан хьакъ а ду». 7 СагІа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХІаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш». 8 ДоьалгІачу малико шен боган чохь дерг малхана тІе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цІергахь марцар. 9 Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тІебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цІе емалйора цара. Шайн къинойх дІа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара. 10 ПхоьалгІачу малико шен бога экханан олаллин гІанта тІе охьаІанийра. ТІаккха церан пачхьалкх, Іаьржа бода а хІоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Іуьйшура. 11 Шайн лазарш а, даьІнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гІуллакхех дІа ца боьрзура уьш. 12 ЙолхалгІачу малико шен бога Эпрат цІе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТІаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира. 13 ТІаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин. 14 Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хІуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тІе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тІаме схьагулбархьама. 15 «ЛадогІалаш! Со, къу санна, цІеххьана вогІур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тІеюху бедарш куьйга кІел а латтош, сема берш». 16 Иштта, и паччахьаш Іебархойн маттахь ХІар-Магдон олучу метте дІагулбира оцу жинаша. 17 ВорхІалгІачу малико шен боганна чуьрниг хІаваэ охьадоьттира. ТІаккха стигалшкарчу Делан цІа чуьра Іаршана тІера чІогІа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!» 18 ТІаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гІовгІанаш евлира, чІогІа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чІогІа мохк бегийра. 19 Йоккха гІала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гІаланаш хІаллакьхилира. Йоккха Бавел-гІала Шена дагахь йолу дела, Дала таІзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгІазечу дераллин чагІар дІамалийтира цуьнга. 20 ХІора гІайре а дІаелира, ткъа лаьмнех кхин хІумма а ца дисира. 21 Стигалара охьа адамашна тІе хІора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТІаккха адамаша оцу къорано хІоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хІунда аьлча и бала инзаре боккха бара.

Довзийтинарг 17

1 ТІаккха шайн карахь ворхІ бога долчу ворхІ маликах цхьаъ суна тІедеара. Цо соьга элира: «ТІехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тІе а хиъна, чІогІа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таІзар. 2 Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагІар а муьйлуш, бехаш бара». 3 Делан Са суна тІе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цІечу экханна тІехиъна яра. Цу экханна тІехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цІераш а яра, цуьнан ворхІ корта а, итт маІа а яра. 4 Зудчунна тІехь таьІна цІечу басахь а, цІарула-цІечу басахь а духар дара. Деших йина хІуманаш, деза тІулгаш, жовхІарш дара цунна тІехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гІуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гІуллакхех а буьзна бара. 5 Зудчун хьаьжа тІе язйина къайлаха маьІна долу цІе яра: «Йоккха Бавел-гІала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гІуллакхийн а нана ю», – аьлла. 6 ТІаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Іийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цІийно и зуда яхийна хилар. Иза гича, со чІогІа инзарваьллера. 7 Малико соьга элира: «Хьо инзар хІунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тІехь лелош долчу ворхІ корта а, итт маІа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна. 8 Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хІинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Іин чуьра хьала а даьлла, шен хІаллакьхиларна тІедогІур ду. ТІаккха, хІара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХІунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тІаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогІур ду. 9 Кхузахь хьекъалх буьзна кхетам оьшу. ВорхІ корта – иза зуда тІехиъна болу ворхІ гу бу. 10 Иштта уьш ворхІ паччахь ву бохург а ду. Царах пхиъ велла. Цхьаъ хІинца а дийна ву. Ткъа тІаьххьарниг хІинца а схьаваза ву. Иза схьавеача, кІезигчу хенахь бен паччахьалла дан ца деза цуьнан. 11 Ткъа мацах дийна а хилла, хІинца делла долу экха – иза оцу ворхІаннах цхьаъ волу борхІалгІа паччахь ву. Иза шен хІаллакьхиларна тІевогІур ву. 12 Хьуна гуш йолу итт маІа – уьш хІинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хІоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю. 13 Оцу итте а паччахьан цхьатерра Іалашонаш хир ю. Цара шайн ницкъ а, олалла а экханна дІалур ду. 14 Цара Іахарца тІом бийр бу. Ткъа Іахаро царна тІехь толам боккхур бу, хІунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а». 15 Малико соьга элира: «Шена тІехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду. 16 Хьуна гиначу итте а маІана а, экханна а бІаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегІ а дуур ду, и цІергахь ягор а ю. 17 ХІунда аьлча Дала оцу итт маІан даг чу Шен Іалашо кхочушъяр чудиллина. Иштта цара вовшашца барт бийр бу шайн паччахьалла экханан дола дІадала. Иза иштта хир ду, Делан дешнаш кхочушхиллалц. 18 Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тІехь олалла деш йолу йоккха гІала ю».

Довзийтинарг 18

1 Цул тІаьхьа суна гира стигалара охьадогІу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра. 2 Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели-кх йоккха Бавел-гІала. Жинашна Іан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дІалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах. 3 ХІунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагІар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дІахІиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш». 4 ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама. 5 Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю. 6 Цо кхечарна динчу гІуллакхашка хьажжий, дІадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дІадекхалаш цунна. Цо шайна чагІар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагІар кечде аша цунна. 7 Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Іийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гІайгІанехь а хилийта иза. ХІунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Іаш ю. Со йисина Іаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гІайгІане!“ 8 Цундела цхьана дийнахь богІур бу цунна тІе цуьнан баланаш: ялар а, гІайгІане хилар а, мацалла а. И гІала цІергахь йогур ю, хІунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела». 9 ТІаккха, и гІала йогуш, цунах хьалабаьлла кІур шайна гича, цу гІалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу. 10 Цу гІалина тІедеанчу Іазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дІа а хІиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гІала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гІалин! ХІунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!» 11 Оцу гІалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гІайгІанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХІунда аьлча церан юхкуш йолу хІуманаш хІинца цхьаммо а оьцуш яц. 12 Уьш яра дашо а, дато а хІуманаш а, деза тІулгаш а, жовхІарш а, дуткъачу кІадих йина хІуманаш а, таьІна-цІен долу кІадеш а, дареш а, цІарула-цІен бос болу кІадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогІу дечиг а, пийлан маІех йина йолу тайп-тайпана хІуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хІуманаш а, цІаста а, эчиг а, шагатІулг а, 13 хаза хьожа йогІу даьтта а, хаза хьожа йогІу кІур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагІар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагІий а, дой а, гІудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш. 14 Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хІуманаш ерриш а хьан долара дІаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан». 15 И массо а хІуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дІахІуьттур бу. Боьлхуш а, гІайгІанехь а болуш, 16 цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! Дуткъачу а, таьІна-цІечу а, цІарула-цІечу а кІадийн бедарш тІеюьйхира ахь. Дешин хІуманашца а, дезачу тІулгашца а, жовхІаршца а кечйора хьо. 17 Цхьана сахьтехь хІаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хІордкеманаш долахь берш а, хІордкеманашна тІехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хІордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дІахІиттира. 18 Цара, йогучу гІалин цІерах хьалаболу кІур а гина, элира: «Муьлха гІала яра те цу йоккхачу гІаланах тера?!» 19 ТІаккха шайн кортош тІе ченаш тийсира цара. ГІайгІане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! ХІордана тІехь долу массо а хІордкеманаш шайн долахь долчара оцу гІалин деза а, мехала а мел долчу хІуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хІинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дІахІоьтти». 20 Яккхийэлаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХІунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь. 21 Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тІулгах тера болу тІулг схьа а эцна, хІорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хІаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гІала, иза кхин юха хир а йоцуш! 22 Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маІаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гІовгІа а хезар яц хьуна чохь. 23 Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Іехийнера массо а халкъаш». 24 Кху гІалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цІий!

Довзийтинарг 19

1 Цул тІаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чІогІа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кІелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а. 2 Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чІогІа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гІалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цІий Іанорна, Дала цунна догІуш долу таІзар дира». 3 ШозлагІа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тІейогІучу заманна а хир бу цу гІалина тІехула хьалатуьйсуш кІур». 4 ТІаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Іаршана тІехиъна Іаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!» 5 ТІаккха оцу Іаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура: «Хастамаш бе вайн Далла массо а Цуьнан ялхой болчара а, Цунах кхоьруш болчу лараме боцучара а, цІеяханчара а». 6 Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла. 7 Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХІунда аьлча Іахаро зуда яло хан тІекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла. 8 Цо цІена а, лепаш долчу а дуткъачу кІадинан коч тІеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кІади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гІуллакхаш бохург ду.) 9 Малико соьга элира: «ДІаязде: „Декъала бу Іахаро зуда ялорна дІахІоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХІорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду». 10 Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Іибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гІуллакх деш дерг, хьо а, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Іибадат! ХІунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Іийсах лаьцна долу тоьшалла ду». 11 Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо. 12 Цуьнан бІаьргаш йогуш йолчу цІерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тІехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тІехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цІе ю. 13 ЦІийно тІадийна оба яра Цунна тІехь. Беречун цІе «Делан Дош» ю. 14 Цунна тІаьхьахІиттина догІуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кІайчу дойшна тІехь бара, ткъа царна тІехь яра цІеначу дуткъачу лепаш долчу кІадих йина бедарш. 15 Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю. 16 Цуьнан духар тІехь а, хаьн тІехь а язйина иштта цІе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо». 17 ТІаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тІемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТІема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне. 18 Аша дІадаа паччахьийн а, тІеман коьртачу хьаькамийн а, тІемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргІат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цІеяхначийн а дилха а». 19 ТІаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тІе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тІом бан. 20 Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира. 21 Ткъа бисина болу кхиберш дин тІе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.

Довзийтинарг 20

1 Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Іинан догІа а дара, стомма зІе а яра. 2 Шех иблис а, Делан мостагІа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зІенашца дІабихкира малико. 3 Цу саьрмике тІедогІу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Іехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Іин чу а тесна, и Іин дІакъевлира, неІарна мухІар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кІеззигчу ханна иза арахеца безар бу. 4 Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира. 5 (Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза. 6 Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду. 7 И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дІахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГІогІ а, МагІогІ а, Іехадеш арадер ду и. Цо тІаме схьагулдийр ду, хІордан берда тІера гІум санна, дукха долу адамаш. 8 Уьш дуьне мел ду дІадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гІала ю. 9 Амма стигалара цІе йоьссира, цу цІеро мостагІийн эскарш дІакхаьллира. 10 Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь. 11 Цул тІаьхьа суна гира йоккха кІайн басахь йолу Іарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира. 12 ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна. 13 ХІордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Іожалло а, эхарто а. Царна хІоранна а, шайн-шайн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йира. 14 Іожалла а, эхарт а цІе яьлла богучу Іам чу тесира. (И Іам шозлагІа валар ду.) 15 Дахаран тептар тІе дІаязвина мел воцург цІе яьлла богучу Іам чу тесира.

Довзийтинарг 21

1 Керла стигал а, керла латта а гира суна, хІунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хІинца дІадаьллера. ХІорд а кхин бацара. 2 ТІаккха суна гира Делан гІала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогІу керла Ярушалайм-гІала яра иза. 3 Стигаларчу Іаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХІинца Дела Іаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Іийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Іийр ву. 4 Дала церан хІора бІаьрхи а дІадоккхур ду. ХІинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хІунда аьлча хьалхалера хІуманаш дІадевлла». 5 Іаршана тІе хиъна Волчо элира: «ХІинца Ас массо а хІума керла кхуллур ду». ТІаккха Цо элира: «ДІаязде иза, хІунда аьлча хІара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду». 6 Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала. 7 Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кІант а хир ву. 8 Ткъа кІиллойн а, Іийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Іамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цІарах а, саьмгалх а богучу Іам чохь. Иза шозлагІа валар ду». 9 ТІаккха тІаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхІ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тІедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Іахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна». 10 Суна тІе Делан Са доьссича, малико со боккхачу, лекхачу лам тІе ваьккхира. Цигахь цо суна гайтира стигалара Дела волчуьра охьайогІу еза Ярушалайм-гІала. 11 Делан сийлалла яра цу гІалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тІулгах а, чекх са гуш долчу цІеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар. 12 Цу Ярушалайм-гІалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тІе дІаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цІераш яра. 13 Царах кхо ков малхбалехьа агІор дара, кхин кхоъ – къилбаседехьа, важа кхоъ – къилбехьа, дисина кхоъ малхбузехьа агІор дара. 14 ГІалин и пенаш шийтта тІулган бух тІехь лаьтташ дара. Цу баххаш тІе дІаязйина Іахаран шийтта векалан цІераш яра. 15 Цу гІалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гІаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь. 16 И гІала биъ са болуш дІахІоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гІожаца цо и гІала юьстира. Иза бІозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара. 17 ТІаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бІе шовзткъе диъ дол лекха дара. 18 И пенаш яспис олучу дезачу тІулгех дина дара. ГІала ша а цІеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара. 19 ГІалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тІулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгІаниг – саппир олучу, кхоалгІаниг – халкидон, боьалгІаниг – изумруд, 20 пхоьалгІаниг – сардоникс, йолхалгІаниг – сардис, ворхІалгІаниг – хризолит, борхІалгІаниг – вирил, уьссалгІаниг – топаз, уьтталгІаниг – хризопрас, цхьайтталгІаниг – яцинт, шийтталгІаниг – аметист олучу дезачу тІулгех бинера. 21 ГІалин шийтта ков шийтта жовхІар дара. ХІора ков цхьацца жовхІарх дина дара. ГІалин коьртачу урамера некъ цІеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара. 22 Цу гІалахь Делан цІа ца гира суна, хІунда аьлча Далла Іибадат дечу цІийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Іахар а Шаьш бу цу гІалахь. 23 Оцу гІалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хІунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Іахар а цуьнан къуьда бу. 24 Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гІали чу. 25 Оцу гІалин кевнаш дийнахь дІа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела. 26 Халкъийн хьал а, хазна а цу гІали чу яхьар ю. 27 Цхьа а боьха хІума а, иштта сийсаза долу гІуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гІалина. Іахарехь долчу дахаран тептар тІехь цІераш язйина берш бен, цхьа а гІур вац цу чу.

Довзийтинарг 22

1 ТІаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦІеначу ангалих тера цІена хи дара иза. Делан а, Іахаран а Іаршера схьадолура и шовда. 2 Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла. 3 Шайна неІалт кхайкхийнчарах кхин хІумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Іахаран а Іарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Іамал еш. 4 Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цІе а хир ю церан хьаьжнашна тІехь. 5 Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хІунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тІейогІучу заманахь. 6 Малико соьга элира: «ХІара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахІуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хІуманаш Шен ялхошна гайта». 7 «Хаалаш, Со кестта вогІур ву. Декъала ву кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!» 8 Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хІуманаш хезна а, гина а ваьллачул тІаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Іибадат дархьама. 9 Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хІунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тІехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Іибадат!» 10 Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тІехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хІунда аьлча и дерриг а хир долу хан тІекхочуш ю. 11 Харцдерг лелочара кхидІа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидІа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цІена берш кхидІа а цІена лелийла». 12 Іийсас боху: «Со кестта вогІур ву. Сан ял а Соьца ю, хІоранна а, ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІадалархьама. 13 Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТІаьххьарлераниг а». 14 Декъала бу шайн духарш цІандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гІалин чу бовла а, дахаран диттана тІера стом баа а. 15 ГІалина арахь буьсур бу жІаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цІушна Іамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш. 16 «Аса, Іийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хІуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТІаьхье а, Іуьйренан сирла Седа а». 17 Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогІийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи. 18 Кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хІоранга а Аса дІахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тІе цхьа хІума тІетохахь, Дала цу тептар тІехь бийцина болу массо а баланаш тІебоуьйтур бу цунна. 19 Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан». 20 Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогІур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Іийса! 21 Веза Эла волчу Іийсан дика хуьлийла шуьца даим а.